Читать книгу ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - Хьусайн Шовхалов - Страница 3
БУСУЛБА ДИНАС
ЗУДЧУн ДИНА 1УНАЛ
ОглавлениеХийлаза зударшка бусалба динехь царна т1ехь дерг хьахдича, цара олуш хезна суна «И дин тхуни бен доссина дац те»? Цунна бахьан цхьаъ ду, даиманна зударша дан дезарг дуьйцу божарша, церан декхарш дуьйцуцара, амма дино церан хьакъ даздеш хьахийнарг ца дуьйцу царна, я дуьйцу, делахьаъ, вукхуьнца дуьстийча, х1ордан чуьра т1адам барамехь санна хуьлу иза.
Цундела, зударшна х1ара дин дазделла, кху динан белхаш базбелла, «шеш бен Дала х1умма хьахьа цадина те цу къуръан чохь» – аларан т1е бахкина.
Делахь а, иза иштта дац, бусулба зударий Дала Шен динехь дукха ч1ог1а базбина, лерина бийцина бу. Зударшна, бусалба динехь шех лаьцна дерг довзахьара, ма боккха кхаъ хира бара царна цунах! Ма цец боьвра бара уьш! Ма ч1ог1а лаьрра шаьш Дала аьлла дага дохур дара царна! Иштта и хьижаб а леладарн дазалла царна хиъча, самукъа а долуш леладийра дара цара из.
Цундела, бусалба дин далле зудчуьнна хадош хилла маххи, бусалба дин деача, цо зудчуьн хадийн маххи хьахора бу ас, бусалбачу наношна а, йижаршна а Дала шайн мел лакхара мах хадина довзуьйтуш.