Читать книгу Ламазан догIа - Хьусайн Шовхалов - Страница 8

ЛАМАЗАН ДОГIА
ПХИОЛАГ1А ДАКЪА: АДАМИ СУННАТАШ

Оглавление

Адами суннаташ – уьш ларт1ахь долчу адмаца хила деза х1уманаш ду. Уьш Ислам – динан г1иллакхаш ду.


1-БАГА ХИ КХАРЗАР

Ламаз оьцуш бага хи кхарзар.

2-МЕРЧУ ХИ КХАРЗАР

Ламаз оьцуш мерчу хи кхарзар

3-СИВАК

Сивак лелор тайпа-тайпанчу хьелашкахь56.

4-СТАГА МЕКХ ДАЦ ДАР

Мекх дац дар Ислам динан а, Пайхамари а (Алла́х1ера салават-салам хуьлда цунна) суннат ду. Мекх дац даран куца шиъ ду:


1-Мекх до́лу лакхарчу балда т1ера ч1ор гучу даллалц мекх дац дар, ч1оьра т1екхаччалца лах цадеш. Я д1аацадошуш.


2-Лакхара ц1е балдах т1ех долуш дерг д1адаккхар ц1е балда гучу даллалц, цулла т1ех ца долийтуш.


Суннат ду мекх дац да д1аволавалар аьтто аг1ора. Суннат ду 40 де ца далийтар мекх дац цадеш. Мекх ша дац да мегаш ду я кхечуьнга дац дайта мегаш ду.

5-СТАГА МАЖ ЯХ ЯЛИЙТАР

Йоккха еха маж хилар суннат ду. Пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Маж охь хеца>>.

Кхечу шен хьадийсехь цо аьлла: <<Маж гул е>>.


Мажан яхали дикох болу барам: ч1енги т1ера буй бича буйно д1алоцург бу, цулт1ех яьлларг д1ахадор дика ду йитича а х1умма дац. Буйни барамел лахара маж лелаяр дика дац, амма къа дац. Маж яц ян мегаш ду, генара хьаьжича юьхь т1ехь маж ю аьлла гуш йолучу барамел. Амма маж д1аяшар хьарам ду, къилахь ду. Маж яхка хьокхуш лелаяр суннат ду.


Коьрта месаш шар яр, царна даьтта хьакхар57, пайхамаро, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шен меш йолучу, церан сий дойла>>.


Меш коьрта юккъула сиз боккхуш шина аг1ора58 д1асахьакхар пайхамари, Алла́х1ера салават а, салам хуьлда цунна, суннат ду. Корта д1абаша мегаш ду. Коьртан меш т1ера а, маж юкъара а к1ежбелла чо д1абаккхар дика дац, ша ма бар 1аддабитар суннат ду. К1ежбелла корт а, к1ежъелла маж а можачу я ц1ечу басарца басара бар суннат ду. Кхечу басаца59 а мегаш ду. Амма 1аьржачу басаца корта а, маж а басар бар хьарам ду джих1адехь доцург. Джих1адехь волучу стагна к1ежбелла корт, к1ежъелла маж 1аьржачу басаца басар бан магийна ду, х1унда аьлча мостаг1чунна шена доьхьала волу бусалба стаг к1еж велла къанвелла стаг ву ца моттийта, Маьллаъ 1аржа месаш, маж йолуш жима къона стаг ву моттийта, цунах цунна кхерам хилийта.

Меш т1е кхи меш тийсар хьарам ду. Чкъор дагор60 хьарам ду.

6-М1АРАШ ХЕДАЯР

Куьйга а, кога а м1араш хедаяр суннат ду стагна а, зудчунна а. Суннат ду м1араш д1айохуш аьтто куьйга т1ера волавалар, цулт1ехь аьро куьйга т1ера вола валар, цулт1ехь аьтто коган т1ера, цулт1ехь аьро коган т1ера.


