Читать книгу Йеха буьйсанаш - - Страница 33
Хьалхара дакъа. Дагийна латта
VIII корта. ДоттагIий
2
ОглавлениеДоттагIаша вовшийн доггах маракъевлира. Доцца хьал-де а хаьттина, лекхачу попа кIел сийначу бай тIе охьа а хевшина, гIуллакхах къамелаш долийра цара.
– ТIаккха, кIентий, хIун ду Нохчмахкахь? – хаьттира дерриг сихха хаа сакIамделлачу Берсас.
Маккхала резавоцуш корта ластийра.
– Диканиг кIезга ду, Берса. Шелахь йинчу хьовр-зIовро тIекIелтоьхна дерриг а. Билтойн тхьамданаш Шахьболат а, Умалхьат а, зандакъойн Нуркиша а, БIагIало а шина дага бахана. Вайн барта йукъара дIабовла а лаац, вукху агIор, Iедална цIоганаш а лестадо. Шахьболат а, суьдан къано Саьмби а вовшийн гергара ву. Гезлойн Хасу а стохка дуьйна Iедалца къайлаха йукъаметтигаш йолуш вуй-те, моьтту тхуна. Бакъду, вайн гIуллакхах лаьцна Iедале хIумма а ца олу цо. Шахьболатций, Саьмбиций йолчу гамонна лела. Доцца аьлча, царах тешам бац. Момин Хьотас шен гендарганой, ткъа Ойшин Чомакха шен гIордалой буйна боьхкина.
Малхо йохйинера кIеда буц. Коьрта кIел куьйгаш дохкуш, ша волччохь аркъал а тевжина, диттийн баххьашна тIехула дIа стигала хьежа хIоьттира Берса. Хьуьн тIехула хьийзара талла арадаьлла Iаьржа куьйра. КIез-кIезиг лахлуш охьа а деана, цIеххьана йуьхьархьаьдда иза, дитташ йуккъехь къайла а даьлла, дукха хан йалале, мIарашна йукъакъевлина ижу а эцна, peгIа дIадахара.
– Со цкъа а ца тешара царах, – элира цо паргIат. – Шайн цIоканаш кIелхьарйахаран дуьхьа, ненан марчо духкур дара цара. Царах къаьсташ вац Шахьболат а. Цуьнан бага хьаьжна ву Нуркиша а. Молла БIагIалона оьрсий бIаьрга ган ца безийла, хаьа суна. И ду уггар зуламениг. Амма, шена дашо сом кховдийча, Iедална вохкавала кийча ву. Ас даим а олуш ма ду, вайн берриг бохамаш оцу цхьаццаболчу стешхачу нахера схьабуьйлу. Делхьа, ма ца воьлху-кх со, царах цхьаберш дIадаханчу Iай лецна Сибрех бахийтарх.
– Берриг бац уьш, хьуна ма-моьтту, йамарт, – дуьхьало йира Аьрзус. – Халкъ вовшахтоха, цунах цхьа буй бина, иза къийсамехь хьалха дига ницкъ цаьргахь бен бац тахана.
– Галваьлла хьо, Аьрзу. Цара гIазоте кхайкхамаш бар дац ткъа вайн халкъ дакъаздаьккхинарг? Халкъан кхоллам динадайн кара а белла Iийча, цунах хIун хир ду? Йа хилларг ца го хьуна? Дуьненахь хуьлуш дерг хIун ду а ма ца хаьа царна. Дерриг церан хьекъал а, кхетам а ламазций, доIанашций бу-кх. Йуха а йа гIазоте, йа Iедална муьтIахь хиларе кхойкхур ду-кх цара. Шаьш йовхонехь а, буьзна а хилчахьана, адамашкара бала царна бен ма бац.
– ШарIан Iедал динадайшка а делла, тIеман гIуллакхаш ваьшкахь дуьтур вай, – шениг дуьйцура Аьрзус. – ШарIан гIоьнций бен халкъ низаме далалур дац. ТIе, вай дIатоьттур бац кхечу динехь болу нах. Маршонехьа къийса луург, иза муьлххачу къомах, динехь велахь а, вешан байракх кIел хIоттуьйтур ву.
Берса велавелира.
– Аьрзу, хьан молланаший, хьаьжоший дийр дуй иза? Хьуна дика ца бевза уьш. Цаьрга ладоьгIучу халкъана а ма-моьтту шен бохамашна, шегарчу Iазапна а бехке керстанаш бу!
– Бакъ дац и, Берса. Халкъ дацара ткъа паччахьан эскарера уьду салтий тIеоьцург? Вайца цхьана магIара а хIиттина, летарш, лийраш и керста салтий бацара ткъа? Муха летара? Турпала! Вайца Гунибе йуха а бевлла, цигахь, тIаьххьарчу стагана тIехIотталц леташ, турпала ийгира, – тIаьхь-тIаьхьа карзахвуьйлура Аьрзу. – Вай йаккхий тоьпаш кхийса, кхечу говзаллашна Iамийра цара. И дерриг дицделла хьуна?
