Читать книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани - Страница 14

I том
Эла Мачутадзе

Оглавление

Кута эла Дадешкелиани волчу веана аьлла Мушнинна цу дийнахь хезира, амма ламанхойн Iадатаца догIуш дац нехан хьеший хьебан, нагахь санна и хьаша хьан уллера накъост велахь а. Фатика-м йоккха йина а ца йолура. Дукха хан йара цу шиммо Кута шайга хьошалгIа кхойкху, ткъа хIинца эххар а тIекхечира цара сатийссина мIаьрго. Буьйса йаллалц Iаш йара Фатика Кута схьакхачаре хьоьжуш, амма Мушнис элира цуьнга:

– Фатика, нохчаша чIогIа лардо хьошаллин хьалхара кхо де. ХIусамден ларам беш и кхо де лардеш хир ву Кута.

ШолгIа де а чаккхенга лестара. Iуьйранна дуьйна Местия дIавахана вара Мушни. Фатика шен кертахь гIуллакхаш деш йара. Иза йоьдучу тIаьхьа оьхуш, цуьнан кучан йухах а тассавелла вара церан ши шо кхаьчна волу жима кIант. Мушнис шен доттагIчунна сийнна Дато цIе тиллинера цунна. Делкъал тIаьхьа Мушни ша вехачу, Шхара ломан когашкахь Iуьллучу Ушгули йуьрта цIа веара.

Шавцкала (Iаьржа хи) хи Энгури хих кхетачу хьоста йистера, лаьмнийн марахь Iуьллу и исбаьхьа хаза йурт РатианигIара йиллинера.

– Тахана Кута нахаца къена Илико волчу веана хилла. Цуьнан аьтто а ца баьллачух тера ду – ойланца Фатике хьоьжура Мушни, говрара вуссуш. Цунна хаьара Кута кIант воцуш дIагIур воций, цундела иза схьакхачале ойла йеш вара иза хIун дан мегар ду а, мила цу гIуллакхна тIеверзо оьшу а. Шен дена дуьхьалхьаьдира кIант.

Мушнис иза маравоьллина, говрана тIе хаийра. Датон жима куьйг говран луьстачу кхесана йукъахь дIадовра.

– Кийча хилалахь хьеший тIеэца – элира Мушнис Фатике. Ткъа жима Дато-м воккха бере санна дозаллица говрахь Iаш вара, шина а куьйгаца цунах кхесах тасса а велла.

– Кута варе хьоьжуш вуй хьо? – хаьттира Фатикас.

– Кута кхана ван тарло. Тахана ас кхайкхина Хергиани а, эла Мачутадзе Александр а. Иза а нохчочун доттагIа ву. Дагаловла деза тхо кхин дIа хIун дан деза.

Хергиани хIинцале схьакхечира Мушни волчу.

Фатикас стоьла тIе кхача охьабуьллучу хенахь, царна хезира цхьаммо ков тухуш.

– Эла Мачутадзе веана – ков схьаделла вахара Мушни. ХIусамдена гира масех бере. Царех цхьаммо сихвелла кхунна тIевогIуш элира:

– Ас хьаша валийна шуна.

Кута ша йочано хьулйина гуьйренан стигла санна мокха вара. Амма Мушни гича сирла йелира цуьнан йуьхь. Ша жимха санна парт аьлла говрара охьа а вуссуш, шен доттагIчунна доггах маракхийтира иза.

– Шуна хьошалла дийр ду аьлла айса делла дош кхочушдина-кх ас – велакъежара обарг.

– Кута, тхан хьоме ваша! Хьо ДадешкелианигIаьрга веана вуй а хууш, ма сатуьйсура оха сихонца тхайн хIусамехь ган – маравоьллинчуьра дIа ца хоьцура обарг Мушнис.

– Чоьхьадовла. ХIусамда реза хир ву аьлла хета суна шуна хьошалла дан – элира Кутас ша новкъаваккха баьхкина хиллачаьрга.

– Ас чIогIа доьху шуьга сан хIусамера рицкъанах кхетахьара шу – дихйира Мушнис эла Дадешкелианис бахкийтиначу нахе.

– Беркат ма эшадойла хьан хIусамехь. Оха тхайна тIедиллина декхара кхочуш дина, цундела сихонца дIадаха а деза – элира береша, шайн говраш кертара ара а йохуш.

Къамелаш а хезна аравелира Хергиани, ткъа цунна тIаьхьа меллаша ког боккхуш, кIант а карахь йогIура Фатика.

Кута Хергианина маракхийтира:

– Ма хаза хийти суна хьо кхузахь гина. Муха ду шун Бечо йуьртара дахар? – хаьттира обарга.

Фатика уллохь лаьттара. Иза жимма йоьхна йара. Дагалецамаш цхьаъ цхьанна тIаьхьа уьдура цуьнан бIаьргаш хьалха. ЦIийелла йогура беснеш. Атта дацара бердах доьдучура хьан ирс лардина волу стаг ган. Ма дукха хIуманна декхарийлахь йара иза Кутина. Иза ма вара цуьнан дахаран маьIна хилла безам лечуьра баьккхинарг.

Кутас Фатикина мара а кхеташ хаьттира:

– Маршалла ду хьоьга сан йиша. ХIун деш йу хьо? Сванаша хьийза-м ца йо хьо? – забар йира Кутас. ХIинца бен ца гира цунна ненан карара охьа а воьссина, цуьнан кучах тийссалуш лаьтта жима Дато. Малх санна нуьре лепачу, горгачу йуьхьтIера шен даккхий бIаьргаш къерзош, цецваьлла хьоьжура иза шена дуьххьара гуш волчу стаге. Кутас кIант лекха хьала а ойуш элира:

– Вийца а ца оьшуш, хьенан ву хуур долуш ву!

Ткъа йуха леррина кIанте а хьаьжна Кута, гIеметтахIоьттинчу стаге санна вистхилира цуьнга:

– Со теша хьоьх хьайн да санна вуьззина къонаха хир ву аьлла. – КIентан коьртах куьйг а хьаькхна, шен йуьткъачу гIодайуккъера тIехь шаьлтий, тепчий кхозу датоца кхийлина доьхка Фатике дIакховдийра цо:

– ХIара соьгара совгIат ду кIантана.

Массарна а боккха тIеIаткъам бинера кху цхьаьнакхетаро. Кху доьзалан дахарехь йоккха лар йитина стаг ма вара Кута, ткъа хIинца шен дахарехь чолхе киртиг тIехоьттича, кхаьргара гIо оьшуш а вара.

Массо а чоьхьавелира, хIинца а йолийна ца хилла делкъе йан. Кутас дийцира шен Гелованица хиллачу цхьаьнакхетарах лаьцна:

– Ахчанца эцалур волуш вац и эла. И кIант нуьцкъала ваккха веза цуьнгара. И гIуллакх къасто кхин агIо йац – хаам бира шен накъосташка Кутас.

– Дер Кута, суна иза хууш ма дара, цундела ма кхайкхинера ас Дато а. Кеста схьакхача везаш хьан кхин цхьа доттагIа а ву – эла Мачутадзе – жоп делира Мушнис. Кута цхьаъ дагадеъча санна велавелира:

– Дер иза чIогIа кIоршаме а, тIех майра а стаг ву, амма шен оьздангаллица иза дерриге а хьулда хаьа цунна – элира Кутас. – Шен элаллийн куралла охьа-м ца йиллина кхо? – велавелира Кута.

– Эла хиларал а чIогIа дозалла до цо ша интеллигент хиларах – элира Хергианис.

– Кута, хьо гена некъ бина гIелвелла. Ахь садоIучуна ханна, эла а схьакхочур ву. ТIаккха цхьа ойла йийр йу вай кIант муха маьрша ваккха веза – стоьла хьалхара гIаьттира Мушни, Кутина куьйгаца хьешан цIа а гойтуш.

