Читать книгу Болат – нохчийн турпал кIант - - Страница 2
Хьалхара сурт
ОглавлениеЙуьрта йистера бес-бесара зазадаьккхина стоьмийн беш. Тайп-тайпанчу олхазарийн эшарш йека бешан маьI-маьIIера схьа. Оцу зазанаший, сеналлаший хаздина Iалам. Олхазарийн эшарш цIеххьана, дIасоцу, схьахеза «Хьоме Даймохк» эшаран мукъам. ТIаккха, багахь и эшар а локхуш, догIуш, гучадовлу Айбикий, цуьнца берашший.
Вайн дайша ларбина,
Наноша хазбина,
Хьоме Даймохк
Вайн лаьмнаш хаздина
Аренаш сенйина
Хьоме, сийлахь Даймохк,
Хьан лекха лаьмнаш,
Шера аренаш,
Хьоме Даймохк,
Дукха безарна, Тоха са дац сан,
Нана, Даймохк! (2-зза)
БIаьстенан малхо мелчу догIанца
Лийчор бу сан Даймохк,
Тхан дайша ларбина, наноша хазбина,
Хьоме, Сийлахь Даймохк
Хьан лекха лаьмнаш, шера аренаш,
Хьоме Даймохк,
Дукха безарна тоха са дац сан, Нана-Даймохк! 2-зза
Йиш чекхйаларца Хьехархо а, бераш а совцу «Ишкол», аьлла, тIейаздинчу гIишлона хьалхахь.
Айбика. Ма дика а лекхи вай эшар цхьаьний! Вай ишколе схьа а кхечи. Дела реза хила шуна, бераш, суна дуьхьал даьхкина!
Бераш (цхьаьний). Дела реза массарна а хуьлийла вайна, тхан хьоме Хьехархо, Деца Айбика!
1-ра кIант. Тхо гуттара а догIур ду хьуна дуьхьал! Хьо генара схьайан йезаш ма йу.
Айбика. Дукха дахийла шу, сан дика бераш! (Бераш марадухку, коьртех куьг хьоькху)
2-гIа кIант. Деца Айбика, цхьа хIума хатта мегар дуй?
Айбика. Дера, мегар ду! Хатта ахь.
1-ра кIант. Вай лекхначу эшарехь «Вайн дайша ларбина Даймохк» аьлла дешнаш ду. Иза муха ларбина? Хьанах ларбина?
Айбика. Вайна Дала белла хIара хаза Даймохк дIабаккха гIерташ дукха мостагIий тIелетта массо а заманахь. Аренца а, ламанца а дукха хаза йарташ, хаза Iалам а ду вайн. ТIаккха, гIамаршкахь, аренашкахь Iаш болу цхьаболу паччахьашший, элий вайн мохк хазахеташ, дIабаккха гIерташ, тIамаца тIелеташ хилла. Царна дуьхьал ша-доллу халкъ гIоттий, вайн дайша, тIом а бой, уьш йухалохкуш хилла. Иштта ларбина-кх цара вайн Даймохк.
2-гIа кIант. Со-м ца кхета, Деца. Даймохк дIа муха боккху? ДIа-м бахьалур ма бац иза?
Айбика. Хьажал, дукха вахарг! Вайн дай байъа а байъина, схьа а баьхкина, шайн Iедал а законаш а хIиттийна, дийна биссинчу нохчех шайн лайш а бина, охьахевшича, дIабаьккхина ца хуьлу мохк? И ца дайта вайн маьрша дахар лардина-кх цара. Эрна аьлла ма дац «Дайн мохк»
1-ра кIант. Ма нийса а ду.
1-ра йоI. Деца Айбика, тIаккха наноша муха хазбина вайн Даймохк?
Айбика. Иза дика хаттар ду! Наноша хазбина бохучуьна кIоргера маьIна ду. Цара, дер, хазбина шайн хазачу гIиллакхашца, оьздангаллийца, хазачу духарца, оьзда доьзал кхиабарца. ХIинца, вайн заманахь кхуза баьхкинчу кхеча махкарчу наха муха олу? «Ма хаза мохк а, хаза гIиллакхаш долуш адамаш а ду Нохчийчохь!» Иштта, вайн наноша вайна а гайтина, муха хила йеза нохчийн зуда, нохчийн йоI!
2-гIа йоI. Дела реза хуьлийла царна! Дела реза хуьлийла хьуна, Деца Айбика!
Айбика. ТIаккха, бераш, хIинца вай чудоьлху хан хилла! Тахана вайн хьалхара дарс стенах лаьцна йу, диц-м ца делла шуна?
Бераш: Хьалхарниг. Нохчийн иллех лаьцна йу-кх!
ШоллагIниг. Турпалаллин иллех лаьцна!
Айбика. ТIаккха, селхана вай стенах лаьцна дийцира?
1-ра кIант. Нохчийн меттан хазаллех лаьцна!