М1араш д1ахедоран хан м1араш ях яларца йоьзна ю, ях елча д1ахедора ю. Имам Шафи1ис а, Дала къинхетам бойла цунах, кхи болу 1елам наха а, Дала къинхетам бойла царех, дика лаьрра х1ора п1ераскан дийнахь м1араш д1ахедор, т1ема къелара чоьш д1адахар, бехке меттиг ц1ан яр чоьш д1адашарца. М1араш д1ахедича куьйга т1ера м1арех хи хьакхар дика ду, ц1аналла кхочуш хилар ду.


Суннат ду м1араш цахедош 40 де ца далийтар.

7-ХУТТУРГАШ ЙИЛАР

– Куьйга а, кога а п1елгин хуттургаш йилар суннат ду. Х1унда аьлча, царна юккъахь боьхала гулло.


– Лергин чухула хьоьвзина меттигаш йилар а, лерг чуьра ц1андар а суннат ду.


– Мара чуьра ц1анбар суннат ду.


– Дег1 хьацарах, ченах, кхи йолучу х1умах ц1ан дар суннат ду.

8-Т1ЕМА К1ЕЛЕНАШ Ц1АНЯР

Т1ема к1еленаш ц1аняр бохург, т1ема к1елара чоьш д1адахар ду. Суннат ду т1ема к1елара чоьш куьйгаца ийзадеш д1адахар, х1ора чо цхьацца схьаозабеш. Д1адаша а мегаш ду. Суннат ду хьалхара аьтто т1ема к1еле ц1аняр, цулт1ехь аьронаг. Т1ема к1еле ц1ан ца еш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.

9- МЕРА ЧУЬРА ЧОЬШ Д1АДАХАР

Мера чуьра дах делла чоьш ийзадеш д1адаха мегаш ду. Я д1адаша мегаш ду, ийзадеш схьаацадохуш.

10-БЕХКЕ МЕТТИГ Ц1АНЪЯР

Стагна а, зудчунна а суннат ду хьалхарчу бехке меттиган гонахьара чоьш д1адашар. Дац да а, схьаийза да а, крем хьаькхина д1адаха а мегар ду, амма стагна суннат дерг61 чоьш д1адашар ду, зудчунна суннат дерг62 чоьш ийзадеш хьадахар ду. Зудчо д1адаша а, дац да мегар ду.


Шен бехке меттиг х1ораммо ша ц1ан ян еза, кхечуьнга ц1аняйтар хьарам ду. Делахь а, зудчо шен х1усам ден бехке меттиг ц1ан я мегар ду, дикох дерг стаго ша ц1анъяр ду, шен х1усам ненига ц1ан ца йойтуш. Бехке меттера чоьш д1ацадохуш шовзт1къ (40) де далийтар дика дац.

10-ХИЦА Ц1АНО ЯР

Хьат1 г1уллакх63 а, доккха г1уллакх64 а дича хица ц1ано яр суннат ду. Хица ца еш, кхечу х1уманца я мегар ду. Цунах лаьцна лахахь хьахадина аса «Ламазан ц1ано яр декъехь», цигахь дойзура ду хьуна цунах дерг кхачам болуш Делан пурбанца.

11-СУННАТ ВАР65

К1ант суннат вар фарз ду. Йо1а суннат яр суннат ду, фарз дац. К1ант суннат вар хуьлу цуьнан хьалхарчу бехке меттера ч1ор хада дарца корта гучу баллалц. Йо1а суннат яр хуьлу цуьнан хьат1 ара долучу меттера лакхара жиммалца ч1ор хада дарца. К1ант суннат вар бахьана, иза 1овратан коьрта т1ера ч1ор д1ацадаьккхича, цунна бухахь хьатт1ан т1адамаш дисар ду, т1аккха уьш жим-жима охьа довлу, т1аккха ламаз карар долу цунна шен даьллий ца хууш, т1аккха ламаз карахь доцуш ламазаш до цо, т1аккха цунаха йоккха дакъазалла хуьлу цунна. Вуьшта а цу ч1оьран бухахь хьатт1и т1адамаш хилча цунах лазар хуьлу. Цундела фарз ду к1ант суннат вар.

Амма йо1а суннат яр бахьана, цуьнан шах1ват66 лахдархьам ду. Зудчуьн шах1ват ч1ог1а хуьлу, цундела иза хьарамчух ларъеш еш ю иза суннат. Йо1 суннат яр фарз дац, суннат ду67, иза суннат ца йича къа дац.