Кута садаIа дIа а вахийтина, Мушнис а, Датос уьстагIна урс хьаькхира. Фатика аьхкенан пеша уллохь цхьацца дезарш деш йара. Церан массеран а куьйгаллехь волуш санна, дозаллица корта а айбина, хьийзара, нохчийн говзанчас Дускис йина шаьлта шена тIехь кхозу, Кутас делла дато доьхка а дихкина волу жима Дато.

Шекъа санна баьржира стиглахь маьркIажен бода. Кута ламаз деш вара. Ламаз дина а ваьлла хьешан цIийнара ара ваьлча, цунна гира шен накъосташна йуккъахь Iаш волу цхьа ламанхо. Кутина иза вевзаш вацара.

Массо а хьалагIаьттира. Кута ламанхочуьнга куьйг кховдош, Мушнина йуххе охьахиира.

– Кута, масех шо ду хIара стаг эла Илико волчохь болх беш волу. Кхуьнга ладугIур ду вай – элира Мушнис.

– КIант дийна ву. Суна дукхозза гина иза эла волчохь. Стомара дийнахь делкъхенахь, эла волчу веанчу цхьаьна стага хаам бира кIантана тIаьхьа вогIуш нохчийн обарг ву аьлла. Эла чIогIа воьхнера. Иза кхоьрура нохчий шегара кIант ваккха шен керта лелхарна. МаьркIаже хенахь, цо кIант Кутаиси дIавигийтира – элира ламанхочо.

– КIант цомгуш-м вац? – корта хьала ца ойуш, хаьттира Кутас.

– Вац, могуш ву, амма чIогIа гIайгIане ву-кх даима – корта ластийра ламанхочо.

– Маса шо ду цуьнан? – хаьттира обарга.

– Диъ-пхи шо хила тарло – ойла йеш жоп делира хьашас. Иза новкъа а ваьккхина, Мушни чоьхьа велира.

– ГIуллакхашах дерг тIаьхьа дуьйцур ду аш, цкъа йуучух кхетийтиша вайн хьаша – бохуш Фатика дIасауьдучу хенахь, цхьаммо церан ков туьйхира. Мушни чехка аравелира. Хергиани неIсагIехь лаьттара, ткъа Фатика нохчийн обаргана уллохь. Арара схьахезаш гIовгIа йара. Керта велира чопа йаьлла хихкинчу говрашкахь масех бере.

– Эла Мачутадзе а схьакхечи! – хазахетарца Куте вистхуьлуш ламиштIехула охьахьаьдира Дато.

Паччахь веъча а ца хьийза-кх Гуьржехь ишта боьхна хьо веъча санна. Марша вогIийла хьо! – забар йеш Кутина маракхийтира эла.

– Делера салам-маршалла хуьлда! Хьо верг ву-кх хьо! Элийн сийллалий, ламанхочун сонталлий цхьаьна ийна стаг хьо бен гина вац суна – велавелира Кута.

Тайп-тайпанчу даарех йуьзначу стоьла хьалха охьахевшира накъостий.

– Эла, хьан нахана сехьа чохь йуург кечйина – элира Мушнис.

Пхьор деш накъосташа доттагIаллин хьелашкахь, мерза хан йоккхура, дIаэхнарш, хилларш дуьйцуш. Йуучух кхетта а девлла, накъостий шаьш биссича, эла Мачутадзес элира:

– Дика хаамаш бохьуш веана вац шуна со. Обарг Кута Сванетехь хиларах лаьцна Гелованис оьрсишка хаам бина. Кхана Iуьйранна Мушни вехачу кху хIусаман кхолха гуо лоцур бу. ХIинцале Местера йаьккхийчу тоьпашца арайаьлла саьлтийн ши тоба. Бурунташе а, Киркит-Ауше а, Накре а доьду ламанан некъаш хIинцале эскаран тергонехь ду. КIантаца дерг цкъа хIара дIа а дерзийтина бен дуьйцийла йац. ХIинца ас шун хьаша, шуна мел халахетахь а, суо волчу Нигоити дIавуьгур ву – ша бина сацам бовзийтира эла Мачутадзес.