– Хилийтахьа, ахь ма-бохху, – кIадвелла, йухавелира Берса. – Коьртехь хьекъал, Iилма а долуш, халкъо лоруш майра молланаш беза вайн гIуллакхна. Уьш мичахь карор бара-те?
Аьрзу вуьйхира.
– Ойла йича, хуур дара-кх… – элира цо. – Иштта цIеххьана жоп дала хала ду. Iедало кхерийна уьш…
– ХIай-хIай… Ас дукха ойла йина оцу тIехь. Эрна. Iеламнах дуккха а бу, амма къонахий кIезиг бу царна йукъахь.
– Маса молла везар ву вайна?
– Лаххара а, бархI. ХIор а виллаете – цхьацца.
– Хьо шайх кхайкхийча, хIун дара-те? – вела а велла, Маккхалан чоьже буй Iоьттира Берсас.
– Суна и дагадеана-м дукха хан йеца! – тIетайра Аьрзу.
– Делхьа, ма дика хир дара иза! Цхьаъ мукъане а вешан, халкъаниг, хила ца мега?
– Йитал забарш! – куьг ластийра Маккхала.
– Забар йац оха йийриг, – корта ластийра Берсас. – Нагахь цхьа эвлайаъ ца хилча, вайн гIуллакх галдолуш делахь, хьо хила луур ду тхуна. Макка хьаьжцIа а гIой, цигара цхьа баьццара оба а, иттех дол чалба а йохьуш, цIа вола. Некъахь туркойн пес а эца. Кийчча шайх хир ву хьох. Некъана ахча а вайн долуш ду. Хьо реза вуй, Аьрзу?
– Сой? Нагахь вайн ахча ца тоахь, сайн цхьайолу цхьа шарбал йоьхкина а, вахийта реза ву!
– Вела шуьшиъ! Дика ойла йича, воьлхур вара. Вайн халкъан дакъазалла, атталла вешан эвлайаъ а ца хилла вайн. Мансуррий, Бийболаттий дIаваьлчхьана, корта боцуш дисина. Арахьара стаг, иза къу велахь а, сагIадоьхург велахь а, ги а вуллий лелаво. Муьлш бу вай вешан имамаш бинарш? Арахьара нах. Мел адам хIаллакьхилла уьш бахьанехь? ХIунда боху уьш лакха? Вешан Iовдалалла!
Лакхара динадай хьахабелча, даим а карзахволура Маккхал. Амма иза тахана санна оьгIазе цкъа а ца гинера Аьрзуна.
– Кхин а ду цхьаъ, Маккхал, – элира леррина ладоьгIучу Берсас. – Маршонехьа къийсамехь дин, къаьмнаш, тайпанаш а къесто иэшац. Маршонан гIуллакхна тешаме верг вайн ву, дуьхьалверг – мостагI. Мичча къомах, динехь велахь а. Ас дуьйцу ца хезна хьуна, Венгрехь маршонехьа гIеттинчу халкъаца массо а къомах нах бара. Церан гIаттам хьаша баьхкинчу шайчарна дуьхьал леташ. Коьртаниг стеган дог-ойла, адамалла, оьздангалла, къонахалла йу.
– Ахь дуьйцург ша ду, Берса. Вай а ца къестийна къаьмнаш а, дин а. Шен махкара эккхийна, гIаддайна веанарг вешан ваша вина тIелаьцна. Оьрсий, гуьржий, хIирий, гIебартой, чергазой, кхин дуккха а. Ас буьйцурш кхин бу. Йа шен а, йа вайн халкъан а бала а боцуш, шайн аьттонна Iовдал нах лоьхуш, вайн махка богIурш. Вайна вешан стаг ца везий хууш, кхуза схьа а богIий, вайн коча ховшу уьш.
– Ткъа вай вешаниш лерац, – дуьйцура Маккхала кхидIа. – Вешаниш хIаллак муха бийр бара-те бохуш, лела. И хуучу арахьарчара цунах пайдаоьцу. Жа санна, шайна луъ-луучу агIор дIасахьийзадо. Къуръан тIера цхьа-ши айат дагахь деша хууш хилчахьана, арахьара стаг ги вуллу. Кара а оьций, куьйгаш тIехь лелаво. Даош, малош, тIедухуш кхобу. Вешан Мансурах хIун дира вай?
– Уьш массо бехвар нийса дац, доттагIий. Оцу тIебаьхкинчарна йуккъехь а бара майра а, хьуьнаре а, оьзда а къонахий. Халкъ дезаш, даггара цуьнан маршонехьа, бусалба динехьа а къуьйсуш, леттарш, белларш а бу.
– Ишттаниш кIезиг бара царалахь, – элира Маккхала. – Вайн вешаниш дуккха а хир бара, вайна хилийта хиънехь, хилларш ларбинехь. Вайна ца хаьа вовшийн лера, вовшийн сий дан. Вовшашна йуккъера хьаьгIнаш, гамонаш йу вайх адамаш хила ца дуьтурш. Халкъан барт белахьара йа и барт бан къонахий белахьара, хIара Iедал тIера дIакхоьссина йа цуьнца машар хилла, гIуллакхах тоххара цхьа aгIo йаьккхина хир йара. ХIинца иза а йа важа а дац. Iу воцу бажа санна, даьржина лела.
