Читать книгу Ламазан догIа - Хьусайн Шовхалов - Страница 3
ЛАМАЗАН ДОГIА
ХЬАЛХАРА ДАКЪА
ОглавлениеМУХЬАММАД-ПАЙХАМАРАН ВАХАРАН ТЕРАХЬЕХ ДОЦЦА:
Мухьаммад вина Маккахь Оршот1 дийнахь, 22-чу апрелехь, 571-чу шарахь, иза нисло раби1ул-аввал бетта, 12-чу дийнахь. Цуьнан нана Аминат хилла, да 1абдуллах1 хилла. 1абдуллах1а шен 18 шо долуш Аминат ялийна. Ялийна ши бут хан яьлча 1абдуллах1, Шема мехалла2 вахана ц1а вог1уш Мединехь кхелхина, цигахь д1авоьллина, Мухьаммад дуьненчу валале.
Пайхамаран нана цуьнан барх1 шо кхаьчча д1акхелхина, иза а Мединатана герга Абва́ъ ц1е йолча юьртахь д1айоьллина ю.
Пайхамар винчу буса яккхий билгаллонаш хилла. Царех ю цу буьйсанна Макка т1ехь кхетта хилла дуккха а седарчий. Оцу билгаллонех ду цу буьйсана жуьгтийн 1еламстага аьлларг: «Тховса жуьгтийн сийлалла Х1а́шиман некъех даьллачу берана д1аели, иза т1аьххьара пайхамар ву.»
Шен заманахь Мухьаммад нахалахь уггаре г1иллакхе а, вочух ч1ог1а ларлуш а, оьздангаллех вуьззина а, лулахошца а, гергарчаьрца а к1еда-мерза а, харц дош ца олуш а, тешаме а хилла.
«Амийн» аьлла ц1е яхана а хилла цуьнан нахалахь, т1къа иза «тешаме» бохург ду, 1аьрбийн маттара вайн матте даьккхича. Цуьнан 40 шо кхаьчча, дуьххьара Аллаха1ан хаам беана цуьнга. Т1аккха 23 шарахь Аллах1а Джабраил-малик шега доссийна Къуръан д1аязъдайтина.
53 шо кхаьчча, 622-чу шарахь, июнь бетта 28-чу дийнахь, вайн терахьца раби1ул-аввал бетта 1-г1а де, иза еарин де а хилла, Мухьаммад (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) Маккара хижрат дина. Цо хижрат динчу ханна т1ера ду бусулба нехан терахь.
Пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) кхелхина оршот дийнахь раби1ул-аввал бетта 13-г1а де долуш, 11-чу шарахь, (633-чу шеран 8-г1а июнь). Дуьненчохь цо яьккхина хан бетта шерашца3 63 шой 3 дей ду, малха шерашца4 61 шой 84 дей ду.
АЛЛАХ1 ЦХЬАЪ ВАРАН ДОШ
«Ашх1аду ал-ла́ ила́х1а иллалло́х1у вахьдах1у ла́ шарийка лах1у, лах1ул-мулку ва лах1ул-хьамду, юхьйи́ ва юмийту, ва х1ува хьайюн ла́ яму́ту, биядих1ил хойру ва х1ува 1ала́ кулли шай-ин къодийр»
Маь1на: Шеца накъост воцуш, Ша цхьаъ бен воцуш, Аллах1 ц1е йолу цхьаъ бен дела ца хиларна оьшалла до ас. Х1ума дуьйш-дендеш, беригге хастам а, паччахьалла а Цуьнгахь ду. Иза ц1къа а лийра воцуш дийна а ву. Деригге дика Цуьнан карахь ду, массо а х1уманна т1ехь ницкъ кхочуш ву Иза.
ИЙМАН Ц1АНДО ДОШ
«Алло́х1умма инни́ а1у́зу бика мин-ан-ушрика бика шайъан ва ана а1ламу, ва астаг1фирука лима́ ла́ а1ламу, иннака 1алла́мул г1ую́б»
Маь1на: Я Аллах1, Хьоьца ларло со, сайна хууш ас Хьоьца накъост варах. Сайна ца хууш долчунна а Хьоьга гечдар доьху ас. Боккъал а Хьо ву-кх Аллах1, къайленаш хууш.
КЪИНОШНА ГЕЧДАР ДЕХАР
Гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гечдар доьху ас Аллах1е, гучахь-къайлахь, хууш-ца хууш ас мел динчу къинна. Сайна хууш-ца хууш ас динчу къинна дохко ваьлла со. Сайгара мел яьллачу ледарлонна дохковаьлла со, кхин юха ца дан т1елаьцна, гечдар доьху ас Везачу Аллах1е. Боккъал а Хьо ву-кх, Аллах1, къайленаш хууш.
ТЕШАРАН ДОШ
Со теша: Аллах1ах, Цуьнан маликех, Цо диссийначу жайнех, элчанех, къематдийнах, кхелах, вон а, дика а кхел лекха волчу Аллах1ан хиларх, кхелхинчул т1аьхьа г1овторриг хиларах а.
АЛЛАХ1АНА Г1УЛЛАКХ ДАРАН ПАЙДА
Бусулба стага деладенна деш долу пхеа ламазо и стаг шен Аллах1ана герга во, ч1ог1ачу чуханца Цунах вехкавелла а во. Ламаз дан д1ах1уттуш стага ойла йо ша деш долчу фарз ламазан, Аллах1а и де аьлла, т1едиллина хиларан а, и дича Аллах1а шена гечдаре а, и Аллах1 реза хиларе догдохийла хиларан а.
И чуха хилар бакъ хилар гойту Аллах1ан бакъчу дашо:
«Адамаш а, жинаш а Сайна г1уллакх дайта кхоьллина Ас. Суна ца оьшу цаьргара риц1къ а, цара яа х1ума яларе сатуьйсуш а вац Со. Аллах1 Ша ву риц1къа луш а, ниц1къ болуш а.»
Аллах1ан деш долу ибадат Аллах1а де аьлла, омра динарг дар ду: ламаз, закат, марха кхабар, хьаж дар ниц1къ кхачахь. Иза Аллах1 цхьаъ веш, Мухьаммад-пайхамар (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) бакъ веш тоьшалла динчул т1ехь дан дезаш ду.
1
– Понедельник.
2
– Йохкар-эцар (Торговля).
3
– Лунный календарь.
4
– Солнечный календарь.