Массо а кхетара кхолладеллачу хьолахь, цундела Александра аьллачунна дуьхьал ца хилира цхьа а.

– Маца дагахь ду шу новкъадовла? – хаьттира Мушнис.


Эла Мачутадзе Александр


– Цхьа мIаьрго а эрна дIайахийта йиш йац. Буьйса йуккъе йаханчул тIаьхьа, уьш Ушгулехь хир бу. Ас новкъахь битина сайн нах церан терго йан.

Мушни сиха аравелира обарган говр кечйан. Кхин деха къамелаш ца деш, накъостий дIакъаьстира. Гуьржийн эла Мачутадзе нохчийн обарг Кутица цхьаьна Ланчхутина уллора шен дай баьхначу Нигоити йуьрта дIавахара. Минот йалале церан масачу дойн гIаларташ Iаьржачу буьйсанан боданехь дайра.

БIаьстенан буьйса екхна йара. Лаккхарчу Сванетин лаьмнашкахь мел герга дара седарчий. Хеталора куьйг кховдийча, ша байтIера зезаг санна и стиглара баккхалур бу. Ушгулира охьанехьа беш болу некъ чолхе бара. Беттасан серло йацахь-м муххале а кхераме хир дара. Ломара ши бере аренга ваьлча, царна дуьхьал баьхкинчу эланан наха хаам бира Лалхорара эскархой Ушгули йолчу агIор дIагIерташ бу аьлла. Мачутадзеца хиллачу масех свана тоба Местияна гуо баьккхина, кхечу некъахула йигира. Шаьш Сванетера дозанал арадевлча, некъан йистера цхьаьна нилха хьунна йуххехь саца а соцуш, Мачутадзес элира:

– Кута, вай хIинца Мингрелехь ду. Кхузара гена йоцуш сан доттагIа вехаш йурт йу. Иза волчохь жимма соцур ву вайшиъ.

– Со хьан хьаша ву, цундела ахь дIагIо аьллачу дIаваха кийча а ву – реза хуьлуш жоп делира Кутас.

– Со волчу Нигоити дIаваха кхин а масех де деза вайшинна. Суна хетарехь дика хир ду Сванетера вай гена ца довлахь, тIаккха атта хир ду вайна Иликонна тIекхача. Ткъа хIинца вайшиъ соцур ву ширачу Мингрелин Зугдиди олучу коьрта шахьарехь. Цигахь веха сан стунден гергара стаг эла Дадиани. Вайна мел оьшу а кхераме хIумма а доцуш хан йаккха йиш хир йу вайшинан цигахь – обарга хIун олу ладугIуш вара эла.

– Со реза ву ахь бохучуьнца. Дика хир ду вай кIантана гена ца довлахь – реза хуьлуш, корта лестабора Кутас.

Зугдидихь накъостий гIалара ши гIатт йолчу, хаза кечдинчу ши гIатт йолчу цIено чохь дIатарвира. Керт йоккха йацахь а, амма хаза а, паргIат а йара. Жимачу беша а, кертахь довлучу зезагаша а шатайпа синтем боссабора кийра. Гуш дара хIусамдай Iаламца хийра ца хилар. ШолгIачу дийнахь Кута шен накъостий болчохь а витина Мачутадзе шен гIуллакхашкахула дIавахара. Ткъа Кута-м гуьржиша тайп-тайпана кхачанаш кечбеш хIумма а вуо лелош вацара.

Цхьа кIира даьлча, эла йухавеара:

– Кута, хьо Зугдидехь а витина, тхо Сванети ма даханера. Ас цигахь ши де даьккхира. КIант вац эла волчохь. Цхьанхьа дIавигначух тера ду цо иза, хетарехь шайн тайпанера нах бехачу Кутаиси. Хьуна совгIат дан дагахь вара со, амма гIуллакх ца хили-кх сан.

