Читать книгу Даймехкан мукъамаш. Стихи на Чеченском языке - - Страница 2

Оглавление

Гуьйранна марха а йуссу-кха лаьтта,

Маьлхан ницкъ цакхаьчча дакъада латта

Цу 1анан чиллане г1орацадайта

Тассийта лайн -чимийн к1айн бамбийн йуьрг1а.

1аламо шен декхарш кхочушдо говза.

1амадо цо адам къинхетам бовза.


***

Ирсе ву-кх дахарехь безамо хьестинарг,

Ша Дуненан да тарвеш цо 1ехийнарг.

Декъаза да ву-кха безам цабевзинарг,

Йа марзонан чам кхаьттачохь цо 1овжийнарг)

***

Ларйийр йу хьан челакха амал сайн безаман архаш

Цамалйеш, оьшучохь баккхийта собарца лам.

Кхолламан новкъахь тухур ду тешаман ленаш,

Чолхечу дахарехь гуш дерг ду моттийта г1ан.


Сайн ирсан б1аьрхишца йашор йу Дагт1ера мекха,

Къагор ду кхоьлина лаьттина хьан б1аьргийн нур,.

Хьан хьежар хилийта дашочу малхал а довха,

Безаман ц1е йайна Дагчохь кхин цагайта к1ур.


***


Туьтм1аьжиг д1айаккхий йоьхь гучайоккхуш,

Аллах1ана гушйериг нахала йоккхуш,

Хьаг1- гамо д1айоккхуш Дог парг1ат даккха,

Вайн Делан- 1едал ду, ша кхочуш герга.


Безаман тешаман не1арш д1айеллий,

Цабезам д1ататтий Дагчуьра лаллий.

Вас, хилларг хьайна, Дагчуьра йаккхий,

Айхьа вас йинариг къинт1ера ваккхий.


Вайн Делан къинхетам хьайн Дагах кхетта,

Цуьнан нуьрах кхоьллина Са парг1ат даьлла,

Декъала хир ву хьо цу дарже кхаьчча,

Маршонан чам бевзаш, и Дагах кхаьтча.


***


Дахар ду Нохчийчохь кхехкаш,

Ирсана туьйсуьйтуш к1еж.

Делахь а Дуьне ду техкош,

К1изаллин х1иттадеш теш.


Дуьненан Дог хилла лаьтташ,

Сан Нана-Нохчийчоь йу.

Дог санна и ларйан йезаш,

Хиларна вай тешаш ду.


Вайн махкахь низам ду латтош,

Кху махкахь хиларна Да.

И лардеш само вай цайахь,

Дуьненна хир бац пайда.


Дагна цхьа цатам баьлча,

Деригге дег1 лазадо.

Ткъа д1ег1ан п1елг лазабаьлча,

Дагана хаамаш бо.


Само йеш Даго цахилча,

Лазаран терго а йеш.

Йожарна кхиэрам бу меже,

Дег1ана иэшамаш беш.


Цундела лардо вай Дуьне,

Цуьнан лазам цатуьттуш д1а.

Дог дийна хилар а гойтуш,

Хиларна Нохчийчохь Да!


***


Дашо малх схьакхетий шен з1анарш йаржош,

Х1ора тхин-т1адамчу шен б1аьрг а буьллуш.

Тхи молий дакъадой цо бецаш латтанаш,

Чан йолий лаьттара аьхкенан урамаш.


Ткъа тахана малх г1атта хьебелла бог1у,

Беца-тхин т1адмашчохь цуьнан б1аьрг ца богу,

Дохк хуьлий стиглара марха чуйог1у.

Бакъонаш шен гойтуш гуьйре т1ейог1у.


****


Кху лаьттан кийрахь, ц1иэ деши кхоллал,

Ницкъ болуш хилча, хьайн ойланаш.

Ахь х1унда лоьху-те, Я ибну Адам,

Адамийн дегнашкахь, вуо аматаш?


Ахь ойла г1елйина, малбича тидам,

Диканиг, вониг а, амал йовш йу.

Б1аьстено дендо-кха, Дуьненан 1алам,

Дикалла денйеш ерг, адмалла йу.


Ахь адамийн Дегнашкахь, диканиг леха,

Ницкъ алсам баьлла, и кхуьур ду.

Ткъа вониг, д1ататтий, хьайн тидамах даккха,

Шен г1ора, кхачийна, и д1адовр ду.


***


Лайн г1урах когаш а 1уьйра,

Реза ву некъ бан хьо йолча.

Бохуш ахь дийцина туьйра,

Дехаш ду со хиттош холча.


Дагара даьлла дац иза,

Вайшинан некъаш къастарах.

Сатийсам хилла-кха мерза,

Безамо Дог цахьаьстарах.


Къастаран къахьонца безам,

Д1атийна тешам цалехьош.

Делахь а мерза сатийсам,

Бехаш бу туьйрано 1ехош.


***


Къонах! И мила ву хаий-те шуна?

Возаллех дерг цуьнан девзий-те шуна?

Хаий-те Аллах1а гергара вуйла?

Пайхамарийн, авлияийн, мог1арехь вуйла?


И хаттарш лелла ду, халкъана йукъехь,

Амма жоп хууш верг, ваьлла вац йукъехь.

Тахана къонахчун, дарж довзуьйтуш,

Дуьйцур ду, авлияин, некъ бовзуьйтуш.


Кху маьлхан Дуьненна, букъ берзийна,

Аллах1а дуьхьа и д1атессина.

Эхартан мукъ, шайн буйна лаьцна,

И латтош авлияаш, даим баьхна.


Цхьан буйна лаьцна, Дуьненан мукъ,

Вукха буйна лаьцна, Эхартан мукъ.

И ший а латтош верг, къонаха ву,

Цундела, даржехь и лакхара ву.


***


Ас хьайга кховдийна тешам,

Даггара доьху т1елаца.

Сан Дагна кхин ца беш иэшам,

Хьуо реза хир велахь ваца.


Ойланехь дукха хьестарна,

Дагна хьо гергара хета.

Цундела цахета эрна,

Дог дастар сайн хьоьха летта.


Хьо цхьаъ ву кхардам а боцуш,

Сан Дагах даиман кхуьург.

Сайн Деган къайле ас йостуш,

Муьлха а бала сайн буьйцург.


***

Куралла йайна йу хьекъалца йацахь,

Хьекъал д1адаьллачохь и йужур йу.

Цу шинне барт тайта хьоьхь 1илма дацахь,

Хьоьца цу шиннех цхьаъ йуьссур йу.


Хьекъал д1адаьлла куралла йиссахь,

Сонталло хьарчийна и иэшор йу.

Куралла д1а йаьлла хьекъал шаа диссахь,

Лакхене цакхийдаш и дужур ду.


Нагахь хьан йацахь, адамийн амал,

Пайденна хьоьгара 1ильма хир дац,

Кураллех йуьссур йу цхьа сонта амал,

Хьекъало лакхене хьо кхачор вац.


Даймехкан мукъамаш. Стихи на Чеченском языке

Подняться наверх