– ХIун дийр дара ткъа, хIокху масех бIе шарахь иштта Iамийна-кх вай. Даим дIа тIемаш, хийрачийн олаллина дуьхьал къийсам. Шаьш бIарздича, хIораммо а кIелхьарвала некъ лохура. Боьхий, цIений ца къестош.
– Иштта-м дара иза, Маккхал, – элира Берсас. – Вайна ваьшна йукъарчу хьаьгIнаша а, девнаша а новкъарло йо оьрсашца машар бан а, паччахьан Iедалх кIелхьардовла а. И имамаш кхечу къаьмнашлахь хIунда бац? Масала, ХIирийчохь, ГIебартахь, Чергазехь? Бахьана стенах доллу? Кхетамах. Хьекъале стаг ша саннарг Iехо ца гIоьрта. ГIуллакх хир доцийла хаьа. Шел Iовдалниг лоху цо. Ас цIераш йаьхначу мехкашкахь, Нохчийчохь санна, бодане къаьмнаш ма дац. Къуьно къола серлонгахь ца до. Къуьнна бода а, барт а боцу меттиг йеза. И ший а Нохчийчохь долуш ду. Цундела нах Iехо луург кхуза вогIу. Вайна йукъа питанаш туьйсуш, вай Iехош, тIум санна, даа.
Генадоццуш хьуьн чохь диг детта долийра. Дукха хан йалале кхагаран, кIуьран хьожа йеара цигара схьа. Хьун хьоькхуш, йагош, ирзош дохуш бара нах.
– Дависарг, дуьненан Iилма хууш нах белара вайн, – элира Маккхала сатийсаме. – ХIун Iамадо хьуьжаршкахь? Къуръанаш, жайнаш. Кхолламна сатохар, собаре хилар. Оцунна-м реза ду вай, Дала мукъалахь. Дала лардойла вай Шех а, динах а цатешарх. Амма вайна дуьненан Iилма а ма оьшу. Цуьнца ду вайн халкъан хиндерг. Амма вайнахана и хаац. ХIоранна а ша эла хета. ТIелхигваьлла, къоьлла къикъвоьлла велахь а.
Берса охьахиира.
– Лаьмнашкахь вехаш хилла, боху, дика къонах а, хьекъале а ву бохуш, генна махкал арахьа а цIейахана цхьа стаг. Иза лоьрура сирбеллачу къеначара а. Цунах дагабийла богIура ХIирийчуьра, ГIебартара, Чергазойн махкара. Иза вуьйцу хезна, ган веана гена махкара цхьа эла. Цуьнан куьце, ницкъе, хьоле а, бахаме а хьажа. Веана кхаьчна иза воккхачу стеган йуьрта. ДIаса бIаьрг тоьхна. Цхьаннахьа а гуш, гIала-м хьовха, xIapa ду аьлла цIа а ца хилла. Хаьттина эло, хIокху эвлара мукъане а вуй и цIарна а цIейахана хьенех. Цунна цхьа лаппагIа гайтина, кхечарах къастам боцуш. ХIара кетIахь сецча, тIевеана дукхе-дукха безамехь воккха стаг а, куьце виъ кIант а. Иэца ма-веззара тIеэцна хьаша. ХIусамна чувахча, кхин а цецваьлла иза. Гуобаьккхина къоьлла. Хьаша кхача биъна ваьлча, гIуллакх хаьттина хIусамдас. «Делхьа, воккха стаг, Нохчийчохь вехаш цхьа хьекъале, оьзда къонах ву бохуш, хезнера суна тхайн махкахь, – долийна эло. – Иза ган, цуьнан хабаре ладогIа, цуьнан бахаме, хьоле хьажа араваьлла со, хоьт-хоьттуш, хIокху йуьрта, хIокху хIусаме кхечи. Ас лоьху стаг наха, хьо ву, боху. Къечу стагана хала ду къонах хила. Махкахь а, махкал арахьа а вевзаш стаг муха хилла хьох?»
Воккхачу стага жоп делла: «Суна а, сан хIусамнанна а вовшийн дезара. Охашимма вовшийн сий дора. Иза гучу тхан бераша а лийрира со. Доьзало сий деш, лоьруш гича, лулахоша а лийрира. Лулахошна со стаг хетча, йуьртана а хийтира. Йуьрто сий деш гича, махко а сий дира сан. Махкахь йахана цIе гена мехкашка а кхечира. Нахана со ву моьтту стаг сох винарг уггар хьалха сан хIусамнана, тIаккха доьзал а бу, хьаша».
И хабар а дийцина, цунах жамI ца деш, йуха а дIатевжира Берса.
– Иштта ду гIуллакхаш, кIентий. Вай хьалха ма-аллара, стеган сий шегара, шен доьзалера долало. Уггар хьалха ваьш лера хаац вайна. Эрна ца аьлла Шемала: нохчийн шайн диканиг лакхавоккхуш гу а бац, вуониг чутосуш ор а дац. БIаьрзе ду вайн халкъ.
– ХIетте а, Берса, луларчу халкъашца дуьстича, дукхе-дукха маьрша даьхна вайн халкъ. Гихь элий а боцуш. ВархIий дайшкахь дуьйна дуьненан цхьана а паччахьна хьалха корта а ца таIийна. ХIинца а таIо ойла а йац. Оццул дакъаздаккхий а ма дийцал аш вайн гIуллакх.
– Ма бIаьрзе стаг ву-кх хьо, Аьрзу, – мохь белира Маккхалан. – Вайн халкъан а ма бара шен хьолахой. Царал сов, тIебаьхкина элий а, неI хьеллац вайн халкъ дацош. Бакъду, кхечу къаьмнашкахь санна, хьолахойн долахь дацара вайн адамаш. Цхьаннех бозуш боцуш, маьрша баьхна вайн дай. ХIор а стага ша лардора шен сий, маршо. Цунна гIаролехь лаьттара вайн Iадаташ а. Амма пайда барий ткъа оцу маршонан, дерриг халкъ къен, бодане хилча? Бакъду, луларчу къаьмнийн элий къиза бу, цара шайн халкъаш сийсаздо, Iазапехь дахкадо. Амма – оццу элаша, дуьхьало ца йеш, шайн лаамехь оьрсийн паччахьехьа а бевлла…
– Цулла а, хьийзораш ца йеш, нийсса алахьа: ахчанах, чинех шайн чуоконций бохкабелира. Шайн халкъаш а доьхкира.
– Иза-м хууш дерг деца. Мухха делахь а, оьрсийн паччахьехьа а бевлла, шайн къаьмнаш оцу бехачу тIамах, эрна хIаллакьхиларх кIелхьардехира цара. ХIинца церан Iеламнах бу. Бусалба а, оьрсийн а дешар дешна. И халкъаш вайл токхе а деха.
– Вайл дика-м ца бехара уьш. Машаре, синтеме а беха. Хьалха шайн элий бара церан йаьIни тIехь. Паччахьан Iедал тIедеача, цо шен дукъ а доьлли церан коча.
– Вайн халкъан бехк бац иза къен, бодане хилар, – элира Берсас ойлане. – Иза бехке дац маситта шарахь оьрсашца хиллачу тIамна а. Маршо йезар, шена ма-хуъу, шен ницкъ ма-кхоччу иза ларйан гIертар – и бехк бу-кх вайн халкъан. Иза даим а машаре хилла лулахошца. Боккха лерам бара массо а халкъе а. Берриг бохамашна бехке хIара неIалт хилла паччахьан Iедал ду. Амма хилларш, лелларш, цатемаш, мостагIаллаш дицдийр ду вай. ХIинца вешан берриг ницкъ хьалха оьрсашний, вайний йуккъехь хилла тешам, ларам а йуха меттахIотторна тIехьажо беза.
– Тамаша бу, Берса, ахь Кунта-Хьаьжица тоба ца динехь! Хьан ойла паччахьан Iедалехьа дIа ца хьаьвзинехь!
– ХIан-хIа. Оьрсашца машар бар, гергарло чIагIдар а данне дац маршонехьа къийсам сацабе бохург. Оьрсийн халкъ а дац аттачу хьолехь. Цо а къуьйсу шен маршонехьа. Оцу къийсамехь цхьаьна хила деза вай. И ду со ала гIертарг.
Хан дIайоьдура. Попан дахделлачу IиндагIе а хьаьжна, доттагIий сихбира Берсас.
– ГIуллакхах дийций вай? – элира цо. – ХIета, динадай йукъабалабе боху-кх ахь, Аьрзу?
– Оцу цхьаболчара шайн тешамах-м, дера, даьхнера вай. Амма кхин ницкъ ца хаьа-кх суна адам вовшахтоха. Вай Делах тешаш нах ду, Дала мукъалахь.
– ХIета, йуха а гIазотан байракх айъа, боху аш? – Iоттар йира Берсас. – И динчу Шемалах хилларг йа цунах тешначу вайх хилларг а дицделла хьуна?
– Кхиамаш боцуш вацара иза. Цуьнан Iедалан къизалло галдаьккхира дерриг а.
– Цхьа къизалла хилла ца Iа бехке, – реза ца хилира Маккхал. – Коьрта бахьана кхечанхьа доллу. Цо а, цуьнан динадайша а кхайкхийна гIазот. Цара и хьехамаш ца бинехь, гуьржий, хIирий, хIокху агIорхьара оьрсий а хир бара вайца. Амма оцу гIазото цхьалха дити-кх. Цкъа, берриг динадай цхьаьнакхеттачохь, ас элира, шун хьехамаша дакъаздаьккхина халкъ, керстанашца машар хила а, барт хила а ца дуьту аш. ХIетахь мунепакъ-молла аьлла цIе тиллира суна.
– ДIадовлийша, Делан дуьхьа, – оьгIазвахара Аьрзу. – Ас-м ца кхойкху шу гIазоте. Вайн гIуллакхна молланаш оьшу. Халкъан маршонан дуьхьа бала реза а болуш.
– Мичахь бу ишттаниш? Айхьа карабе…
– Ас мичара карабо? Маккхале лахийта. Цунна дика бевза уьш.
