Читать книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо - Страница 11
I КОРТА
Ардахар
ОглавлениеШайн кхерчах а, махках а бевлла нохчий са мел ду тийссалора шайн Iадатах, шайн ламастех, шайн берриге а кхетам а, Iер-дахаран кеп а къаношна тешош, хIунда аьлча кхолладеллачу хьолехь уьш бен бацара къоман иэс ларда ницкъ кхочуш.
ТIаьхьарчу тIаьхьене нохчаша кховдош долу шайн Iадат а, уьш цу Iадатана а, бусулба динна а муьтIахь хилар бахьана долуш, аьтто белира нохчийн шайн къоман башхалла а, кхетам а ларба а.
Амма Советан Iедало шен ницкъ мел кхочург дора нохчийн йукъаралла кхин долчу къаьмнех къаьсташ ца хилийта, цуьнан къоман кхетам орамца дIабаккха. Цу Iалашонца кхуллуш йара идеологически кхетош-кхиоран ишколаш. Цул совнаха КГБ жигара йукъа гIертара бусулба динна, амма нохчийн къоман синхаам лахбаларал совнаха, мелхо а марсабаьллера.
Цара шайн къиссам латтабора Iедалца. Йазйина йоцу истори ларйа хала дара, амма цара иза ларйира, цу тIаьхьенан кредо а хилира цунах 1990-гIа шераш кхаччалц
[14] Карлотта Галл а, Томас де Валл а историкаша билгал ма даккхара къам махках даккхаран зеделлачо мелхо а къоман барт чIагIбира. Арахь даьккхинчу цу кхойтта шаро шайн къоман ламасташна тIера хилийтира нохчий.
Махках даьккхиначу бIе эзар адамна йукъахь дара Жовхар цIе йолу бер. Иза винера 1944-чу шеран чилланан беттан 15-чохь, нохчийн къам махках даккха исс де хьалха.
Иза даьхнийн лоьран Дудаев Мусайн а, цуьнан шолгIачу зудчун РабиIатан а кхойтталгIа бер дара. Цуьнан бералла чолхе дара. Иза жима воллушшехь кхетара шен къоман цхьаьна а хIуманна тIехь нехан санна бакъо йоций.
Боккха доьзал а буьтуш да велча, цуьнан нанна бакъо йелира Казахстанан къилбера Шымкент олучу гIала дIайаха. Цигахь шийла а йацара, белхалой а оьшура. Шен да санна дешарна тIера волчу Жовхара, кхиамца чекхйаьккхира йуьхьанцара школа.
[15] Цу шерашкахь шовзткъе итт эзар берана юкъахь ялхийтта эзар беран бен деша аьтто ца хилар тидаме эцча, Жовхаран дика аьтто баьлла ала мегар ду.
Лаккхара дешарах чекхвала шен аьтто хир боций хаьара Жовхарна, цундела цо шен ницкъ кхочург дора доьзална гIо дан, ца къехкара мел хала болчу а балхах, жимма а шен ненан дахар аттача даккха.
Къаьсттина цу чолхечу муьрехь кхечира цунна Сталин велла аьлла кхаъ. Иза дара 1953-чу шеран бекарг беттан 5-чохь. Нохчий махкаха баьхна исс шо кхаьчнера.
Советски Союзан керла баьчча Хрущев Никитас дIадолийра Сталинан политически ражан аьчка хIоз бастар. Исторехь цуьнан политикин мур «Оттепель» олуш бевза.
Коьрта гIулч йара Сталинан тешаме накъосташ новкъара дIабахар. Уггаре а хьалха и болх къизачу Берийана тIера дIаболийра. Масех баттахь кхел а йина, ткъа цул тIаьхьа нохчашна хаза кхаъ боккхуш, тоьпаш туьйхира цунна.
ШолгIа гIулч йара Iазапхочо хьийзина болу пачхьалкхан мостагIашна тIера бехк дIабаккхар.
Оцу кепара, 1954-чу шарахь дуьйна «спецпоселенец» аьлла цIе йалхийтта шарера мел волчу нохчочунна тIера дIайаьккхинера. ХIетахь дуьйна церан аьтто белира, пачхьалкхехула маьрша дIасалела.
