Читать книгу Болат – нохчийн турпал кIант - - Страница 3

ШолгIа сурт

Оглавление

Инзаре лекха тIекIелйина гIишлош йолу Зулам-гIала. ЧIогIа кечйина чоь. Кресло чохь, аркъал а вахана, Iаш ву Чхьоча. ЧувогIу Хьадаллий, Вадаллий.

Хьадал.      Босс! Пурба ло хаам бан! Хьан омра кхочуш дина, Хьан Сийлалла!

Вадал.      Воккха Босс! ЧIоIа тIом бина, схьайаьккхина, йалийна оха Нохчийн Къоман Хьехархо!

Чхьоча (ца вешаш). Гира суна аш бера-тIорзанца бина чIогIа тIом!

Хьадаллий, Вадаллий, цецволий, вовшашка хьожу.

Вадал(цецволий). Хьуна муха гина иза, Босс?

Чхьоча.      Дицделла шуна со мила ву? Со ву Зуламан Супер Турпалхо! Воккха Босс!! ХIокху дуьненан массо маьIIехь дерг гуш ду суна! Шу лергйахаргаш йу, Зуламан турпалхой дац!

Вадал.      ТIаьхьадаьлла доккха орца ма дара цунна, Воккха Босс!

Чхьоча.      Ахь къаьсттина чIогIа тIом бира къигаца! Вен ца вуьш дика витира хьо цуо! Хьа-хьа-хьа-хьа! (ца вешаш) Супер турпалхой! Лергайахаргаш! Мичахьа йу и Хьехархо? Схьайалайе!

Ший а дIахьоду. Дихкина куьйгаш а долуш, коьртах доьллина гали а долуш йолу Айбика чуйалайо.

Вадал.      ХIара йу и зуламхо!

Чхьоча.       ДIадаккха цуьна коьртах доьллина гали! ДIадаста куьгаш! Мича йахарна кхоьру шу иза? Хьаша ма йу иза!

Хьадал.      Йада гIерташ хала йалийна хIара, Босс! (Коьртах доьллина гали дIа а доккхий, куьйгаш дIа а достий, пхьарс а лоций, Чхьочина йуххе тотту.) ТIегIо Боссана!

Айбика (Шен куьйгаш дIадосттушехьа, Хильдина ластадой тIара туху.) Сан вац цхьа а босс! Со шун хьаша а йац! Шуна хIун оьшу соьгара? Со хIунда йалийна аш?

Чхьоча (буьрса). Хьаша хила ца лаахь, сан лай хир йу хьо!

Айбика.      Нохчий цкъа а хилла бац цхьаьнни а лай! Со а хир йац!

Чхьоча (ца вешаш). «Нохчо», «Нохчалла», «Нохчийн турпалаллин иллеш». Дицдийр ду ахь и дешнаш! Уьш дуьйцуш, бераш талхош йу, боху хьо! Тхо ду Супер турпалш! Зуламдай! Тхо дуьйцур ду ахь хIинца дуьйнна! Вай цхьаьна болх бийр бу!

Болат – нохчийн турпал кIант

Подняться наверх