Читать книгу Йеха буьйсанаш - - Страница 30
Хьалхара дакъа. Дагийна латта
VII корта.
3
ОглавлениеАхьмадах дIакъаьстина Iела, дуьхьал новкъа йуьрта ца воьдуш, Васалан кха долчухьа дIавахара. Цунна Васалан кха ганза дикка хан йара. Кхана иза аха дезаш хилча, латта декъа-кIеда, тIе колл йаьлла-йалаза муха ду хьажа лаьара цунна.
Шайн ардаш тIехь белхаш бечу нахаца тIекереш а йеш, воьдура иза. Массо а вара йокъанах кхоьруш. Аьхчахьана тIе догIанан тIадам божаза кхаш, кхарза а делла, чан а йаьлла лаьттара. Дечган нахарца охуш дийначу йалтина кIеззиг йокъа а кхераме йара. Гомха аьхначу лаьттах боьллина буьртиг талхо кIеззиг йокъа а тоьура.
Амма иза йуххешха тIехваьлла ХортIин кха кхечарех къаьстара. Аьчган нахарца кIоргга бIал боккхуш, тIехула аьчган мекха хьийзош шардина иза, кIалд санна, гора. ХьаьжкIаш йийначу цунна уллохула дIа кхин цхьа урд дара цуьнан тIедаьллачу кIено сендина лаьтташ. Кхечахьа цхьанхьа-м бийна мукх а бара ХортIин. Цул сов, йуьртарчу пхеа-йалхамма вовшахтоьхна, аьхкенна лам тIе дигна даьхний а дара.
И бахам тIеман заманахь IаIийнера ХортIас. Йуьхьанца цхьа кег-мерса хIуманаш йухкуш баккхал лело волавеллачу цунах иттех шо далале, шен долахь туька а йолуш, цIейаххана совдегар хилира. Цунна дуьхьало йацара паччахьан Iедалера. Бакъду, Шемала чIогIа дихкинера, эчиг оьцуш бен оьрсашца махлелор, амма ХортIа даим а ахчанца кIелхьарволура. ХIинца Шемал а вацара цунна новкъарло йан. Соьлжа-ГIалахь а, ГIизларехь а ХортIин сий дара. Цига воьдий, дорах товар а дохьий, кхузахь нахера иттазза сов мах а боккхуш, дIадухкура цо, ткъа тIедиллина духкуш хилча, мах кхин а сов боккхура.
Геннара гира Iелина Васалан кхан йуьхьиг. И охуш, йалх сту а боьжна, хIинцале ткъех гуо баьхьна, ши стаг воллура.
«Мила ву-те оцу мисканех сайчул дог лезна араваьлларг? – бохура шега хазахеттачу Iелас. – Дала дог дика де шун делаI, ма доккха гIуллакх ду-кх аш дийриг!» Амма дерриг кха гучудаьлча, цунна гира вукху йуьххьехь говрахь лаьтта Iоса.
Iела кхийтира дерригенах а.
Сиха вахана Iела уггар хьалха ахархошна тIехIоьттира. Охуш волу шиъ цхьанхьара-м йолах веана ши къехо вара.
– Нехан кха хIунда оху аш? – хаьттира Iелас ша тIекхачарца, дуьхьалваьлла стерчий а совцийна.
Ши стаг Iоса волчухьа дIахьаьжира.
– Делхьа, хаац тхуна-м, къонах, xIapa хьенан ду a, Iocac хIиттийна-кх тхо кху тIе.
– Кха тIера гота дIайаккхал чехка. XIapa шуьша санначу цхьана мисканан ду.
Ахархой боьхна хьаьвзира.
– Къонах, тхан бехк болуш хIума дац хьуна кхузахь. Iосега хаттахьа иза. Тхо-м цо аьлларг дан даьхкина мехах, – элира воккхахволчо, схьахетарехь, вукхуьнан дас.
– Гота стенна сацийна аш? – тIечевхира говр хаьхкина тIевеана Iоса.
– Гота ас сацийна, ас! XIapa Васалан кха хIунда оху ахь?
– ДIайахийта шайн гота! – Iела тергал а ца вира Iocac. – Ас, гали хьаьжкIаш йелла, долчу дегара иэцна xIapa.
Iелас, стерчашна хьалха а хIоьттина, дукъа тIе куьг диллира.
– Ша, дог резахилла, доьхкина цо хьуна xIapa? Йа ахь нуьцкъала дохкийтина?
– Хьо хIун ву цуьнан? Ваша ву, шича ву, тайпанан ву? Цо мухха доьхкича а, ас мухха эцча а, хьан хIун гIуллакх ду?
– Ваша ву-кх, кхетий хьо? Цунна эшначохь цуьнан ваша!
Кхузахь гIовгIанаш хезча, лулара кхаш тIера нах, цхьацца-шишша вогIуш, тIегулбелира. Царах цхьаберш, гIуллакх мичахьа долу хьуьйсуш, ладоьгIуш, оьгIазе хIиттина лаьттара, ткъа гIеххьачул тароне цхьа-шиъ маслаIатна йукъавуьйлира.
