Читать книгу ДОЬЗАЛ ВОЦЧАРНА ХАА ДЕЗАРГ - Хьусайн Шовхалов - Страница 4
ДАЛА ДОЬЗАЛ Х1УНДА ЦА ЛО?
ОглавлениеДоьзал ца хилара шина кепара хуьлу:
Хьалхарнаг: Доьзал хила йиш йолуш бу уьш, делахьаъ, ца хуьлу.
Шоллаг1наг: Доьзал ца хилар цаьршин могушаллех доьзна хилар.
Ткъа цу шина хьолехьа, доьзал хила йиш ю, т1къа цунна дуккху тоьшаллаш а ду, доьзал ца хуьлуш еха хан яьлча хена, дог диллинчу зама, доьзал хилла. Делахьаъ, Дала цхьан бахьанна цхьайолучу х1усамашна т1ехьо ло иза.
Ткъа иштачу х1усамашкахь хаттар хуьлу: «Дала доьзал х1унда ца хуьлуьйту сан?» – оли.
Иза Дала хьуна цхьан дикачу пайданна ца хуьлуьйтуш хилар т1ехь шеко яц. Баккхий пайданаш бу хьуна цуьнгахь. Масала доьзал т1аьхьа гучу валаран пайданашах ду:
– Стаг а, зуда а х1усам кхоьллина хан маьл йолу, шайн дахарх лаьцна 1илма са долу церан, керла дахар алсам дойзу царна, т1аккха доьзал гучу ваьлча, цуьнан хьокъехь шуна т1ехь долу жоьпал доккха дуй хаа цаьршина, цунах кхетам алсам хуьлу цаьршинан.
– Иштта, доьзалга са тесна а долуша, иза гучу ваьлча, цунах хаза хетар алсам хуьлу церан, цунаха самукъа а алсам долу церан.
– Доьзал т1ехь гуч маьл волу а, иза кхиаварн т1ехь ч1ог1а тидаме хуьлу и шиъ, шаьшшин ниц1къ ма кхоччу дикачу кепара иза кхиа ван г1ерташ. Иза кхиаварн хьокъех цхьацца х1ума йоьшуш, ойланаш еш хуьлу и шиъ.
– Доьзал т1ехь гучу ваьлча, да нана т1ехь ч1ог1а хазахетар хуьлу, цаьршин гергарчарна а хаза хетар сов хуьлу, церан цунаха самукъа далар а алсам хуьлу.