Читать книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани - Страница 11
I том
Балкхархо Ахия
ОглавлениеКху шарахь Iа цкъа а ца хиллачу кепара шийла дара. 1901-чу шеран кхолламан бутт бара. Ерриге а Кавказ Iаьнан шелонан йийсарехь йара. Iуьйранна самабаьллачу маьлхан зIаьнарша къегош дара Iаьржа лаьмнаш хьулдина Iуьллучу лайн и дети. Цу Iаьнан туьйранан исбаьхьа тийналла йохош, Дигоран чIожехьа, чаболехь Iаьржа дин хаьхкина воьдура башлакхах хьаьрчина цхьа бере.
Цуьнан Iаьржа маж а, цIоцкъамаш а сира йис йиллина дара, ткъа хаьштиг санна лепачу цуьнан жугIар бIаьргаша ца лоцуш ца дуьссура гонаха хIумма а.
Иза вара Довт-МартантIера нохчийн обарг Кута. Лаьмнашкахь ло диллар бахьана долуш хьаннашкахула чекхвала чIогIа хала дара, цундела ХIирийчуьра Дигорера Топан олучу кIотарахь шен накъост волчохь саца дийзира цуьнан. Кхузахь цхьа де а даьккхина, иза боданца Лаккхарчу Балкхарера Кюнлюм олучу кIотаре дIагIур ву.
ХIирийчо обарг хазахетарца тIелецира, хьешан сий деш, уьстагIана урс хьаькхира цо. ДоттагIаллин марзонехь йаьккхина хан чехка йоьду, цундела хIара де а сиха дIаделира. Сарахь Кута дIаваха кечвелча, хIирийчунна лиира иза новкъа ваккха. Кутас ца оьшу боххушшехь, и шиъ цхьаьна Лаккхарчу Балхкаре кхечира. Маржа-йаI ма беркате ду Балкхарен латта, ма хаза ду цуьнан лаьмнаш, маьлхан зIаьнарша лепайо церан басеш, ткъа эзар шерашкахь дуьйна Кавказан ха деш лаьтта кхузахь къена Эльбрус – Кавказан массо а лаьмнийн сийлаллин Iаламат.
Iуьйранна сатоссуш ши бере Кюнлюме кхечира. Буьрсачу гIуранан а аьтто ца баьллера Черек цIе йолу ахка шен шийлачу йийсаре лаца. ГIовгIа эккхийтина доьдура иза охьанехьа. Цуьнан аьрру йистехь лаьттара Абайн бIов. КIотар самайолуш йара: маьI-маьIIехь саьккалшкара пешнийн биргIанашчуьра Iуьйренан кIур бара гуш, масех жIаьла кертара арахьаьдира, говрийн бергийн тата хезна, амма цара меллаша ког боккхуш гина, жIаьлеш шелонехь Iан дог ца догIуш чоьхьа хьевдира.
Жангуразов Ахия
Кхо бере Ахиян хIусаме кхаьчначу хенахь, цу чуьра араваьллачу ламанхочо ков схьадиллира. Кутина вевзира шен доттагIчун воккхах волу ваша Асхат. Говрашкара биссина хьеший догIмаш меттах дохуш лаьттара бохбала гIерташ:
– Ассаламу Iалайкум! – салам луш, куьйг кховдийра Кутас балкхархочуьнга, ткъа важа куьйг шен йис тесначу мажах а, цIоцкъамех а хьоькхура цо.
– ВаIалайкум ассалам! – шеконе хьешашка хьоьжура балкхархо, царех хIоранга а куьйг а кхийдош.
Кутас цIоцкъамашна тIеоьзна шен месала куй дIа а тоттуш, велакъежча, балкхархочуьнга мохь белира:
– Йа Аллах! Кута вац и? – цо сиха куьйг ластийра шен цIехьа, ткъа цу чуьра цхьа чоа а долуш тIехь, карахь карабин а йолуш, аратассавелира Ахия:
– Со вала велла! Ван а ма ву Кута! – марахьаьрчира иза шен доттагIчунна. – Ассаламу Iалайкум! Делера совгIат хуьлда шу кхуза кхачар сан беза хьеший – элира Ахияс, хIирийчуьнга а, Куте а хьоьжуш.
ХIинца бен ца кхийтира Ахия, ша дукха хазахетта карабин охьайилла а вицвелла хиларах. Иза шен воккхах волчу вешига дIа а кховдош, цо элира:
– Соьгахь а ду сема хила везаш хьал.
ХIирий цхьаъ ала гIертара, амма балкхархоша уьш кхин бистхила ца буьтуш, чоьхьа бехира. Кегийчу наха церан говраш даьхнийн керта садаIа дIайигира. Жимма хан йаьлча хIирийша дийхира шайна цIа даха бакъо лахьара аьлла. Делкъан ламаз диначул тIаьхьа хIусамдайшна хьошалла дарна баркалла а аьлла, хIирий дIабахара.
