Читать книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани - Страница 12
I том
Сванетера Ратиани Мушни
ОглавлениеИттех де даьллера Кута Ахия волчохь хьошалгIахь волу. Кхолламан беттан чаккхе йара иза. ГIурано лаьцнера латта. Цу дийнахь Ахия шен хьаша а цхьаьна жимма волавала араваьллера. Накъостий гIаш Абайн бIов йолчу агIор бахара, шайна тIаьхьа говраш а йуьгуш. Арахь цхьа йекъа шело йара, маьлхан зIаьнаршлахь дато бос бетташ лепара диллина доккха ло. Черекна а гайтинера гIурано шен ницкъ. Ахканан шина а йистехь ша бинера. Ткъа Кавказан ламанийн баххьаш стигланан сийналлехь шайн къоьжа кортош а лепош лаьттара. Маржа-йаI! Ма баккхийчу хиламийн теш хилла лаьтта уьш кхузахь эзар шерийн йохаллехь. Ткъа тахана цара къобалдо Кавказан обаргийн вежаралла, цара шайн Даймехкан маршонах дог ца дуьллуш арабаьккхина болу и чолхе некъ.
– Кхайкха везаш ца хиллера вайшиммо Мушни, де дийне мел долу а чIагIйала мегаш йу шело, цундела тамаша бу и вайна тIекхачахь – элира доккхачу дукъе а хьоьжуш Кутас.
– Са ма гатде, Кута. Ломан буьххье вала гIерташ ма ваций иза а. Сванашна ламанан хIора тача девза. Суна-м наггахь моьтту и къам Дала кху дуьнен чохь мел болу лам талла кхоьллина ду – велавелира Ахия.
Лаьмнийн когашкахь шайн аьрха дой а совцийна геналле бIаьрг туьйхира цара. КIотар керайуккъехь санна гуш йара. Саьккалшчуьра пешнийн биргIанашкара нийса хьалаоьхучу кIарах кхета мегар дара арахь жимма а мох ца хилар. Iаьнан де цIена а, хаза а дара, цуьнан хIаваах дог Iаьбна ши бере воккхавера шаьшиннан садаIарах.
Iаьнан доца де сиха чекхделира. МаьркIажа ламаз а дина, КъорIан деша охьахиъначу Кутина хезира нехан аьзнаш. Ша долийна айат чекх а даьккхина, КъорIан тархи тIе охьа а диллина, иза хIун ду хьажа аравелира. Кертахь лаьтташ масех стаг вара, ткъа диллинчу кевнашкара гуш йара говрашца йоьжна салазаш. Ахияс цхьаьнга чукхойкхура, амма иза шен салазца сиха дIавахара. Шен цIийнан неIсагIехь лаьтта Кута а гина, Ахияс мохь туьйхира:
– ТIеэца хьайн сванаш!
Iаьнан буьйсанан шело а йахьаш, хьешашца цхьаьна чоьхьавелира Ахийа.
– Ассаламу Iалайкум! Дика мел дерш догIийла кху хIусаме! – месала куй охьабоккхушшехь Мушни вевзира Кутина.
– Ва Iалайкум ассалам, – дегайовхонца жоп делира цунна Кутас. ДоттагIий марабеттабелира.
Сване леррина хьаьжна, Кутас хаьттира:
– Хьо тойне ваха араваьлла-м вац, шаьлта а оьллина, чоа а доьхна?
– Вац! Соьгахь кхин а топ а йу. Со тойне ваха араваьлла вац, со тIом бан араваьлла ву. Кутас ловзарга суо кхойкхур воций хаьа суна – забар йира эла Ратианис. ТIакхха цо нохчочунна бовзийтира шеца баьхкина накъостий:
– Кута, хIара Хергиани Дато ву – сан бераллера тешаме доттагIа. ХIара ца хиллехь со кхуза тахана кхочур а вацара – элира Мушнис, зоьртала дегIехь, куц долу ламанхо Кутина тIе а валош.
Дато леррина хьоьжура шена дуьххьара гуш волчу Кавказехь цIейаххана волчу нохчийн обарге:
– Суна дукха хезна хьоьх лаьцна дуьйцуш. Фатикас хьоьга доккха салам-маршалла а ло бахара, хьо вихкина а Сванети дIакхачаве а бахара цо – элира гуьржичо Кутига куьйг а луш.
Хьеший йоккха чоь дIалаьцна охьахевшира. Пенна хьалха лаьттачу пешахь, цIарул цIен суйнаш дIасхьа а кхуьссуш самукъне лелхара дечиг. Беха некъ бина гIелбеллачу хьешийн догIмаш мерзачу кхачано а, хIусамера йовхоно а малдинера. ХIусамда вистхилира:
– Кута, вайн хьеший гIелбелла. Хетарехь, вай тховса садаIа деза, ткъа кхана паргIат вайн гIуллакх дийцаре дийр ду вай.