К1ант а, йо1 а ч1ог1а лерина хадо дезаш ду. Хьам-хьамма да мегар дац иза, лоьро я и болх бойзучо бен.


К1ант суннат вар фарз хуьлу иза кхиича68, х1унда аьлча, кхиича ламаз а, кхин долу динан фарзаш т1е дужу дера цунна. Т1къа суннат вина ца хилча ламаз карахь хира дац цуьнан, т1аккха ламаз карахь хила деза фарзанашна ц1ена хира вац иза, х1унда аьлча, хьатт1ан т1адамаш дуьсу дела цуьнан 1овратан ч1оьран бухахь.


К1ант а, йо1а а кхиале суннат дар суннат ду. Дезох дерг бера дуьненчу даьлла 7-чу я 14 я 21 дийнахь суннат дар ду, нагахь санна бера г1ийла дацахь. Г1ийла далахь т1аьхьо суннат дийра ду, онда даьлча.

12—iАТiАР ТОХАР

1ат1ар тохар бохург – хаза хьожа йолу х1ума хьакхар ду. Хаза хьожа йог1у х1ума хьакхар суннат69 ду. Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, IатIар тохар т1ехь ч1ог1а сутара хилла, иза дезаш хилла цунна. Шена совг1атна 1ат1ар делча схьаоьцуша хилла цо, цундела кара́х1ат70 ду шена совг1атан 1ат1ар делча иза схьацаэцар, Пайхамаро, Алла́хIера салават а, салам хуьлда цунна, аьлла: <<Шена 1ат1ар лучо иза юха ма тухийла>>.


1ат1ар х1ора дийнахь тухура дац, цхьан дийнахь тухуш, вукху дийнахь ца тухуш лелора ду. Х1ора дийнахь 1ат1ар тохар дика дац.

Суннат ду бусалба стагна кеч валар, куьзган чу хьажар. Суннат ду стагна а, зудчунна а куьзган чу хьаьжича алар: <<Я Алла́х1, Ахь сан куца дика дар тера, сан г1иллакх а дика де Ахь, сан юьхь ц1арна71 хьарам а е Ахь>>.


Амма зуда шен чохь кеч яла еза х1усамдена. Хийрачу божаршна кеч елла гучу яла хьарам ду зудчунна иза ара яьлча я хийра наха церан керта баьхкича. Хийрачу божаршна хьалха зуда фарз-духар доьхний бен гучу яла йиш яц. Зудчуьн фарз духар куьйган хьоркашна т1е кхаччалца ши куьг хьулдина долуш, юьхь бен гучу ца йоккхуш дег1 шуьйрачу бедарца къайла даьккхина хилар ду. Х1усамдена хьарам ду шен зуда фарз духар доьхна йоцуш, кеч елла йолуш хийрачу божаршна гучу ялийтар.

56

– Сиваках лаьцна лакхахь дийцина.

57

– Коьртанн меш шаръяр а, даьтта хьакхар а х1ора дийнахь хила мегар дац, юкъа денош довлуьйтуш хила деза.

58

– Аьтто а, аьро а.

59

– Можанаги, ц1енаги боцуш.

60

– Татуировка.

61

– Дезох дерг.

62

– Дезох дерг.

63

– Моча.

64

– Кал.

65

– Хада вар.

66

– Божарий безар.

67

– Суннат ду бохург – мелехь ду бохург ду, ца дича къа ца хуьлуш, делахь а суннат дар пайдехь ду цадочуллаъ.

68

– Къант а, йо1 а кхиарн 1аламаташ х1орш ю: 1-Доьзал хуьлу хи (сперма) далар къантан я йоь1ан. Набарх даьл хийла иза я семах даьл хийла башхалла яц. 2-Йо1ан хьайд (месячные) доладалар. Иза чекх даьлча ламаз дола дан деза цо. 3-Йо1 доьзалхочух хилар. 4-К1ента я йо1и пхийтта шо кхачар.

69

– Мелехь ду.

70

– Дика дац (Не желательно).

71

– Жоьжахатна.

Ламазан догIа

Подняться наверх