Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 6

Iадат
II

Оглавление

Дуьненан йеаъ маьIIе Советски Союза шен аьчка мIаранаш дIатуьссуш, дуьненахь машар къуьссу шатайпа зама яра и. И къовсам хийцалучу кхиамца боьдуш бара: новкъарло еш НАТО пачхьалкхаш яра, къаьсттина Iамаьркан Вовшахтоьхна штаташ. Амма эшамша къовсаман шовкъ дIа ца йоккхура, иза мелхо а алсам йолура. Африкан а, Азиян а, Латинин Iамаьркан а мехкашка вежараллин гIо сацанза дIакхачош дара, дукха хьолахь иза СССР-а Iаламат боккхачу барамехь арахоьцу герз дара. Иштта Советан Iедало царна ахчанца а, тIеман хьехамчийн девнашкахь дакъа лацарца а гIо дора. Бартхоша баркаллица и Iго тIеоьцуш, шайн ницкъ ма кхоччу чоьхьарчу мостагIийн кепехь йолчу «неIалт хиллачу» империализмаца къиссам латтабора. И «вежараллин» гIо саццалц, цуьнца уьйр латтийначу агIонаша «дуьненна машар» Советан Iедалан кхайкхамца шайн жигара къиссам дIахьора. Амма и гIо сецначу мIаьргонехь Советски Союзан селханлера «вежарий» цуьнан мостагIий хилий, сихонца шайн меттамот хуьйцуш капитализмехьа бовлура.


СССР-н арахьарчу политикехь кхин а чIогIа дагахьбалламе гIалаташ а хуьлура, масала Венгрехь, Чехославакехь а, кхин йолчу социалистически пачхьалкхашкахь хилла революциш.

Кхузахь галбаьллачу пачхьалкхан дIахIоттамна шен «вежараллин гIо» Советски Союза ша цхьаммо хилла ца Iаш, Варшавски ЧIагIаман декъашхой йолчу пачхьалкхашца цхьаьна дора. ГIаттам я, революци социализман мехкашкахь къизаллица йохайора.


1978-чу шарахь Советски Союза «машар» бан гIортар бахьана долуш хIаллакьхила бисте кхечира Афганистан. Дерриге а дуьненна дIахьединера Афганистанера хьал Советски Союзан къилбера дозанна кхераме ду аьлла а, иштта СССР «декъазчу» афганцашна халкъана ницкъ беш болчу пачхьалкхан дIахIоттамах кIелхьарадовла гIо дан декхарийлахь ю аьлла а.

Партийн гуламашкахь а, кхеташонашкахь а партис а, правительствос а дина дIахьедар хазахетарца тIелецира къинхьегамхоша. Интеллигенци ша интеллигенци хиларе терра йист ца хуьлуш, оьзда Iаш яра, ткъа наггахь цхьалха диссидента туху мохь дерриге а халкъан хазахетаран цIогIанехь хезийла а дацара.

Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге а тIеман ницкъаца Афганистанна тIелетира, Iедало хьийзош долу цуьнан къам кIелхьарадаккха Iалашо юьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а тIеман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. БIе эзар маьрша адам хIаллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-тIемалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира я советски политикина а, я цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу тIамехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла ян хьакъ долу чолхе хIума ду.

Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна гIо дина йолу пачхьалкхаш а ю. Ткъа кху сохьта тIом болалуш бен бацара…


Дуьненан ялхолгIа дакъа дIалоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда дIайолаелира. Шен бахархойн кхетамна тIеIаткъам бан Iалашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу кIезигаха дакъа диссалц, советски адамо Iаьржаниг кIайн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна тIелатар. Цул совнаха, цу тIамехь эгначийн наношна-м хетара шайн кIентий бакъо къуьссуш кхелхина.


Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу ИбрахIим а Советан Iедало шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухтIехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а догIур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара тIелатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша СаьIид ша кхето гIоьртича иза цунах ца тийшира. ИбрахIимана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, ИбрахIима моттаргIа йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма кIанта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара – ИбрахIим хьаьгна вара Даймехкан декхара дIадала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша цIий Iано цига воьдуш вуй.