– Делахь, Маккхал, хьайна накъостий лахар хьуна тIехь дуьсу. Тахана-м хьо цхьаъ ву вайца. Кхин бархI хьуна мичахь карор ву, Цхьа Дела воцчунна хаац. Арен тIерачу йарташкара динадайх догдилла. Уьш дукхахберш кхерабелла. Шелахь цIий Iанош шена гIoдинчарна чинаш, совгIаташ делла Iедало. Iедало шайн гIуллакхех бохийначех а ма теша. Уьш а, шаьш лелийначунна дохко а бевлла, хIинцале инарлина Тумановна суждане оьхуш бу.
Дехьо йежа говраш ларйеш лаьтта Болат тIекхайкхира Берсас.
– ДанчIас хIумма а ала-м ца аьлла соьга?
– ХIан-хIа, – корта ластийра кIанта.
– ХIета, чехкка цIа гIo. Садовш лаьтта.
Баккхийчаьрца жимма Iан лаьа кIант дегаза цIехьа волавелира.
– Ахь хьахийнарш хIун совгIаташ дара, Берса? – къамела тIе йухавирзира Маккхал.
– Доцца аьлча, тешам бац арен тIерачу йартех. Совдегарш, эпсарш кхуьуш бу цигахь, нитташ санна. TIe, керла йохкучу станицаша а, гIепаша а, морзахо санна, йукъакъевлина и йарташ. Йерриг вайн дегайовхо Нохчмахкана а, ЧIебарлана а тIехь йуьсу.
– Тешамза бевллачу нахана хIун де вай?
– Цаьрца йолу йерриг зIенаш йуххехула дIахедайе. Амма, цхьа чо а вайн гIуллакхна йамартло йахь, уьш кортойх бевр буйла а хаийта. Церан метта муьлш хIиттор бу-те?
– Хаац, – ойлане вистхилира Аьрзу. – Ши-кхо де даьлча, Солтамурд волчу гIyp ву тхойша. Цунах дага а девлла, цхьа некъ лохур бу-кх.
– Шайна хуур шуна дан дезарг. ГIаттаман тхьамданаш лахар, даим санна, хьуна тIехь дуьсу, Аьрзу.
– ХIинца, Берса, ахь дийцахьа хьайн керланиш.
ДоттагIийн цхьаьнакхетаран коьрта бахьанаш дийца деза хан тIекхаьчнера.
– Сан хабарш хIумма а вай даккхийдеш дац, кIентий. Вайн махка тIе керла станицаш, тIеман чIагIонаш йахка ойла йу Iедалан.
Цецваьлла Аьрзу бага гIаьттинчохь висира.
– Ахь хIун элира? – эххар а вистхилира иза.
– Iаьржачу ломан, ГIачалкха-дукъан когашца йолу йарташ Соьлжан аьрру агIон тIе а, ГIебарта а кхалхийна, БуритIара охьа Хаси-Юьрта кхаччалц станицийн керла могIа бан сацам хилла.
Маккхал сихха кхийтира оцу планан Iалашонах.
– Йуха а цкъа Нохчийчоь тукарца йара доллу-кх. Оцу гIуллакх тIехь зиэделларг ду Iедалан. Мацах цкъа Соьлжа тIехула иштта цхьа могIа станицаш а йехкина, вайн вежарий гIалгIай вайх дIакъастийра. Йуккъе зайл а тоьхна. ДIабаханчу бехачу тIамехь йа вайца цхьаьнакхета а, йа вайна гIo дойла а ца хилира церан. Кхузахь керла хIумма а ма дац. Даимлера политика. ТIекхеттарг хIинца Нохчийчоь масех декъе йекъар ду-кх.
– Нагахь вай йекъийтахь! – сацамболлуш мохь белира Аьрзун.
– ХIинца ламанан Нохчийчоь аренах къасто гIерта, – дуьйцура Берсас. – Органций, Хулхулоций хьала йолу шира чIагIонаш а тойеш, керланаш йогIа ойла а йу. ТIаккха Нохчийчоь кхаа декъе йекъало. Дагестанах а хеда. Цуьнан тIаьхье бIаьрзечунна а гур йу.
– И сацам маца хилла? – хаьттира Маккхала.
– ДIайаханчу аьхка. Лорис-Меликовн план йу иштта. Амма, паччахьан вашас хIинца а иза чIагI ца йина бохуш, хаамаш бу.
Цхьана ханна къамел сецира церан. Аьрзу а, Берса а дIатевжира, ткъа Маккхал синтемза волавелира. Кхааннах цхьа Берса вара сапаргIат. Накъостех дага ца ваьллехь а, цо сацам тIеэцнера хьалххе. Цундела доттагIашка ойла йойтуш Iара иза.
Малх чубуза peгIa лахбелча, ломара цIа эха дуьйлира адам. Уьш стерчийн ворданашкахь а, гихь а дечиг дохьуш богIура. Берсина хаьара и дечиг цара шайн цIерачу кхерчахь даго ца дохьуьйла. Цхьаболчара ма-боьлххура редуте хьур ду дохка, ворданаш йолчара кхана-лама – Соьлжа-ГIала. Иштта дечиг духкуш йаьккхинчу кIеззигчу шай-кайнах шайн доьзалшна тIейуха цхьацца тIелхиг а, туьха-мехкдаьтта а оьцу цара.