– ХIан-хIан! Оццул гIелвелла а вац со, Кутас со хIунда кхайкхина хIинццехь ла ца доггIал – элира Мушнис, лерина шен нохчо доттагIчун бIаьра а хьоьжуш. Цуьнца реза хилла корта лестош вара Хергиани Дато а.
– ТIаккха-м, хетарехь вайн суьйре дикка йахлур йу аьлла хета суна – велакъежира Ахия.
НеIсагIехь лаьттачу шен вешин кIанте а хьаьжна, хIусамдас элира:
– Цундела чай даима а довха а хила деза!
Буьйсанан тийналла хьаьрчира хIусамах. Массо а Куте ладогIа кийча вара. Нохчийн обарга дийца долийра ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву:
– Ши кIира хьалха цхьа нохчо волчохь со хьошалгIахь волчу хенахь, суна хиира Геловани Илико гуьржийн эла волчохь закъалтана лаьцна нохчийн жима кIант хилар. Иза Нохчийчу цIа а вигна, шен волчарга дIавала веза ас. Амма цкъа суна хаьа деза и кIант дийна ву йа вац, боккъалла а и эла волчохь ву и кIант йа вац – Кута сатийсамца хьоьжура Сванетера шен накъосташка.
– Тхуна хаьа цунах лаьцна – гIайгIане шен доттагIчуьнга Датога хьаьжира Мушни. – Масех бутт хьалха, нохчийн цхьаьна совдегара дукха ахча дара цу кIантах луш, амма къена эла ша аьлачунна тIера вер волуш вац – элира Мушнис, геналле бIаьрг бетташ.
– КIант эцалур вац. Иликонна ахчанан мах ца хета дукха хан йу – къамелана тIевирзира Хергиани. – Суна хетарехь и хаттар ДадешкеланигIара къастор дара. Ма-дарра аьлча, цара дакъазадаьккхина а дара ГелованигIеран тайпа. Цхьаьна хенахь Дадешкилиани Тенгиза цхьа чIогIа доккха гIуллакх дина хилла боху Геловани Иликонна, цундела иза цунна хьалха декхарийлахь ву. Ша Тенгиз хIинца вац, амма цуьнан кIантана Татарханна хууш ду ша дерриге а. Нагахь санна хьан цу ДадешкелианигIарна тIекхача аьтто балахь, ахь хIумма а хала ца воккхуш, кIелхьаравоккхур вара и кIант – хехар дира Кутина Датос.
– ДадешкелианигIар болчохь кест-кеста хьошалгIахь хуьлу кхарачойн эла Крымшамхалов – элира Мушнис.
– Крымшамхалов Ислам суна дика вевза! Тхойшиъ доттагIалла лелош а ву – хазахийтира Кутина. ХIинцалц вистхилар доцуш хиллачу хIусамдас элира, Кутина сатийсам бохош:
– Схьахетарехь, Илико Геловани кIоршаме стаг а ву, ша аьллачунна тIера вер волуш а вац. Нагахь санна цо ДадешкелианигIеран дехара а жоп ца луш дитахь, тIаккха хIун дийр ду вай? Цу тIехь ойла йан еза вай!
– ТIаккха вай нуьцкъала цуьнан хIусаме чу а девлла, кIант Куте дIалур ву-кх – дIахьедира Мушнис.
Ах буьйса йаьллера. Пешахь лелхачу дечиган тата бен ца хезаш, йуха а тийналла йоьссира.
– Со бахьанехь цхьаьна а стагаца шу девне ас довлуьйтур дац. Суна хаьа сванийн йукъараллехь чIир боху дош муха маьIна йолуш ду. Суна шуьгара оьшург гIо бен дац, ас цIий Iанаде ца боху шуьга. КIентан да а вийна элас шен цхьаъ бен воцучу кIантах чIир эцна. – Алу хилла догура Кутин бIаьргаш. Нохчийн зудчун дахар гIеметтахIоьттинчу шина къонахчун дахаран меха ду – элира Кутас, къона нохчийн зуда йалар дагчуьра ца долуш…
Кавказехь цу деношкахь кхин а чIогIа шелйелира. Цу хьолехь шен хьеший новкъа ца бовлийтира Ахияс. Цундела цара кхин а масех де даьккхира Балкхарехь. Накъостийн барт хилира бIаьста, жимма а некъаш аттачу девлча, Кута кхарарчойн элаца Крымшамхаловца Дадешкелиани элий болчу Сванете хьошалгIа а веана, церан гIоьнца кIант цIа верзо хьожур ву аьлла. Нагахь санна ишта а аьтто ца балахь Кутас ламанхойн тобанца Сванете а вогIий, нуьцкъала кIант схьавоккху, ткъа цуьнан накъосташа сванаша Доккхачу дукъа тIехьахула Балкхаре дехьавала гIо до цунна.
Цу тIехь барт хилла дIасакъаьстира накъостий. Мушни шен доттагIчуьнца Хергианица къоьжачу Кавказан ирхенаш рогIера йаха дIатасвелира, ткъа Кута шен накъостаца ГIебарта вахара, цигахь жимма са доIуш, хан а йаьккхина, Нохчийчу дехьавала дагахь.