Кху гурахь ИбрахIим эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхяьккхинчул тIаьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, хIунда аьлча гуманитарни лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхяьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан хIетале 22—23 шо хир ду. Ткъа ИбрахIимана хетара хIинца шен йолчу хенахь эскарехь тIеIиттало халонаш лан шена дуккха а аттох хир ду. Цул совнаха, эскарехь ма хуьллу сиха шен дика амалш а гайтина, КПСС могIаре хIотта а аьтто хир бу. ИбрахIима биначу сацамна дуьхьал ала хIума долушшехь, дас а, вашас а новкъарло ца йира цо хаьржинчу некъана.


Ишкол ИбрахIима лаккхарчу кхиамашца чекхяьккхира. ТIаьхьарчу пхеа шарахь цуьнан къаьстина чIогIа спортаца гергарло тасаделира. Дзюдо лелар бахьана долуш, иза хIинцале цу спортан кепехь мастер хила хьакъ волуш вара. Амма цхьа спорт хилла ца Iара ИбрахIиман тидам тIеберзийнарг. Къаьсттина боккхачу лаамца оьхура иза литературни кружоке. Цунна ишта чIогIа оьрсийн мотт а, литература а езаяларехь, шеко йоцуш, «бехке» яра Мария Владимировна.

Цхьаьна дийнахь ИбрахIим доьшуш волчу пхоьалгIачу классе чоьхьавелира ишколин директор, ткъа цуьнан букъа тIехьа а лечкъаш оьрсийн йоI а. Директора берашна йовзийтира Мария Владимировна – церан керла классан куьйгалхо а, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо а. Ищерски станице Мария Владимировна Астраханера еанера, хIетахь дуьйна цуьнан дахар доьзна хилира Теркана гена йоцуш Iуьллучу нохчийн жимачу юьртаца. ИбрахIим а кхузахь доьшуш вара, хIунда аьлча церан кIотарехь юьхьанцара бен школа яцара, цундела иза дас-нанас кху интернате деша хIоттийра. Мокъа деношкахь бен цIа вар а ца хуьлура ИбрахIиман.

Шо шаре мел долу Мария Владимировнина Нохчийчоьнах доггах безабелла шолгIа Даймохк хилира. Толстойн а, Лермонтовн а, Пушкинан а, говзаршца нохчийн амал а, Iер-дахаран кеп а мелла а шена йовзуш йоллушшехь, юьхьанцара йоьIана хала дара нохчийн дахарах кхета.


Невран кIоштан Ищерски станица Теркана аьрру ийстехь Iуьллура, Соьлжа-ГIалина бIе километр генахь. Йист йоцу похIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош кечйича санна яра юьртан бIаьстенца сенъелла йогIу и шера аренаш. Цкъа мукъне а кхуза кхаьчнарг тийналло, синтемо йийсаре лоцура. Моьттура, даима а ламанца мостагIех тийссаелла и буьрса Нохчийчоь кхузахь тийначу Теркийстехь садоIуш ю. Адам а дара кхузахь меттигера Iалам санна син-паргIатонах дуьзна. Вовшашца кIеда-мерза болуш, цхьаьна дика а вуо доькъуш, бертахь бехара нохчий а, оьрсий а.

Каникулаш йолчу хенахь ишколан администрацис дешартIехь кхиамаш баьхнарш совгIатна Соьлжа-ГIала буьгура. ИбрахIим а хуьлура даима царна юкъахь. Дешархойн чIогIа самукъадолура цу гIуллакхах. ГIалина гена Iаш долу бераш хьаьгна хуьлура Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран и леккха гIишлош а, суьйренца лета чиркхаш а, шуьйра урамаш а, зезагех юьзна некъаийстош а, тIай бухахь сих-сиха болар хуьйцуш, маьлхан зIаьнарш тулгIешца лепош доьду Соьлжа а ган.


