Читать книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо - Страница 8

I КОРТА
Империца дуьхьал Iоттадалар

Оглавление

1237-чу шарахь Къилбаседа Кавказ дIайуьзнера монголех.

Царна тIаьхьа 1350-чу шарахь Къилба Оьрсийчо шайн карайерзийна болчу Тамерланан татараш тIелетира Кавказана. Йа монголийн а, йа татарийн а аьтто ца белира нохчашна тIехь толам баккха. Уьш кхин къар а ца белла мостагIий йухабевлира Теркан а, Соьлжан а йистошкахь Iохку аренаш карайерзорах тоам а хилла.

Нохчаша шайн ницкъ мел тоьу латтийна къиссам толамца чекхбелира, амма Дзурдзухети а, Симсир а ши пачхьалкха тIеман къизалла ца лайна йоьжнера.

Татараш дIабахча, нохчий маьрша бевлира, амма пачхьалкха а йоцуш биссира, ткъа иза йуха кхолла церан йа аьтто а, йа ницкъ а бацара. Iедалан и меттиг дIалецира Мехк-Кхела, цу йукъа богIура нохчийн исс тукхаман векалш. Уьш син-оьздангаллин лехамашца хоржуш бара.

Мехк-Кхелаца къоман йист йоцу ларам хиларна цо къастадора йукъараллин а, иштта политически а мехала хаттарш.

Шайна кхин къар ца беллачу нохчийн латтанаш дита дезна мостагIий дIабахара. Ткъа царна тIаьхьа йиссира йохийна, йаьржийна Нохчийчоь а, иштта эзарнаш церан тIемалойн декъий а. И тIом бахьанехь лаьмнашка дIабахана хилла нохчий, шаьш хьалха бехаш хиллачу латтанашка йухабирзира, шайн дахаран хьелаш йухаметтахIитторехь къа а хьоьгуш.

Керла дахар дара цара кхолла дезаш, латтанаш охуш, даьхний лелош. Шийтта шарал сов, къиссам латтийра аренан мостагIийн ардангаша маьрша нохчий ца къарлуш, амма нохчаша ког биллал а латта ца делира мостагIашна дIа.

Олуш ду, монголаша нохчийн йукъараллин дахарна тIеIаткъам бина бу, къаьсттина динехь, масала, татараша деъна нохчашна бусулба дин. Амма иза бакъ дац. Цкъа делахь, Iадат бусулба динаца ца догIуш а дац, бусулба дин дуьненчу доссале, дуккха а хьалха лаьттина а ду. Бусулба дина нохчий Дела цхьаъ варна тIеберзийна, ткъа син-оьздангалла, цIеналла, гIиллакх церан Iадатаца даима а хилла ду.

Нагахь санна нохчийн шайн исторически а, Iаламан а потенциал буьззинчу барамехь кхочуш йан аьтто хиллехь, цара дуьненна кховдор йора шайн, цхьаннах а тера йоцу кIоргера цивилизаци, амма и аьтто ца хуьлуш, уьш таханенга кхаьчна.

Монголийн а, татарийн а ардангаш Нохчийчуьра дIайахча, Кавказана тIелатарш дира аренца дуьйладелла лелачу тайп-тайпана къаьмнаша – половцаш, пичинегаш, готаш, гунаш, мадьяраш, хазараш, вятичаш а, кхин берш а. Чаккхе йоцучу къиссамаша гIелйина йолчу Нохчийчоьнна цIеххьана коча йеара, Кавказана тIе бIаьрг биллина Iаш йолу Росси.

Билгалдаккха деза татарашка а, монголошка а нохчий къар ца белла. Шийтта шо сов хенахь къиссам латтийра нохчаша хIара ах дуьне шайн карадерзийначу луьрачу мостагIашца. Амма дуьненан дай шаьш хеттарш, нохчийн лаьмнашкара эшамца дIабахара. ХIете а церан аьтто белира Кавказан цхьа долчу латтанашна олалла дан. Церан ког кIелара хIинца бен маьрша йаьлла йоцучу Россин лаам хилира Кавказ карайерзо. ХIетахь дуьххьара Кавказан маьрша лаьттанашна тIамца тIе дуьйладелира дукха хьолахь, Паччахьан Россера бевддачу лешах кхоьллина хилла гIалгIазкхийн эскарш. Цу эскаршна йукъахь бара хазарийн тукхамах схьадевлла, царех тIаьхьа диссина къаьмнаш а – башкираш, удмурташ, гIезалой, казахаш, ногIий. Кестта и тIеман бIо Теркан йистошка кхечира.

Къилбаседара тIегIерташ уьш а болуш, Кавказана цхьаьнаэшшара тIелетира кхин шиъ ницкъ болу пачхьалкха: малхбузера Османски импери а, малхбалера ГIажарийн импери а. Къаьсттина хIетахьлера тIеман экспедицихь дуьхьалIиттабелира нохчий а, оьрсий а.

Чечана олучу нохчийн йуьрт йистехь меттамотт биллина лаьтташ хилла паччахьан тIеман тобанна тIелетира ламарой. Эшамца, тобанан цигара дIайаха дийзира. ХIетахь дуьйна оьрсиша нохчех «чеченцы» олуш хилла, ткъа цу йуьртах Чечен-Аул, ткъа нохчаша шайх ишта цкъа а аьлла дац. Заманан йохаллера дуьйна схьайеъна цу къоман – Нохчий цIе, ткъа шайн Даймахках цара Нохчийчоь олу.

Нохчашна цхьалла а, барт а оьшу, рогIера хала киртиг тIеIоттайелира.

Оьрсий бевзинчул тIаьхьа, нохчийн уьйр йайна хилла тукхамаш, йуха а цхьа барт хилла гIевттира шайн латтанаш ларда.

ХIинцалц башха кIоргера нохчийн дахарехь даьржина ца хиллачу бусулба динах, нохчийн къомо мостагIашна буьрса дуьхьало йеш, мелхо а церан син-оьздангаллин гIортор хилира. Дукха хан йалале, дуьххьара имамаш а гучубевлира.

Нохчийн къоман исторехь къеггина лар йитина, Кавказехь Шайх-Мансур аьлла халкъо цIе тиллиначу Олдара Ушурмас.

Дуьххьара Шайх-Мансура кхайкхинера керстанашна дуьхьал гIазотан тIом. Цо кхайкхинчу гIазотан ткъе пхеа шарахь гергга кхерамехь латтийнера дерриге а Паччахьан эскар.

Къаьсттина, 1785-чу шарахь, цуьнан аьтто белира Соьлжа хин гечо йистехь 2000 гергга стагах лаьттачу полкана кIело а йина, иза йерриге а хIаллак йан.

[1] Паччахьан подразделенин куьйгалла деш хилла Италин къомах волу полковник Де Пьери. 2000 гергга бIаьхочух лаьтта цуьнан тоба гечо йистера чIожа чуеънера, ткъа шина а дукъа тIехьара цIеххьана хиллачу тIелатаро хIаллак йира иза. ХIетахь вийнера 740 гергга саьлти а, иштта ша Де Пьери а. Кхин а 162 стаг йийсаре лаьцнера. Ткъа биссинарш, шайн герз а, кхин болу гIирс а охьа а кхоьссина, тIеман арара боьвдера.


Ламанхошца болчу къиссамехь шайн де дийне мел долу хуьлуш болу эшамаш а гуш, хIетахь Россин коьртехь хиллачу ШолгIачу Екатеринин доккха эскар тIаме арадаккха дийзира, Мансура болийна къиссам гуттаренна а сацо.

Амма кхин а йалх шо дIаделира, Ушурма Анапа гIалара Шлиссельбургски гIапехь йийсаре вале. Iедало лаьцна иза набахте дIакхачийра, цигахь кхо шо даьлча иза дIа а кхелхира.

Нохчийн къоман маршо къийссарехь цо айбина болу гIаттам байракх хилира массо а кавказхошна. Мансуран кхалхаро ца сацийра ламанхоша Паччахьан Iедалана дуьхьал латтош болу къиссам, мелхо а марсайаьккхира цуьнан алу. ХIора а бIаьста ламанхойн тобанаш тогIешка охьайуьссура, имперски гарнизонашна тIелатарш дан а, церан герзашна къола дан а.

ХIетахь, ШолгIачу Екатеринин метта Паччахьан васхал тIе велира Хьалхара Александр. Цо шен уггаре а къиза а, кIоршаме а волу инарла Ермолов Алексей Кавказе дIахьажийнера ламанхойн къиссам гуттаренна а сацо.

[2] Ермоловс массарна а дIакхайкхадира: суна лаьа сан цIарца церан хин болчу кхераме вайн дозанаш герзал а чIогIах лардайта, сан дашах уьш Iожаллех а чIогIа кхерийта. Барам боцуш кIоршаме а, къиза а хир ву со. Сан къизаллас бIеннаш оьрсийн ламанхойн таIзарах ларбийр бу.


Инарлас масех гIап йиллинера тогIеш а, иштта ТIеман-Гуьржийн олучу регионан йистера коьрта коммуникационни некъ а ларба Iалашонца.

Царех цхьайерш Соьлжанан хин йистошкахь хIиттийнера. Цигахь гIап йилла Iалашонца меттигера бахархой арабаьхнера, ткъа иттанаш нохчийн йарташ йагийнера. 1818-чу шарахь йиллинчу гIопана «Грозная» аьлла цIе тиллира. Оьрсийн маттера гочдича – буьрса.

Нохчашна хIетахь хууш дацара, шайн луьрачу мостагIчо шаьш хIаллак дан Iалашнца йиллинчу гIопах заманан йохалла шайн коьрта шахьар хир йуй а, и гIап цигахь йилларна инарла дохко вер вуй а.

Инарлас сихонца дIадолийра ша хIоттийна къиза Iалашонаш кхочуш йар. Цо къа ца хеташ хIаллак йора тоьпан тата схьахезаш йолу муьлхха а нохчийн йурт.

Инарлин къизаллин тIеIиттабеллачу нохчаша, шайн баьчча хаьржира имам ГIеза Мухьаммад. Цо гIазот а кхайкхина, ткъех шарахь гергга Паччахьан Iедална дуьхьал къиссам латтийна эскар вовшахтуьйхира.

1832-чу шарахь, ламанхоша къар ца луш, латтош болчу къиссамо оьгIаз вахийтинчу Хьалхара Николайс нохчий мухха къарбина а къарбан Iалашонца ткъа эзар стагах лаьтта эскар дIахьажийра Кавказе.

Нохчийчоьнах цIе тоссуш чекхделира Паччахьан эскар. Цуьнан аьтто белира ГIеза Мухьаммадан лар талла а, цунна Гимры олучу ша хьаваьллачу юьртахь кIело йан а.

Майраллица летара ламанхой, амма оьрсийн герзаш а, церан эскаран дукхалла а бахьана долуш, йита дийзира ламанхойн тIеман аре.

ГIеза Мухьаммад вийнера, ткъа цо айбина маршонан байракх цуьнан уггаре а тешаме накъосте – къоначу жIайхочуьнга Шемале кховдийра. Иза Кавказан исторехь Имам Шемал цIе йолуш ваха вуьссур ву.

[3] Я Шемал а, я ГIеза Мухьаммад а нохчий ца хилла. И шиъ Дагестанан коьртачу этнически тобанна юкъа догIучу жIайхойн къомах хилла. Цу къоман уггаре а хьийкъина мур хилла вайн эранан 7-гIачу бIешарера 10-гIа бIешаре кхаччалц. Царех цхьа берш Трансильвани дехьа бевлла, ткъа кхин болчара Къилба Россин яьккхий хьаьрманаш дIалаьцна.

.


Керлачу баьччан аьтто белира Россин олаллина дуьхьал къиссам латтош йолу ламанхойн тобанан барт чIагIбеш, цунах боккъалла а йолу политически институт кхолла, ма-дарра аьлча нийсса ткъе пхеа шарахь лаьттар йолу, Имамат цIе йолу керла пачхьалкха кхолла. Цу пачхьалкхана йукъа догIуш дара наибаша а, муфтийс а, куьйгалла деш долу латтанан 33 дакъа. Пачхьалкхехь герзаца кхачо йина эскар а дара, иштта тIеман 510 куьйгалхо а вара.

Имамат бусулба динан бакъонна а, шарIанна а тIетевжаш йара, ткъа цуьнан къобалбина пачхьалкхан мотт Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бийцина хилла болу Iаьрбойн мотт бара.

И пачхьалкха кхоьллича Имам Шемалан аьтто белира хIинцалц йаьржина хилла тобанаш вовшах а тоьхна, хила ма-беззара тIеман ницкъаш а, эскар а кхолла.

Цул совнаха, бусулба динан пачхьалкха кхоллар бахьана долуш цуьнан аьтто белира Нохчийчуьра Iесалла орамца дIа а йоккхуш, къам буьззинчу барамехь бусулба динна тIедерзо. Заманан йохалла Росси пачхьалкхана дуьхьал уггаре а чIогIа къизачу тIемашца къиссам латтийна ду нохчийн къам. Диъ бIе шарахь Россица тIом бина нохчаша. И къиссам карарчу хенахь сацийна а бац.

Имаматана дуьхьал Николай Паччахьа кхин а дукха ницкъаш хьажийра, амма хIете а, уггаре а кIезиг кхин а ткъа шо дийзира ламанхой аренашкара лома дIалахка.

Лаьмнийн чIожашкахь кIелхьарволийла лоьхуш лелаш волу Шемал Османски империгара гIо деха гIоьртира, амма Хонкаре башха ницкъ болуш йацара хIетахь, хIунда аьлча уьш шаьш бара ГIимрахь тIом беш, цундела церан сурсаташ дацара Имаматана гIонна хьажо.

Истамбулера лулахошкара шена гIо хир доций хиъна Шемал, Ингалс пачхьалкхан королева Викторияга гIо деха веара. Иза хIетахь французашца а, итальянцашца а ГIимран тIамехь, османийн агIонехь къиссам дIахьош йара.

[4] Шен цхьаьна кIоргера маьIна долчу кхайкхамехь ишта яздо Шемала: «Лараме, королева! Дуккха а шерашкахь дуьйна Россица къиссам латтош ду тхо тхайн маршо а, тхайн паргIато а бахьнехь. ХIора шарахь тхан токхамаш санна тхан тогIишна чухьовдучу мостагIашна дуьхьало ян езаш хуьлу тхо. Тхан къиссам чIогIа а, къиза а бу. ХIора Iай тхайн зударий а, бераш а генарчу хьаннашкахь къайладоху оха, ткъа церан цигахь мацалла а, шело а лан деза. Амма хIете а, Далла тIе болх а биллина тхо юхадовлуш дац. Оха доьху хьоьга, королева, гIо де тхуна.

.


Амма Ингалс пачхьалкхе дехна орца а жоп доцуш диссира. Мацалло, халонаша кIелбитина ламанхой, хIинца дукха хьолахь реза бара оьрсишца барт бан.

Цара хIинца йалта дIадийна аренаш ларъйар бен, кхин башха къиссам бацара латтош.

1859-чу шеран товбецан беттан 6-чохь Шемала мостагIашна къарвала сацам бира.

ТIевахар бахьана долуш, паччахьа таIзар ца деш, кIелхьараваьккхира иза. Москва гIалина йистехь доккха цIено а делира, иштта Макке хьаж дан аьтто а бира, ткъа и хьаж дечохь имам кхелхира.

Цуьнан юххера накъостий а, цул совнаха, кIентий а, бюрократи а, Паччахьан эскаре а кхайкхинера, Россина муьтIахь йолу Кавказан дуьххьара политически тоба кхолла Iалашонца.

Ламанхой къарбаран политика кхиам болуш хилира: ткъа шарахь Кавказ синтеме йара, ткъа масех гIаттам, имперски эскараша сиха сацийра.

Амма хIете а, 1870-чу шерийн чаккхенехь, нохчийн гIаттаман алу йуха а марсайелира. Керла баьччан, бусулба динан хьехамчан, доьналла долчу, къоначу бIаьхочун Зандакъара Албик-Хьаьжин аьтто белира эскар вовшах а тоьхна, Нохчийчоьхь гIаттам айба а, иштта ша арабаьккхина некъ луларчу Дагестане кховдо а.

Йуха а Паччахьан эскара сийна цIе йиллира Нохчийчоьнах. 1877-чу шарера 1881 шо кхаччалц, Нохчийчоьхь тIом бара, цу тIамо йохийна, йаьржийнера дукхох йолу йарташ, царех йиссинарш херцарш бен йацара.

Керлачу гIаттама дукха нохчийн бIаьхой а, иштта маьрша адам а хIаллак дира, амма дукха хьолахь цо гайтира Имам Шемал тIеваханачул тIаьхьа Николай Паччахьа лелош йолу политика нохчаша къобалйина ца хилар.

Керлачу паччахьа КхоалгIачу Александра сацам бира оьрсий а, кавказхой а маьрша бахалур бац аьлла, цундела царех уггаре а къар ца луш берш, Iеха а бина, махкаха баха беза.

Цу керлачу доктринех уггаре а хьалха лаккхара мах дIабелира нохчаша а, гIалгIайша а. Паччахьан Iедало гIад дайина долчу цу шина къоман лаам хилира Урдуне а, Хонкаре а, Шеме а дехьадовла. Уьш махкаха арадовдаран агIонах нохчийн исторехь мухIажаралла олу.

ТIебаьхкина нохчий османаша уггаре а кхераме йолчу меттиге баха ховшийтира. Хиджазски аьчка некъ буьллучу регионна даима Iаьрбоша тIелатар дора, ткъа баланех кIелхьарабовла дагахь, бевдда баьхкинчу нохчийн, цигахь а къиссам латто дийзира.

Билгалдаккха деза, махкаха бевлла боллушшехь нохчаша аренца йоккха лар йитира цу пачхьалкхийн дахарехь, шайн доьналлица а, хьекъалца а, оьздангаллица а.

Цара шайн йукъараллин а, оьздангаллин а кхерч кхоьллира, жигара дакъа лоцура мехкан дахарехь. Нохчаша къаьсттина кхиамаш гайтина Урдунехь. Доцца аьлча цуьнан пачхьалкхалла ларъеш, мехала дакъа диллина нохчаша.

Хьаьрман леррина терго йан Iалашонца ингалсан эпсараша меттигера бахархойх дуьххьара тIеман тобанаш кхоьллинера. 1923-чу шарахь цу тобанан буха тIехь кхоьллинера Iаьрбойн легион, цу юкъа бахара нохчий а, чергизой а. Заманан йохалла тIеман урхалла дахаран некъ хилира царна. Иштта нохчаша дIалецира Урдунан тIеман эскарехь шайн къеггина меттиг. Тешаме а, доьналла долуш а хиларна нохчий хазахетарца тIеоьцура полици а, пачхьалкхан кхерамазаллин урхалле а. Таханлерачу дийнахь а, цара шайн тIеман гIуллакх дIакхоьхьу паччахьан гвардехь.

Урдунан бахархошца дустича, цигахь бехачу нохчийн терахь кIезиг делахь а, цара йоккха меттиг дIалоцу мехкан генералитетехь а, лаккхарчу эпсараллехь а. Урдунан исторехь уггаре а къеггина лар йитина нохчий бу:

Ахмед Арслан Алауддин (1942—2014) – тIеман гIуллакххо, бротентанкови эскарийн дивизионни инарла, 1967-чу а, 1973-чу а шерашкахь Iаьрбойшна а жуьгтишна а йукъахь хиллачу тIемийн декъашхо, Урдунан шозза Турпалхо;

Ахьмад Рамзи ибн Iабдин (1893—1969) – Урдунан эскаран инарла хилла дуьххьара нохчо, Урдунан турпалхо;

Мухьаммад Башир – бригадни инарла, Генеральни штабан куьйгалхочун гIовс;

Самих Бено – пачхьалкхан кхерамазаллин инарла-лейтенант.

Нохчий хIинца а меттигера бахархошца бертахь беха Урдунехь, цу мехкан йукъараллин-политически дахарехь жигара дакъа а лоцуш.

Урдунера нохчашна цIена нохчийн мотт а хаьа, цара шайн къоман ламасташ а лардо, махкахошца уьйр а латтайо. Уьш кест-кеста богIу шайн Даймахка, ткъа цхьаберш гуттаренна Нохчийчу юха а боьрзу.

Нохчий а, гIалгIай а санна, Паччахьан Iедало тIеIаткъам бинера малхбузера Кавказан векалшна – доьналла долчу чергизошна. Уьш а дIаоьхура Османски импери, амма Хонкар мехкан латтанаша шийла тIеийцира шайн бусулба вежарий.

Мацалло, лазаро лаьцна кавказхой леш бара, къинхетам бан а, гIоьналлин куьйг кховдо стаг ца карош.

Ткъа Паччахьан Iедала буьззинчу барамехь каралаьцнера Кавказ. Аьчка некъаш дохкуш, административни гIишлош еш, некъаш тадеш, шуьйра болх бара цигахь дIахьош. Паччахьан Iедало цига шортта хьаькамаш а дIахьажийра болх бан, ткъа Кавказ Паччахьа билгал виначу губернаторана тешийна йара.

Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том

Подняться наверх