Сарахь хьаша хIусамдеца ша виссича, Ахияс паднара тIе Кутина дуьхьал охьа а хууш, элира:
– Кута, хьоьга дийца ца оьшуш, хьуна хаьа со а, сан дерриге а тайпа а хьо бахьанехь шайн синош кхоор долуш дац. Тхо даима кийча ду хьошалла деш хьо тIелаца. Суна дика вевза хьо. Хийла нехан бала хьайн дагчухула чекхбалийтина ву хьо, хIинца а кху шелонехь, хьайн чохь ца Iаш, цхьаьнан бала эцна араваьлла хьо. Со кийча ву-кх хьоьга ладогIа – леррина хьоьжура Ахия нохчийн обарге.
Кута вехха Iийра вист ца хуьлуш, ойла йеш. Ткъа Ахия-м сиха вацара. Цунна хаьара шен нохчийн доттагIа цхьа гIуллакх эцна араваьлла вуй.
– Сванетера гуьржийн элас закъалтана лаьцна нохчийн бер. КIентан гергарчу нехан аьтто ца баьлла иза мокъа ваккха. КIант дуьнен чохь ца хиларах тешначу цара дог диллина – гIийла шен доттагIчуьнга хьаьжира Кута.
– Ма тамашийна хIума ду да шен кIант лоьхучура сацар? – цецвелира Ахия.
– Ши куьйг а, ши ког а бихкина Iуьллу цу кIентан да гуьржийн элас Геловани Иликос цу кIентан а, зудчун а бIаьргаш хьалха тур тоьхна вийна!
– ТIаккха кIантаца цуьнан нана йу-кх? – хазахийтира хIусамдена.
– Йац. Нана йелла и шиъ цу йийсарера деддачу хенахь, дукъал дехьайолуш, шело ца лайна.
Тийналла йоьссира хIусамехь. Накъостий бехха Iаш бара вовшашка бист ца хуьлуш.
– Кута! Ас хIун гIо де хьуна? Нагахь санна хьо со волчу веана хилча, цхьаъ дагадеана хир ду-кх хьуна? – шен накъостан дагахь дерг хаьа гIертара Ахия.
– Ахия, суна хьан доттагIа дагавеана – Ратиани элийн тайпанера сванашха волу Мушни. Цу доьналла долчу ламанхочо доккха гIо дийр дара-кх суна Сванетера элас лаьцначу кIантан кхолламах лаьцна ма-дарра шена хаийтича.
– Хьуна а ма ву иза дика вевзаш – самукъне вистхилира Ахия.
Кута а велакъежира, балкхархоша Муратби олуш хилла волу сван Мушни а, хазаллица цIейаххана хилла балкхаройн йоI Фатика а дагайеана.
Иза дара 1898-чу шеран аьхка. Кута цхьаьна сарахь Ахияс дехна Кюнлюме веанера. Балкхархочуьнга оьрсин эскаран эпсар волчу цхьаьна ногIийс дийцинера Закавказьеца зIе латточу почтови трактехула дукха ахча ду аьлла дехьадоккхуш. Мазлакхан чIагIбинчу некъатIехула дIагIур болчу инкассаторшна тIелата бохура цо, хIунда аьлча цу меттигана тIелатар хир ду аьлла Iедална дагахь дац. Ахия хIетахь цIахь ца карийра Кутина.
Цуьнан вежарша а, гергарчу наха а йоккхачу деган йовхонца тIелецира Нохчийчуьра шайн веза хьаша. Ахиян вашас Асхата ша цхьаьна гIуллакхе вахана схьаваллалц садаIа элира Куте:
– Тхо долчу Iуьйранна хьошалгIа веанера Сванетера Ахиян доттагIа. Делкъа хенахь иза Гелйастано олучу кIотаре вахана. Цигара эла Урусбиев волчохь той хир ду, ткъа цу тойнехь Ахиян накъостан балкхархо тIехьиза йоI хир йу.
Иза цунна евзинера, йоI Сванетехь марехь йолу шен дейиша йолчу хьошалгIа йеанчу хенахь. Цундела ваха лаьа суна цига, масане хуьлу, ловзарехь цхьаъ хилахь а – бехказалла вахана элира Асхата.
– Вало, цхьаьна воьду вайшиъ! – Элира Кутас, хантIера шен шаьлта а нисъеш.
