Читать книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо - Страница 9
I КОРТА
Паччахьан Iедалера Советан Iедале кхаччалц
ОглавлениеНохчийн историн керла агIо йиллира 1800-чу шерийн чаккхенехь тIейеанчу промышленни революцис.
Соьлжа-ГIалин йистошкахь мехкдаьтта долу масех меттиг карийнера, ткъа кестта Нохчийчоь дIайуьзнера Iаьржачу деших.
[5] Нохчийчоь дуьнен чохь дуьххьара меттиг ю мехдаьтта даккхар промышленни кепе деирзина йолу. Махкахь дуьххьара «кху заманан» мехкдаьттан скважина схьайллинера 1893-чу шарахь Соьлжа-ГIалин гена доцуш, ткъа хIетахь дуьйна Нохчийчоьнан лаьттан кийрара 420 миллион тонн буьйда мехкдаьтта даьккхина.
Атта буро тоха мегаш долу керла маьIданаш карор бахьана долуш 1900-чу шерашкара дуьйна Нохчийчоьнна сиха шайн тидам тIеберзийра францойн а, немцойн а, голландски а компаниша.
Меттигера латтанийн дай реза хуьлура мехкдаьттан компанишка скважинашкахь болх байта, цара хIора шарахь богIу мах схьабелча. Амма 1900-чу шеран 10-ч шерашкара дуьйна цхьаболчу хьоладайша шаьш болх бора, оцу кепара цара шайна шортта рицкъа даьккхира.
Йохкар-эцаран хьалхара тоба кхоллайелира маьIданаш дохучу балхана гонаха: углеводородаш (мехк-даьтта) йохкар-эцарехь а, галин гIишлон йан пачхьалкхан хуьлу заказаш а бахьана долуш, гучуйелира буржуази, ткъа церан бераш йа Москвахь доьшуш дара, йа эскарехь тIеман гIуллакх дIакхоьхьуш дара.
Мехкдаьтта бахьанехь гучубевлла хьоладайша шайн йохкар-эцарехула а, политикехула йукъаметтигийн зIе кхоьллира, ткъа царех цхьа болчу векалша Паччахьана Iедалан балха тIехь баккхий кхиамаш а бохура.
Хеталора, дуьххьара нохчийн юкъараллин цхьа дакъа мукъне а оьрсийшца берта а деана, бIешерашкахь цIий Iенийначул тIаьхьа, шина къомана юкъахь тешаман а, доттагIалинн йукъаметтигаш кхоллайала тарло.
Амма, нагахь санна хьал долуш йолчу нохчийн буржуазин Россица дика йукъаметтигаш нисйеллехь а, амма дукхох болу бахархой хIинца а цабезам а, гамо а йолуш бара.
[6] Бахархоша къобалдеш дара обаргаша лелош дерг, хIунда аьлча цара пачхьалкхан рицкъана а, иштта лулара гIалгIазкхишна а къола дора, ткъа шаьш лачкъийна ахча къен Iаш болчу меттигера бахархошна дIасадоькъура. Уггаре а чIогIа цIеяххана вевзаш хилла обарг ву Харачойн Зеламха. 1901-чу шарахь стаг вер бахьана долуш, Iедалах ведда лела дезна цуьнан. Шен тоба а кхоьллина, цо банкашна а, почтийн отделенишна а тIелатарш дора, цигара лачкъийна ахча ламанхошна дIа а доькъуш. Иза вайн Робин Гуд халкълахь шуьйра вевзаш вара. Нагахь санна Робин Гуд къуйн эла хиллехь, ткъа Зеламха лаьмнийн эла хилла. И сацо Россин Правительствос цуьнан доьзал дIалаьцнера, ткъа цуьнан коьртах 18 000 сом ахча мах а хIоттийнера. Билгалдаккха деза, цу заманехь иза оццул доккха ахча доллушшехь, цхьа а ламанхо Зеламхина айкх эцна Iедална тIевахана ца хилла. Цо ша юьхьарлаьцна некъ дIакхехьнера 1913-гIа шо кхаччалц. ХIетахь полицин аьтто баьллера цуьнан лар талла а, иза вен а.
