Читать книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо - Страница 17

II КОРТА
Радикальни хийцамаш

Оглавление

Хан дIа мел йоьду а, гуш дара перестройкас болх беш ца хилар. Экономика йухаметтахIоттар меллаша доьдуш дара, ма-дарра аьлча экономика стагнацера рецессе йаьллера.

Горбачевс беана болу хийцамаш адамашна керла социализм хIотточул, тишачух довлар санна хетара.

Йукъараллин ойла шина декъе йекъайеллера: цхьаьна агIор бюрократис а, партийн белхалоша а, эскара а гIо лоцуш болу, хийцамаш ца хилийта а, раж ларда а лууш болу консерватораш бара, ткъа важа агIор бара перестройка сихъйан лууш болу, и сиха кхочуш хилийта СССР-ах а бовла реза болу радикальни реформисташ бара.

Хьалхарниш Лигачев Егорна уллохь гулбеллера, иза правительствехь шолгIа стаг вара. Ткъа тIаьхьарниш бовзуьйтуш партийн Москван декъан секретарь Ельцин Борис вара.

Царна йукъахь дуьххьара Iоттадалар хилира I989-чу шеран товбецан баттахь, хIетахь Ельцина шен дарж дитира. Горбачевна ца лаьара и политически раж йелхо, цундела цуьнан аьтто белира ша векал винарг говрахь сацо.

Ельцинна иза башха хаза ца хийтира, амма уггаре а хьалха иза хаза ца хеттера Россин дукхох болчу бахархошна, хIунда аьлча царна иза бен ца хетара шаьш къоьллах лардийр верг.

[30] Цхьаьна 1989-чу шарахь промышленни производство 6% лахделира, инфляци 10% алсам йелира, ткъа пачхьалкха шена хилла зенаш меттахIотто, дешийна тIе кхевдира. Модернизацина ахчанца кхачо йан Iалашонца Горбачевс гIо дехначу йаьккхий коммерчески банкаш, пачхьалкха хьал долуш ца хилар шайна гучудаьлча, декхара дала ца тигира.

.


Керлачу баьччана йуххехь вай тховса «антикаст» эр долу болам кхоллабелира, иза дагахь вара цуьнан гIоьнца система чуьра дуьйна хийца.

Оцу ханна йукъахь социалистически ражана массо а агIор Iиттарш йара йеш.

ЧIагIйеллачу экономически кризиса, адамийн ойла марсайохуш, дика бахьанаш делира центральни правительствона йемал деш, куьйгалле хIитта лууш болчарна.

Нагахь санна хьалха дуьхьал йевлларш прибалтийски республикаш бен ца хиллехь, хIинца цу гIаттамаша дIалаьцнера йерриге а Советски Союз, и бахьана долуш, иза эзар дакъа хилла йекъайелла дIайала кхераме а йара.

Горбачев кхетара ша дукха хIума цхьаьнаэшшара кхочуш дан лууш хиллий, амма карарчу хенахь дукха тIаьхьа дара: экологически дуьхьалонаш Халкъан фронташа куьйгалла дечу демократически гIаттамашка йирзинера.

Оцу кепара, фронташна йукъахь керла политически субъекташ кхоллайелира, царех дукхох йерш къоман бух болуш а йара. Советан Iедал йукъагIоьртира, автономи хийцамаш кхийдош, меттигера меттанаш пачхьалкхан лоруш, культурни йухаметтахIоттарна ахчанца кхачо йеш.

Ма-дарра аьлча уьш йукъараллин ойла йуха а партийн хорше йерзо гIертара. Амма церан дагахь дерг кхочуш ца хилира. Йозуш йоцу ассоциацийн терахь де дийне мел долу алсам долуш дара.

Уггаре а хьалха шаьш аьлларг кхочуш дан буьйлабелира керла хIоттийна баьчча Вальйас Вайно коьртехь а волуш эстонцаш. Къоман мотт пачхьалкхан мотт дIакхайкхоран хаттар дийцаре диначул тIаьхьа, 1988-чу шеран лахьанан беттан 16-чохь Эстонин Лаккхарчу Совета йовзийтира суверенитетан деклараци, цуьнца догIуш Эстонин законаш СССР-ан законел коьрта дара.

Иза хIинца а Эстони СССР-ах къастар дацара, амма дерриге а цу тIе доьдуш дара. ТIедогIучу деношкахь Латви а, Литва а Эстонина тIетайра, цул тIаьхьа и тайпа ойланаш йовзийтира Гуьржи махкахь а, Украинехь а, Молдовехь а, Беларусехь а.

Балтийн мехкашна а, Кавказан республикашна а тIаьхьа Центральни Азиян республикийн рагI кхечира.

1986-чу шеран гIуранан баттахь Казахстанехь баккхий гIаттамаш буьйлабелира – адам реза дацара Горбачевс меттигера Лаккхарчу Советан куьйгалхочун, казахан къомах волчу Конаевн метта оьрсий Колбин Геннадий хIоттош ву аьлла шайна хезча.

