Читать книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани - Страница 8

Обарган новкъахь
Дешхьалхе

Оглавление

Ширачу заманахь дуьйна нохчаша шайн лаьмнашкахь лекха бIевнаш йеш хилла. Цу бIевнашкахь уьш бехаш хилла, цу бIевнашкара мостагIийн бIо а йуха тухуш хилла цара. Заманан йохалла стигла кхийдаш хилла ирхечу тархаш тIехь тIулгах йоьттина нохчийн шира бIевнаш.

Хийла мостагIа вогIура уьш йохош, амма тIаьхьарчу тIаьхена йуха а буьллура тIулг, йуха а йуьллура бIов шайн дай баьхначу лаьмнашкахь. Нохчийн ломахь рогIера тIеман дарц даьлча, хеталора и бIевнаш йан кхин стаг хир вац, уьш кхин цкъа а гур йац цу лаьмнашкахь, амма цу бIевнийн херцаршна тIехь гучуйовлура керла гIаланаш. Даймахкана хьалха долу декхара сил а, дахарал а деза хетачу къоман ницкъ кхочура шайн маршонан билгалонан – керлачу бIевнан тIулг билла.

ХIоразза а летара нохчий мостагIех шайн маршо, паргIато, синтем къуьссуш. МостагIийн терахь алсам мел долу, гIора дайна къам кхин а лекха лаьмнашка хьалагIертара. Лакха хьала мел довлу, цаьргара ницкъаш кхууьра, уьш и лаьмнаш санна онда а, зоьртала а хуьлура, цундела мостагIчо ца боккхура толам, иза эшамца лаьмнашкара йухавоьрзура.

Цигара охьабиссича, шайн хIусамех йиссина херцарш бен ца карайора царна, амма дахаре болчу безамо, цу дахарца йолчу шовкъа гIо дора царна и хIусамаш тайеш, цу чохь керла дахар кхолла, доьзалаш кхио. Ишта дIаоьхура бIешераш. Карарчу хенахь, 21-чу бIешарехь а дерриге а дуьне теш хилира нохчийн къомана тIебеанчу баланан – йохийна, йаьржийна йарташ, гIаланаш, амма цара шайн дайша санна йухаметтахIоттийра шайн дахар, царна йуха а карийра шайгахь доьналла а, ницкъ а. ХIора а нохчочо шен бIов йуьллуш, лерина тIулгана тIе тIулг буьллу, и тIулг цуьнан къоман историн лард йу. ХIора а тIулг нохчийн Iадат ду – къоман син-оьздангаллин лийр йоцу гIап, и хIора а бIов – къоман тIум йу, цуьнан иэс дийна хиларан билгало йу. Нохчийн лаьмнашкахь лаьтташ йолу бIевнаш шатайпа архитектура хилла ца Iа, иза – нохчалла кхоллалуш йолу пхьаьлгIа йу.

Бусулба дин, Сий, Адамалла, ГIиллакх, Доьналла, Ларам, Оьздангалла, Маршо, Нийсо, Барт, Ийман, Комаьршалла, Къинхетам – къаьсттина и лийр йоцу мехаллаш йеха цу бIевнашкахь, цу мехаллех йоьттина а йу уьш нохчийн къомо. Цу мехаллашна юкъара цхьаъ мукъне а «тIулг» ца хилахь, бIов хаьрцар йу, иштта нохчочун йиш хир йац ша нохчо ву ала, нагахь санна цуьнан дахар цу мехаллех доьзна ца хилахь.

Нохчий цкъа а ца хилла дин доцуш, ийман доцуш. ХIинцалера харц историкаш нохчийн къам Iеса хилла боху ойла йаржо гIерта йукъараллехь, амма нохчийн къам кху дуьнен чохь мел деха, дехаш хиллачу Iадатана чохь гулйелла йу бусулба динан уггаре а йеза мехаллаш. Хийла къахьегна мостагIаша нохчийн къоман цIе йожо гIерташ, цунна ирча цIе кхолла гIерташ. Цу гIуллакхна шайн ницкъаш ца кхоийна цара цкъа а, амма даима а иза эрна хуьлу, хIунда аьлча нохчийн къоман ша мокхазан берд санна йоккха гIортор йу – цуьнан истори, мотт, син-оьздангалла.

Къаьсттина меттан хьокъехь дерг аьлча, билгалдаккха деза нохчийн мотт кху дуьнен чохь уггаре а хьал долчу а, ширачу а меттанашах цхьаъ хилар. Нохчийн меттан хIора а дош кIоргера чулацам а, маьIна а долуш ду. Нохчаша шайн маттахь йитина тIаьхьенна йовр йоцу лар – дуьненан да Дела хилар тешош. Цундела и Дела воцург шайн коьртехь цхьа а гина вац царна цкъа а, цундела ца хиъна царна цкъа а цхьанна а къарбала – йа паччахьан Iедална а, йа аренца тIелеташ хиллачу мостагIашна а, йа къизачу советски политически ражана а.

Нохчочо орамца хадош ду шен тайпанехь а, тукхумехь а ша санна волчу маьрша стагана тIехь олалла дар. Нохчаллехь каро мегар ду хьекъалан, динан бух. Цу буха тIехь кхуллуш хилла къомо шен кхане, нохчаллас къагош хилла цу къоман дахаран некъ.

Интернетан агIонашкахь «Горцы» цIе йолчу книган кийсагаш йеша сайн аьтто баьлча, суна йевзира сайн къоман амалан хIинцалц йевзина ца хилла цхьа йолу керла, сирла агIонаш. Ала деза, Ратиани Мурмана шен йозанашкахь йоккха лар йитина йерриге а Кавказан дахарехь. Цо цинцашца гулйина Кавказан сий лардеш хиллачеран дахаран истори.

Халахеташ делахь а, Мурман дуьнен чуьра дIавахана, маршонан зIаьнарша дахар къагийна хиллачарех ша йазйина йолу книга зорбане йаьккха а ца ларош. Йешархойн ирс хилла авторан йоьIана шен ден йозанаш карийна, цо книга зорбане йаьккхина. Лоьран корматалла йолчу Ратиани Мзияс, дерриге а дуьненна дийцина мел сийлахь хилла Кавказан кIентий, мел лаккхара хилла Кавказан хIора а къомера къонахийн доьналла. Кху книгин агIонашкахь Мзияс а, Мурмана а литературни исбаьхьа дашца, буьззинчу барамехь гайтина Кавказан обаргаша латтийна къиссам, церан лехамаш, цара гайтина хилла доьналла.

ХIара книга йешча хуур ду Кавказ цкъа а акха ца хиллий, мелхо а адамаллин а, син-оьздангаллин а масала иза хиллий. Нагахь санна Рим а, цуьнан бакъо а, иштта кхин йолу дуьненан пачхьалкхаллин кепаш а нохчийн Iадатаца дустича, мел дукха хIума Iамо дезар дара царна. ШарIанан бакъонаш а, Iадатан лехамаш а мах боцу хазна йу. Шен дахарехь царна тIетевжаш волчу ламанхочо цкъа а дийр дац зулам.

Адам син-оьздангаллехь кхиорехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу матто, цундела шеко йоцуш ала мегар ду, ишта маьрша, кIоргера мотт болчу къома цкъа а ца айайтина шена тIе шед. Цуьнан тоьшалла ду кху книган коьрта чулацам хилла кийсаг – къоначу элас тоьхна шед ца ладеллачу нохчочо динарг. Синхаамийн шорте цу маттаца ца хилча, къоман кхетам къен хуьлу. Тайп-тайпанчу меттанашах кхоллабелла болу мотт заманан йохалла бовр бу, иштта ша кхолла гIиртина къам а дIада кхераме ду.

ТкъолгIачу бIешеран йохаллехь Дела вац бохуш хиллачу къомо хIун ойла кховдор йу дуьненна? Хир буй цуьнан дахаре болу хьежамаш сирла а, цIена а? Иштачу къомо дуьненна зен бен дийр дац, цуьнгара синтем а, паргIато а хир йац цхьанна а. Цуьнан даима а лаам хир бу кегийчу къаьмнашна тIехь олалла дан, цу къаьмнийн барт бохош, уьш дохийна даржо, уьш шех дозуш хилийта.