.
Хьалдолу буржуази кхоьллина ца сецира промышленность кхиар: хIетахь кхоллайелира белхалойн класс, ткъа церан лехамашна а, лаамашна а Паччахьан Iедал къора дара.
ТкъаессанолгIачу бIешеран шолгIачу декъехь, йоккхачу латтанийн аристократина тIетевжаш хилла паччахьан Iедал Iадийнера, къинхьегамхоша гуо биначу буржуазис долийначо.
Социальни а, политически а хийцамашна йуьхьанцара башха реза ца хуьлуш хиллачу Паччахьан Iедалан ца даьлла дийзира цара бохучунна тIета, масала 1861-чу шарахь адам дохкаран а, эцаран а ламаст гуттаренна дIадаккхар, амма реакционни паччахьаш гучубовларо Александр III (1881 – 1894) а, цунна тIаьхьа Николай II (1894 – 1917), цIеххьана хадийра цу кхиаран тIегIа.
Социальни хьал йуха а дарлуш дара, оцу кепара хийцамийн майданехь дуьххьара революционни цхьаьнакхетараллаш кхоллайелира.
1903-чу шарахь Россин социал-демократически къинхьегамхойн партехь кхоллабелира Ленин Владимир коьртехь а волуш максималитски болам, исторехь иза большевизм санна бевза.
Йуьхьаьнцара кIеззиг бен ца хиллачу большевикаша Николай Паччахьана хиллачу тIеман эшамийн херцарш тIехь биллира шайн бертан а, чIогIачу уьйран а тIулг.
[7] 1904-чу а, 1905-чу а шерашна юкъахь Росси эшнера Маньчжуриянна тIехь тергам латто Iалашонца Японица хиллачу тIамехь. ТIеман аренгахь шен сийлаллел совнаха, цо дитира шовзткъе итт эзар дакъа а, бIе ткъа эзар лазийна бIаьхо а, иштта везткъа эзар бIаьхо йийсаре лаьцнера.
Меца а, эшна а адам дика гIирс хилира 1905-чу шеран Революци йоло.
Паччахьа Парламентан а, Думин конституци йара йала йезащ, амма гIаттамаш цхьажимма дIатийча, цо Парламентан болх лахбина ца Iаш, цуьнах паччахьан совет кхоьллира.
Исс шо даьлча Росси йуха а тIеман хьолехь нисйелира. ХIинца цунна дуьхьал йаьллера Германи а, Австро-Венгри а, Османски импери а. Паччахьан эскаран баккхий эшамаш хилира. Цу щина шарна йукъахь Россина боккъалла а кхераме дара рогIера тIамехь эшам хиларан.
ГIаланаш а, йарташ а йуха а синтем бойна йара, ткъа революционераш монархина тIелетира.
1917-чу шеран чилланан баттахь керла революци бахьана долуш Николай Паччахьан дийзира васхал тIера восса, ткъа цу шеран эсаран баттахь Iедал большевикаша дIалецира.
Паччахьан Iедал дохаро Кавказан къаьмнийн дегнашка маьрша довларе сатийсам боссийра.
1917-чу шеран бекарг беттан 27-чохь, паччахьа шен дарж дитина ши де далале, дуьххьара Нохчийн конгресс хилира.
Иза вовшахтоьхнера тIеман гIуллакхойн доьзалера схьаваьллачу Чермойн Тапас. Цуьнан да паччахьан эскаран инарла хилла, ткъа и ша паччахьан гвардехь тIеман гIуллакх дIакхоьхьуш хилла, ткъа ша пенси вахале цо Соьлжа-ГIалахь мехкдаьттан бизнес а йолийна, цунах цIейаххана совдегар хилира.
Большевистски революци йолалуш, иза Хьалхара дуьненан тIом баьллачул тIаьхьа ша юха кхайкхина хиллачу эскарехь вара.
