Читать книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо - Страница 18

II КОРТА
Нохчийчуьра хьал

Оглавление

Вайна гуш ма хиллара дешан маршоно КПСС-ах тера йолу цхьаьнакхетараллаш кхоллайаларе далийра. Йуьхьанцара гонахара Iалам лардарна тIехьажийна хилла боламаш тIаьхьа къоман амале бирзира.

Маьрша ойланаш партехь ца хилийта, Горбачев цуьнан куьйгалла къонда гIоьртира, меттигера баьччанаш махках бахарна тIе а товш. Нохчийчоьхь кхаж белира йуьртбахаман министр лаьттинчу Завгаев Докун. Иза Iедална муьтIахь гIуллакхо вара. Теркйистера Бено-Юьртара схьаваьлла а вара, ткъа иза хууш ма-хиллара даима оьрсийшкахьа ойла йолуш хилла меттиг йу.

Иза башха чIогIа дош лелаш ца хиллехь а, амма нохчо хилар а тоьар дара, меттигера бахархойн цуьнца ларам хилийта. Завгаев Доку партийна дукха хIуманна декхарийлахь вара. КПСС бахьана долуш, цо колхозера пхьарера республикин коьртачарех цхьаъ йолчу министерствон куьйгалхочун дарже кхаччалц некъ бира.

Иза вуно дика вогIуш вара, нохчий жимма а совцо.

Амма цуьнга а ца хоттуш, иза цу дарже хIоттор къоман кхетам буьрса баккхаран бахьана хилира.

Керла баьччано халкъан лехамаш ма-барра бовзуьйтур хиларах тешна болчу интеллектуалаша уггаре а хьалха дIаболийра болх, Нохч-ГIалгIайн интеллигенцин Ассоциаци а кхуллуш. 1990-чу шеран чилланан беттан 23-чохь, Ардахар дагалоцуш, цхьаьнакхетар вовшахтуьйхира цара. Завгаев кхайкхинера шуьйрачу хаамийн гIирсашка вистхила.

Цо шен къамел дIадолийра Сталина латтийначу къизаллина йемал дарца. Ткъа иза хууш ма-хиллара, хIинцалц магийна дацара ала.

– Вай тахана кхузахь гулделла, бехк боцуш къам махках доккхучу хенахь кхелхинарш дагалаца. Тахана вайна хаьа социализм хIуттучу муьрехь, Сталин бехке вара шен къизаллина, цо ларам ца бинера къаьмнийн политикехь хиллачу Ленинан мехаллийн. И бахьана долуш, дийнна къаьмнаш йамартхойн сийсаза цIе а кхуллуш, гуттаренна а шайн Даймахках, маттах, кхерчах дехира – дIахьедира Завгаевс.

Завгаевн Iалашо адамийн дегнаш карзах а ца дохуш, церан маьрша ойланаш партийн хорше йерзор йара. И бахьана долуш, социализман зуламашна йемал диначул тIаьхьа, цуьнан къамел цу социализман гуманитарни мехаллашка дирзира:

– Вайна уггаре а доьхна деана хиллачу кху дийнахь, вай ойланца массо а цу Сийна Сибрех ду, Казахстанан пана аренашкахь ду. Вай доггах баркалла боху вайца и бала лайна, и бала бекъна хиллачу эзарнаш оьрсийшна, казахашна, украинцашна, гIиргIазошна, узбекашна. Цу ирча а, къиза а хиллачу заманахь вайн иэсехь сирла мIаьргонаш а йиссина, ткъа уьш йоьзна йу вайна йовхо а, шайгара гIо а кховдийна хиллачу тайп-тайпана къомара нахаца. Иза а вайн историн цхьа дакъа ду – билгалдаьккхира цо.