1955-чу шеран хьаьттан баттахь дуьйна и маршо еллера тIеман совгIаташ дина болчу хьехархошна а, оьрсишкахь марехь болчу зударшна а, иштта заьIапхошна а.
Кхин мел болчарна хьалха хилла дозанаш диссинера, амма таIзар ткъа шарера пхеа шаре лахдинера. Бехке хиларан кхелан терахь а гIехь лахделлера: 1949-чу шарахь хиллачу бархI эзарна тIера 1954-чу шарахь ткъе пхиъ эзаре даьллера.
Эххар а, 1956-чу шеран мангалан беттан 16-чохь гуттаренна а чекхйелира Ардахаран къиза а, йеха а буьйса.
Лаккхарчу Советан омранца нохчий Даймахка цIа берза хилла бехкам дIабаьккхинера. ТIедогIучу шеран кхолламан беттан 9-чохь йухаметтахIоттийнера Нохч-ГIалгIайн АССР. Цунах шен хьалха хилла кIошташ дIа а тоьхнера, Къилбаседа ХIирийн Республикин дозанехь йолу Пригородни а, иштта Дагестанан дозанехь йолу Ауховски кIошташ а йиссалц. Билгалдаккха даха деза Iовхойн мохк (Ауховски кIошт) Сталина нохчий махкаха а бахале Дагестанна дIайеллера. И хаттар хIинца а къастийна а дац, дукха хьолахь цунах шина къомана йукъара барт бохаран бахьана а хуьлу.
Советски Правительствос, нохчий хи санна цIа эха буьйлалахь, хало хир дуй хууш, цхьацца бехкамаш бовзийтира. Уьш бахьана долуш, цIа оьхучеран терахь лагIдаларе сатуьйсуш, амма нохчаша а, гIалгIайша а кхин хIумма а тергал ца дора, церан дагахь Даймохк бен хIумма а дацара, цундела 1957-чу шарахь уггаре а кIезиг шовзткъе итт эзар сов стаг цIа веара.
1958-чу шарна юкъахь цIа баьхкира дукхох болу вайнах. 340 эзар махках ваьккхина хилла нохчо а, гIалгIа а цу шарахь цIахь вара, амма церан болх бацара, уьш дешна бацара, тIедогIуш цхьаьна а кепара рицкъа дацара, амма хIете а 1959-чу шеран йуьххьехь 83% нохчий а, 72% гIалгIа а шайн дай баьхначу латтанашка юхабирзинера.
БIаьстенца дистина догIу ламанан хиш санна, нохчий а, гIалгIай а чухецабаларна меттигера Iедал доьхнера. Цунна ца моьттура иза ишта хир ду, цундела цара Москва кехат йаздира шайна гIо доьхуш
[16] 1958-чу шарахь Хрущевс тIера бехкамаш дIабаьхна доллушшехь, нохчийн пхоьалгIачу декъан бен аьтто ца белира хIусам хила. Кхин берш цхьаьна ханна дIатарбинера промышленни хьукматашкахь а, йоьхначу лаппаг1анашкахь а, ширачу фермийн херцаршкахь а, ламчохь а. Мокъазаллин тIегIанехь а хьал дукха хенахь чолхе лаьттира: дешна ца хилар бахьана долуш, дукхох болчу нохчийн аьтто бацара мехкдаьттанан заводашкахь болх каро, ткъа оьрсий царех тешаш ца хиларо и хьал кхин а талхош дара.
1959-чу шарахь оьрсийн 8696 корматаллин хаарш долчу белхалошца дустича, цара беш болу болх беш 177 нохчо бен вацара.
Даймахка цIа дерзар къахьдира нохчашна а, гIалгIайшна а. Мацах дуьйна шаьш баьхначу махкахь, шайн долахь хиллачу хIусамашкахь хьеший хилира уьш, социальни бIевнехь, уггаре а лахара тарх дIа а лоцуш. Ткъа цуьнан лакхенехь-м оьрсий бара, и бакъо царна Сталина йеллера, нохчийн латтанашца а, нохчийн цIеношца а цхьаьна.
Цу хьоло гуш лаьтташшехь йуха а барт бохош бара нохчашна а, оьрсийшна а йукъахь, хIунда аьлча оьрсийн йерриге а монополи йара экономикехь а, промышленностехь а, мехкдаьттан гIуллакхехь а, ткъа нохчий са кхаччолц йуьртабахаман аренашкахь къа хьоьгуш бара, иза а доккха беркат а хеташ, хIунда аьлча дукха адам банне а болх боцуш диссинера, церан аьхкенан хаа белхаш дан дезара, ткъа царех а догIу алапа а дацара луш, йа церан гIо даккха стаг а вацара.
[17] Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а экономически хьолах лаьцна кIоргера хаьа лууш волчу йешархочун аьтто бу «Къинхьегамхойн юьртбахаман экономика» цIе йолу блог www.ichkeria.net сайта тIехь еша.
Цул совнаха, нохчий меттигера бахархоша хьийзош бара. Нохчийчоьнан бакъ болу дай Сибрех дIабигча, и мохк шайн долахь хеттачу царна хала дара хIинца нохчий лан.
Нохчийн-м шаьш баьхначу хIусамашка чубаха а йиш йацара, йа маьрша шайн лаьттахь дIасалела а йиш йацара, йа шайн маттахь къамел дан а йиш йацара. ХIинца а дийна бу йукъараллин транспортехь нохчийн маттахь вистхилча, оьрсиша – ма бийца и жIаьлен мотт – олуш йуьхь йагош, човхийна хилларш.
Махках дахаран чов хIинца а йерзанза долу нохчийн къам йуха а зуьйш дара замано. Ма ца моьттура царна кхойтта шарахь шаьш сатийсиначу Даймахке цIа кхачарах шайна сел къиза бала хир буй.
Дукха хан ца эшнера шина къомана юкъара дов цIий Iанаре дерза. 1958-чу шеран хьаьттан беттан 23-чохь гIалгIачо дов даьллачохь оьрсий вийнера.
Цу жимачу суйнах марсайелира нохчашна дуьхьал айбинчу гIаттаман йоккха алу.
Нохчий йуха а махкаха баха бохуш адам гIаьттинера, юкъааллин гIишлойх цIе туьйссуш, нохчий бойуш. И зулам эскаран гIоьнца бен саца аьтто ца белира.
Центральни Правительствос машаран а бертан а политика йу ша дIахьош олура, амма ма-дарра гуш долу сурт ишта дацара – шеко йоцуш, нохчйн къоман шен лаьтта тIехь маьрша даха бакъо йацара.
Цера-м Соьлжа-ГIалахь даха ховша а аьтто бацара, ткъа массо а белхан меттиг кхечу къомах наха дIалаьцнера. Даймахка цIа вирзинчу нохчочун дахарах дийнна цхьа къиссам хиллера.
Лаккхарчу классийн дешархойн буьззинчу барамехь дешаран шо чекхдаккха аьтто бацара, хIунда аьлча хIора бIаьста уьш дай-наношца Казахстане шабашке эха дезаш бара, рицкъа дакка, ткъа къахьегаро гIелбина уьш гурахь бен цIа ца богIура. Ткъа шайн Даймахкара химически а, мехкдаьттан а йаьккхийчу заводашка нохчашна некъ бихкина бара уггаре а боьха болх бан а.
Москвас-м ахчанца кхачо йора ишколаш а, кхин йолу хьукматаш а республикехь йан, амма Нохчийчоьнан лаьттан кийрара дIа мел узучу сурсатащца иза дустича, цара луш долу ахча хIордала кхетта догIанан тIадаммал бен дацара. Советан Iедал цIубдар санна тIелеттера нохчийн латтана. Шерашца ца Iебаш, схьаузура цо цуьнан массо а сурсат. Ткъа ала деза, и цIубдар хIинца а дуьзна а дац, шенна ша мелдиънарг – шена марах охьлитта хан кхаьчнашшехь…