Читать книгу Ламазан догIа - Хьусайн Шовхалов - Страница 6

ЛАМАЗАН ДОГIА
КХОЗЛАГ1А ДАКЪА: ПХЬЕГ1АШ

Оглавление

Муьлха ц1енчу х1умах йина пхьег1а ц1ена ю, ц1аналлехь43 лело мегар ю, и пхьег1а т1улгах я дечигах я ц1оках я джовхарах я кхечу муьлхачу ц1еначу х1уманах йина елахь а. Цунах юккъера доккху деший, детий. Деши, дети нажас дац, ц1ена ду и шиъ, адамо шен г1уллакхашкахь лело мегаш ду. Амма дешех, детехь пхьег1а ян магийна дац, хьарам ду иза. Дешин, детин пхьег1аца яах1ума яа а, мала а магийна дац. Цершинца хи лелош ламаз эцар, лийчар хьарам ду. Иза дериге стагна а, зудчунна а цхьабоьсса хьарам ду. Дешех я детех йина я и шиъ т1етоьхна44 цхьа а х1ума лело мегаш яц, масала: х1ума тоьгу маха, церган юкъа 1утту х1ума, кхи йолу муьлха х1ума а.

Иштта дешин, детин пхьег1а цхьанни х1умангахь лелош яцахь а, чохь д1ах1оттина латто а хьарам ду. И пхьег1а шегахь лелор магийна дац шарий1атехь.


Иштта хьарам ю дешех, детех йина яцахь а, и шиъ т1оьхула т1етоьхна45 йолу пхьег1а. Нагахь санна шен т1е деши я дети тоьхна пхьег1а ц1ар т1е лаьцча цунахь цхьа жиммал а деши схьадалахь я дети схьадалахь, и пхег1а хьарам ю. Амма шена т1е деши я дети тоьхна пхег1а ц1ар т1е лаьцча цунах цхьа жиммал а деши я дети схьацадалахь, и пхег1а лело мегаш ю.


– Пхьег1ан йома йилла мегаш яц дешех, йома къезиг ялахь я йоккха ялахь а. Дешех жима я йоккха йома йиллина пхьег1а хьарам ю.

Амма пхьег1ан дети жима йома йилла мегар ду нагахь санна пхег1ан дети йома тоха хьашт далахь. Амма хьаштан детех йоккха йома тоьхна пхьег1а лелор дика дац, амма лело мегаш ду, лелор хьарам дац, ца лелича мелехь ду. Амма пхьег1ан дети жима йома хазаллин тоьхнехь, и тоха хьашта доцуш и пхьег1а лелор дика дац, ца лелийча мелехь ду, лелийча къа дац. Амма пхьег1ан дети йоккха йома хазаллин тоьхнехь, хьашта доцуш иза тоха, и пхьег1а лелор хьарам ду. Амма дети йома йоккха я жима хилар нехан 1адате доьрзуш ду. Цара йоккха лорург йоккха ю, жима лорург жима ю.


Кериста неха пхьег1ашна а бедаршна а т1ехь нажас юй я яций ца хаахь, уьш лелаярха лар велча дика ду, х1унда аьлча уьш нажасах ларлуш боцун дера, делахьа йилина а, йиттина а йоцуш лело мегар ду уьш, ца лелийча мелехь ду. Амма царна т1ехь билгалла нажас яций хаахь, т1аккха лело мегар ду йилин а йиттин а яцахь а. Амма царна т1ехь билгалла нажас ялахь, нажасах ц1ан йиний бен лело мегар дац уьш. Иштта ю нажасах лар цалуш волу бусалба стега пхьег1аш а, бедарш а ю, цаьрца46 лелон дезарг кериста неха пхег1ашца а бедаршца а лакхахь лело дезаш билгалла даьккхинарг ду.


– Дезачу т1улгех47 йина пхьег1аш ламаз-оьцуш, луьйчуш, чохь д1ах1иттош, яах1ума юуш а молуш а, кхечу муьлхачу белхашкахь лело магийна ду.


– Нажасах йиначу пхьег1а чохь 200 литр барамел доцу хи лело мегар дац, х1унда аьлча 200 литр доцу хи нажас-пхьег1а чу доьттича и хи нажас хуьлун дера. Амма нажасах йиначу пхьег1ачохь схьаоьцу хи 200 литр я кхиъ сов далахь, т1аккха и хи ц1ена ду нагахь санна хин чохь нажаси бос я чам я хьожа гучу ца яьллехь.

Нажасах йиначу пхьег1а чохь ц1ена йолу екъа х1ума лело мега, т1еда х1ума лело ца мега, нагахь санна и т1еда х1ума 200 литр яцахь. 200 литр яцахь, иза нажас лорур ю.

43

– Ламаз оьцуш, луьйчуш, кхидолучу х1уманна хи лело.

44

– Позолоченный, посеребренный.

45

– Позолоченный, посеребренный.

46

– Нажасах лара цалуш волу бусалба стега пхьег1аца а, бедарца а.

47

– Брилианты, изумруды, жемчуги ти. д.

Ламазан догIа

Подняться наверх