Читать книгу Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани - Страница 6

ДIадолор

Оглавление

Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзийан а «Ламанан баххьаш» цIе йолчу романах лаьцна

Вайн тидаме йалийна йу гуьржийн йаздархойн Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а хIинца а чекхйаккханза, оьрсийн маттера роман (Горцы) нохчийн матте гочйина йолу «Ламанан баххьаш» цIе тиллина йолу роман. Кху романехь дуьххьара нийса мах хадийна кхузахь йуьйцучу заманан хиламийн. Исбаьхьа хаза, цхьа шатайпа нийса довзийтина халкълахь обаргаш олуш хиллачу Кавказан турпалхойн васташ.

XX-чу бIешеран йуххьехь Паччахьан Россехь обаргалла чIогIа даьржина дара, обаргех лаьцначу дийцарийн хьокъехь Россин интеллигенцина хетарг тайп-тайпана дара. Дукха хьолахь обаргаш Iедална дуьхьал бевлла зуламхой лорура, ткъа бахархошна уьш халкъан чIирхой хетара. Обаргех йуьзна йара йерриге а Кавказ. Уьш массанхьа а бара: Гуьржехь, Азербайджанехь, Дагестанехь, Нохчийчоьхь, ГIалгIайчохь, ХIирийчохь, ГIебартахь, Балкхарехь, Кхарачахь, Адыгеяхь. Паччахьан заманахь шен цIейаххана евзаш йолчу «Кавказ а, Поволжье а» цIе йолчу книгахь Цаликов Ахьмада йаздо обаргех лаьцна.

Къардинчу къаьмнашца Паччахьан Iедалан йолу мостагIаллин йукъаметттигаша а, халкъашна тIехь цу Iедало латточу къизаллас а ца бевлла Iазапхошна дуьхьал гIиттабора обаргаш. Муха дагадогIур дац нохчийн халкъан турпалхочо Шерипов Асланбека Кавказан ламанхойн а, Паччахьан Iедалан а йукъаметтигийн хьокъехь аьлларг: «Iедало кхерийна къам, ткъа Iедал кхерийна обаргаша». ХIунда кхолладелла ишта хьал? Ма-дарра аьлча, Кавказехь Паччахьан администрацис кхоьллина йолчу урхаллин системас тидаме оьцура къарбала ца туьгучу ламанхойн ламасташ, Iадаташ, дин, ткъа церан дахаре болу хьежамаш къаьсташ хуьлура Iедалан хьежамашца.

Советан Iедалан муьрехь Кавказан обаргех лаьцна дукха йаздархоша йаздина. Иштта, 1930-чу шарахь хIирийчо Гатуев Дзахос зорбане йаьккхина «Зеламха» цIе йолу документальни повесть. Иза цо кхоьллинера Ленинградан, Москван, Соьлжа-ГIалин, архивашкара Iаламат дукха кехаташ толлуш, Зеламха вевзаш хиллачу нахаца цхьаьнакхетарш дIахьош. 1938-чу шарахь кхарачойн къомера волчу Хубиев Османа йазйина «Обарг» цIе йолу повесть, 1957-чу шарахь адыга Керашев Тембота зорбане йаьккхина иштта «Обарг» цIе йолу шен повесть», 1978-чу шарахь зорбане йаьлла гIебарточун Шортанов Аскербин «Ламанхой» цIе йолу роман, 198I-чу шарахь Мамакаев Мохьмада йазйина «Зеламха» цIе йолу роман.

ЦIейаххана вевзаш хилла волу обарг Зеламха цо шен романехь гайтина социальни нийсо къуьссуш волу халкъан чIирхо санна. Обарган доьналла мах хадийна ца валлал лаккхара ду, амма цо тейпанийн йукъаметтигашна а, иштта Паччахьан Iедална а тоссуш бу и кхерам, ткъа и Iедал шайгахь мел лаккхара доьналла а, майралла а хиллехь, обаргийн хийца ницкъ бацара.

Социальни революцишкахула и Iедал хийцича бен аьтто бер бацара Iазапхоша дуьне гатдиначу къоман дахар хийца. Ишта йаздора историкаша а шайн Iилманан белхашкахь.

Амма билгал ца даккха йиш йац, тайп-тайпанчу регионашкахь карарчу хенахь социальни-экономически лард билгалйеш йолу йохка-эцаран йукъаметтигаша цкъачуна нах социальни нийсоне кхачийна бац, мелхо а цара адам декъна, харцонан керла кепаш кхоьллина, адамна тIехь къайлахь латточу Iазапан кепаш билгалйевлла, къоьлла гучуйаьлла. Социальни даI даларо керла обаргалла гучуйалийта мел оьшу хьелаш ду кхуллуш.