Кута а, Асхат а Гелястано кхаьчначу хенахь, зуда йалийна той доьдуш дара. Уьш диллинчу кевнашка кхаьчначу хенахь тIелецира, ткъа церан дой садаIа даьхнийн керта дIадигира. Кута а, Асхат а чоьхьавелира. Тайп-тайпанчу кхачанах йуьзна стоьлаш рагIу бухахь а, иштта арахьа а лаьттара, ткъа уггаре а беза хьеший арахь ца буьтуш чубугуьра. Хьеший-м йерриге а Кавказера гулбеллера. Кхузахь Кутина бевзарш а бара шортта: чергизой, гIебартой, хIирий а, масех гIалгIа а. Асхатана сиха карийра ша лоьхург. Сванаца цхьаьна тойне веана Асхатан щича а, ша сван а рагIу бухахь Iаш вара. Сванна Асхата дуьйцург хезаш а дацара. Иза цкъа хьалагIоттуш, йуха охьахууш, адамашна йукъахь цхьаъ лоьхуш вара. Сван Кутел жимох вара. Зоьртала дегI долчу цуьнан хIора а леларехь гуш дара иза экха санна каде а, ницкъе а хилар. Хеталора цо белшаш нисйича цунна тIера чоа масех дакъа хилла детIар ду.
Шен накъосташца Кута Iаш волчу стоьла йисте веара хIусамда балкхаройн эла Урусбиев Навруз. Массаьрга а маршалла а хаьттина, цо Кута маравоьллира:
– Нагахь санна тхайн къоман хьаша ас дIавигахь, шуна вас-м хир йац? – лерина хьаьжира иза нохчочун накъосташка.
– Тхо даккхийдина а девр дац-кх аш охачул цуьнан дукхох терго йахь – велакъажарца хьалагIаьттира Асхат. Навруз нохчийн обаргаца чоьхьавелира. Кута кора йистера стоьла хьалха охьа хиира, кхузара дIахьаьжча, арахь хуьлуш дерг дика гуш дара. Шеца цхьаьна стоьла хьалха Iаш берш Кутина бевзаш бацара, амма уьш тайна адамаш долчух тера дара, цара совнаха хеттаршца новкъарло ца йора обаргана.
ЦIехххьана гIовгIанца чоьхьавелира кечвелла цхьа ламанхо. Цуьнан духарца гуш дара иза эла хилар. Массаьрга а лерина хьоьжучу цуьнан бIаьрг Кутина тIехь сецча, велакъажаро сирла йаьккхира цуьнан йуьхь. Кутина а сиха вевзира хьаша. Иза вара гIебартойн эла Клишбиев Аслан. Амма эла хиларо новкъарло ца йора цунна Кутица нийсса обаргалла лело.
– Сан хьоме доттагIа, хьо ГIебартахь ву, ткъа суна иза массарел а тIаьхьа бен ца хиъна – реза воцуш, корта лестабора цо Кута мара а вуьллуш. – Суна хаьа шу цхьаъ дагадеана лелаш дуй. Тешна ву со йуьстах вуьссур ца хиларах – элира Аслана Кутин лере а теIаш.
– Суна хаьара, хьо сайна кхузахь карор вуй – велакъежира Кута Аслане а хьоьжуш. – Ма ала хьайна хIинца а нускал ца карийна – забарца хьийзавора цо Аслан – вола Ахия волчу, къамел дийр ду вай.
– Дала мукъ лахь кхана со хир ву-кх шу долчохь – гIебартойн эла ша чоьхьа ма веллира, иштта цIеххьана гIовгIанца араваьлла дIавахара.
Къоначу ламанхочо говза йеттачу вотанан гIовгIанца ийнера кертара схьахезачу кехат-пондаран мукъам. Ловзаран майда сиха дIайуьзира адамех.
Хахка кечдина дой санна, хелхарехь дIалелха кийча лаьттара къона ламанхой. ХIоранна а лаьара хелхаран гуоне шен езар кхойкхуш, кийра буьзна синхаам Кавказан хелхаран маттаца цуьнга дIабийца.
Кута ловзаре хьажа паргIат гIанта охьахиира, шен накъостий шайн гIуллакхаш дина бовллалц.
Ахиян ваша Кута паргIат дIатарвелла Iаш вуй а гина, йуха а шайн цIийнан хьаша сван волчу агIор дIаведира. Сванан аьтто хуьлуш бацара шен йезаре вистхила.
Лаьмнийн ламаст лардеш, ловзарехь духхьара хелхар къаночун дара. Шен хенан воккхалле ца хьоьжуш, аьрзу санна тIемаш айдина, каде хьийзара хелхарехь воккха стаг, амма хIете а безаман гураша лаьцначеран санна цуьнан ойла кхехкаш ца хилар гуш дара. Ткъа лаьмнийн йоI ша хи тIехула нека ден гIургIаз санна тIам ойбуш хьийзара хелхарехь.
Къаночун хенан ларам беш, цо меллаша боккхура ког, цундела къано мелла а каде хетара хелхаран гуонехь. Воккхачу стеган сий деш, массо а гIаьттира, хелха бовлурш къена эла а, хазаллица цIейаххана йолу Фатика а ма дара.
Корара ара хьаьжча, Кутина гуш дара ловзаран гуонехь лаьттачу мехкарийн сибаташ. Сихделла доьдура самукъне ловзар, хIоранна а лаьара Фатика хелха йаьккха. Бакъ долуш, иза массо а йоьIал хаза а йара кху ловзарехь.
