Читать книгу ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ - Хьусайн Шовхалов - Страница 2
ДЕШХЬАЛХЕ
ОглавлениеБиссмиллах1иррохьманиррохьийм
Хастам бу Аллах1ана 1аламаш кхиош-кхобуш волчу, царна мел оьшург билгалла дина волчу. Аллах1ера маршо а, хьаставар а хуьлда Цуьнан пайхамарн Мухьаммадан а, цуьнан доьзалшна а, асхьабашна а, цара лелийнарг лелош, царна т1ехь мел ваьзначунна а къематде даллац.
Х1ора бусалбачу стагна а, зудчуна а, жимачун а, воккхачун а хаа дезаш ду шен дахарехь шена т1е1итталучу х1уманех 1илма. Цундела, дуккха а х1ума хаа дезаш хуьлу иза, шен дахар Дала ма-бохху нийсачу кепара хилийтархьама. Ткъа тахана неха 1илманца йолу юкъаметтиг г1елъеллачу заманахь, бусалбачу нахана шайн динах дукха х1ума ца девзачу деношкахь, т1ехь ч1ог1а ду церан хьашт царна динехь дерг довзийтар, ислам динца дог1уш Дела реза волчу кепара церан дахар нисдалийтархьама.
Цундела, х1ара жайна бусалбачу динехь яах1ума яаран а, маларан а г1иллакхаш билгалла деш ду.
Тахана бусалба нах хьаште бу яах1ума юуш дино билгалла дина суннаташ шайна довза а, уьш ларда а. Къаьстина тахана уьш девзаш берш к1езиг хуьлу, цундела и суннаташ д1адовла герга дахана, цхьадерш д1а а девлла.
Х1ара бусулба г1иллакхаш шена 1амийна ца 1аш, ца девзачун 1амо хьажа веза. Ткъа тахана дукха го вайна воккханиг а, жиманиг а, стаг а, зуда а шаьш яах1ума юучу хенахь х1ара г1иллакхаш лар ца деш, г1алаташ дуьйлуш. Цундела воккханиг а, жиманиг а, стаг а, зуда а нисвала хьажа веза цу г1иллакхаш т1ехь, т1аккха церан яах1ума яар Дела реза волчу кепара нислур ду, уьш леладарн царна ял а хир ю Дала мукълахь.
Х1ара яах1ума яаран г1иллакхаш дерриш цхьанакепара дац. Цхьадерш х1ума яале хьалха, вуьйш х1ума юуш, иштта х1ума йиинчул т1аьхьа а ду. Уьш къасто атта хилийтархьама аса уьш кхаа декъе декъна. Иштта кху жайни т1ехь хьахийна нах цхьаьнакхетта х1ума юуш а, хьошалг1а вахча а, хьошалла деш а лело деза г1иллакхаш.
Дала аьтто бойла хьан х1орш 1амада.
Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн.