Читать книгу ДОЬЗАЛ ВОЦЧАРНА ХАА ДЕЗАРГ - Хьусайн Шовхалов - Страница 3

ДОЬЗАЛ ДЕЛЕРА РИЦ1КЪАН
СОВГ1АТ ДУ

Оглавление

Массо х1уманна риц1къа латтош верг Дела вуй хаа вайна. Риц1къа аьлча, уггаре хьалха вайна дагадохург аьтто бу. Амма риц1къа цхьан аьттонна т1ехь чекх долуш дац. Риц1къа, адаманна кху шен дуьнен дахарехь оьшуш мел долучу х1уманах олу. Могушалла рицкъ ду, накъостий риц1къ ду, да нана риц1къ ду, ийман риц1къ ду, адамо еш йолу дика 1амал риц1къ ду, иштта адамо пайда оьцуш долу дериге х1ума Делера риц1къ ду. Иштта риц1къах бу доьзал а.


Доьзал луш верг Дела ву. Вайн махаъара, муьлхачу х1уманна бахьан хотта деза, х1унда аьлча, Дала Ша хуьлуьйтуш долу х1ума бахьанах тесна дера. Иза Делан хьикматах ду. Делахь а, и бохург дац, бахьан хилча и бахьан шен доьхьа дина х1ума хила деза бохург. И хилар Делан карахь ду. Шена лаахь Дала хуьлуьйту иза, Шена ца лаахь ца хуьлуьйту.


Цундела, риц1къ хилара Дала бахьанах дихкина ду, т1къа риц1къа бахьан дарца лаха дезаш ду.

1умар бин Хатта́бс (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:

<<Шух цхьа́ а риц1къ ца лохуш, «Я Аллах1! Риц1къа ло суна» бохуш охьа хиъна ма 1ойла, баккъалаъ, шуна хаакх, мархнаша деши а, я дети а доссош ца хилар>>.


Цундела шина адамо цхьанакхаьтта х1усам кхоьллинехь, цара доьзал хиларан бахьан хотта дина, амма церан доьзал хилара Делан карахь ду.


Хийлаза гинакх вайна, стаг а зуда а могуш долуш, цхьа а тайпа цаьрца цамгар йоцушехь, церан доьзал ца хуьлуш. Иштта гинакх вайна, стаг зуда могуш а доцушехь, церан доьзал хуьлуш. Иштта гинакх вайна, лоьраш доьзал хила йиш яц аьлла неха доьзал хуьлуш.

Иштта гинакх вайна, лоьраш доьзал ца хила йиш яц аьлчу неха доьзал ца хуьлуш. Цо гойту, и доьзал хилар ц1ен Делан карахь хилар, Цуьнгара иза веха везаш хилар.

Дала боху къуръан чохь:

<<Алла́х1и ду стигланашкара паччахьала, лаьтта т1ера пачахьала а, Шена луъург кхуллу Цо, Шена луъчунна йо1рий ло Цо, Шена луъчунна къентий ло, йа Шена луъчунна къентий а, йо1ри а ло, Шена луъург доьзал ца хуьлуш а во, боккъалаъ, Иза хууш ву, ниц1къ кхочуша а ву1>>.


Къуръанан маь1на доккхуш воккха муфассир хиллачу Имам Байдовис (Дала къинхетам бойла цунах) боху цу Делан дешан маь1ан доккхуш:

<<Цуьнан маь1на, Делан лайши доьзал хиларца долу хьелаш тайп-тайпана хилар ду, Делан лаамах доьзна долуш. Шена луъчунна бекъ къентий ло Цо, я Шена луъчунна бекъ йо1рий ло Цо, я Шена луъчунна къентий а, йо1рий а ло, я Шена луъург доьзал ца хуьлуш кхуллу. Цу аятехь Аллах1ан гучу даккха лууш дерг, Шена луучу кепара Ша муьлхачу х1уманна т1ехь ниц1къ кхочуш хилар ду, цундела, цу аятехь Дала т1аххьара боху <<Иза хууш ву шуна, ниц1къ кхочуша а ву шуна>>, и бохурга, Шена дикох хаар терра, Шен лайшна пайдехь дерг бен деш вац Иза бохург ду>>.


Иштта къуръанан маь1ан доккхучу уггаре баккхийчу имамшах волу Ибн Касийрс (Дала къинхетам бойла цуннах) боху:

«Аллах1ас адам деъ кепара дина: <<Цхьаболучарна йо1рий ло Цо, цхьаболучарна къентий ло Цо, цхьаболучарна къентий а, йо1рий а ло, цхьаболучарна доьзал ца ло Цо Шен хьикматца а, 1илманца а>>.


Иштта ю Делан кхаьл, Ша Шен лайшца царна доьзал валаран хьокъехь лоьлуьйтуш ерг.

1

– Шу́ра: аят: 49—50.

ДОЬЗАЛ ВОЦЧАРНА ХАА ДЕЗАРГ

Подняться наверх