Эххар а, уггаре а тIаьхьара хиламех дерг олуш, къаьсстина къоман гайтамашах лаьцна, цо шен къамелехь кхайкхам бира массаьрга а экстремизм тIе ца лацаре:

– ТIаьхьарчу хиламаша вайна гойту, мел доккхачу зуламе боьрзу къаьмнашна йукъара цабезам. Тахана вайна хи санна шера гуш ду Перестройкан кхиам вайх, вайн бартах боьзна хилар. Вайна ца оьшу къаьмнашна йукъара цабезам, вайна ца оьшу сепаратизм, вайна ца оьшу тайп-тайпанчу къаьмнаш йукъахь цатешам а, зулам а даржор долу ницкъаш.

ХIинца коьртаниг ду болх бар, экономика кхиор, экстремизме Iеха ца бойтуш, хьанал къа хьегар. Иза ду хIора а вахархочун сийлахь декхара – элира Завгаевс.

Цуьнан къамелана дукха адам реза хилира. Хетарехь, Завгаевна хаьара йукъараллин ойланна тIеIаткъам муха бан беза. Оцу кепара цунна йуххехь хIинцале гуллуш гуо бара.

Амма Завгаевс дина и чулацаме къамел ма-дарра аьлча Iедалехь висса Iалашонца дина дара. ЦК КПСС Хьалхарчу Секретаран къамел хиллачул тIаьхьа, Сталина дина зуламаш шуьйра дийцаре дан долийра.

[33] 1990-чу шеран мангалан баттахь историкан Бугай Николайн «Нохчий а, гIалгIай а махках бахар» цIе йолуш йоккха статьйа зорбане йаьллера. Исторически тоьшаллашца цо цец йаьккхинера йерриге а йукъаралла. Историка довзийтира хIинцалц зорбане девлла ца хилла кехаташ, Сталина а, Берийас а вовшашка дина къамелаш а. Иштта тидаме далийнера Сталин пачхьалкхан куьйгаллехь волчу хенахь 30-50-гIа шерашкахь къаьмнашна тIехь латтийна къизалла.


Йазйанза йолу историн агIонаш йийца аьтто а беш, Завгаевс профессораш а, Iилманчаш а, академикаш а ул-улохь латтабора, цо церан тIекхуьу чкъурана мел оьшу хьелаш кхуллура, ткъа къона чкъор партийна оьшуш дара, тIейогIучу демократизацин дарце ша дIа ца хьакхийта.

Цуьнан политически проектан коьрта Iалашо ма-дарра аьлча зен-зулам доцуш, социалистически системан халонах чекх а ваьлла, дуккха а ханна куьйгаллехь виссар йара.

Хьалхара кхачамбацар дукха сиха гучуделира. Вай хьалха аьлла ма-хиллара вайнехан цивилизацин тIаьхье нохчий хилла ца Iаш, церан вежарий гIалгIай а бу. ГIалгIайн къоман терахь 200 000 стаг бен дац, ткъа церан латтанаш Нохчийчоьнна а, Къилбаседа ХIирийн республикина а йуккъахь ду.

Уьш а нохчий санна махках баьхна хилла а бу, цIа бирзича иштта халонашна тIеIиттабелла а бу, амма цхьа башхалла йолуш: Москвас гIалгIай шайн дерриге а латтанийн дай хила ца битира. ГIалгIайчоьнан къилба-малхбузен хьаьрмара жима кIошт Къилбаседа ХIирийн республикин дIайеллера, хIунда аьлча гIалгIай махкаха баьхначу хенахь цу хьаьрмахь кхоьллинера ХIирийчоьнан коьрта шахьар Буро-ГIала. Къаьмнийн йукъара барт ца бохийта правительствон сацам хилира Пригородни олу кIошт гIалгIайшна дIа ца йала.

ХIинца дешан маршо йаьллачу муьрехь гIалгIайша а кхойкхура и исторически гIалат нисдаре.

Завгаевс нохчашка национализмах ларло бохучу муьрехь, Кодзоевс дийнна урамаш дара гIиттош гIалгIайн къоман кхетам самабаккха Iалашонца.