Шена тIевеанчу цхьаьна балкхархочуьнца къамел деш лаьттачу Кутина хезира кертахь цIеххьана йаьлла гIовгIа. Корах арахьаьжначу обаргана гира куьйгаш лестош цхьаьна ламанхочуьнца дов даьлла лаьтта Асхат. Шеца къамел деш хиллачуьнга бехк ца биллар а дехна, Кута сиха аравелира. Кхузахь дуьхь-дуьхьал хIоьттина ши тоба йара. Букъа тIехьа сван лаьттачу Ахиян шина вешина дуьхьал хIоьттинера балкхархойн йоккха тоба, ткъа массо а ламанхойн карахь хантIехь кхозучу шаьлтанийн мукъ бара. Муьлхха а мIаьргонехь цIий Iана тарлора.
Балкхархоша сване Фатика шега маре йогIур йу аьлла деллачу дашах мокъа йита бохура. Ткъа тобанна йукъара цхьаммо-м Делах дуй биира ша Фатика сване дIайуьгуьйтур йац аьлла. Ткъа биъна дуй хууш ма-хиллара цIийца бен цIанлуш бацара. Свана дIахьедира шен езарах ша цкъа а вер а вац, иза бахьанехь ша вала а кийча ву аьлла.
Ткъа Ахиян вежарша дуй биира шайн хьешана улло веанчун шаьш са хьала доккхур ду аьлла. Балкхархоша гуо бина лаьттара сван. Гонахара хьал хIора а мIаьргонехь дарлуш дара.
Кута кхетара балкхархойх. Фатика санна болу хаза мехкарий хIора а къоман дозалла ду, цундеда церан бехк бац иза хийрачу нахе дIайала ца лаарна. Амма кху ловзарехь Кутина гира муха дара сванан а, балкхархойн йоьIан а вовшашка хьежар. Шеко йацара – царна йукъахь безам бу, амма хIете а йоI маре хьаьнга гIур йу тIаьххьара сацам беш верг да ву. Ткъа иза йуьстах ваьлла шен шина кIантаца лаьттара хуьлучун терго еш.
Ши тоба чуччайоьдуш йара Кута гуона йуккъе дIахIоьттинчу хенахь.
Цхьаьна балкхархочо Кута новкъара дIататта куьйг айдича, нохчийн обарг шен шаьлта баттара жимма схьала а озош оьгIазе вистхилира:
– Нагахь санна ас хIара баттара йоккхий, цхьаьнан цIий Iанийна бен ас йуха цу батта хIара йуьллур йац шуна.
– Кута ву иза! – хезира цунна тобанна йукъара цхьаьна балкхархочун аз.
– Кута ву тов! Мила ву и Кута? – ца вешаш вистхилира маларах кхетта цхьаъ. Къаьсттина иза вара массо а балкхархой сванна дуьхьал бохуш хилларг.
– Нохчо обарг Кута ву иза! – хазахетарца мохь туьйхира цхьаммо. – Ассаламу Iалайкум! – тIевеара Кутина дика вевзаш волу Бесленеера цхьа чергизо. Шен куьйг шаьлтанан мукъа тIе а дуьллуш, нохчийн обарганна улло дIахIоьттира иза.
Дуьхьал хIоьттина лаьттачу цхьаьна тобанера балкхархочо Кута вевзина, цуьнга куьйг кховдош, хаьттира:
– Кута, хьо цаьргахьа ву? Хьо тхуна дуьхьал ваьлла? Сван бахьанехь хьайн накъостех лата воллу хьо? – боккъалла цецваьллера иза.
Кутина гуш дара хIара дерриге а хьал дарделла хилар а, шина а тобано Фатиках ца довла дуй биъна хилар а.
– Со сайгахь ву! – кертахь тийналла йоссош мохь туьйхира нохчочо. – Суна Фатика цкъа а гина йацара, амма цуьнан хазаллах лаьцна йерриге а Кавказехь дуьйцуш ду. ХIинца сайн бIаьргашна иза гича, сан сацам хилла иза сайна йига.
Цецдаьллачу адамийн тобанна йукъахь гIугI даьржира. Ахиян вежарий дукха цецбевлла, багош а гIаттийна лаьттара, ткъа шаьлтанах тассавелла сван накъосташа сацийра. Маларах кхетттачу балкхарца йуха а шениг дуьйцура:
– Тхуна бен дац сван вийча а, нохчо вийча а, амма Фатика оха цхьанна а дIалур йац.
Кутина а, цунна уллохь лаьттачу чергизочунна а тIевеара балкхаройн эла Урусбиев. Цо куьйг айдира, вистхила шен болу лаам гойтуш. Гулбеллачарна йукъахь тийналла хIоьттира.