– ДIавала хьо, Iела, наха доьхкинчу кхаца хьан хIун гIуллакх ду? – бохура Къосум-Хьаьжас. – Долчу дас ша къастор…
Цхьанне вогIий ца хууш, йайдакха говрахь, буйна лаьцна тур а, доьхкарх йоьллина тапча а йолуш, веана схьаиккхина Ловда, урх тIетосуш говр дIа а хецна, Iелина тIевеара.
– Шу стенна гулделла кхуза? ХIара хIун ду? – хаьттира цо виэхьаш.
– Хьайн дега хаттахьа! – кIоршаме жоп делира Iелас.
Шен да хьахош Iелас цIе йаьккхича, йуьхь тIера бос хийцабелира Ловдин.
– Ас хьоьга хоьтту, Iела, хьоьгара сайна адамашха жоп хаза лууш! – бехкбаьккхира цо.
– Хьан да ву-кх, миска, латта къийделла, доьзал хене баккха аьтто ца хилла, ша хIун дийр ду ца хууш, бIарзвелла, xIapa Васалан урд шена а дерзийна воллуш!
ОьгIазе шен дега хьаьжира Ловда. Амма Iоса, цхьана луьйтанна тIевазлуш, ах сонара а вирзина, шеквоцуш хьоьжуш лаьттара шена гуонаха хуьлучуьнга.
– ХIунда оху ахь нехан кха? – дена тIевирзира Ловда. – Хьайн дех, вежарех бисина, айхьа долаберзийна мохк ца тоьу хьуна?
Iосин йаккхий мерIуьргаш севсира, шад хIоьттира хебначу хьажа йуккъе. Къоьжачу, дуькъачу цIоцкъамаш кIелхьара цIен ши бIаьрг кIанте а хьажийна, вист ца хуьлуш сецира иза.
– Ас-м хьоьга хоьттий, хIунда оху ахь Васалан кха? – цхьа-ши гIулч Iосина тIевахара Ловда.
– КIант, ахь йуьйцург хIун хабар йу? – хецавелира Iоса. – Нехан нахана йуккъехь соьга барт хатта-м ца веана хьо, xIapa Iаспар хаьхкина?
– Ас-м, нехан кха хIунда оху, хоьттий хьоьга?
– Айса гали хьаьжкIаш йелла эцна дела, оху. Генавала суна. ХIун до ахь, Мулкалмот санна, тIевекаш!
Амма Ловда ша лаьттачуьра меттах ца велира.
– Цул, бакъдерг дийцал ахь, Iоса, – йукъавуьйлира Iела. – Ловда, кху хьан дас дIадаханчу Iай Васале гали хьаьжкIаш йелла йухалург. Тахана чохь топ йуза йалта доцуш, хIусамнана меттахь йисина, чоь йуьззина меца, дерзина бераш долуш Iачу Васалан аьтто боьхний а хиъна, цуьнга xIapa кха дохка аьлла, вахана Ioca. Васална лаац цхьа урд бен доцу шен латта дохка. Айхьа ойла йехьа, Ловда, кху уьрдах ваьлча, цо хIун дан деза? Ахь а, ас-м а хьун хьаькхна а доккхур дара. Ткъа заьIапчу Васала? Иза реза вац кха дохка. Ткъа кхуо и хьийзаво, хьаьжкIаш йа царна дуьхьал xIapa кха луо бохуш. ХьастагIа Васал волчу а веана, ойла йан цунна кхо де хан йелла, ваханера xIapa. И кхо де селхана чекхдаьлла, ткъа тахана xIapa, вайна ма-гарра, оцу мисканийн кха охуш воллу. Иштта дуй иза, Iоса?
Ioca, цавешаш, велавелира.
– Делахь, Iела, Васале сан гали хьаьжкIаш схьайалийтахьа ахь.
– Чохь цкъа кхалла а рицкъа доцчу цо мичара ло хьуна уьш? Гурахь йухалург йеллий ахь? Собарде хIетталц.
– Со гурралц Iийча, мичара лур йу цо уьш? Кху тIейевллачу татеша хьаьжкIаш латорга дог-м ца доху ахь? – шедакхаж кха тIе хьажийра Iocac.
– Ас лур ду хьуна хьаьжкIийн гали! ДIайаккха кхузара гота! Ма хIиттаде тхо йуьхьIаьржа! – карзахвелира бакъдерг хиъна Ловда.
– Суна гучуьра дIавала, кIант. Хьан гIуллакх дац ас лелочунна йукъагIерта, – цергаш хьакхийра Iocac. – Со хьайга йеха веача, лур ахь суна хьаьжкIаш. БIоча, дIайахийта гота!
Iocac, шен говр тIе а човхийна, йуккъерчу шина старах арахьарчунна шед туьйхира. Iела меттах ца велира шa лаьттачуьра. ТIехьаьддачу Ловдас Iосин говран урх лецира.