1-ра йоI. Ма хаза бу нохчийн мотт!
Айбика. Нийса боху. Оцу иллешкахь буьйцуш бу-кх, вайн мохк, вайн сий лардина болу къонахий! Хаза хетий шуна турпалаллин иллеш?
Бераш. Хета! ЧIогIа хазахета!
Айбика. Ткъа, дарс хIу йу ма хаьа шуна?
Бераш. Дера, хаьа! Оьрсийн маттахь урок йу-кх!
Айбика. ХIай-хIай! Нохчийн мотт цIена бийца беза. Нохчалла ларйан еза! Эрна аьлла ма дац цунах «Ненан мотт»! ХIахI, дика ду! Чу доьлха вай, кхин а бераш ма ду вайга хьоьжуш! ЛадогIал, сан диканиш! Шайгахь йолчо хьалххе телефонаш дIайайъал! Йуккъехула йека йолалой, новкъарло йо цара, шу дуьйцучуьнга ладогIа а ца дуьту.
Бераша телефонаш дIайойъу, Уьш ишкола чу боьлха.
Бека малхбузехьарчу мехкан чIогIа, марсабаьлла мукъам. Дитташ тIехьара схьаиэккха, пхьаьрсаш тIехь коьрта туьтанан суьрташ а долуш йолу, Iаьржа хорма йуьйхина, къаьрзина баккхий бIаьргаш а болуш, боккха кIунзал болуш волу стаг. Цуьна карахь йоккха мобильни телефон йу.
Вадал (хьовсархошкахьа а воьрзий, ца вешаш) ДIайолаели хьуна хIара хIинца! «Нохчийн мотт!» «Нена мотт!» «Нохчалла!» «Турпалаллин иллеш!» (Тебна-а, воьдий, ишколан кора йуххе охьахуу, телефона тIе пIелг а хьоькхуш.) Турпалш ас хIинцца гойтур бу шуна! ЗУЛАМАН СУПЕР турпалш! Тхо ду – СУПЕР турпалш! ЗУЛАМДАЙ!!! (Телефон лере лоцу.) Хеллоу! Хеллоу! Телефонаш дIа ма йайъалаш, цуо хабар дуьйцу шуна! Ас тамашийна хIуманаш дуьйцур ду шуна!
Йуххехь лаьттачу дитта тIе охьахуу къиг.
Къиг. Къаррр!
Вадал, кхералой, ша волччахь ирах кхоссало, тIаккха хьалаиэккха.
Вадал. Са дала хьан! Кхерийна, чуьра са дIадаьккхи-кх сан цуо! Киш-ш-ш! (шен карара телефон ластайо, амма къиг шек а ца йолу, муххане а, кхунна тIейоьрзу.)
Къиг. Къарр! Къарр!
Вадал. ДIасацайе и хьайн батт! И ду хьуна «Вон къиг вон Iоху» бохург.
Къиг. Къарр! Къарр! Къарр! (дитта тIера хьала а гIоттий, Вадална тIоьхала хьаьвза, иза, кхералой, охьахуу. Къиго кхо-биъ го а тосий, чухецалой Вадалан тIуьсигах зIок туху.)
ВАДАЛ. Вай-вай-вай!..
Къиг. Къар-къар-къар! (ТIемайолий, дIайоьда)
Вадал (хьалагIотту). Хьайн садолийла хьан! Собарде ахь! Ас бийр бу хьуна хьан болх! Хьажахьа! Къийгаш а, дер, йу хIокху нохчийн цхьа тамашийна, сийдоцуш!
Телефона тIе пIелгаш хьекха волало. Реза воцуш, телефон дIаса йетта.
ХIара хIун ду? Цхьаммо а схьаоьцуш йац телефон! Цкъа а хилла хIума ма дац хIара! ХIокху «Нана-хьехархочо» дIайайъитина хьуна цаьрга телефонаш! Иштта гIуллакх дIадодахь, ладугIуш стаг а вуьсур вац! Босс реза хир вац! (Йуха а телефона тIе пIелгаш хьекха волало, ладугIу.)
ВАДАЛ. Хеллоу, Босс! Бехк ма биллалахь, Босс! Со ву, ВАДАЛ!
Чхьоча (сценийн дехьа агIора схьаго, лере лаьцна телефон а йолуш.) Хеллоу, Вадал!
Вадал (хьесталуш). Де дика хуьлийла хьан, Босс! Могашалла муха йу хьан? Наб дика кхетий хьуна? ХIума дика йаалой хьоьга?
Чхьоча. Наб а кхета, хIума а дика йаало (гайтIе куьг хьоькху) Сан наб стенна йуьйцу ахь? Схьабийца айхьа бина болх!
Вадал. Воккха Босс! Дика дIабоьдаш бара сан болх, хIокху цхьана хьехархочо новкъарло ца йахьара!
