Читать книгу ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - Хьусайн Шовхалов - Страница 7

2-НАНА ДЕЛЛАЪ КХУЗЗА
ЕЗА ХИЛАР

Оглавление

Нана делаъ кхузза язъйина Сийлахь-Везчу Дала, цунаха кхузза ч1ог1а 1уналла деш.

Цхьан дийнахь пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа стаг т1е веара, цо хаьттира пайхамарига:

– «Х1ай Аллах1ан элча, нахах со шена накъост хила уггаре ч1ог1а т1ехь хьакъ дерг мила ву?». Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) жоп делира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага шоллаг1а а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла ахуьлда цунна) элира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага кхоозлаг1а а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Хьан нана ю». Цулт1ехьа цу стага диолаг1а хаьттира: «Цулт1ехь мила ву»? Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Хьан да ву6»


Гой хьуна, х1ай лараме нана, х1ай лараме бусулба йиша, ма яз йинакх хьо Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна), дех диначуллаъ кхузза сов Дала 1уналла дина хьоьца!!


Цундела, ненан сий дукха ч1ог1а дан дезаш ду. Цуьнца ларам алсам хила безаш бу.

6

– Бухарий, 5971.

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ

Подняться наверх