– Кута сан хьаша ву! – Элас бIаьрг туьйхира гулбеллачу нахе. – Фатика хьаьнга маре гIур йу шаьлтанаша къастор дац, иза цуьнан дас къастор ду. Шен дас Мухарбис дIайеллачуьнга маре гIур йу Фатика – йоьIан да волчу агIор бIаьрг туьйхира элас. Тоба дIасатеIира. Мухарбинна тIевахара Навруз:
– Лараме Мухарби! Хьан йоI кхиъна йаьлла. Цуьнан безам бахьанехь шайн синош дIадала реза бу Кавказан уггаре а тоьлла къонахий. Ас сайн цIарах йоьху хьоьга иза сайн хьаша а, доттагIа а волчу нохчийн обаргана Кутина. Цул тоьлла хIусамда хьан йоьIана карор вац хьуна!
– Цу нохчочунна хууш дуй сайн йоI ас йорах дIалур йоций? – велакъежира иза, шен къоьжачу мажах куьйг а хьокхуш.
– Массо а харж ас сайна тIелоцуш йу! – кхоладеллачу хьолах воккхаверца жоп делира балкхаройн элас.
– ТIаккха суна вайн барт хилла аьлла хета. ТIедогIучу кIиранан дийнахь шайн нускал дIадуьгур ду-кх аш – хьалагIаьттира Мухарби, шен кIенташка шаьш дIадоьлхуш хилар хоуьйтуш.
Циггахь говрашка а хевшина, шайн накъостаца сванаца дIабахара Ахиян вежарий а.
– Цу нохчочунна хууш дуй нускал дIадигале той балкхаройн лаьттахь а дан дезий? – саца туьгуш вацара маларах кхетта балкхархо.
– Шуна цкъа а ца гиначу кепара той хир ду-кх шуна – велавелира гIебартойн эла Клишбиев Аслан шен доттагIчун Кутин куьйг а лоцуш.
Шайн кIотара Кюнлюме сванаца цхьаьна Ахиян вежарий буьйсанна схьакхечира. Ахия цIахь вара:
– ТIаккха? Муха дара той? Гирий шуна Фатика? – хаьттира Ахияс чоьхьаваьллачу шен вешига Асхате, бIаьргашца боданехь цхьаъ лоьхуш санна. – Кута мичахь ву? – хаьттира цо шен вежаршка а, царна уллохь лаьттачу сване а.
– Шен нускалца хир ву-кх велар иккхира цуьнан воккхах волчу вешин.
– Фатика ган а, цуьнга хьажа а хIинца хьан доттагIчун Кутин бен бакъо йац, иза цуьнан нускал ду – Асхата аьллачунна тIетайра церан щича.
Ахия хIумма а кхеташ вацара, амма балано макхвинчу Ратиани Мушнига хьаьжча гуш дара цу тойнехь цхьаъ хиллий.
– Мушни, ахь мукъне а ала хилларг хIун ду? – дийхира Ахияс. Ткъа цуьнан вежарша хIумма а къайла ца деш, Гелястано кIотарера тойнехь хилларг дIадийцира, ткъа эла Ратиани Мушни вист ца хуьлуш, вехха лаьтта бIаьра хьоьжура.
– Ахия, ас доьху хьоьга, цкъа мукъне а иза ган гIо де суна! Нагахь санна и реза йелахь тхойшиъ дукъа тIехьахула сан махка дехьадер ду, цигахь иза нохчочунна а карор йац – дехарца шен доттагIчун бIаьра хьоьжура Мушни.
Цуьнан гIийла хьежаро дог Iийжадора балкхархочун.
– Дер лаа ма дац иза ша дерриге а – дагалецамаш кего волавелира Ахия. Суна Кута дика вевза. Суна дика девза цуьнан къам а, тайпа а. Со дукхозза хилла иза схьаваьллачу Довта-МартантIехь. Цо цкъа а лачкъор дацара нехан ирс, цуьнан дерриге а дахар нах ирсе барна лерина хилча – шена хезначух ца тешара Ахия. – Жималлехь дуьйна цу нохчийн къонахчо Кавказан муьлххачу а маьIIера Iедалан Iазапо ницкъ биначу ламанхойн сий ларда шен дахар цкъа а ца кхоийна. Цуьнан йаьхь, доьналла, майралла, комаьршалла йовзарна иза ма кхойкхура массара а шайна тIе чолхе киртиг хIоьттича – ойла йора Кутин доттагIчо. Iуьйре хиллалц са ца туьйш, Ахия буьйсанна говра а хиъна цхьанхьа вахара.
Кундетово олучу шен кIотара цIа веъча, Мухарбис тIедогIучу кIиранан денна кечам бе элира Фатика маре йала. Фатикас ца йаьлла тIеийцира шен кхоллам – дас ша делла дош цкъа а йуха а оьцур дац, амма дагна хала дара цунах кхета – иза доьлхура, Iийжара, чов хилла лозучу цунна тIе дагалецамаша туьха туьйссура. Мушни пхи шо воккха вара Фатикел.
