Читать книгу Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетар - Хьусайн Шовхалов - Страница 6

ВАЙЛ ХЬАЛХА БАЬХНАЧАРА ЯЛСАМАНИГА САТИЙСАР

Оглавление

Олуш ду: «Стеган мах цуьнан къамелаца ца хадош, цуьнан леларца хадабе».


Ткъа иза нийса а ду. Къамел хьаьнгга а дало, хала дац иза, амма лело дезарг хьаьнга а ца лелало. Леларо гойту стеган даг чохь дерг. Тахана вай массара а олу «ялсамани еза суна», амма цуьнан дуьхьа къахьегар г1ийла ду вайн.


Вайл хьалха баьхначарна ялсамани муха езаш хилла хьовсур ду вай, т1аккха царна а, вайна а юкъахь йолу башхаллаш евзар ю вайн.


Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Робий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу: «Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчехь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг». Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар». Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха». Аса элира: «Иза доьху ас». Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де дуккха а сужданаш деш

Ялсаманин мах. Ялсамани езарх нийса кхетар

Подняться наверх