Паччахьан Iедалан къиза а, боьха а хилла политика кхайкхаза хьаша хилла, герзан ницкъаца кхечира Кавказе, шеца зулам а доьхуш. Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.

Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш. Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка. Боккъалла а кIоргера кхетам а, майра дегнаш а долчеран бен аьтто бер бац шайн сирла ойла дуьненна кховдош, къиссам латто.

Ширачу заманехь дуьйна даима а мостагIашца латточу къиссамехь кхиъна йу нохчийн къоман лаккхара син-оьздангалла, доьналла, шайн Даймахкана – Кавказана муьтIахь хилар. ХIора а заманехь хиллачу къизачу тIемашкахь, буьйсанан боданехь гучудовлу седарчий санна гучубовлуш хилла нохчийн къонахий. И къонахалла наноша аганехь дуьйна кхиош хилла берашкахь. КIилло хилла дуучу дуьненан мах хетта бац нохчашна цкъа а. Нохчо дегIаца а, сица а кхиар чолхечу хьелашкахь хилла, амма хIете а иза нуьцкъалла а тоьлла а хилла Кавказ къар йан оьхучу мостагIел.

Ишта сица а, дегIаца а турпалалла шегахь йолуш веана кху дуьненчу Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута а. Цуьнгахь дегIан хазаллел а, лаккхарчу син-оьздангаллел а, майраллел а кIоргера Iилма а хилла. Кутина оьрсийн а, Iаьрбойн а, гуьржийн а, туркойн а, чергизойн а меттанаш хууш хилла. Мел зама дIаэхарх, оьрсийн Iедалан Кавказан хьокъехь йолу политика цкъа а хийцайелла йац. Цу Iедалан лаам цхьаъ бу – Кавказан къаьмнаш шайн историх, маттах, Iилманах, оьздангаллех дохуш, уьш сийсаза дар.

ХIара книга, шеко йоцуш боккъалла а Кавказан жайна лара мегар ду, хIунда аьлча кхузахь автора цхьа а озабезам боцуш гойту хIора а Кавказан къоман сирла ламасташ, гIиллакхаш, амалаш. Гойту церан барт а, цхьалла а. Обаргийн вежараллийн уьйраш, уьш вовшашна орцане гIовттар йу кху книгин коьрта башхалла а, кIоргечу чулацаман цхьа агIо а. Автора доккхачу литературни похIмаллица а, исбаьхьаллица а довзийтина коьртачу турпалхочун – нохчийн обарган Кутин васт. Иза къиссамах, цIий Iанорах хьаьгна, хьере зуламхо вац, иза халкъан чIирхо ву. Цуьнан коьрта лехам – нийсо йу. Цу нийсонан новкъахь лела хаьа цунна.

Ала деза, заманан майданехь шена дуьхьал Iоттавеллачу муьлххачу а къомера а, динера а, даржера а волчу стагаца бийца мотт карийна цунна, шен ойла а, ша арабаьккхина некъ бовзийта а хиъна. Кутин ламастехь дацара гIийлачунна тIехь ницкъ бар, иштачу ницкъашна дуьхьало йан даима а доьналла хилла цуьнгахь. Дашца а, гIуллакхца а нийсо къуьссуш хилла иза даима. Цо цкъа а ца къестийна къаьмнаш. Мискачу стеган орца а, мекара мостагIан кхерам а хилла лелла ву обарг. Цуьнан сирла васт дуьненан тIегIанехь дийца хьакъ ду. Билгалдаккха деза, иза бекхаман новкъа валаран коьрта бахьана а. Йезарца шовданехь лаьтташ хиллачу жимачу стаге ца ладеллера нуьцкъала шен махка а кхаьчна, шен къомана тIехь олалла дан гIертачу бийца бух боцучу, мостагIаша, шайн боьхачу ламастехь ма-хиллара нохчийн йоккхачу стагана йина гIело.

