Читать книгу ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ - Хьусайн Шовхалов - Страница 3

ЯАХ1УМА ЯАЛЕ ХЬАЛХА ЛЕЛО ДЕЗА
Г1ИЛЛАКХАШ
Х1ара бусалба г1иллакхаш яах1ума вола валле хьалха лелош ду

Оглавление

1- КУЬЙГАШ ДИЛАР

Яа1ума яале ши куьг дилар дика ду, къаьсттина дика ду куьйгаш т1ехь д1аяккха езаш х1ума елахь я и шиъ ц1ена дуй шена ца хаахь.

1аишата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:

«Шена (пайхамара) х1ума яа лиъча ши куьг дуьлура цо1».


Иштта вайла хьалха хиллачу дикачу наха а шеш яах1ума яале куьйгаш дуьлуш хилла, шайн дег1ана зен ца хилийтархьама.

2-ДИКА НИЙАТ ДАр

Яах1ума юуш дика нийят дина хила веза бусалба стаг, ша юучу я молучу х1уманах шена ял хилийтархьама.

Пайхамара (Аллах1ера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:

«Баккъал а, 1амалш нияташка хьаьжина ю, баккъал а х1ора къонахчунна цо дагалаьцнарг хира ду2»


Цундела, ша юучу я молучу х1уманца марзо эца, я вузаран дуьхьа а ца юуш, Аллах1ан дезаш долу цхьана дикачу х1уманан дуьхьа аьлла яахь мела хуьлу цунна.

Амма вуза я цуьнан марзо эца цо и яахь, вузар бен ца хуьлу цунна, ял ца хуьлу.

Бусалбачу стага х1ума вузаран дуьхьа доцуш, кхечу дикачу балхана дуьхьа яа еза.

Цундела, яах1ума юуш дика ният динехь, цуьнан нияти хьаьжина мела а хуьлу цунна, иштта вузар а хуьлу. Ткъа дика нията яах1ума юуш волучо дагалаца дог1уша долу, иза:

1-ШЕН ДЕГ1 ЛАРДАР

Х1ора адама Далла хьалха жоьпе ду шен дег1ах, и х1аллак хиларха лардар т1едиллина Дала цунна. Цундела, ша юу х1уманца шен дег1 х1аллак хиларха лардар аьлла яахь, цунна цунах дика ният хуьлу, мела хуьлу.


2-ЮУЧУ ЯАХ1УМАНАХ ШЕНА ХИЛЛАЧУ Г1ОРАЦА ДАЛЛА МУЬТ1АХЬ ХИЛАР ДАГАЛАЦАР


Ша юуш йолу яах1уманах шена хилчу г1ораца Дела реза хуьлу х1ума дийра ду ша аьлла дага лацара мелехь ду.


Яах1ум юучун иштта дика ният хиларан билгалло ю цо сов ца яар, лахахь аса хьаха мадар, я ша меца хилчий бен яах1ум ца яар. Т1къа ишттачу кепара яах1ум юуш хиллачунна лоьран дарбанаш къезиг оьшура ду, х1унда аьлча, дукхох йолу цамгарш яах1ум нийса ца яарх хуьлуш йолун дера. Т1къа яах1ум нийса яаро могушалла лар йо.

3) -ЯА Х1УМА ЯАЛЕ ХЬАЛХА БИСМАЛ ДАККХАР

Яах1ума яа волавалле бисмал даккхара мелехь ду.

Пайхамаро (Аллах1ера хьаствар а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Шух цхьаъ яах1ума яа волалуш цо олийла: «бисмиллах13»

«Бисмиллах1» бохурга: «Аллах1ан ц1арца» бохурга ду. Иштта «бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм» а ала мегар ду.


Ткъа «бисмилла́х1иррохьма́ниррохьийм» бохурга: «Аллах1ан ц1арца Сов Къинхетамечу Къинхетам бечу» бохург ду.


Ткъа яах1ума юуша бисмал даккхаро чу лоцу, Аллах1ан ц1арца яах1ума яа вола валар. Иштта волавалар беркате хира ду.

Амма яах1ума яа волавалле биссмал даккха вицлахь, яах1ума юуш шена дага ма деина эра ду: «Бисмилла́х1и аввалах1у ва а́хирох1у».


Пайхамаро (Аллах1ера хьаствар а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Амма иза вицлахь (яах1уман хьалха бисмал даккха) шена дагадеъча цо олийла: «Бисмиллах1 аввалах1у ва а́хирох1у4.


Цуьнан маь1на: «Аллах1ан ц1арца хьалхенгахь а, чаккхенгахь а».

Нохчий маттахь а ала мегар ду из.