ДIасакъаста деза хан тIекхаьчнера.
– МаьIIаргона вицлора-кх со, – элира Берсас, охьа а хууш. – Польшехь долчу хьолах хабар хезний-те ДанчIина?
– Полякашца дерг чекхдаьлла. Хьаьшна уьш.
– Россехь?
– Хийцамаш бац. Муьжгийн карзахаллаш дено-дено лагIлуш йу. Цаьрга догдохийла а дIайаьлла.
– Изза хила доллу-те вайх а? – элира керлачу хаамаша сагатдинчу Аьрзус. – Оцу полякех а, оьрсийн муьжгех а йолу дегайовхо а дIайолуш йоллу. Паччахьан арахьа тIом хир бу ала меттиг а ца го. Нагахь Iедал кхузахь и шен Iалашо кхочушйан гIортахь, дуьхьало йан цхьа а тайпа кечам бац вайн. TIe, махкана чоьхьа а, арахьа а гIуллакхаш нисдина Iачу паччахьо, вай гIаттам болабахь, шен берриг ницкъ Нохчийчу тоттур бу. Дала цхьа некъ ца гайтахь, тахана цкъа бIаьрзе ду вай.
Берса, охьа а хиъна, Аьрзуна тIевирзира.
– Ахь муьлха некъ гойту? – хаьттира цо.
– Уггар хьалха, пхеа йа ворхI стагах тIеман кхеташо кхолла йеза вай. Царах цхьаъ коьрта ца хилча-м вер вац, амма цо кхеташонан дукхахболчийн лаам кхочушбан дезар ду. Дика хир дара, кху цхьана баттахь вайн йерриг йартийн векалийн гулам кхайкхийна, цигахь тIаьххьара сацам тIеэцча. Йа, вуьшта аьлча, нагахь Iедал йарташ кхалхо долахь, сихха гIаттам боло.
– Дика ду. Нагахь йарташ кхалхо йолайахь, вай гIаттам болор бу. Амма со буххенца дуьхьал ву вайн йуьхьанцарчу бартана.
– ХIунда?
– Хьекъале Iалашо йоцуш болийначу гIаттамо эрна хIаллакдийр ду адам. Цундела вай къасто йеза вешан къийсаман тIаьххьара Iалашо. Вайн вешан ницкъаца Нохчийчуьра паччахьан Iедал дIадаккхалур дуй вайга?
– Дера, дац, – доккха садаьккхира Аьрзус.
– Россин арахьарчу тIаме ладоьгIуш Ia вай, – дуьйцура Берсас кхидIа. – Оцу йукъах пайда а эцна, толам баккха а тарло вай. Амма иза а шеконехь гIуллакх ду. И тIом даим лаьттар ма бац. Росси тоьлла йа эшна, чекхбер бу. ТIаккха паччахьан Iедало, шен берриг ницкъаца вайна тIе а дирзина, къамкъарг Iовдур йу-кх.
– ТIетаьIна Iийр дац. Мозий санна, хIаллакдийр ду.
– ХIан, паччахьан Iедал дIадаккха вешан аьтто болуьйтур вай. КхидIа? ТIаккха хIун дан деза хаьий вайна цхьанне а? Мансуран, Бийболатан замане йухадоьрзур ду? Доьрзийла йац. Цкъа делахь, цул тIаьхьа бIе шо даьлла. ХIинца кхин зама, кхин хьелаш, кхин адамаш ду. Кху тIаьххьарчу тIамо вайн халкъан ах боьрша нах хIаллакбина, ах латта вайгара дIадаьккхина. ШолгIа-делахь, станицашний, гIаланашний уллохь йолу арен тIера йарташ, шайн кхолламна къера а хилла, севцца. Керлачу хьелех боьлла цигара бахархой. КхозлагIа-делахь, вайн халкъана йуккъехь шена тIетийжа керла ницкъ карийна Iедална. Ас буьйцурш нохчийн эпсарш, совдегарш, кегийра долахой а, Iедалан гIуллакхчаш а бу.
– ХIета, Iедална муьтIахь а хилла, совца деза, боху-кх ахь, Берса? – хаьттира Аьрзус. – Йа, вуьшта аьлча, къоьлла, мацалла, харцонаш, сийсаздар а ловш?
– ЛадогIал ахь, Аьрзу. Халкъ, адам санна, хенаца кхуьу. Ницкъ а, кхетам а цхьана дийнахь йа цхьана бIе шарахь а багIац цуьнга. Оцу гIуллакхна дукхе-дукха йеха хан йеза. ТIамал хьалха хиллачу хьелашка вайн халкъ йухадерзор стаг шен бераллин хене йухаверзар санна хир дара. Вайна вешан хенаца, хIокху заманца нисдалар оьшу. Амма, кхечу къаьмнех а къаьстина, Россех къаьстина-м муххале а, вешан дахар хийца ницкъ а, кхетам а, аьтто а бац вайн.