Кута гIайгIане вара. Цуьнан дагахь дерг хууш цхьа Дела бен вацара.

– Баркалла хьуна, эла! Дукха качвина аш со кхузахь. Мерзаниг йууш, кIедачу метта охьавуьжуш, суо обарг хилар а дицдина аш суна, цундела дIаваха веза со Нохчийчу. Ткъа кIантана тIаьхьа со йуха а вогIур ву – хьалаиккхира обарг.

– Кута! Вай хIинца со волчу Нигоити доьлхуш ма ду. Вайга хьоьжуш ма бу цигахь. Ас хаам бан стаг ма вахийтина.

Кута башха лууш вацара ишта гена Гуьржеха дIа чу ваха, амма Александра ша хьаша а валош вогIуш ву аьлла цIерчаьрга хаам бина хилча, ца вахча ца волура иза.

Кхин хье ца луш, накъостий новкъа бевлира. Гуьржехара Гурехь Кутина кхераме хIумма а дацара. Цигахь къинхьегамхойн гIаттам болабеллера. Къинхьегамхошна ца лаьара, хьоладайн латтанаш аренде а оьцуш, царна болх бан.

Цу боламехь дакъа лецира Гурийн ах бахархоша. Полици гIаттаман куьйгалхой дIалаца гIоьртира, амма Гурийн обаргаша полицин тоба хIаллак а йина, къинхьегамхой кIелхьарабехира.

Цу къизачу латаро гуттаренна а дог даьккхинера Iедалан цу йукъа гIерта, цундела цу латтанийн терго еш йара халкъан милици.

Хьоладайшца къиссам латто дуй бууш гIевттинера къинхьегамхой. Гурийн къинхьегамхойн болам хазахетарца тIелецира обаргаша а, иштта цхьа болчу эланаша а. Цара сатуьйссура Кавказера оьрсийн Iедала беш болу ницкъ дIабаккхаре.

Къинхьегамхойн лехамаш къобалбеш вара эла Мачутадзе Александр а. Къинхьегамхошца барт бан веанера граждански декъехула сардалан гIоьнча, Николай Султан Крым-Гирей. Иза Мачутатдзе волчу а сецна, Гурийан къинхьегамхошца цхьаьнакхийтира. Гурийн мискачу наха шайн бакъонаш къуьссучу чолхечу муьрехь кхайкхинера цига хьошалгIа нохчийн обарг.

Масех де даьлча уьш цхьа а новкъахьовзам боцуш, Мачутадзен цIа кхечира. Кхузахь массо а сатесна вара хьеший ган. Йуьрта йисте уьш кхоччушшехь царна дуьхьал хьевдира, маьхьарий детташ, шортта бераш. Диллинчу даккхийчу кевнашкахула Мачутадзе эланан керта велира Кута. Бере динара вуссушшехь, адамаша гуо бира цуьнан:

– Кута, кхузахь Мачутадзе тайпанера нах бу хьуна бехаш. Кху хIусамехь хьуна цхьа а кхерам хир бац хьуна – элира элас, обарг чоьхьа а воккхуш. Гуьржишна тамашийна хетара турпалхо санна халкълахь вуьйцуш волу обарг хаьнтIахь доьхка а, шаьлта а йоцуш ган. Ца хаьара царна ши шо кхаьчна бен воцучу гуьржийн жимачу кIантехь дуй нохчийн обарга хийла нийссо къиссина хилла дато хIур биллина герз.

Уьш цунна гуо бина лаьттара.

– Сан хьомениш! – куьйг айдира элас, тийналла йоьхуш. – Вайн хьаша цхьанхьа а дIавоьдуш вац! Иза гена некъ бина чIогIа гIелвелла ву. Цо жимма садеIча, вай тIаккха шортта хан йоккхур йу цуьнца – дегайовхонца вистхилира иза шен гергарчу нахе.