Жима бер долчу хенахь дуьйна цо даима а тамаша бора Мушних а, цуьнан доттагIчух Хергианих а ша дейиша йолчохь Сванетехь хьошалгIахь йолчу хенахь. Фатикан пхи шо дара Сванетехь цуьнан жима цициган кIорни дитта тIе а даьлла, цу тIера охьа ца доссалучу хенахь. Фатикас луларчу кIенташка дийхира шена гIо де аьлла, амма цхьа а ваьхьаш вацара диттан дуьткъачу гаьнтIе хьалавала.
Иза йоьлхура, ткъа довхачу бIаьрхийн Iовраш цхьаъ цхьанна тIаьхьа охьауьдура цуьнан ховхачу бесниш тIехула. Йоьлхуш йолу йоI гира цу урамехула богIучу кIенташна. Царех цхьаъ сецира.
– ЙоI, хьо хIунда йоьлхуш йу? – хаьттира царех цхьаммо шен кучан пхьошаца йоьIан бIаьрхиш дIа а цIандеш.
– Сан кIорни, цициган кIорни – къурдаш деш гайтира йоьIа диттан гаьннашах тассаделла Iаш долу жима пису.
– Эла, хьавола! – кхойкхура кIанте цуьнан накъостий. Амма иза уьш тергал ца беш дитта тIе хьалавелира, кагдала доллучу дуьткъачу гаьннах а тийссалуш. КIантах кхераделла пису кхин а лаккха хьаладелира. Ша дерриге а дицделла хьоьжура массо а хуьлучуьнга. КIант пису схьаэцна ваьлла аьлла хеттачу хенахь, га кагделира, амма цо тIаьххьара катуьйхира кIорних. Ткъа иза важа куьйгаца тассавелла хилла диттан га цуьнан йозалла ца лаелла, татанца кагделира, ткъа кIант карахь пису а долуш лаьтта охьавуьйжира шен хеча а йатIош, ткъа пису-м могуш-маьрша цуьнан карахь дара.
– ХIара ду-кх хьан пису – самукъне дIакховдийра цо Фатике кIорни.
ХIетахь дуьйна воккхах волчу вашас санна терго йора цо йоьIан. Балкхаре дIайоьдучу хенахь, цо чIогIа сагатдора Мушнина, сатуьйсура йуха а Сванете кхача.
Иза элийн ширачу тайпанера схьаваьлла вара. Церан тайпа хIинца хьалха санна хьал долуш дацахь а, амма РатианигIар шайн доьналлица бевзара йукъараллехь.
Кхойтта шо кхаьчча Фатикана везавелира Мушни, ткъа цуьнан безам жоп доцуш а ца биссира. Кавказан дукъа тIера уггаре а кхераме йолчу ирхенашкара гулдинчу зезагийн курсаш кхоьхьура цо йоьIана. Цуьнан санна ламанца лекха хьалавала ка йолуш Мушнин доттагIа Хергиани бен вацара.
Ткъа хIинца Фатикин лаахь а, ца лаахь а нохчийн обарган зуда хила еза. Цунах лаьцна дукха дуьйцу Кавказехь. Фатикина иза хьалха а гинера, ткъа тахна иза ехха хьоьжура цуьнга. Обарг хаза а, доьналла долуш а вара, амма ма хийра вара иза йоьIан дагна, цундела Фатика ца кхетара ша муха кхуллур ду цуьнца дахар. Амма йоьIана хаьара шен дас делла дош ша цкъа а дохор доций, цунах шен са дIадала дезаш хилахь а.
Ахия цIа вогIуш вацара. Цуьнан вешин Асхатан а, Мушнин а сацам хилира Кутас Фатика Кундетово дIайуьгучу хенахь иза цуьнгара йаккха. Цу гIуллакхна цара вовшахтуьйхира уггаре а доьналла долчу итт балкхархочух тоба. Iуьйранна сатоссуш, уьш тIелатар дан дезачу меттигехь бара. Ткъа тобанна йукъара шиъ са а хилале Кундетово дIаваханера, цигара хьал меттигехь довза.
Делкъа хенахь уьш говраш хаьхкина кхечира, тамашийна хаамца: нускал Кюнлюме, Ахия волчу далош ду, той а кхузахь хир долуш ду.
Балкхархой цецбевллера: хIорш даккха гIиртина нускал, кхарна тIе доссош ду. Иза цкъа а хезна а, гина а доцу хIума дара.
– Делан кхел йу иза, цунах цхьа а ваьлла вац, йа иза цхьаьнга а хийцаелла а йац – гIийла велакъежара дог диллина Мушни.