– Хьо хIун аьлла ву ткъа?
– Вайн кхоллам Россерчу кхечу къаьмнашца цхьаьнабозар, цаьрца цхьаьна вешан маршонан гIулакхехьа къийсар коьрта декхар лору ас.
– Ой, цаьрца дуьстича, вайгара хьал дуккха а хала ма ду, Берса. XIapa къоьлла, Iазап, харцо ловш дехачул-м, летта делла, дуьнен чуьра дIадовлар гIоли ма йу!
– Аьрзус гойтург уггар сийлахь некъ хета суна а, – тIетайра Маккхал.
– Сийлахь некъ-м бара иза, амма шеконехь бу-кх. Догдохуьйла кIезиг йу. Со тешна ву, паччахьан Iедалан Iазап кIел дохку халкъаш мацца а цкъа шайн массеран йукъарчу маршонехьа цхьабарт болуш цунна дуьхьал гIовттург хиларх а, цара толам боккхург хиларх а. Дуьненахь цхьа адамаш ду, халкъашна шайн маршонехьа, керлачу дахарехьа къийса а, толам баккха а хьоьхуш. Ас дийцира-кх шуна Iазапехь дохкучу халкъаша пхийтта шо хьалха Европина тIехула гIаттийначу буьрсачу дарцах лаьцна. Иштта чIогIа дацахь а, изза дарц делира Россехь а. Оцу хьалхарчу дарцан ницкъ ца кхечира халкъашлахь Iазапдаллорхойн Iедал дуохо. Амма хIинца керлачу, кхин а буьрсачу дарцан мархаш гуллуш йу Европина а, Россина а тIехула. Кестта дарц дала герга ду, кIентий.
– ХIета, вешан гIаттам оцу дарце хьажабо-кх вай?
– Кхин некъ бац.
– Ткъа йарташ Соьлжан а, Теркан а аьрру бердашка а, Жимачу ГIебарта а кхалхо йолайахь? Ваьшкахь дисина латта а дIалур ду вай?
– И ша ду. ТIаккха герз караоьцур ду вай. Амма вайнах дIакхалхор а, гIалгIазкхий схьакхалхор а чолхе гIуллакх ду. Цунна масех шо хан йезар йу Iедална. Вайн декхар хIун ду? Цхьана минотана а мал ца беш, гIаттамна кечамбар. Амма ларлуш хила. Солтамурд, Вара, Залма, ШоIип майра нах а, дика къонахой а бу. Амма цхьана майралло ца дуьгу халкъ толаме. Иза а хиъна вайна. Хьекъал, кхетам, собар оьшу. Йукъара кхеташо кхайкхарна сихдала а ца оьшу аьлла, хета суна. Аьхкен чохь кхераме ду иза. И гIуллакх Iаьне тоттур вай. Ткъа хIинца, малхбузан ламазаш дина, дIасадаха деза.
ДоттагIий хьалагIевттира. Шовданна йисттехь ламазаш иэцна, гIуллакх сихха чекхдаьккхира цара.
– Оцу Варас лелочунна реза вац со, Берса, – элира Маккхала, кога мачаш а йухуш. – Кху хьаннашца, бIаьн некъашца эпсарш, хьаькамаш дIасабовла ца буьту цо. Хьуна хууш ма ду, цо хIинцале а маситта стаг вийна хилар. Тухий цхьаъ вожа а вой, иза шен обаргашца хьуьнха вулу, ткъа Iедало адамаш хьийзадо. Варега дIахаийта цо лелочунна тхо резадацар. Иштта байъарх кхачалур бац мостагIий, оцу некъаца йаккхалур йац маршо. Вийначу пурстоьпан меттана цул а Дала тоьхнарг хIоттаво. Цунах, зиэн бен, пайда балац.
– Вара, хьаха, ву шен цхьа буьрса амалш йолуш стаг, – доккха садаьккхира Маккхала. – Шелахь хиллачу гIуллакхо дог акхадаьккхина цуьнан. Иза хIинца йа нахах а, йа Iедалх а ца теша. Ас масазза аьлла цуьнга и хьуна хетарг. Аьттехьа а ца дуьту.
– КIеда аьлла ахь, – Iоттаре тIетуьйхира Аьрзус. – Цунна хаа деза, ша лелочара вайн йукъарчу гIуллакхна зулам дойла. Цо бицбан ца беза дIадаханчу шарахь кхечаьрца цхьаьна шел лакхарчеран омра кхочушдан а, тешаме хила а ша биъна дуй. ДIахаийта цуьнга, нагахь санна ша бахьанехь цо кхул тIаьхьа адамна сингаттам балийтахь, иза шен коьртах вериг хилар. ХIораммо а шена луъ-луург лелийча, вай вовшахдетта гIуллакх хIаллакьхир ду, ткъа иза хуьлийтийла дац, муьлххачух хIуъу хилла додахь а. Вайх хIораммо, дуйнаца чIагIдеш, пурба делла, нагахь шегара йамартло йаьлла, бартах воьхна меттиг хIоттахь, кхиэл йоцуш шен цIий хьаналдеш.