Нохчийн обарган и майра а, хаза а сибат ган сатесна хиллачу нехан гуонера Кута халла мокъа ваьккхира Александра.

Арахь Iаржйеллера дикка садоьIна волу обарг элас къегина чиркхаш догучу йокххачу зал чу ваьккхича. Йоккхачу стоьла хьалха лаьттачу нажан дечигах дина, цIен баргIат тоьхначу даккхийчу гIанташкахь Iаш вара масех стаг. Царна йуккъехь, уггаре а лекхачу гIантахь хиъна Iара георгиевски жаIарш некха тIехь а долуш, кIайн чоа а доьхна цхьа къена ламанхо.

Накъостий чоьхьабевлча, стоьла хьалха Iаш болу ламанхой хьалагIевттира, ткъа къано меттах ца волуш Iаш вара, леррина обарге а хьоьжуш.

Шатайпа дара нохчочун васт – лекха, зоьртала дегI, доьхканца къевлина йоцу йуьткъа гIодайукъ, Iаьржачу тIаьрсиган лекха эткаш.

Генарчу махкара веана векал санна вара иза.

Александра Кута воккхачу стагана тIевигира, ткъа иза пилан кIайчу даьIахках бина мукъ болу шаьлтанна тIе куьйг а дуьллуш, дегI нисдеш хьалагIаьттира.

– ХIара сан деваша Николай ву, Мачутадзе тейпанан коьртехь ву хIара, уггаре а воккхаха а ву – вовзийтира иза Александра.

– Ткъа хIара нохчийн обарг, сан доттагIа Кута ву! – обарг вовзийтира Александра шен девешина.

– Довта-МартантIера Кута! – куьйг кховдийра нохчочо гуьржийн къеначу элане.

Цуьнан куьйг дIа а ца хоьцуш, Мачутадзе леррина хьоьжура цуьнга:

– Суна чIогIа хазахета хьо гина а, вевзина а – кIеда вистхилира иза. Хьох лаьцна дукха диканиг дуьйцу Гуьржийн махкахь, цундела массарна а лаьара хьо ган. – Куьйг дIа а ца хоьцуш, шена улло охьахаийра цо обарг.

– Хьо герз карахь доцуш шайна гича, гуьржишна хьо мазгIар ву моьттира – велавелира къано. Ткъа цул тIаьхьа уллохь лаьттачу ламанхойх цхьаъ шена тIекхайкхира. Цо къеначу элане дIакховдийра цIечу баргIатана йукъахьарчийна ларча.

– Кута, хьо герз доцуш гича, хьо обарг хиларах теша хала ду тхуна – элира элас, шега схьакховдийна ларча дIа а йостуш. Цу йукъахь Iуьллура детийца кхийлина доьхка а, гуьржийн говзанчаша йина шаьлта а, шен хумпIарчохь оьрсийн эпсарийн тапча а.

– Ахь гуьржийн эланан кIантана совгIат дина хилар хууш, суна а лаьа хьуна совгIат дан. Герз доцуш боккъалла а ша цхьа паргIат ца хеташ хилла Кута воккхавера иштачу совгIатах. ГIодайукъ къовлуш доьхка, дIа а дихкина, хаьнтIе шаьлта а тоссуш, Кутас велакъажарца элира:

– Боккъалла а доккха баркалла хьуна, эла, иштта доккха совгIат суна дарна. ХIинца санна хIара совгIат оьшуш мIаьрго йацара сан дахарехь.

Къена эла а, Александр а, Кута а керта арабевлира. Леттачу чиркхаша къагийнера адамех йуьзна керт:

– ХIара массо а нах вайн гергара бу. Царна лаьа хьоьца къамел дан. Даарах, маларах кхеташ, цаьрца хан йаккха хьайна лаахь, нагахь санна уьш хьайна кIордийча, садаIа дIаваха мегар ду хьуна, ткъа кхана хьо волчу хьуна бевзаш болу гуьржийна обаргаш богIуш бу хьуна – хазахетарца хаам бира Александра Куте. Къена эла гулбеллачеран буьйса декъала а йина садаIа дIавахара.

