Читать книгу Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетар - Хьусайн Шовхалов - Страница 3

ЯЛСАМАНИН МАХ

Оглавление

Вайх массо ву ялсамани ваха сатуьйсуш. Массарна лаьа ялсаманин ох1лунах хила. Ткъа ялсамани ваха лаар дика ду, бусалбачу стеган иштта лаам хила безаш а бу.


Делахь а цхьа лаам хилча ца тоьа ялсамани кхача. Вайна лаарна г1ур дац вай ялсамани чу, иза яккха езаш ю дика 1амал ярца, цуьнан дуьхьа цхьа бахьанаш леладарца.

Ваьшна цхьа х1ума езча цуьнга са туьйсуш 1ай вай? Ца 1а. Х1унда аьлча иза езаро ца хуьлуьйту, цуьнан дуьхьа вай къа ца хьегча. Х1ора х1уманан кху дуьненахь шен мах бу – я ахчанца, я къахьегарца, я кхидолчу х1уманца. Ткъа хьо цуьнан мах д1абала а ца хьаьжча, цуьнан дуьхьа бахьанаш ца лелийча, хьуна иза даггара езаш ца хуьлу.


Ткъа иштта вайна езаш йолчу ялсаманин а бу-кх шен мах. Цуьнан дуьхьа а дуккха къахьега деза. Ялсамани еза меттиг ю ахь яккха йог1уш, ткъа деккъа «суна лаьара ялсамани чу ваха» бахарх г1уллакх хир дац, къахьега деза вай цуьнан дуьхьа.

Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетар

Подняться наверх