Яах1ума юучо бисмал ца даьккхинехь, шайт1ано цуьнца цо юуш ериг юу. Амма ша бисмал ца даькхний дага а деъна, вицвелча даккха ма дезар бисмал даккхахь шайт1ано ша йиънарг хьала1аьттайо. Цундела, шена дага деъча даьккхина а, ша яах1ума йиан валле даккха деза, шайт1ига цо йиънарг хьала 1аьтта яйтархьам, иза дуза ца деш.

4) -АЬТТО Я АЬРО АГ1ОННА Т1Е ДУКХ Т1ЕХЬ ПАРХАТ ВОЛУШ Д1АТАЬ1НА ЦА ХИЛАР

Яах1ум юуш аьтто я аьро аг1онна дукх т1ехь пархат воккхучу кепара т1е таь1на яар дика лаьрра дац динехь, иштта ца яар мелехь лаьрра ду вайн динехь.

Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:

«Амма аса д1атаь1ина волуш яах1ум ца юу5»


Дукха т1ехь сов д1атаь1ина волуш яах1ум яаро, стаге цуьнан дег1 хьаште долчуллаъ сов йоуьйту, цундела, дика ца лаьрра бусулба дино д1атаь1ина яах1ум яар. Т1къа сов яаро стаган совнах дилха т1е дуьллуьйту. Имам Иброх1ийм Аннахо1ис (Дала къинхетам бойла цунах) аьлла

<<Д1атаь1ина болуш яах1ум яара ца дезара царна (хьалха хилчу дикачу нахана), шайн гайнаш даккхий хиларан кхоьруш>>».


Иштта т1аьхь сов д1атаь1ина лоруш ву букъ т1е д1авижина а волуш яах1ум яар, иза дика дац.

5) -ЯЪХ1УМА ХЬАНАЛ ХИЛАР

Шен юух1ума хьанала хилийтара бусулбачу стега декхар ду,

Дала цунна т1едиллина долу. Х1ора адмана т1ехь ду хьанал риц1къ даар, хьарам риц1къах лардалар. Лекха а, Сийлахьчу Дала къуръан чохь аьлла:

«<<Х1ай ийман диллийнарш, Оха шайна делла хьанал риц1къ даа6>>.


Цундела, стага шен риц1къа хьарам долчух, я шеконе долчу риц1къах хилийта мегар дац. Ткъа хьарам риц1къа дуучуьн до1ан Дала жоп а ца ло, маьлла кхиъ дуккху зенаш а хуьлу цунна цунах.


Иштта хьарам риц1къ доккхуш волчу стаг волчехь риц1къ даар хьарам ду, цуьнгара саг1а а, совг1ат а схьаэца а хьарам ду. Иза хьарам ду, нагахь санна цуьнан дериге риц1къ хьарам далахь. Амма цуьнан риц1къ ийна делахь, цхьадерг хьанал долуш, важа хьарам долуш, т1аккха и волучехь яах1ума яа мегар ду, амма ца йиича дезох ду. Иштта, цуьнгара саг1а а, совг1ат а схьаэца мегар ду, амма ца аьцчча дезох ду.

6) -ШЕН РИЦ1КЪАНА РЕЗА ХИЛАР

Дала шена делчу риц1къана реза хилар бусалбачу стега декхар ду.

Дала шена делчу риц1къана пусар дар, Цунна хастам бар декхар ду бусалбачу стега, иза дукх аделахь а, я къезиг делахь а. Шен риц1къан реза воцуш шен даг чохь х1ума хаалахь, шегахь долчуллаъ шайгахь доцучаьрга хьожийла иза, т1аккха хуур ду цунна Дала шех бина къинхетам.

Яах1уманна оьг1аз эхар, моханаш яр, сакхаташ дийцар магийна дац Дала.


Абу х1урайрас (Аллах1 реза хуьлда цунна) аьлла:

«Пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) ц1аллигора ц1а, яах1уманна сакхташ ца дийцина, шена иза езахь юура, шена иза ца езчи 1адда юьтура7».


Цундела, пайхамарха (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) масал эца деза шена яах1ума дика ца реза воцучо.

7) -НИЙСА-ОЬЗДА ОХЬА ХААР

Яах1ум юуша бусалба динехь г1иллакхехь охьахаар шина кепара деъна вайн пайхамаригар (Делера салават а, маршала ахуьлда цунна).


Хьалхарнаг: Ши ког буха бахийтина, цу шинна т1е охьахаар, ламазехь аттахьийят доьшуш санна.


Шоллаг1наг: Аьтто ког д1аа хоттийна, аьро ког буха бахийтина, цунна т1е охьа хаар.


Иштта охьахаар вайна билгалла дина, стаг кура сеттина охьа ца хаийта ша яах1ум юуш, х1унда аьлча, бусулба стаг ша яах1ум юуш нахах къаьста ца г1ерташ, оьзда хиина 1аш хила везаш волун дера.