– ДIавала, дада, кхузара. Ма хIиттаве со нахана йуккъехь йуьхьIаьржа. Ма кхачаде сан собар! – логе шад хIоьттина, хьалахьаьжира Ловда.
– ДIахеца урх!
– ДIавала кхузара! – говр кIегартеттира Ловдас.
– ДIахеца урх.
Iосас кIантана шед айъира. Амма йукъабоьллачу наха, озийна, Ловда йуьстахваьккхира.
– ДIахеца, со стенна сецаво аш? Тохахь, сан дас туху суна, – аьлла, ша сецочаьрга хаза вист а хилла, йуха а Iосина тIевахара Ловда. – Ас хаза боху хьоьга, дада, дIавала кхузара. Ма хIиттаде вай йуьхьIаьржа. Хьо бахьана долуш, нахана йуккъехь дош ала, церан йуьхь-дуьхьал хьовса йиш йоцуш, хеназа къанделла тхо. ХIинца мукъана тоийта. Хьох тхо къаьстина дукха хан йу, нахах мукъана ма даха тхо. Цхьа ваша вейти ахь тхан, важа, Сибрех хьажийна, тIепаза вайна. Тхо висина кхоъ уьш дицделла Iаш вац хьуна. Ма иэгаде тхо къила. Хьо-м цхьа ког кошахь лелий. Ма байъа вуьшта а хьайга кIезиг болу нехан безам вай массарех. ЦIа гIyo, и гота дIа а йаккхий, ас доьху хьоьга…
Амма Iосина ца хезира кIанта доху бехкаш, туьйсу кхерамаш, диэн дехарш. Доьхкарх йоллу тапча схьа а йаьккхина, зIок йуха а оьзна, буьххьерчу мокхазарей, лергарчу молханей хьаьжна, сутара ши бIаьрг кIантана тIебуьйгIира цо.
– ДIадовла готанна гуонахара, – элира Iocac мохь тоьхнна. – Со кхеро стаг хIинццалц схьа нанас дена ца винийла хаьа шуна. Оцу готанна аьттехьа ваханарг ас тоьхна вожор ву.
Iосин важа ши кIант гучу ца волу-те аьлла дIахьажавеллачу Iелина гира, гоьлех йеттало йоккха шаьлта шен чолакх куьйга сеца а йеш, каралаьцна жIоммагIа а долуш, охана тIехула схьахьаьдда вогIу Васал. Махо ловзайора цуьнан эттIачу чоин бехчалгаш, йуьхьа тIехь къегара хьацар. Моханечу цо цхьа доьхнарг дарна кхеравелла, Iела цунна дуьхьалвелира.
– Собаре хилалахь, Васал. Машаре дерзор ду вай xIapa.
Амма девне вала ойла Васалан шен а ца хиллера. Ведда веанчу шен хаьдда са дирзича, чоин пхьуьйшашца йуьхьа тIера хьацар дIа а хьаькхна, логе хIуьттучу шаддех къурдаш деш, Iосина тIевирзира иза.
– Iоса, хьо хIун дан воллу? Сан доьзал мацалла хIаллакбан гIерта хьо? XIapa урд ахь дIадаьккхича, ас йалх берана хIун дан деза?
– Бераш кхаба хьайн ницкъ бацахь, зудчунна йуххе ма гIерта. Ас кхабарга догдохуш йойту ахь и херсеш?
Iела цецволуш собаре хиллачу Васална хIинца моха йеара.
– Хьоь хьайниш санна, массаьрга а дайъалац шайн бераш!
– Сацайе хьайн муцIара, пис! – мохь белира Iосин.
– Пис, Къуръанор, йу хьо, йамарт жIаьла! Делах а, нехан неIалтах а ца кхоьру иэхь дайна гIизби! ДIайаккха кхузара хьайн гота!
Стерчашна тIехьаьдда Васал царна бIостанехьа жIоммагIа детта вуьйлира. Iосин ши ахархо йуьстахъиккхира. Ша аьллачунна тIера ца вала, Iocac, тIе говр а тесна, Васална шед айъира.
– Дада! – мохь белира Ловдин. – Ма тохалахь!
Амма йуьхьа тIехула кхеттачу шедо Васалан йуьхь тIе цIен арс хIоттийра. Васалан буйнахь йаьккхина шаьлта гича, нах йукъалилхира, ткъа Iocac, шен говр, йухаоьзна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIоттийна, йуьйлина тапча Васалан некха тIе лецира. Амма иза лаг оза кхиале, Ловдин тапча йелира. Коьртан хье а тосуш, цIеххьана аркъалсеттина, тIаккха меллаша цхьана aгIop вазвелла Ioca, ког луьйтанахь буьсуш, охьавахара. Къаьхкина, ткъех гIулч дехьайаьлла говр, охьавоьжначу беречух цкъа-шозза хьожа а баьккхина, терсира.
ХIинца а кIур туьйсу шегара тапча йарашла а тесна, Ловда, оханна тIехула дIа хьуьнха воьлла, къайлавелира…