Цо дийцарехь, Нохч-ГIалгIайн АССР-ана ГIалгIайчоь йукъайогIуш йоллушшехь, амма ГIалгIайчоь даима а экономически а, социальни кхиарна йуьстах лаьттина йу, цуьнан лан дезна дукхох долу инвестицийн дакъа Соьлжа-ГIалахь хилар а, цунах болу пайда дукха хьолахь оьрсийшна а, нохчашна а хуьлуш хилар а.

[34] Шен жимачу къоман массо а векалш Къоман Конгрессе а гулбина, Кодзоевс ассамблейа ишта къамелаца ерзийра: муьлхха а къам Iалашдеш лардаран коьрта биллам бу цуьнан шен къоман пачхьалкхан кеп хилар. Карарчу хенахь гIалгIайн къам тIеIоттаделла коьрта хало йу цуьнан автономи йухаметтахIоттор. И кхачамбацар нийса къаста ца йича адамийн дахар цкъа а кхачалла йолуш хир дац.


Кодзоевс гIовттийначара Завгаевна тIедожадора шайн лехамаш центральни правительстве бовзийтар, оцу кепара ГIалгIайчоьнна Пригородни кIошт йуха йерзо гIо а деш.

И кхоллайелла кхачамбацар куьйг кIелара дIа ца йалийта а, чехкачу Кодзоевна гIалгIай къам дуьхьал далийта а Завгаевс тешо йира халкъан депутатийн гуламехь махках даьхначу къаьмнийн хьокъехь закон кховдор ду аьлла, ткъа цу закона къобалдан деза бакъо йоцуш дIа мел даьккхина хилла латта шайн дайшна дIадалар.

ГIалгIай цхьа жимма а севцича, Завгаевс долийра Бисултанов Хож-Ахьмадана тIаьхье партийни бюрократи дIа а йаьккхий, административни даржаш цIинде бохуш кхайкхамаш беш йолу Халкъан фронт дIайаккхар.

Арахь хуьлучу гIаттамийн терахь белхазаллин терахьца нийсса лаккха долуш дара: перестройкин тIаьхьалонаша шайх лаьцна хоуьйтуш дара, къаьсттина цара тIеIаткъам бинера экономически уггаре а гIийлачу чкъурана.

Царна йукъахь бара хенийн белхаш деш болу нохчий, церан терахь ши бIе стаг гергга дара (бахархойн 10—15%). ХIинца тIедогIуш рицкъа а доцуш биссина уьш, гIаттамхойн тобанех дIакхеттера.

Завгаевна хаьара нагахь санна и массо а нах шегахьа а берзийна, царех шен политически гарант ша йича, цо оппозици дIайаккхарал совнаха, Советан Iедал доха герга дахча, шена дика гIортор а кечйир йу. Цундела ша дарже хIоьттина дукха хан йалале, Хьалхара Секретарьс омра дира кIоштан ворхI секретарь балхах мокъа вита а, иштта балхара дIабехира дуккха а партийни баьччанаш а, меттигера хьаькамаш а.

Иза массарна а революци сацор санна хийтира, цундела Завгаевца болу ларам стигла кхаччал лаккха а белира.

Секретарьш хийцаро Халкъан фронтан политически майданера дIайаккха дика лард йиллира.

ХIинца кхин а цкъа ца хьахо, гIалгIайн хаттар дара къасто дезаш. 1989-чу шеран лахьанан беттан 4-чохь халкъан депутатийн Гуламо бехк боцуш махкаха даьхначу къаьмнийн хьокъехь, деклараци тIечIагIйира.

Иза хIинца а реабилитацин закон дацара, амма гIуллакх цу тIе доьдуш дара, цундела цунна зорба тохар бахархоша доккхачу хазахетарца тIе а лецира.