Мария Владимировна чоьнах мах луш Тагибат цIе йолу цхьа нохчийн зуда йолчохь Iаш яра цуьнца цхьаьна цу кхерчан йовхонах марзо а оьцуш. Тагибатан хIусамда а, иштта цу школехь доьшуш долу ши бер а дара Iаш. КIант шолгIачу классехь вара, йоI ворхIалгIачу классехь. Къоначу хьехархочун дахар шен хорше дирзинера. Нохчийн амалах а йоьллера йоI. Берийн а, белхан накъостийн а боккха ларам бара цуьнца. Иза ларамза а дацара. Мел кIоргера безамца довзуьйтура цо дешархошна литературин и чулацаме дуьне. Цуьнан корматалла а, шен балхе йолу шовкъ а бахьана долуш, генарчу Нохчийчуьра берашна мел шайна гергара хетара Вальтеран а, Дюман а, Достоевскин а, Толстойн а турпалхойн васташ. Хеталора цуьнан чаккхе йоцуш ду царех лаьцна дийца. Де дийне мел долу марзлора берашна литература. Царна билла бехк а бацара, хIунда аьлча книга йоьшуш а ца кхетара ишта дагах турпалхойн кхоллам, хьехархочо дуьйцуш санна. Вежарийн КарамазовгIеран боьхна барт, Чацкийн шатайпа амал, Безухов Пьеран васта романехь дIалоцу меттиг.

Литературин турпалхойн дахарехь тIеIиттаела киртигаш шайга хьехархочо юьйцуш цецдевлла ладугIучу берийн ойла цигахь яра… генарчу геналлехь. Царех хIораммо а ойла йора цу турпалхочун метта хилча ша-ша хIун дийра дара те. ХIоранна а лаьара иза хьехархочунна довзийта. Цундела классачуьра тийналла наггахь юхура бераша деттачу маьхьаршна:

– Хьажахь, ма кIант хилла и! Ма нийса дина цо и! Ас дийр дара ишта! ХIан-хIан и харц ву!

И гIовгIанаш къоначу хьехархочунна ша бечу балхана уггаре а доккха совгIат хетара.

Кхин долчу берашна санна къаьсттина и Мария Владимировна бахьана долуш езаелира ИбрахIимана а литература. Дуккха а книгаш ешар бахьана долуш кIентан оьрсийн мотт а шарбелира. Ала деза, нохчийн мотт а, литература а Iамор ишколехь тIедожийна хиллехь а, Теркал дехьа, дешаран программи юкъара нохчийн мотт дIабаьккхинера. Ламанца а, лаьмнийн кIажера а ярташкахь, цигахь дукха хьолахь бехаш нохчий хиларна факультативни занятиш дIахьора.

ИбрахIиман ерриге а ойла дIалецира литературас. УьссолгIачу классе волуш цуьнан шен библиотека яра кхо бIе сов книга а йолуш. ИбрахIиман нанас Хедас башхачу дегайовхонца сих-сиха дуьйцура ша пхи шо кхаьчна волу ИбрахIим а эцна гIалитIа базар яхча, мороженое эца шега делла долу ахча а эцна ИбрахIима ведда вахана киоскехь шена берийн киншкнаш эцарах лаьцна.

«Дядя Степа» а, Чуковский Корнейн «Мойдодыр» а… уьш хIинца а ю кхеран киншкийн тарха тIехь, ИбрахIиман нанас безамца дола а деш.

Школехь хьехархоша ИбрахIим даима нийсархошна масалийна валавора. Уьш тешна бара кIанта лаккхарчу дешаран ирхенаш йохур хиларан. Ткъа уьш массо а цецвоккхуш, ИбрахиIма кхочуш до ша ният дина тIелаьцнарг – институтан метта цо эскар хоржу.

ИбрахIима ишкол чекх а яьккхина аттестат схьаэцначул тIаьхьа, цуьнан доьзал шайн дай баьхначу лаьмнийн кIажехь Iуьллучу юьрта дIабахара. КIант берхIиттара велира. Масех бутт биссинера иза эскаре ваха. Дас-м цуьнан ойла кхечу хорше ерзо сатуьйсуш, машен а ийцира. Амма ИбрахIим ша аьллачунна тIера вер волуш ца хиллера. Цо тIетаьIIина кечам бо эскарехь тIеман декхара дIакхехьа. Иза эрна а ца хиллера. Цигахь ма зийра и дахаро, шен ерриге а агIонаш цунна йовзуьйтуш….

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх