Читать книгу ДОЬЗАЛ ВОЦЧАРНА ХАА ДЕЗАРГ - Хьусайн Шовхалов - Страница 2

Оглавление

Бисмиллах1иррохьманиррохьийм.

Хастам бу Аллах1ана Шен халкъана риц1къ латтош волучу, массо 1аламашна оьшург луш волучу, дериге х1ума Шен къинхетамца 1алаш деш волучу.

Хастам бу Хьуна барам боцуш, чаккхе йоцуш, Хьо хьакъ долуш ма хилар тера, х1ай тхо кхиош-кхобуш волу тхан везан Дела.

Аллах1ан салават а, маршалла а хуьлда Аллах1ан элчан Мухьаммадан а, цуьнан гергарчарна а, асхьабашна а, цара лелийнарг лелош церан некъа т1ехь маьл волучу стагна а, зудчунна а.


Лараме ваша, йиша!

Ашшим х1усам кхоьллина шуьшиъ цхьанакхаьтта т1аьхьенна са а туьйсуш. Доьзал кхиоран марзоне са а туьйсуш. Берин деларо шаьшшин самукъадаккхаре са а туьйсуш. Шаьшшиъ къанале даьлча, доьзало 1алаш деш шаьшшиъ леладарн ойла а йолуш. Цара шаьшшиъ д1аадоьллина, шаьшшина т1ера саг1а а доккхуш, до1а а даьш, шаьшшиг дага а дог1у шаьшшин т1аьхье д1аяг1аре са а туьйсуш.


Делахьаъ, шуьшинна ма лаъара доьзал ца хуьлуш хан д1айоьду шуьшин. Г1айг1анехь хуьлу шуьшиъ, гаттонехь са хьийза шуьшин. Цундела, шуьшин дог оьцуш, шуьшинна доьзал ца хуьлуш Дала хан ялийтарн хьикмат билгалла деш, цунах шуьшин хила беза динаца бог1у нийса кхетам шуьшин билгалла беш, ашшим лелон дезарг хьахадеш, Дала шуьшинна т1едиллинарг шуьшин довзуьйтуш, х1ара жайна яздо ас.


Х1ара жайна дешарца шуьшин хуар ду шаьшшин доьзал хира вуй, Даламукъалахь. Кху жайно шуьшин даг чохь Делан кхелаца долу ийман са доккхура ду. Х1ара жайна дешаро шуьшин са пархата доккхура ду, «Доьзал хир вуй те тхан?» – боху хаттар шуьшин даг чуьра д1аадаьлла, «Доьзал хир ву тхан» – аларах тешарца дог дузура ду шуьшин.


Х1ара жайна дешарца дог пархата дера ду шуьшин. Синтемах, Делан кхелан муьт1ахь хиларах дог дузара ду шуьшин.

Иштта пайданаш шуьшин хиларе са а туьйсуш яздина аса х1ара жайна. Иза хилар Делан карахь ду, Дала пайде бойла шуьшин х1ара болх.

Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн

ДОЬЗАЛ ВОЦЧАРНА ХАА ДЕЗАРГ

Подняться наверх