Читать книгу ХЬИЖАБ 1ИБАДАТ ДУ - Хьусайн Шовхалов - Страница 6
1-НЕНАН МУЬТ1АХЬ ХИЛАР
ОглавлениеХан заманца зудчун нана хилар яздина Дала, цундела, цуьнан 1унал деш, Делан пайхамаро (Делера салават а, маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, Аллах1ас хьарам дина шуна, наношна муьт1ахь ца хилар»4
Пайхамарс (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) шен къамелехь еккъа нана бен хьаха ца ярн бахьана, нана г1ийла хилар, доьзал цунна муьт1ара атта болуш хилар, иза цунаха оза балар къезиг хилар ду. Цунделла, цунаха алсам 1уналла деш, Дала Шен пайхамарига (Делера салават а, маршалла хуьлда цунна) къаьстина хьахяйтина нана.
Ненан муьт1ахь хиларха йоьзна Сийлахь-Везачу Дала ялсаман. Пайхамарс (Делера салават а, маршала а хуьлда цунна) аьлла:
«Ялсман нена когашкахь ю5».
Ахь ойла яхь, х1ай сан бусалба йиша, нана, ма доккха х1ума ду из. Ялсаман хьан когашкахь яр. Кхи х1ун тоьшалла оьшу хьуна Дала хьо язъярн т1ехь?!
Кхи х1ун доккха дазалла хира ду хьуна, Дала Шен ялсаман хьан когашка йиллал?!
Цо гойту, Аллах1а маьл ч1ог1а 1уналла дина хьоьца.
4
– Бухарий,5975.
5
– Насаий, Ибн Мажах1.