Цу гIаттамех гIалин барамехь тIом хилира. Цу тIамехь ши стаг вийра, кхин а ши бIе стагана чевнаш йинера. КГБ-с дIалаьцнера пхи эзар гергга стаг. 1989-чу шеран асаран баттахь къаьмнийн йукъара девнаша дIалецира Узбекистан. Цара и мохк граждански тIеман бисте балош бара. Шина а махкахь Горбачевс бахархоша лоруш хилла меттигера куьйгалхой хийцира, амма оцу кепара цо хIумма а ца дира СССР йохар сихдар бен.

Цу карзахдаьллачу хьолехь Ельцин адаман маьрша ойланца къиссам дIахьош а вара, шен демократически Россера хийцамаш сихбан ницкъ кхочург деш а вара.

Оцу кепара цунна лаьара кхин дIа Союзана демократизаци йан Горбачевс кхоьллина йолчу политически институте (Халкъан депутатийн гулам) хин болчу хьалхарчу харжамашкахь консерваторашна шен ницкъаш гайта.

Иза йара 2250 делегатах лаьтташ йолу суперпарламент. Уьш хаьржинера СССР-ан йерриге а хьаьрмахь, уьш жоьпаллехь бара Союзан Лаккхар Совет хIотторна.

Цу керлачу органе харжамаш хилира 1989-чу шеран бекарг беттан 26-чохь дуьйна хIутоссург беттан 26-гIа кхаччалц. И харжамаш дуьххьара бара Коммунистически партийн декъашхо воцучо дакъа лаца магош болу. Ельцинна иза боккха кхиам бара, хIунда аьлча Демократически Россис 600 меттиг йаьккхира, ткъа ша радикальни баьччас шен харжаман хьаьрмахь 92% кхаж баьккхира.

Цунна дуьхьал волчу Лигачевна, Советски «къеначу гвардийца» нийсса уггаре а кIезиг кхаьжнаш дIаделлера. Реформистийн толамо Молдовехь а, Украинехь а, Беларусехь а гIаттамашна керла некъ биллира.

[31] Молдовехь 16 депутата Молдован Халкъан фронт кхоьллира, цуьнан гIоьнца цара майдане араваьккхинера кхо бIе эзар стаг, шайн мотт пачхьалакхан мотт кхайкхор доьхуш, Сталина йукъайаьккхина хиллачу кириллицин метта латинийн алфавитах пайда эца аьтто хилийтар а доьхуш.

Украинера «Суверенни Рух» цIе йолу болам Украинера къоман килс тIечIагIйар доьхуш бара. Беларусехь гIаттамхоша закона магийна боцу шайн байракх айбира.


Ткъа оцу хенахь къаьмнийн юкъаметтигаш талхар чIагIлуш дара. Вай кхул хьалха йийцина хиллачу Ламанан Карабахана тIаьхье алу тессира кхин а шина регионехь – Абхазехь а, Къилба ХIирехь а. И шиъ Гуьржи махкана йукъайогIуш а йара, Тбилисера марша йала лууш а йара. 1989-чу шеран бекарг баттахь Абхазин коьртачу шахьаран Сухуми гIалин Университетан ректора масех бутт хьалха эстонцаша йовзийтинчух терра суверенитетан Декларацина куьйг йаздира, цуьнца нийсса иза къобалйира политикин а, йукъараллин а дукха векалша.

Амма карарчу хенахь дийцаре деш дерг Советски Союзана юкъара арадовлар дацара, шен суверенитет кхайкхиначу кхечу респуликах къастар дара. 1990-чу шеран товбецан 20-чохь Къилба ХIирис а кхайкхира шен суверенитет, йозуш ца хиларан декларацина зорба а тухуш.

Горбачевс вист ца хуьлуш тIелаьцна Эстонис чухецначу механизма советски республикаш аьтта, царех кегий этнически пачхьалкхаш кхоьллинера. Югослави йоьхначул тIаьхьа цу процессах балканизаци эр ду. Балканашкахь иза ма-хиллара, Гамсахурдиа Звиада куьйгалла деш хиллачу Гуьржи мехкан правительствос гIаттамаш совцо эскар дIахьажийра. ГIуранан беттан 11-чохь Гуьржийн къоман гвардис Къилба ХIире дIалецира, цигахь муьлхха а дIасалеларна новкъарло а йеш.

[32] Гуьржийн баьччас шуьйрачу хаамийн гIирсашка дIахьедира: хIирийн къам – иза Рокски дукъахула дехьа лалла йезаш йолу нехаш йу. Оха ХIирийчу а дахана, хIирий тхан караберзош, уьш гуьржий хуьлуьйтур бу, ткъа нагахь санна царна ишта чIогIа оьрсий безахь, Гуьржи махкара Россе дIабаха беза уьш.

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Подняться наверх