Читать книгу ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - Хьусайн Шовхалов - Страница 5
БУСАЛБА ДИНО ЗУДЧУЬН
ХАДИНА ЛАКХАРА МАХ
ОглавлениеДала Шен 1унал ца деш цхьа́ а х1ума дитина дац, къаьстана Дала 1унал диначарех бу зударий, церан лаккхара мах а хадош Шен шарий1атехь хьехийна Цо уьш.
Уьш Дала д1атесна битина бац Шен шарий1атехь, мелла а церан сий даздеш, церан ларам лакхабоккхуш, царех 1унал деш уьш дуккха хьеха бина Сийлахь-Везчу Дала а, Пайхамаро а (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна).
Цундела, Сийлахь-Везачу Дала зудчун хадина лакхара мах а, цуьнца хила деза 1уналла а билгалла дийра ду ас т1едог1учу дакъошкахь.