Кху шина кепара охь хаара деза ду, вуьшта, муьлхачу кепара охьа хаа мегар ду, аьтто я аьро куьйга т1е таь1ина ца хилчахьан лакхахь хьахдина ма хилар.

8) -ГАЙ Т1ЕХЬ ВИЖИНА ВОЛУШ ЯАХ1УМ ЦА ЯАР

Гай т1ехь вижина волуша яах1ума яара, яах1ум яаран бусулба динан г1иллакхашах дац.

Пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна) дика ца лаьрра иза.

1абдуллах1 ибн 1умаро (Аллах1 реза хуьлда цаьршинна) дийцина:

«Пайхамаро (Аллах1ера хьаставар а, маршо а хуьлда цунна) ца магинера ч1аг1ар т1ехь долу стоьла хьалха охьа хаар а, гай т1ехь д1а а вижина яа х1ума яр а»8.


Гай т1ехь яах1ум яар хьарам ду бохург дац и, делахьаъ, дика дац из, мелехь дац, бусулба динац дог1уш дац. Нийсох а, мелехь а дерг лакхахь хьахдина ма хилар охь хиъна волуш яар ду.

9) -ЯЪХ1УМА ЮУШ ЦХЬАНА КХЕТТА ГУЛБАЛАР

Деза г1иллакхех ду яах1ума юуш берш гулбелла, цара цхьаний яах1ум яар, х1орамо ша-ша а ца юуш, х1унда аьлча, цхьаний яах1ума яаро юучу х1уманан беркат са доккху дера.

Цхьаболу асхьа́баша (Аллах1 реза хуьлда царна) пайхамарига (Делера салават а, а, маршо а хуьлда цунна) элира: – «Оха яа х1ума юу, делахь а, тхо дуза ца дузу». – «Аш яах1ума цхьаний вовшах кхетта юуш хира яц»? – хаьттира цаьрга Пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда царна) – «Цхьаний ца юу оха» – элира цара. – «Шаьш яах1ума юуша вовшах кхаьтта цхьаний яа, биссмал а даккха, Дала беркат дийра ду шуна шун яах1умангахь, – элира пайхамаро (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна).9»


Цундела, цхьан х1усамехь болу наха, я цхьана гулбеллачу наха х1орамо ша-ша а ца юуша, цхьаний вовшах кхетта яара вай динан г1иллакхах ду, мелехь ду, юу х1ума алсам беркате хиларх а ду.


Иштта пайхамаро (Аллах1ера хьаставар а, маршо а хуьлда цунна аьлла):

«Цхьана стега яах1ума шинна тоьара ю, шинний яах1ума веана тоьар ю, веани яах1ума бархана тоьара ю10».


И бохурга, яах1ума къезиг ялахь а, иза юуш гулбалар дика хилар ду, къезиг ялахьаъ вовше екъар а ду.

10) -ЯАХ1УМА КЕЧ А ЙИНА, НАХ КХАЙКХАР

Мелехь ду нах яах1умане кхайкхара. Яах1ум кеч йина кхойкхийла цо уьш, я цхьанна яах1ума юу меттиге кхойкхийла цо уьш.

Яах1ума наханна яа яр Аллах1ана дезаш х1ума ду, ял хуьлуша х1ума ду иза.

Алах1ано боху къуръан чохь:

«Аллах1ана муьт1ахь хуьлуш болучара яах1ума яа йо, шайна и езашехь а, шеш цуьнга хьаште болушехь а, мискачу стагана а, буо берана а, йовсарна а. Цара олу, оха шуна яах1ума яа йо Аллах1ан дуьхьа, шуьгара бекхам а, баркалла а ца оьшу тхуна11»


Цу аятехь Алах1ано гойту вайна, яах1ума яош волучунна ният ц1енна Аллах1ан дуьхьа хила дезаш хилар, ша дечу дикачу х1уманехь адамигара цхьанне х1уманга сацатийсар.

Нахерга яах1ума юийтуша волучунна, пайхамарийн (Делера салават а, маршо а хуьлда цунна) сунната ч1аг1дарна а, даржадарна а яьл хуьлу.

1

– Бухарий,286. Муслим,305.

2

– Бухарий, 1. Муслим, 1907.

3

– Абу давуд, 3767.

4

– Абу давуд,3767.

5

– Бухарий: 5398.

6

– (Аль-бакъара, аят: 172).

7

– Бухарий,3063. Муслим,2064.

8

– Абу давуд,3774, Ибан Мажах1,3370.

9

– Абу давуд, 3764.

10

– Муслим,2059.

11

– Аль-Инсан, аят: 8—9.

ЯАХ1УМА ЯАРАН БУСАЛБА ДИНЕХЬ Г1ИЛЛАКХАШ

Подняться наверх