[35] Завгаевс шен политика чIагIйан деш долу гIуллакхаш социальни а, динан а агIонашка а даьржаш дара. Конфессиональни тIегIанехь, Завгаевс ахчанца кхачо йира бусулба динан институташ кхолла а, керла маьждигаш схьаделла а, иштта таро йира СССР-ехь дуьххьара Макке хьаж дан а, гIо дира Исламски совет кхолла а. Социальни тIегIанехь керлачу Хьалхара Секретарйа хIоттийна йоккха Iалашо йара, амма иза кехат тIехь йиссира, кхин кхочуш ца хуьлуш.

.


Завгаевн цIе хIетахь йукъараллехь шуьйра йаьржина йара. 1990-чу шеран бекарг баттахь цуьнан башха аьттонаш бара цу политически кхиамех боккха пайда эца. Хьалхара аьтто бара Нохч-ГIалгIайчоьнан Лаккхара Советан хIоттам цIинбар.

И дарж Боков Хажбикарера ша схьаоьцуш хиларе терра, Завгаевн аьтто белира республикин лаккхара кхочушдаран Iедал партийн лаккхарчу даржаца цхьаьнатоха.

Цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа политически кхиамаш бохуш, цуьнан аьтто белира 1990-чу шеран бекарг беттан чаккхенехь халкъан депутатийн Гуламехь меттиг йаьккха.

Конгрессан Устава билгалдинера хIора шарахь меттигийн пхоьалгIа дакъа цIиндийр ду аьлла, Союзехь политически нийсо хилийта.

Консерваторашна а, радикальни реформисташна а йукъахь хуьлучу Iиттадаларша и хийцамаш латаран майданах тардинера, хIунда аьлча цхьа а доза доцуш хIора а болам вовшашна тIелатарш деш бара.

Вайна ма-гарра, Конгрессехь ницкъ болуш политик вара Ельцин Борис, ткъа цо рогIера кховдийна политически агIо миллионаш бахархоша Россина сийлахь боккхачу сатийсамца тIе а лецира.

Ельцина ойла кховдийра Российски Республикин Президентан дарж хIоттаде аьлла, оцу кепара Лаккхарчу Советера законаш тIеэца йолу бакъо дIа а йоккхуш, СССР эвсаралла йолчу Iедалах а йоккхуш.

Харжамша цо кховдийнарг тIе а лецира, масех де далале Конгресса йийцаре йира Республикин Президентствон Конституци а, президент Ельцин хIоттор а.

Ельцин эрна хан йойуш вацара, цо сихонца арахийцира суверенитетан Деклараци, цуьнан буха тIехь Россехь тIеэцна долу законаш Лаккхарчу Совета тIеэцначарел ницкъ болуш хир ду. Оцу кепара, европейски пачхьалкхашна тIера а, цул тIаьхьа шен федеративни республикашна тIера а тергам байна йолу Советски Союз шен центрах а йелира.

КППС тобане хIотта дагахь волчу Завгаевн аьтто белира дикачу дарже а кхочуш, депутат хила. Амма цуьнан боккхачу политически кхиамна новкъарло йеш йара нохчийн политикехь гучуйаьлла кхин цхьа къеггина цIе – Хасбулатов Руслан.

Иза Московски университетан бакъонан профессор а вара, интеллигенцис вуно чIогIа лоруш а вара.

Горбачевн гуоне кхаьчначу цо куьйгалла дора дуккха а законопроектийн, оцу кепара цо шен дика цIе йаккхийтира Iедалехь а, иштта нохчийн йукъараллехь а.

Хасбулатовн цIе де дийне мел долу политикехь шуьйра йевзаш хилар хаза ца хетара Завгаевна. Церан йукъараллин маьIна долуш, масех доккха дов делира, цундела Конгрессехь болчу харжамшкахь церан дар-дацар политически дебаташкахь а коьрта кхачамбацар хилла дIахIоьттира.

Эххар а и шиъ Ассамблея йукъа вахийтира, амма тIаьхьа вайна гур ду цу шинна йукъахь кхоллабеллачу цабезамо нохчийн хиламашна муха тIеIаткъам бийр бу.

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Подняться наверх