Читать книгу Дахаран туьха. Роман - Акаев ИсмаIал - Страница 7

СИЙ
I

Оглавление

ХIора а къоман ду шайн цхьанхьа а язданза ламасташ а, юкъараллас тIеэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах Iадат олу. Iадат иза – дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, гIиллакхан а лард ю.


ИбрахIиман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу юьрта хьошалгIа вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост яра маре яха кечам беш. Зарганин хIусамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа ИбрахIим хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совгIат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а агIор дог дика дан аьтто балар.

Уьш некъа йисте бевлира. ИбрахIиман хIинца а бакъонаш яцара шен машен лело. ХIара шиъ юкъараллин транспортан социйлахь лаьтташ дара машен кхетаре сатесна. Ткъа дукха латта ца дийзира. Сийначу басахь «Волга» сецира. Водителан уллохь Iаш схьахетарехь гIуллакхехь волу юккъерчу шерашкахь стаг вара. Шен йиша цкъа хьалха охьа а хаийтина, ИбрахIим чухиира машенна. ХIетахь бен ца гира цунна дуьхал долу корайистехь Iаш кхин цхьаъ стаг хилар. Амма машен хIинцале дIайолаелира, цундела тIаьхьа дара йиша сехьа яьккха. Цул совнаха, шайна гIуллакхна машен совцийначу нахана цатешам гайтина вас ян ца лууш, йитира ИбрахIима шен йиша шина боьршачу стагана юккъахь. Ткъа Зарган-м уьйриг санна чIагъIелла, шен ма-хуьллу кIезиг меттиг дIалаца гIерташ, вешина улло теIара.

ХIора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха дIауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара юьйхира.

Хьалха Iаш волчу стаго цIеххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа кIоршаме катуьйхира. ХIун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Я йоI тIехэсала хеттера, я цуьнан вешин доьналла кIезиг хеттера, я муьлха а хIума шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, я сов маларах кхеттера? Хийрачу стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира…


«Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу хIума ду шен ненах, хIусамненах, йишех хийра стаго ларам боцуш куьйг Iоттар. Нохчий дуьненахь а гIарабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн Iадат – иза къоман чоьхьара мах боцу хазна ю. И Iадат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и Iадат дохийнарг юьхьIаржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна хIора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь цIе дIакхехьа жоьпаллехь хетта. Иза ю и динан хьолаллаца нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъя оьшу и «нохчалла» – нохчийн маттахь бен маьIна дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь ю и Нохчочун цIе, ткъа юха и цIе йицлой, хIумма а бехке ца хеташ, къинош летадо.

Шалхонаш лелаяр иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза догIуш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера хийла хIума нохчийн культурина, ламасташна, Iер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша тIеIаткъам беш, хийла дIасалестийна и нохчаллин гIортор хилла лаьттина дайн Iадаташ.

ХIора а къоман культурин шен башхалла ю. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан Iадатана тIекхевдина долу куьйг таIзар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан яьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, цIармат а хIума дара. ЦIий Iанийча бен цIанлур доцу хIума дара цо динарг.»


…Юьхьанцара цу гIуллакхах ца кхетта, воьхна хилла ИбрахIим цIехххьана дера экха санна цергаш юхкуш тIекхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин дIа хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дегIаца дIа а хьулъеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало мIара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош яцара. Вешин хIуманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана дIаяьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.

Машен цIеххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо дIа схьа а къастош. ИбрахIима цу мIаьргонехь машенан неI схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. ХIуммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара ИбрахIим. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь ИбрахIиман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхераеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь бIешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самаяларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо гIерташ. Машен чохь волчо юханехьа чуийзавора шен накъост водителана тIе мохь а бетташ

– ДIаяхийта сиха машен, сихо е! Цо Ахьмад вуьйр ву хIинца!

ИбрахIим цу минотехь къора а, бIаьрзе а вара. Цунна гуш а хезаш а шен боьха мостагIа бен кхин хIумма а дацара. Маьхьарца тIеетталу йиша дIа а теттина, иза юха а тIекхийтира, нохчалла охьайиллиначунна, цуьнан дахар ши капек мах доцийла хууш. Цхьаьна куьйга и машеначуьра ара а текхавеш, важа куьйгаца цунна юьхьа тIе саццанза буйнаш доьттура ИбрахIима. Шен ма-хуьллу тиссавелира иза, амма юха ницкъ кхачийна, машен буха ваханза волуш, гIора дIадаьлла некъа тIе охьавуьйжира. Ша корта хьалаойбуш, цуьнан бIаьрг кхийтира сихъелла дIайоьдучу машенан пачхьалкхан регистрационни лоьмарашах. 90 44 ЧИС – шеко яцара машен пачхьалкхан гIуллакххойн хиларан.

Дог Iийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу хIума бекхам боцуш дIаяхийтарна. Муха хьажа веза хIинца ден а, ненан а бIаьра? ХIун ала деза йишин хIусамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу ИбрахIимана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш. Машенан шофер хетарехь цхьа пхи шо валахь кхин воккха вацара ИбрахIимал.

– Сиха чуховша! – мохь туьйхира цо, неI схьа а йоьллуш.

Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха хIоьттина сурт гинера, шуна гIо оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. ИбрахIима иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а дIадийцира.

Цуьнга леррина ла а доьгIна, жима стага доггах элира:

– Геннара гира суна машенчуьра цхьаъ охьаваккха гIерташ тиссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а. Кху минотехь дуьйна хьуна вошалла дан кийча ву-кх со! Шек ма вала хьо! Вай сиха тIаьхьакхочур ду царна.

ИбрахIимна-м хIара накъост шена Дала цIеххьана доссийна гIо хетара, амма хIете а ца лаьара нехан стаг доккхачу девне юкъаийзо. Цо дийхира цуьнга машенна тIаьхьакхиъначул тIаьхьа шайн гIуллакхна юкъа ца гIертаре. Некъ беха хиллера. Жима стаг къамеле велира ИбрахIимца. ИбрахIиман а, Зарганан а да-нана девзаш хилла цунна. Цаьрга болчу ларамо кхин а чIогIа марсайохура жима стеган ойла. Шен ма-хуьллу тIетаIайора цо машен, цуьнан берриге а ницкъаш схьаIовда гIерташ санна. Сийна машен а дукха ца Iаш гучуелира. Уьш цхьаьна юьрта чукхечира.

Цу хьалха Iуьллура аьчка некъ. Семафоран цIе стогар схьалалетира. ИбрахIимна орцанна санна, геннара схьахезачу гIовгIанца хьаьдда йогIура цIерпошт. «Волга» ца ларийра цул хьалха аьчка некъал дехьаэккха. «Волганца» цхьаьнаэшшара сецира киранан машен а. Зарган маьхаьраца юха а тиссалора шен вешех и сацо гIерташ, амма ИбрахIим «Волгина» тIекхаьчна ваьллера, цунна тIаьхье монтировка а карахь ведда вогIура цIеххьана ИбрахIимна нисвелла накъост а. ИбрахIима машенан хьалхара неI схьа а йиллина, Ахьмадан юьхьтIе ластийна буй туьйхира, ткъа цул тIаьхьа иза машенчуьра ара а такхийра. Ахьмадан схьахетарехь 40—45 шо хир дара. Деза духарах а, леррина йихкиначу галстуках а гуш дара иза Iедалан лаккхара даржехь хилар. Шен некъахочун гIо даккха машенчуьра цхьа стаг охьаиккхира. Шен цIе Рахьим ю аьлла ша вовзуьйтуш, цо дийхира ИбрахIиме зулам ма дахьара ахь аьлла, хIунда аьлча цуьнан тIаьхьало кIантана ирча хир юй хууш.


– Хьо мила ву кхуьнан? Жоп ло? Мила ву? Гергара вуй? Вацахь дIавала сунна новкъара. ХIара стаг ша диначунна жоп дала дезаш ву.

– ХIан-хIан! Гергара вац. Тхойшиъ цхьаьна болх беш ву. КъинтIера валалахь. Жимма маларах кхеттера иза, цундела даьллера цуьнгара иза. Юха дистхила мегаш ма ду вай. Ас адрес дуьйцур ду хьоьга…

– ХIун адрес? Ас юстах вала боху хьоьга, хьайна бала а ца беш, – тIе мохь туьйхира цунна ИбрахIима. Цу мIаьргонехь цIеххьана кIентан бIаьрг кхийтира дагахь доцучу кепара гучуваьллачу мостагIчунна тIехьашха тебаш волу киранан машентIера шен накъост. Цу минотехь некъайисте сецначу машенчуьра охьаиккхира ИбрахIимца цхьаьна классехь дешна волу, цуьнан лулара Iела. Гонахара хьал кIеж туьйссуш догIу ламанан ахка санна кхехкаш дара. ИбрахIимана гуш дара шен доьзална тIедеанчу вуоне ша ларамза юкъаийзош нехан нах хилар, ткъа цо кхин а чIогIа йохайора цуьнан иштаъ панаевлла ойланаш. Коьрте тессира дас дина хьехар: «Даима дагахь латтаде! Хьо дера волчу минотехь еана оьгIазло цкъа а юьссур яц тIаьхьало йоцуш. Цуо маца ваьккхина а дохко воккхур ву хьо. Хьан деган а, кхетаман а баьллачу къиссамехь толам собаре баккхийта хьажалахь».

ИбрахIимна ша жоьпалле хийтира киранан машен лелош волчу жима стагах а, шена ваша хилла улло хIоьттиначу Iелах а. Луьралла дIаелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан тIе диллинарг йишин а, цуьнан хIусамден а, ИбрахIиман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна тIекхевдинарг бекхам боцуш вита йиш яц. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. ТIаьххьара шеконан чан шена тIера охьаэгош санна, ИбрахIима юхь-дуьххьал шен мостагIчуьнга а хьаьжна элира:

– Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? ХIетахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, я ваххане а вехар вац. Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу гIуллакхна юкъаийзо. Амма хьуна дIахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна – Тасуев Заурбекан кIантанан карор ду хьо сий доцу жIаьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь кIелхьара а вер вац.

Дегочу моччахалца, цIийлуш, кIайлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа юьхьатIехь ИбрахIима диттинчу буйнашах йиссина таммагIаш яра гучуюьйлуш.

Юха а къамелана юкъаиккхира Ахьмадан некъахо.

Киснара кехатан кийсиг схьа а яьккхина, цу тIе цхьаъ дIа а яздина, иза ИбрахIиме дIа а кховдош, меллаша вистхилира иза

– ХIара дар-дацар дIадоьрзур ду… хIуммаъ дац…

– Хьо-м вац соьца и дIадерзо лууш, хIан? – цуьнан дешан юкъаиккхира ИбрахIим, – нагахь санна валахь юьстахвала – ас гойтур ду хьуна дар-дацар дIа муха дерзадо. Нагахь санна вацахь, яхийта кхузара массара а, со дохковалале! Мацца карийна а, шу массо а каронза Iийр вац со!

Чубуза кечбелла малхо шен зIаьнарш яржийра сийначу стиглахь. Шаьш юьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, ИбрахIимна а бицбеллера. Киранан машентIехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш дIасакъаьстира. Iелас цIакхетийра Зарган а, ИбрахIим а.

Синтем бойна буьйса тIекхечира. ТасуевгIеран хIутIера гIаж таккхол мел верг гIаьттинера.


Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха. ИбрахIим воккхах волчу вешица СаьIидца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь хIорш цецбохуш элира 90—44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина яц аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.

ДоьалгIа де дара ТасуевгIара уьш лоьху. ДоьалгIачу дийнахь СаьIидан бIаьрг кхийтира Соьлжа-ГIалин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, дIаиккхина йоьду «Волга». СаьIида сихонца тIаьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ яцара: 90—45 ЧИС.

Нагахь санна 90—45 хилча, ткъа 44 а хила еза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира СаьIидана. Цо машенна тIаьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. ИбрахIимца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина «Волги» тIехь волчуьнга вистхилира:

– ДоттагIа! цхьа хIума хатта мегар дарий хьоьга?

90—44 ЧИС лоьмараш хьенан ю-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур ю аьллера соьга, тхойшиъ машен юьлучохь вевзинчу хенахь.

– Вай хаьа дера! Оцу машенаца дIасалелаш сан доттагIа Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера ялийна а яра и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву дIасалелош – райком-партин шолгIа секретарь. Тхан «Автокомбинат» цIе йолу гараж Заводски кIоштахь ю, ша Виталик Ленински кIоштахь вехаш ву – Ливандовски урам, цIено 29.

ТасуевгIеран дагахь доцучу кепара аьтто белира. Суьйре тIе а кхачале карийра Виталик. Вежарша схьаалийтира цуьнга шен куьйгалхо мичахь Iаш ву. Ахьмад Соьлжа-ГIалин центрехь вехаш хиллера. Туьйсина дина лекхачу кевнаш тIехьара гуш дара ши гIатт йолу доккха цIено. ИбрахIима ков туьйхира. Дуьхьал буьрса летира жIаьла. Кевнан херонашна юкъахула ИбрахIимана гира корах арахьоьжу, берхIиттараяьлла хила тарло, тайначу аматехь цхьа йоI

– Мила ву цигахь? – хаьттира цо.

– Тасуев ИбрахIим ву! Деа когахь долу хIара жIаьла саца а дай, Ахьмад цIе йолу шина кога тIехь долу шайн жIаьла арахеца.

– ДIадовла дIагIо! ЦIахь цхьа а вац. Ас хIинца милици телефон тухур ю!

– Шайн жIаьлига дIаалалахь ас шен цIогантIе ког баькхиний…


Вежаршна шайн цIахь гулделла ТасуевгIеран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.

Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи дIа Ахьмадана хIун дан деза а, муха кхиэл ян еза цо динчунна а.

ЙоьIаца, зудчуьнца и тайпа сийсаза хIума дарна Iадато ма-бохху хила еза кхиэл – бехке волчунна тIера нуьцкъара хеча йоккху, я цо ша шен бехк тIелоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла дIаваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, я цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина я, йоьIана, я кхин гергара зудчунна до. Амма Зарганан марзхой реза бацара, тIеIоттаделларг къастор шайна тIехь ду, цундела юкъа ма гIерта бохуш. Ткъа ИбрахIима жоп делира:

– Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун яьхь охьатаIо ца гIерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна тIедожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь Iаш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан Iедалан законашца и кIелхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. ЙоI шен цIахь Iийр ю, сан доьзала и гIуллакх къастолц. Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь тIедеана аьлла тхан йиша шайн хIусамехь ган ца лаахь, шух кхетта оха и тIе а лоцур ю.

Зарганан марзхой реза хилира цу къамелана. Заурбека массарна а баркалла а аьлла дIасабаха пурба делира, Iуьйренца ван аьтто болуш верг, вовшахкхетар ву аьлла.

Зарган шен нана йолчура ара йолуш а яцара. Масех де дара иза юучух ца кхеташ, гIайгIане йоьжна йолу. ГIайгIанан йийсарехь церан нана Хеда а яра. Ненан дог барам боцуш лозура берех, хIусамдех, кханенах.

КIоргерчу буса дIадайра Заурбекан хIусамехь чиркхаш, амма вижанза шиъ вара.

Дахаран туьха. Роман

Подняться наверх