Аьрзун богучу бIаьргаша а, оьгIазечу къамело а гойтура цо дуьйцург цуьрриг забаре цахилар.
– Деллахьа, Берса, хьуна тIе кхин а цхьа гIуллакх деана оха, – стенна делахь а, гIеххьачул бехкалвахана долийра Маккхала. – Гати-Юьртахь бохам хилла кху некъехь. И Iоса боху жIаьла делла шен кIентан карах…
Маккхала доцца дийцира Гати-Юьртахь хилларг.
– Селхана цига веанчу пуьрстоьпо, лаьцна, Ведана хьалавигна Ловдий, Васаллий. Кхузахь Васалан бехк болуш хIумма а дац. Бехк-м Ловдин а бацара. Дукха хан йара и боьха жIаьла дийна дIадаккха деза. Куьг бехке Ловда кIелхьарваккхалур вац. Амма Васал кIелвахийта йиш йац, хIуъу хилла латтахь а. Хьуна ма-хаъара, бевдда вайгахьа бевлла салтий йуха шайн кара нисбелча, цаьрца къиза хуьлу Iедалхой. Цул сов, цкъа-делахь, Васалан кегийра доьзал буьсу цIа дуьззина. ШолгIа-делахь, шен дегIан дола ца далуш, зуда цомгаш йу. Уггар коьртаниг – бевдда ваьшкахьа бевллачу салтийн дола дан деза. Нагахь вай и ца дахь, Iедале царна ницкъаш байтахь, тIейогIучу ханна вайх тешам бовр бу церан. Тхуна хьоьгара гIo оьшу, Берса.
– Ас хIун дан лаьара шуна?
– Деллахьа, хаац суна-м, Берса. Оха-м, Iедалера схьа а ваьккхина, обарг волуьйтур вара иза. ТIаккха а цIахь аьтто боцуш нисло. Цкъа а дегI маьрша хир вац. Тахана-кхана Шела вогIу, боху, Къурмин Къосам. Цуьнан чIогIа гергарло ду элаца Тумановца. Суна хетарехь, округан начальнико полковнико Головаченкос ладугIур ду Къосаме. Оцу Къосамца и гIуллакх дийца а, нисдан а деза ахь.
Берса вехха Iийра жоп ца луш.
– Суна-м хаац, Маккхал, цкъа-шозза генара гар доцург, кхин цхьана а тайпа сан тIекере йеана стаг вац-кх иза.
– Дерригенах а кхета тхо, Берса. Амма цуьнца бийца мотт хьуний бен карор бац.
– Иза хала гIуллакх дацахьара, охашимма хьуна тIедуьллур ма дацара, – йукъавуьйлира Аьрзу. – Васалан гIуллакх суьде далале, иза кIелхьарваккха веза. Тхан йуьрто тIелаьцна стаг ву иза, оха дола дан дезаш. ГIуллакх суьде даьлча, генадолу. Хьаькамаш хьастий а, кхерам тасий а, схьаваккха Васал.
Берсас корта ластийра.
– Догдохуьйла йац цуьнга. Шуна лаарна, гIоьртур-м ву со.
Шийлачу хица ламазаш а эцна, бай цIена меттиг лехна, Маккхал хьалха волуш, ламазаш а дина, маралелхаш, вовшийн Iодика а йина, дIасакъаьстира кхо доттагI.
Амма Теркан областан эскарийн командующи, нахана хIумма а ца хууш, цу Iазапах уьш «кIелхьарбаха» гIайгIа беш вара:
«Хьомсара Государь Александр Петрович!
…Нохчий кхалхоран гIуллакх шена тIе а лаьцна, оцу хьокъехь Турце вахана инарла Кундухов цIа верзаре сатуьйсуш Iа со. И гIуллакх сихха къастор чIогIа оьшуш ду. Малхбузе Кавказехь вайн хиллачу тIаьххьарчу а, чIогIачу а кхиамаша догдохийна нохчийн. Вешан Iалашо вай мел къайлайаккха гIертарх а, вайца шайн йолчу шатайпачу йукъаметтигах делахь а, йа шайн махка оьзначу эскарех шекбевллехь а, йа арахьара тIеоьхучу нахехула хиънехь а, царна хиъна герггарчу хенахь правительство цигахь чIоггIа когаш тIе хIотта ойла йолуш хилар. Цундела кху тIаьххьарчу хенахь кхузахь меттигерчу Iедалшна совцо хала йа совцо ницкъ боцу тайп-тайпана эладитанаш даьржина.
Графо Евдокимовс соьга делла туркойн эмиссаро ламанхошка Турце кхойкхучу прокламацин гоч. Цуьнан чулацам чIогIа тера бу ас со Коджорехь волуш Хьан Локхалле йеллачу экземплярах. Вайн дика нохчий оцу прокламацех Iехабелла Турце кхелхарг хиларх теша мел хала делахь а, царна йуккъе йаржо ахь цхьа масех экземпляр йаийтар эрна хир дацара. И прокламаци Тифлисехь нийсачу туркойн матте йаккхар доьхуш, графо Евдокимовс йаздийр ду хьоьга…
М. Лорис-Меликов.
18 июнь 1864 шо»