– Кута а со санна Ахиян доттагIа ву, цундела со шуьца Кюнлюме дIавогIур ву, ткъа йуха массеран а Iодика а йина, сайн Даймахка дIагур ву – элира Мушнис, шен сингаттам ца лечкъош.
Уьш кIотара схьакхаьчначу хенахь Ахиян кертахь шортта нах бара гулбелла: Ахиян да Тавшур а, церан цIийнах воккхах волу къано Абрек а. Уьш массо а хьоьжуш бара нускал схьакхачаре. Ахия кертахь цхьацца дезарш деш вара. Геннара схьакхетара кхехкочу жижиган хьожа. Гуш дара кху кертахь тойнна кечам беш хилар.
– Шу мичахь лелаш ду? Нехан нахе цIентIехь гIо де баха дезаш ву-кх со – оьгIазвахара Ахия шен вежаршна. – Той кхузахь хир ду! Хьо а кечвала мегар дара, хьуьнха талла ваха араваьлча санна а ца Iаш – Мушнига хьаьжира иза.
– Со дIавоьдуш ву, Ахия. Сайн йезаран тойнехь сакъеррал ницкъ болуш вац хьуна со – Мушнис ца лечкъадора шен бIаьрхиш. Ахияс иза белшаш тIера а лаьцна, кертахь лаьттачу гIанта охьахаавира:
– Хьо сан доттагIа ву, ткъа хьо санна доттагIа сан Кута а ву. Нагахь санна и декъала а ца веш, хьо дIаводахь, хьо гIиллакх доцург хир ву хьуна – хьехар дира цо шен доттагIчуьнга.
– Дика ду! Хьан дуьхьа дийр ду ас иза, амма Фатика ган суна ца лаьа хьуна. Со ишта а тахана шен къизалла ца кхоош кхолламо зийна хьуна, сан кхин ницкъ бац – куьйг ластош, чоьхьавелира Мушни.
Нускал эцна йогIу пайтон генара дIахьаьжча хIинца а гуш йацара, амма иза Кюнлюме кIотаре кхочуш хиларан тоьшалла дара герзан тата.
Пайтон кертал чоьхьаелира. Ерриге а кIотарера зударий, бераш гулделлера Ахиян кертахь. Дукхачарна гина йацара Фатика, амма цуьнан исбаьхьа хазаллех лаьцна ца хезаш ца виссинера Балкхарехь цхьа а.
Ткъа нускал далийна волу Кута а вацара хIумма а ирча – зоьртала дегIехь, доьналлех дуьзна цуьнан сибат массарна а йукъахь къаьсташ дара. Пайтонера охьадоссийначу нускалан йуьхьтIе кхоьллинчу шипона бухахь гуш дара бIаьргара охьахьевдда даккхий хин тIадамаш.
Хьешашна йукъахь бара кху захалонехь дакъа лаьцна болу балкхаройн эла Урусбиев Навруз а, той вовшахтухуш волу гIебартойн эла Клишбиев Аслан а, иштта кхин берш а. Фатикана уллохь лаьттара Ахия. Кута адамийн гуона йуккъе а ваьлла шен нускална а, накъостана а улло дIахIоьттира:
– Суна дукха хезнера сайн доттагIчо Ахияс шен накъостан элан Ратиани Мушнин доьналлех а, син-оьздангаллех а лаьцна дуьйцуш – леррина шен накъосташка хьаьжира Кута.
ЦIеххьана, бIаьстенан догIа санна Фатикин йуьхьтIехула йуха а охьахьевдира довха бIаьрхиш. Ма хала дара сатоха цхьаьна а мIаьргонна хьайн дагчуьра ваьлла воцучу везаран дикаллех лаьцна, хьо ца йаьлла маре йаха дезначу хьан хIусамдас дуьйцуш ладогIа.
Ткъа Кутас-м сацанза шен къамел дора:
– Балкхаройн тойне иза шен йезар ган вахана аьлла сайна хезча, цунах сагатдеш Ахиян вешица цига ваханера со. Нохчийн цхьа Iадат ду шайн доттагIашна уггаре а деза совгIат дан. Сайна иза гина а воццушшехь сайн ваша санна везавеллера суна и сван.
Суна хетарехь шен йезарал деза совгIат цунна цхьаммо а дина хир дац.
Фатика-м цунна уллохь лаьтташ хиллачу Ахияс лаьцна ца хиллехь, кхетамчуьра йаьлла охьайуьжур йара.
Ткъа кхузахь гулбеллачу зударшна-м хала дара шайн бIаьрхиш сецо. Ма дагах кхеттера массарна а Кутас гайтина и цIена гIиллакх.
– Амма хIара гIуллакх ишта дIадерзо аьтто бер бацара суна орцах сан накъостий бевлла ца хиллехь – Наврузана а, Асланна а пIелг хьажийра Кутас. ХIара доладелчхьана йоьIан дена хууш дара оха иза элана йуьгуш хилар. Мичахь ву ша Мушни? Вада-м ца ведда иза? – Велакъежира Кута.
