Читать книгу ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - Хьусайн Шовхалов - Страница 4

БУСУЛБА ДИН ДАЛЛЕ
ЗУДЧУН ХИЛЛА МАХ

Оглавление

Зуда даиманна г1ийлачу хьолехь латтош хилла цхьадолучу къаьмнаш. Дуккху къаьмнашна юккъахь зудчуьн лакхар мах хадош ца хилла. Иза цхьа́ а хьакъ доцуш, зуламан бухахь латтош хилла. Масала:

– Цхьадолучу къаьмнашна юккъахь зудчуьнна х1усам да велча, воккхох волучу к1ента бакъо хуьлуша хилла шен нана шена яла ян, кхечуьнга иза маре ца йохуьйтуш. Я ша яла ца яхь, кхечуьнга маре ца яхийта бакъо хилла цуьнан. Амма Дала хьарам дира иза дериге. Дала боху къуръан чохь:

<<(Дала) шуна хьарам бина шун наной (бала ба)1>>»


– Гергара цхьаъ д1аваьлча, цо т1ехь битинчу бахамах зудчун а, беран а луш ца хилла. Иза а Дала хьарам дина д1адаьккхира. Дала билгал дира зудчун а, беран а дог1у ирсан2 дакъа, иза царна д1адалар т1еа диллира нахан. Дала боху къуръан чохь:

<<Дас нанас а, уллера гергарчара а т1ехьдитинчух ирс дог1у божаршна а, иштта зударшна а, т1ехьдитнарг къезиг далахь а, я дукх далахьа а, фарз хьакъ ду иза (х1оранне)>>3»


– Бусулба дин далле стаго шен зуда шена маьл лаьа юьтуша а хилла, юх ялош а хилла. Цундела, зуда цу стагах маьрша яьлла д1аяха йиш йолуш ца хилла.

Амма бусалба дино зуда кхузза йита бен ца магийра. Кхузза йитинчул т1ехьа зуда стега долара йолуш хилар билгалла дира къуръан чохь. Иза зудчух къинхетам беш, цуьнан хьакъ лар дар дара.


Иштта Дала зудчуьн т1ера зулам д1аойбуш, зудчуьнца дина 1уналла ду х1ара Шен сийлахьчу шарий1атехь. Къемат де даллац хир долуш ду и 1уналла зударшна. Йоккха башхалла го вайна бусулба дино зудчун беш болучу лараманни, адамо юкъа дехначу низамаш зудчунна беш болучу лараманни юккъахь.


Цундела, зудчуьн ларам барх а, цуьнан 1унал дарх а ду Дала цунна т1е фарз дина хьижаб т1едиллар.

1

– Ниса́ъ, аят: 23.

2

– Наследство.

3

– Ниса́ъ, аят: 7.

ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ

Подняться наверх