Заманан йохалла Кавказан йаздархошна дицделла халкъана тIехь лаьтта социальни даI. Ткъа 2019-чу шарахь, цIеххьана вайн тиламе йолу дас а, йоьIа а Ратиани Мурмана а, Ратиани Мзияс йазйина «Горцы», ткъа карарчу хенахь нохчийн матте «Кавказан баххьаш» – аьлла цIе туьллуш, гочйина, зорбане йаьлла хIара роман.

Ала деза, кху романа суна боккха тIеIаткъам барал совнаха, оьрсийн маттахь ас хIара йешча, со инзаре воккхавера вайн меттан хазаллех, кIоргаллех. Нохчийн маттахь кхин тайпа хIутту кхузахь хIора а сурт, кийрахь цIе латош, дог-ойла ша аьрзу санна тIема йоккхий, ира-кара хIоттош, Орга санна пхенашкахь цIий кхехка. Маржа йаI нохчийн мотт! Моз санна мерза бу хьо, шаьлта санна ира бу хьо, хIорд санна кIоргера бу хьо.

Кху романа сан берриге а кхетам дIалаьцнера цуьнан агIонашкахь йовзийтинчу исторически факташа, адамийн шатайпа васташа. И роман бахьана долуш со кхечу агIор хьоьжура Россис къардинчул тIаьхьа, шайн маршонах, нийсонах девллачу Кавказан къаьмнийн а, Iедалан а йукъаметтигашка. Цу хенахь Россин империс къардинчу къаьмнашна кочайуллуш хиллачу социальни а, бакъонийн а система вуно чIогIа къаьсташ йара ламанхойн ламасташца, Iадаташца, церан вежараллин йукъаметтигашца, цундела царна тIеIоттайелларг йоккха къизалла йара.

«Кавказан баххьаш» говзар – атта йешалуш, йешархочун берриге а кхетам дIалоцуш, литературни исбаьхьалла ца кхоош йазйина роман йу. Цу говзарехь исторически нийсонца довзийтина ламанхойн ламасташ, Iадаташ, церан кхача, уьш бехачу меттигийн цIерш, церан вежараллин баххаш, чIир эцаран мехаллаш а, дахаран чолхе киртиг тIехIоьттича, цара вовшашка кховдош хилла доттагIалла а.

И роман йоьшуш, берриге а тидам тIебоьрзу авторан кIоргечу ойланна.

Шеко йац, хIара роман бакъ болчу хиламийн, дагалецамийн халкъан лийр доцучу иэсан буха тIехь кхоьллина хилар. Романан коьрта турпалхо ву XIX-чу бIешеран цIейаххана вевзаш хилла, Довта-МартантIера нохчийн обарг Кута. Шен йозанашкахь Ермоловс и йурт «Доун-Мартан» цIарца билгалйоккху. Цо йаздо и йурт даима гIебартойн обаргашна кIелхьарадовлийла карош болу лаьхьанан бен бу бохуш. Цундела ламанхойн чалтача чим бина йагийнера и йурт. Халкълахь и йурт йевзаш йара Шайх Мансура дешна йолу, Кавказехь цIейаххана евзаш йолу хьуьжар къаьсттина кхузахь кхоллаелла хиларца, ткъа Шайх Мансуран нана Ану а Довта-МартантIера хилла.

Цу хьуьжарехь нохчий хилла ца Iара доьшуш – ногIий, адыгаш, гIебартой, балкхархой. Цундела заманан йохалла ца хедаш долу вежаралла кхоллалора берийн цу хьуьжарехь.

Романан турпалхой бу Кавказан обаргаш: нохчо Кута, гIалгIа Сулумбек, харачо Зеламха, сван Ратиани Мушни, кхарачо Канамат, хевсур Циклаури Давид, табасаранец Аллахверди, лезгин Кири-Буба, балкхархо Джангуразов Ахия, гуьржи Шеварнадзе Дато, гIебарто Клишбиев Аслан, адыг Тхогазитов Илес. Уьш Кавказехь цIейаххана бевзаш болу халкъан чIирхой бу. Церан вовшашка болу тешам лаккхара бара, муьлхха а чолхе киртиг тIенисйелча, уьш дукха ойла ца йеш, шайн ницкъаш ца кхоош, вовшашна тIекхача хьовсура.

XIX-чу бIешеран чаккхенехь а, XX-чу бIешеран йуьххьехь а Имам Шемала ткъе пхеа шарахь бина тIом чекх ца баьлла, цо халкъан, обаргаллин болам эцна. Романехь бовзийтина болу Кавказан обаргийн болам иза Россин империн эскарна дуьхьало йан аьтто болу боккъалла а боккха ницкъ бу. Адамаша даима а гIо дар а, шайн вовшашца барт хилар а бахьана долуш, обаргийн аьтто болура эшам боцуш кIелхьарабовла.

Романан хьалхарчу декъехь вайна бовзуьйту нохчийн жимачу кIентан къиза кхоллам. Иза гуьржийн къеначу эланан йийсарехь вуьссу. Паччахьан къона эпсар, Гелованин кIант Хонкар мехкан дозанехь лаьттачу йармаркана пайтонца тIехволучу хенахь, дог Iабош шед йетташ вара мискачу нахана. Цуьнан шед кхийтира базара веана хиллачу нохчочунна а, ткъа цо хье ца луш дуьхьал жоп а делира. Эпсара шаьлта тоьхна, чевнаш йо нохчочунна, ткъа нохчо а лараво шаьлтанца цунна дуьхьало йан. Къона эпсар цигахь дIаволу, ткъа чевнаш йина нохчо а, цуьнан зуда а, бер а Геловани эланан хIусаме дIакхачадо. Гелованис зудчунна а берана а хьалха тур тохий и нохчо вийна дIавоккху.

Романан хьалхара дакъа чекхдолу Гелованин куьйгара нохчийн кIант маьрша ваккхарца. Кхузахь дуьйцу Довта-МартантIера нохчийн обаргийн Кутин Кавказера накъостий шайн ницкъаш ца кхоош, нохчийн берана орцах муха бевллера.

Кутас цIа верзаво кIант, Гелованига шен мекара Iалашо кхочуш ца йойтуш. Ткъа Кутина цу тIехь доккха гIо дира гуьржийн а, хевсурийн а, сванийн а, балкхархойн а обаргаша. Ратиани Мурманан а, Ратиани Мзиян а романан шолгIачу декъахь дуьйцуш ду Бакура мехкдаьттанан промыслийн белхалошна декхара йуха дерзорехь Кавказан обаргаша кхочуш йиначу шатайпа операцих лаьцна.

Мехкдаьттан промыслашкахь къахьоьгуш хиллачу тайп-тайпана къаьмнашкара болчу белхалошна царна догIу алапа дIа ца деллера. Мархи бутт бара чекхболуш, бусулба динехь болчу белхалошна лаьара шайн доьзалийн гуонехь хила дезчу дийнахь. Цара Кавказан обаргашка гIо доьху. Кутас мехала дакъа а лоцуш, обаргаша тIедожадо капиталисташна Нобелана а, Нагиевна а, Тагаевна а белхалошна царна догIу алапа дIадалар.

Иштта, йешархочун тидам тIеберзош ду Теркал дехьа вехаш хиллачу нохчочун Шоптакхан гIалгIазкхиша кхо бIе говр лачкъорах лаьцна дийцар а. ГIалгIазкхиша, ламанхошна даккхий зенаш деш, шайн доьналла гойтуш, сих-сиха лачкъош хилла говраш а, кхин долу даьхний а.

Шоптакха оьрсийн правительствон омранца говраш эскарна кечйеш йара.

Говраш йухайерзор шена тIелецира Довта МартантIера обарга Кутас. Цу хаттарехь а ламанхоша гайтира шайн ира хьекъал а, кхетам а, йист йоцу доьналла а. Говраш шайн дена йухайерзийра, оцу кепара ларйира Паччахьан эскарна говраш кхиош волчу нохчочун цIе. Цунах лаьцна дуьйцуш, РатианигIара исбаьхьа говзаллица довзуьйту йешархошна чергизойн йоьIан Тимазин шен махкахочуьнга хиллачу безамах а, цуьнан ирча чаккхенах а лаьцна.

Иштта дагах кхеташ йолу кийсагаш шортта йу романна йукъахь. Маршо, йахь, сий боху дешнаш дахарал а деза хеташ хиллачу замане йухаверзаво цара йешархо.

Шеко йоцуш книгас гойту ламанхойн чолхе дахар, цара лайна халонаш, социальни харцо, цара шайн ницкъ мел бу нийсо бахьанехь латтийна къиссам.

Романан коьрта турпалхочун Довта МартантIера обарг Кутин дахар кхерамах дуьзна ду. Даима Iедало лар толлуш хилла иза дукхозза йамартлонна а тIенисло, амма хIете а иза цкъа а ца воьхна шен доьналлех, цо цкъа а дахаран диканех ца хийцина шен лаккхара мехалаш.

Цуьнан син-оьздангаллин тIегIа инзаре лекха дара. Тахана кху шалхонан, харцонан тойнехь цуьнан сирла васт масала хила хьакъ ду. Олуш ду, къонахийн зама дIайаьлла, амма хIара роман йешча хийла  стеган кийрахь доьналлин суй летар бу, и зама дIайалла ца хилар дагадоуьйтуш.

Со теша, баланаша зийначу, цIий хьуьйдина Кавказан лаьттахь къонахийн хIу хедар ца хиларах.

Акаев Вахьит, философин Iилманан доктор, профессор


Сурт диллинарг Айтек Дуг

Кавказан баххьаш. Горцы

Подняться наверх