Иза сиха Даймахка цIа кхечира. Чермойн Тапа тешна вара йозуш йоцу Кавказан маьрша пачхьалкхан бен аьтто бер бац шен къам коммунизмах ларда. Ала деза, коммунизмана иза чIогIа дуьхьал вара.
Ассамблея чекхйаьлла масех де даьлча ломара къаьмнийн Конгресс хилира, цигахь дакъа лецира Кавказан массо а къаьмнийн векалша. Чермойн Тапа маршонан цхьа майда кхолла гIертара, амма цуьнан сатийсамаш буьйхира Конгресс шина декъе йекъайелча. Цхьа дакъа светски республика кхолла лууш дара, важа Шемалан имаматан хатIехь динан пачхьалкха кхолла лууш дара.
Большевикаша хазахетарца йуьхьарлецира ламанхойн барт бохар. Кавказхой шайгахьа берзо Iалашонца цара тешо йира Къилбаседа Кавказехь шарIаца догIуш пачхьалкха кхолларехь шаьш гIо дийр ду аьлла.
И политически ловзар дукха хьолахь доьзна дара Россин дукхох долчу эскара а, буржуазис а контререволюционни фронт кхуллуш хиларца.
Иза вовшакхийтира лаккхарчу эпсарашна гонаха. Уьш бара инарлаш Корнилов а, Деникин а, Юденич а, Семенов а. Цара шайн эскар кхоьллира, цуьнан гIоьнца коммунистийн куьйг кIелахь йолу провинцишна тIелатар а дира.
Россин Къилбахь Ленинан толамна коьрта новкъарло йара даима Паччахьан муьтIахь хилла а, цо шортта латта делла а болу гIалгIазкхий.
ЦIечу эскархша нохчашна дош делира, нагахь санна цара шайн политика къобалйина тIелацахь, шаьш гIалгIазкхийн латтанаш нохчашна дIалур ду аьлла.
Эххар а мацах дуьйна шайн хилла латтанаш йуха а дола доьрзур ду аьлла сатийсам дагчу боьсиина нохчийн къинхьегамхоша, дукха ойла ца йеш революционерийн агIо а лаьцна, гIалгIазкхишна тIелатар дира.
Ткъа уьш, шайн рогIехь шайн бахам дIабала ца туьгуш «кIайчеран» могIе хIитта буьйлабелира.
Цу хиламийн муьрехь Росси Центральни империшна дуьхьал тIом боло кечам беш йара.
Хьашт дара арахьара фронт мукъне а дIакъовла, цундела большевикийн сацам хилира мосгагIийн билламаш тIеэца. 1918-чу шеран бекарг беттан 3-чохь Брест-Литовск гIалахь Росси къера хилира шен мостагIаша Польша а, Балти а, Финлянди а, Украина а, Закавказье (Йоккха а, Жима а Кавказана йуккъахь Iуьллу регион. Карарчу хенахь цуьнан хьаьрма дIалоцу Гуьржи Махко а, Эрмалойн Махко а, Азербайджана а) пачхьалкхашна тIехь тергам латторна.
Хонкаран эскар лаьмнашкахула даьржаш гиначу Чермоевн сацам хилира шен политически проект кхочуш йан. Иштта кхоллайелира Кавказан ламанхойн республика, ма-дарра аьлча «Горски республика» коьрта шахьар Дагестанан Буйнакск гIала а йолуш, ткъа Президент ша Чермойн Тапа а волуш. И пачхьалкха кхета тIехь бен йацара. Маршоно бахийначу ламанхойн ирс доцца хиллера: масех бутт балале, 1918-чу шеран лахьанан баттахь Хьалхара Дуьненан тIом Центральни пачхьалкхийн эшамца чекхбелира. Закавказьехь лаьтташ хилла Хонкаран эскар йухаделира, ткъа Чермойн Тапа шен коьрта политически накъост воцуш виссира.
Республика ша йиссира, масех кIирнахь цуьнан хьаьрма Деникин инарлин «кIайчу» эскара дIалаьцнера.