Исбаьхьа хазачу нохчийн матто дашо хIур биллина пхьегIа санна хазйина хIара книга. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн мотт кху дуьненчуьра муьлхха а мукъамца богIуш хилар, цу маттахь аьлла муьлхха а дош шатайпа чулацаме доьрзий хазлуш хилар. Ойла йе йешархо, хьайн ненан меттан бекаре, тIаккха хьуна хьайн Даймехкан васт гур ду – ламанца даима а йекхна хуьлу Iуьйре, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а.

Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамийн эшарехь цхьа тамашийна мукъам хеза. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хетало и мукъам лаьмнаша йазбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан.

Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург йетташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, йуха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а сурт диллархочун а, йа илланчин а. И тайпа хазачу маттахь довзийтина долу Кавказан хаза гIиллакхаш дагах ца кхетийла йац.

ХIара книга шеко йоцуш мехала дакъа ду нохчийн литература кхиорехь а, Iалашйарехь а. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн меттан хазалла кху книгин агIонашкахь йовзийтиначу гочдархочун корматалла лаккхара хилар. ХIора а кийсаг шатайпа дагах кхеташ, ша зевне мукъам санна йека лерехь. ЧIир, къиссам, цIий Iанор, къизалла, амма цу дерригенна а йуккъахь, Кавказан оьздаллица, кIоргера нохчийн маттахь кху агIонашкахь бовзийтина сирла безам. Масала, кхарачойн эла Бекмирзас нохчийн обарге шен дагара дийцар:

«Кута! Суна чIогIа эхь-м хета хьоьга иза дIаала, амма сан бехк болуш хIума дац иза. Безам бахна сан. БерхIиттара ваьллачу жимхина санна йоI йезаелла суна, цу безамо дIалаьцна сан берриге а кхетам. Со мичча а вахча а, хьаьнца а къамел деш хилча а, хуьлийла со цIахь йа, ломахь, йа хьуьнхахь, йа доьзалан гуонехь, доттагIашца шуьнехь, йа мостагIашца болчу къиссамехь, сан ойланашкахь цуьнан сибат бен кхин хIумма а дац. Де а буьйса а, вижар а, гIаттар а доцуш лелаш ву со. Цуьнан и исбаьхьа хаза амат ша барзана тIаьхьа ваьлла иччархо санна суна тIаьхьа даьлла лелаш ду.

Ас даима а лоьху и амат – гIенахь а самах а, лоьху, марха даста хьаьгначо стиглахь маьркIажен седа лоьхуш санна, ижунна тебначу цIоькъ-лоьмо лоьхуш долу лу санна, диканах дог диллинчо тIаьххьара сатийсам санна, лоьху турпалхочо лоьху шен толам санна. Лехнарг карадо ма олура, ва Кута! Цуьнан и кIоргера, дахаран цIе шайна чохь кхерсташ болу и жугIар ши бIаьрг, ломара шовданан санна долу цуьнан и самукъне йелар – цу дерригено а со хьере вина…».

Ларамза дац нохчийн матта ишта шатайпа боккха тIеIаткъам беш хиларан, хIунда аьлча и мотт ширачу Шумерера схьабеана, Пайхамараша бийцина мотт бу, цундела ду ду цу меттан бекар ишта шатайпа, цу матто кхуллуш йу нохчийн къоман син-оьздангаллин лард. Шеко йоцуш хIара книга, йерриге а Кавказан исторехь йоккха меттиг дIалоцуш йолу говзар йу. Кху книгас самадоккхур ду нохчийн къоман иэс, тIаьхьарчу тIаьхьенна нийсонан, бекхаман новкъахула доьналлица чекхваьлла волу вайн къоман сийлахь турпалхо – Довта-МартантIера, чIинхой тайпанера нохчийн обарг Кута вовзуьйтуш.

Акаев ИсмаIал – йаздархо, журналист, Лондонера Евразин кхоллараллин Гильдин декъашхо, театран а, кинон а гIуллакххо.


Сурт диллинарг Айтек Дуг

Кавказан баххьаш. Горцы

Подняться наверх