Iуьйранна сатасалле араваьллера Кута, ломара хIаваан марзонах Iаба. Гуьржийн жима стаг тIевеара цунна шегара хIун гIо оьшу хатта. Жима стага Мачутадзен латтанаш гойтуш, жимма волавала вигира иза. Малхбалера гуш дара Савардийа лаьмнаш, ткъа церан баххьашкара гIовгIанца чухецаделла догIура Килтикара цIе йолу ахка.

Уьш жимачу кевнашкахула кертара арабевлира. Жима стагана баркалла а аьлла, Кута гу тIе хьалавала ойланца йуьртах аравелира.

Поти агIора схьахьоькхучу хIорданан мохо деана и цIена хIаваъ дIаийнера стоьмийн бошмашкара схьаоьхучу цу мерзачу хьожанца. Кхузахь, Колхетин арахь цхьа шатайпа синпаргIато хьаьрчара берриге а кхетамах, са а, дегI а цIиндеш. Кхузара ирсечу тийналлас дог Iовжийра Кутин, даима сингатттамо а, кхерамо а ша гезган машано санна лаьцна йолу шен хьоме Нохчийчоь дага а тесна. Цигахь хIора ког баьккхинчохь воккхачу стагана а, берана а, зудчунна а, ломара экхана а, лаьттахула доьдучу сагалматана а оьрсийшкара кхерам бу. Цу гIайгIане ойланашца лаьмнаш долчу агIор волавелира иза. ЦIеначу хIаваах доггах кийра Iабош садаьIначул тIаьхьа, шега йуьрта йистехь хьоьжуш волу жимха волчу охьавоьссира Кута. И шиъ цIа веъча, анайистана лекха хьалабаьллера малх. Гуьржийн эла кху шинга хьоьжуш кертахь лаьтташ вара:

– Муха хета хьуна, Кута, тхан зезагийн мохк Нигоити? Савардийа гирий хьуна? – самукъне хаьттира элас, доггах шен доттагIа мара а къовлуш.

– ВаллахIи ду-кх йалсаманехь санна хаза-м… бошмаш, зезагаш – гIайгIане велакъежира нохчийн обарг.

Марта дан доттагIий охьахевшича, элас Куте хаам бира сарахь хьеший богIур бу аьлла:

– Кута, тахана вайгахь шортта хьеший хир бу хьуна. Хьо вовза а, хьо ган а лууш шортта нах бу. Хетарехь, вай самукъне суьйре дIахьур йу – воккхавера Мачутадзе.

– ТIаккха ас кхин а садаIа деза. Хетарехь и суьйре йахлур йу – велавелира обарг. Цу тIехь церан барт а хилира. Кута садаIа вахара, ткъа Александр шен гIуллакх эцна Ланчхути вахара.

Сарахь МачутадзегIеран и йоккха керт хьешех дIайуьзнера. Тайп-тайпанчу даарех кечйина стоьлаш, дезчу денна санна кечбелла йолахой. Моьттур дара МачутадзегIаьргахь доьдуш доккха той ду. Элан гергара нах а схьакхаьчнера. Кхузахь гулбеллера гуьйржийн элий а, обаргаш а, берриге а махкахь шайн хазаллица а, хьекъалца а, оьздангаллица а цIе йаьккхина болу мехкарий а. Къаьсттина цу мехкаршна лаьар ерриге а Кавказехь шен доьналлица вевза нохчийн турпалхо ган. Амма иза хIусамдеца цхьаьна гучуваьлча, уьш кхийтира Кута халкълахь ша вуьйцуш ма хиллара вуй: цуьнан зоьртала дегIатIера Iаьржачу чоанна бухара гуш йара лекха кач болу кIайн гIовтал. Ткъа когах йара Iаьржачу тIарсиган лекха эткаш.

Кавказан баххьаш. Горцы

Подняться наверх