Мушни-м йуьстах ваьлла лаьттара. Иза кхоьрура Фатика гича ша вохарна, амма хIете а даго нуьцкъала ийзавора йезар йолчу агIор. Цунна хIума а гуш дацара йоьIан и нуьре амат бен. Цунна хIумма а хезаш дацара, цуьнан ойланехь тховса шех гуттаренна а къаьстар долуш езаран васт дара. Иза хIинца а кхеташ вацара хуьлучух. Мушни ца кхийтира Фатика вуо хилла охьайожанза хIунда елира а, амма цунна бIагор беъча, иза йолчу агIор дIатассавелира Мушни, ткъа Ахияс иза охьа ца йожийтича, сецира.
ЦIеххьана кертахь тийналла йоьссира. Цунах цецваьлла сван ца кхеташ дIасахьоьжура. Массо а велакъажарца цуьнга хьоьжура, ткъа цунах эхь хетта Мушни-м кертара аравала гIоьртира. Амма Кута цуьнан некъ хадош, дуьхьалвелира. Ахияс шега аьлларг дагадеъна, Мушнис шен дерриге а доьналла гулдира тIаьххьара сатоха. Велакъажарца нохчочуьнга вистхилира иза, къаьхьа къурд шен легашкахь къуьйлуш:
– Кута мах боцу хазна йу хьоьга тахна къаьчнарг. Ларйелахь иза! – шен бIаьрхиш лечкъо гIертара эла. Нохчийн обарг кхийтира балано лаьцначу сванна ша дуьйцург хезаш доций.
– Дика зуда хир йу аьлла хетий хьуна цунах? – сван хьийзо волавелира Кута.
– Цул дика а, тешаме зуда а, берийн нана а кху маьлхан дуьненахь карор йац хьуна – халла жоп луш йуха а дIаваха гIоьртира сван, амма иза куьйг лаьцна сацийра Кутас. Элан доьхначу дагах кхеташ волчу нохчийн обаргана ца лаьара иза кхин дIа хьийзо. Кута забар йар дезаш вара, амма хIинца сел боккхачу сингаттамо лаьцначу эланан даг тIе туьха тийссал къиза а вацара нохчийн обарг.
– Сан хьоме доттагIа Мушни! Ас даггара декъал во хьо Балкхарехь уггаре а хаза йоI йалийна, тахана доьзал кхолларца. Ларйелахь иза. Ларбелахь хьайн цIена безам. Таханлерачу дийнахь дуьйна Фатика сан дуй биъна йиша хир йу – доггах маракъевлира Кутас эла Ратиани. ХIинца а хуьлучух кхеташ воцучу Мушнинна тIеведира Ахия:
– Нохчийн къоман ламаст ду: нагахь санна цара бIаьргашна гина а воцуш, дагца доттага хьаржинехь, цуьнан доьналлин лаккхара мах хадош, уггаре а деза совгIат до цара. Фатикаца хьайн дахаран некъ дIакхехьа сатийсинера ахь. Кутас иза хьуна йала а йина. ХIинца иза хьан йу! – Ахияс доггах маракъевлира шен доттагIа…
Мушнис Фатика йалийна той кхаа буса даздеш дара. Кхин а масех дийнахь доттагIий болчохь хан а йаьккхина, сван шен нускал а эцна Кавказан дукъа тIехьхула цIа ваха новкъавелира.
– Со цкъа а текхна вер вац шуна хьалха долу декхара – Мушнис бIаьрг туьйхира кертахь гулбелалчу шен накъосташка. – Кута, ахь сан дахаран маьIна а, сан ирс а йухадерзийна. Тахана хьо бахьанехь сайн са дIадала а кийча ву со! – маракъевлира цо обарг.
Сурт диллинарг Айтек Дуг
– Ма къинхетаме хилла соьца АллахI! Цхьаьна дийнахь хIусамда Мушни а, доьналла долу нохчийн ваша Кута а вели-кх цо суна – Фатикан Iаьржачу бIаьргашкахь кхерстара ирсан алу.
Кута хIинца а дагалецамийн йийсарехь вара. ХIетахь хилларг дагатесна, цхьа шатайпа йовхо йаьржира цуьнан кийрахь. Ахияга а хьажна цо элира:
– Дер деза ас Мушнина а, Фатикина а делла дош кхочушдеш, уьш болчу хьошалгIа ваха.
– Кху деношкахь лаьмнашкахь доккха ло ду, вайшиъ Мушнинна тIе кхачалур вац. Масех де хьалха сванийн тоба дукъа тIехьахула кхуза сехьа йаьллера. Сванашна хазахета моьтту суна дарцашкахула лела. Уьш кестта шайн цIа гIур бу, цаьрга хабар дохьуьйтур ду вай, хьо со волчохь Мушнига хьоьжуш ву аьлла – жоп делира Ахияс.