Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 10
Эскар
I
ОглавлениеИбрахIим массо а эскаре кхайкхина кегий нах санна хIинцале чекхваьллера тIеман-медицински комиссих а, тIеман комиссаран хьехаре ла а доьгIнера цо.
ТIекхечира гуларийн де. Соьлжа-ГIалахь тIаьххьара медицински комиссих чекхваьллачу хIора жима стагана тIеман билет схьаэца тIедожош долу тоьшаллин кехат деллера. Цу гIуллакхна царех хIора а билгалйиначу хенахь гуларийн меттиге схьакхача везаш вара. Иза дара 1979-чу шеран лахьанан беттан шолгIачохь. Нохч-ГIалгIайн Республикас хIора шарахь гурахь а, бIаьста а эскаре кхойкхучу муьрехь, кхи йолчу республикашца дустича хIоттийна Iалашо совнаха кхочуш йора. Иза ларамза а дацара – вайнехана юкъахь даима а эхь хиллера Даймехкан декхара дIа ца луш, ведда лелар. Цундела билгалйинчу хенахь, Кавказера эскаре дIаоьхура доьналлех, ницкъах буьзначу кегий нахах йоьттина эшелонаш…
Лахьанан беттан хьалхарчу дийнахь Заурбекан хIусамехь шортта адам вовшахкхеттера ИбрахIим новкъаваккха. Сарахь уьстагI бийначул тIаьхьа, баккхийчу наха мовлид йийшира. Массара а довхачу дашца, хазачу ловцаца дог хьостура кIентан. Баккхийчу наха хьехар а дора мичча а кхачахь а нохчаллех ца вухуш, чекхвала бохуш.
Сарахь шен доьзалийн гуонехь виссира ИбрахIим. Дукхачара шаьш Iуьйранна кхин цкъа ИбрахIим ган догIур ду элира. Массо а гIайгIане буьйсанашкахь санна, кху буса а вижанза шиъ вара. Амма хIуммаъ синтемехь Хеда а яцара.
Сатоссуш дара. ХIинца а баьццара лаьттачу байтIехь къоьжа йис туьссуш, еара гуьйренан Iуьйре. Шатайпа синхаамех кийра буьзна самавелира ИбрахIим. Дуьххьара маьIне хилам бу тховса кхуьнан дахарехь кхочуш хуьлуш. Иза корах арахьежира. Ма цIена яра гуьйренан стигла, ма цеIна яра ИбрахIиман ойла а, синкхетам а. Iуьйренан ламаз а дина араваьллачу шен дена тIаьхьа аравелира ИбрахIим. Шина шарна цIийнах а, юьртах а къаста везачу кIантана лаьара хьомечу хIаваах доггах Iаба, ткъа гена йоцуш шен оганехь лаьтта Абрек а яра ша тергал ца йина реза йоцуш хIур-хIур деш.
– Абрек! – ИбрагIим доггах марахьаьрчира тешаме доттагIчуна, – яло, вайшиъ жимма долалур ду! Ахь суона сагатдийр ма ду, дуй? – ИбрагIима хьоьстуш арабаьккхира дин. Гуьйренан хьалхара йис тессиначу байтIехула говраца волавелира ИбрагIим шен ойланашка а вахана…
Абрек-м дIаэккха кийча яра, ИбрагIимца аренаш толлуш, амма къастаро жимма гIайгIанашка вахийтина волчу ИбрагIимана ца лаьара шен дог Iовжо. Жимма волавелла а, чуялийра ИбрахIима говр…
Ткъа Заурбекан керта-м кху Iуьйранна саццанза нах бара оьхуш. Ма дукха адамана лиънера ИбрахIимаца шайн йолу дегайовхо гайта. Нохчийн гIиллакх ду эскаре воьдучунна новкъа яа хIума ялар. Цундела шортта совгIатащца керта оьхура лулара зударий.
– Вай, дIадовла! Аш-м кху шина шарахь дийнна эскарана тоьъал рицкъа вовшах ма тоьхна. Суна-м цхьа цIерпошт а тоьар яц – забар йора ИбрахIима.
Къона саьлтий вовшахкхетачохь ИбрахIим новкъаваккха еара цуьнан нана а, воккхах волу ваша СаьIид а, йиша Зарган а, иштта гергарчу нахана юкъара масех жима стаг а. Массо а новкъабовла кечбелла, керта арабовлучу хенахь, Заурбек чохь виссира. Цунна хаьара ша волчу чу ца вогIуш кIант аравер воций. Нохчашна юкъахь товш дац дас шен берашца йолу марзо гайтар, къаьсттина кIенташца.
ИбраIхим чоьхьа ваьлча, Заурбек шен тасбиIан тIехь доIа деш вара. Цо иза дIадерзолц собар деш лаьттара кIант.
– ИбрахIим! – Заурбек хьалагIаьттира – со тешна ву хьан гIуллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат язда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел чIогIа сагатдийр ду.
– Суна хаьа… иза ас цкъа а диц дийр а дац.
ИбрахIим юьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу тIехь церан къамел чекх а делира. Юьхьанцара хеталора ма шийла яра кIентан а, ден а Iодика яр, амма ишта ду и нохчийн Iадатан доза. Цу дозанера ца вохар дезох ду безамал а, дегайовхонал а.
Заурбека араваьлла ИбрахIимаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, тIаккха шен воккхах волчу кIантана СаьIидана тIедиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла…
Невра кIоштан тIеман комиссариатехь саьлтишка тIеман билеташ дIа а делла тIеман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел дIадолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала Iалашонех лаьцна а.
Ткъа цуьнан къамел чекхдалараца нийсса, шен мукъам дIаболийра тIеман оркестра. Вотанан гIовгIанца хезаш дара «Прощание славянки» цIеяххана илли.
Ткъа цул тIаьхьа саьлтий а, уьш новкъабохурш а Соьлжа-ГIала дIабахара гуларийн пункте.
Гуларийн пунктана гуо бина лаьттара аьчка саранца юьйлина кибарчиган леккха керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна юкъара маларах кхетта верг чу ца валийта. Цигара чоьхьаволийла лардеш чоьхьарчу эскарийн сержанташ бара. Кхузахь дара и тIеман а, машаран а дуьненнна юкъахь долу доза.
Шатайпа яра хIара гуьйренан Iуьйре. Арахь шийла яцахь а, амма хIете а хIаваэхь мелла а хаалуш дара борз санна тIегIертачу Iаьнан садеIар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу могIарехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн кIентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра гIайгIа гуш яра нанойн гIийла хьежарехь. ХIоранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар – сан кIант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне гIовгIа эккхийтина лаьттара. Маржа-яI къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссаяала а хала. Аьхкенан догIа санна йоца хуьлу хьан гIайгIа, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца богIу. Хьуна хIара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца Iаш, кIохцалшца а кхийлина буй. Ткъа и кIохцалш цу некъахь дукхох ма ду зезагел а.
ТIекхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу юхатиттина а мIаьрго. ХIоранна а лаьара дIасакъастале шен вешига а, кIанте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза яла хьаьхначу Афганистанехь яьлла и сийна цIе, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора кIенташка ала дешнаш. ИбрахIимана уллора дIа ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал хIуьттура ИбрахIимана ша хIоразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь. Иза йист ца хуьлуш лаьттара кIентан бIаьра а хьожуш. Ши дош-м ца делира цуьнан багара. Амма ИбрахIимана хаьара муьлхачу лазамца керчара цуьнан кийрахь дог. ГIиллакхах ца йоха, ша дахарехь сел кIезиг хьистина волу кIант, цо доIанехь набарна тевжаш хьоьстур вуй.
Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дегIаца ша лайна Iазап, юха деган Iазапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла еш, иза Деле доьхуш. Ненан бIаьргийн йоза деша ма дика хаьара кIантана. Цунна хаьара нана шен дог ца Iовжо, бIаьрхийн и боккха хIорд лазамца кийрахь къуьйлуш лаьттий.
ГIайгIанца ИбрахIиме хьоьжуш лаьттина Хеда, цIеххьана дIахьаьжира. Цунна евзира шайн юьртхочун Ахьмадан йоI Хьава. Кхиъна яьлла, хаза товш нохчийн аматехь йоI яра Хьава. Хедас къайлах сатуьйсура иза ИбрахIимана яло. Хьава тахана кхуза еанера эскаре шен ваша новкъаваккха.
Хеда шега схьаьоьжуш а гина, эхь хетта Хьава, кхераделла хьоза санна дIаиккхира. Иза тергал еш лаьттачу Хедас, ела а къежаш, ИбрахIиме элира:
– Гирий хьуна мел хаза йоI яра хьайга хьоьжуш?
Шена иза гар а, цу хьокъехь шена хетта эхь а лачкъа ца делла ИбрахIим дIавирзира, ткъа Хедас-м юха а шенаг дуьйцура:
– Дер ю Хьава наха дика цIе йоккхучу тайпанера а, доьзалера а.
КIантана нускал хоржуш, нохчаша къаьсттина чIогIа тидам тIехьажабо иза муьлхачу тайпанера ю. Иза коьрта лехам бу хIора а доьзалан, хIунда аьлча нохчашна хаьа бахкабелла орам болчу дитто, дика стоьмаш лур ца хилар.
ТIаьххьара шен безначарна мара а кхетта, ИбрахIим саьлтишна юкъа дIахIоьттира. Цу минотехь дуьйна, замано дIалистира цуьнан дахаран рузманера керла агIо.
Цу сарахь ша санна бIеннаш кегий нахаца цхьаьна ИбрахIим кхечира аьчка некъан вокзале. Уьш плацкартни вагонашкахь дIатарбеллачул тIаьхьа, цIерпошта дIаболийра шен некъ. Кегирхошна хезара гергарчара шайна тIаьхьа бетта мохь, гуора церан гIайгIане яьххьаш а, цара лесто куьйгаш а, амма цIерпошт-м бен доцуш хецаелла йоьдура дашочу маьркIажена дуьхьал шен сира кIур бетташ. Корахула арахьаьжча цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа хийцалора Iаламан исбаьхьа суьрташ – гуьйрено можачу духарца кечъйина хьаннаш, йист йоцу аренаш, хиш. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIала а геналлехь йиссира.
Оборонин министерствон хIоттамца, эскаре кхайкхинарш ницкъ ма кхоччу шайн Даймахкана гена бохура. Иштта Кавказера кегий нах СССР-н уггаре а генарчу гIаланашка а, ярташка а кхочура, ткъа Сибрехара а, Украинера а саьлтиша шайн тIеман декхара Кавказехь дIакхоьхуьра. Юьхаьнцара хаттар кхоллалора оцу кепара шена харж а еш пачхьалкхас стенна деш ду те иза олий? Амма дуккха а шераш девлча, ИбрахIимана карийра цу хаттарна а жоп. Иза хиллера шераша зийна, дикка ойла йина кхочуш еш йолу политика. ИбрахIим цунах кхийтира телевизорчухула Советан Iедал дохале хиллачу хиламийн терго йича. Иза дара Бакухь а, Тбилисехь а, Вильнюсехь а эскар маьршачу бахархошца герзаца дуьхьалIоттадалар. Дуьхьал летачарна юкъахь меттигера бахархой бен бацара, ткъа уьш совцо арадаьллачу эскарна юкъахь Советски Союзан регионашкара саьлтий бара.
И кхетам цуьнгахь чIагIбелира Ельцин Борисан Iедалан муьрехь Россехь хуьлучуьнан терго ян ша волавелча. ИбрахIим тешна вара Москван урамашкахула гIовгIанца хецаелла йоьдучу танкан куьйгалла деш верг оьрсий вац, хIунда аьлча ша вина а, ваьхна волчу гIалин Парламентан ло санна кIайчу гIишлонна тIе герз хьажийна иза цо йохор яц, я йоха а лур яц. Ша бакъ вуй ИбрахIим кхийтира Соьлжа-гIалин Iожаллин теш ша хIоьттича.
ТIеман куьйгаллин мекара ойла хиллера иза – къона саьлтий Даймахкана гена баха, хIунда аьлча цара дика теллинера къоман син-кхетам. Саьлтий берриге а махкахула дIасакхуьссуш яйна харж, пачхьалкхас дукха сихонца меттахIоттош хиллера. Ша ваьхначу гIалина тIе цкъа а топ хьажор яц цхьаммо а ша кхетам чохь а волуш. Нохчийчоьнах цIе тасса арабевлларш а ма бацара нохчий. Дер бацара. Соьлжа-ГIала чим бина ягийнарш а нохчий ма бацара…