Чхьоча (реза воцуш). Хьехархо ца йуьйцу ас хьоьга! Берашца болх бе, ца аьлла хьоьга? Телефонаш йац цаьргахь?
Вадал. Телефонаш- м йара, Босс, амма, оцу хьехархочо «Нохчалла», нохчийн гIиллакхаш, нохчийн халкъан турпалхой буьйцуш, нохчийн мотт буьйцуш, соьга ладогIа ца дуьту бераш.
Чхьоча (буьрса). Со реза вац ахь бечу балхана. Дуьненна а бевзаш болу Зуламан Супер Турпалхой бовза ца лаьа, бохург хIун ду?
Вадал (воьхна-а). Иштта хилла-кх, Босс, хIара нохчий! Бехк ма биллалахь, Босс! ОьгIаз ма гIолахь! Со хьожур ву хьуна уьш галбаха! ХIинцца урок чекхйаьлча, цара телефонаш хьалалатор йу, тIаккха ас гойтур ду царна турпалш мичахьа бу! Зуламан Супер турпалш!
Чхьоча. ХIинццалц хIун деш вара хьо? Ишколе ца воьдаш, цхьа а сацийний ахь?
Вадал. Хьехархочуьнца-а бара уьш, Воккха Босс! Массо а чу вахана!
Чхьоча. Хьо хIун деш вара, тIаккха, боху ас хьоьга? Беша йоьгIна мунда санна лаьтташ вара хьо? Йа палас санна, Iуьллуш вара хьо?
Вадал. Вацара, Воккха Босс! Мунда санна а вацара, палас санна а вацара, суо хьалха ма-хиллара вара! Болх беш вара хьуна со, Босс! Оцу хьехархочо цхьа а йуьстах ца валийтира. ХIинцца цера урок чекхйер йу, тIаккха цара смартфонаш хьалалатор йу, тIаккха ас хоуьйтур ду хьуна царна Зуламан турпалш муьлш бу!..
Чхьоча (мохь хьокхий, луьйчара йукъахвоккху). Ахь хIумма а дийр дац! Цхьа а гал а воккхур вац! Хьуна луш долу долларш эрна ду, моьтта суна!
Вадал. Дац хьуна эрна, Воккха Босс! Ас хIинцца…
Чхьоча (йуха а Вадал луьйчара йукъахвоккху). Тоьар ду! Реза вац со хьуна! ХIинца хьуо волччахь Iе! Сан омране ладугIур ду ахь! (Телефон дIайойъу, къайлаволу).
Вадал (ойланеваьлла). ХIахI! ОьгIазваха хьуна! Суна хаара реза хир воций … ХIун дан воллу-те хIинца? ХIун омра дан воллу?.. Собар дан деза, хIокхера, (ца вешаш) «дарс» чекхйаллалц, къайла а ваьлла.
Вадал дитташ тIехьа дIалечкъа. Ишкола чуьра бераш ара а довлуш, дIаоьхуш ду. ТIаьххьара цхьа кIант йуххехь а волуш, арайолу Айбика.
Айбика (дIадоьлхачу берашка куьг лестадо). Марша гIойла шу, бераш! Кхана гур ду вай! Диц ма делаш Iамо дезарг!
Бераш. Дицдийр дац! Дицдийр дац! Iодика йойла, Деца Айбика! Марша Iойла!
Цхьажимма латта а лаьттий, шеца волчу кIантаца дIайолало. ЦIеххьана, охьахуучу беракемана гIовгIа хеза. Айбика, цецйолий, йухахьожу.
Айбика. ХIара хIун ду? ХIинццалц кхузахь хезна гIовгIа а ма йац иза-м! (КIанте) Схьавола, ишкола чу гIо вайшиъ!
Ший а неIаре долало, амма, оцу минотехь, кхарна водий, тIевогIу Вадаллий, полицхо Хьадаллий. Цу шимма, воггIашехьа, шина а агIора, катухий, Айбика схьа а лоций, дIайадайо.
Айбика (мохь хьоькху). ДIахеца со! Шу муьлш ду? Шуна хIун оьшу?
КIант (тIаьхьа хьодий, полицхочунах тассало). ДIахеца иза! ДIахеца! ДIахеца!
(Полицхочо дIатоттий иза вожаво, амма, иза хьала а иэккхий, йуха а цунна тIекхета, пхьаьрсах чIогIа цергаш йухку.)
Хьадал (мохь болу). Iа-а-а! Веха ма ваха хьо, жIаьлин кIорни! (Айбика дIа а хоьций, кIантана шен хаьнтIехь кхозуш йолу гIаж тухий, иза вожаво, йуха тIекхетий Айбика схьа а лоций, шиммо а, йадайой, мохь хьоькхуш йолу иза къайлайоккху. Цхьажимма Iуьллий, кIант, меттавогIу, хьалагIотту.)
КIант. Орца дала! Орца дала! (Техка а техкаш, йурт йолчахьа волало.)