Чермойн Тапин политически лекхалла йовш йара: 1919-чу шарахь иза республикин куьйгалхочун даржехь хийцира Коцев Пшемахов цIе йолчу хьоладас, ткъа цул тIаьхьа куьйгалле хIоьттира Паччахьана инарла Калилов Михаил. Цо сацам бира республика дIахеца, шен «накъостаца» Деникинца къиссам ца латторхьама. И гIуллакх цо кхочуш дарна, цунна Дагестанан губернаторан дарж кхечира. Амма сепаратисташа шайн болх сацийна бацара, цул совнаха мехала йолуш а бара, хIунда аьлча церан лаам бара шайн баьчча Истамбуле йоьдучу делегацин коьрте хIотто.
Советски Iедал доьхначул тIаьхьа куьйгалла Iеламнахе даьллера. Вай хьалха билгал ма даккхара, Iеламнах дуьхьал бара светски пачхьалкха кхолларна.
Кавказан ламанхойн республика йоьхначул тIаьхьа, имамаш маьрша бара Къилбаседа Кавказан Исламски Эмират кхолла, кхузткъе итт шо хьалха Имам Шемала кхоьллина хиллачух терра. Эмирата шен шахьар хаьржира нохчийн лаьмнашкахь Iуьллу Ведана. Цигара обаргаша дукха хьийзинера паччахьан Iедалан векалш, 1919-чу шарера дуьйна 1920-чу шеран хьалхара беттанаш кхаччалц ЦIечу эскаран Деникинан эскар йуха а тоьхна, Нохчийчоь йаьккхалц.
Билгалдаккха деза, исторехь цIейаххана долу Деникинан бIе дийнан латарш а Соьлжа-ГIалахь хилла. Соьлжа-ГIалин пролетариатана герзаца а, йуучуьнца а кхачо йеш дара къона революционера Шерипов Асланбека куьйгалла а деш Нохчийн ЦIе Эскар. Шерипов Асланбека мехала дакъа лецира Нохчийчоьхь Советан Iедал хIотторехь.
Нохчийн эпсаран доьзалера схьаваьлла волчу цо кхиамца чекхйаьккхира кадетски корпус, ткъа цул тIаьхьа къеггина лар йитира республикин йукъараллин а, политически а дахарехь.
Цул совнаха, иза похIма долу публицист а, фольклорист а, гочдархо а хилла, масех мотт а хууш хилла цунна.
Билгалдаккха деза, ШериповгIеран доьзалехь йалх ваша хилла, уьш махкахь шуьйра бевзаш политикаш а, Iилманчаш а, культурин гIуллакххой а хилла.
Большевикаша деллачу дашах тешна, нохчийн эххар а шайн латтанийн дай хир бу аьлла сатийсамо Iехийначу Шериповс шен дерриге а доьналла а, хьекъал а тIехьажийра кIайчу эскарна дуьхьал бечу къиссамна.
Цу мIаьргонехь нохчий тешара коммунисташа толам баьккхича, шайн латтанаш лело а, шарIанца даха а шайн аьтто хир бу.
Амма революционераша Кавказ шайн тергоне лоццушшехь, цара Эмират дIа а йоккхуш, федеративни республикийн къорза куз тессира, Россин Советски Федеративни Социалистически Республикаца (РСФСР) цхьаьна, иза а Советски Социалистически Республикийн Союзана (СССР) йукъа йогIуш йара
Нохчийчоь а, луларчу ГIалгIайчоьнца цхьаьна Нохч-ГIалгIайн Автономни Советски Социалистически Республикина йукъа йахара (Чечено-Ингушская АССР)
Нохчашна дIалур ду аьлла латта-м кхин хьахош дацара цхьаммо а.
Масех шо даьлча, 1929-чу шарахь Кавказ Союзан хьаьрмахь шуьйра коллективизаци йина хьалхара меттиг хилира.
Нохчашкара долахь долу латтанаш схьа а дохуш, уьш колхозашна дIалуш дара, ткъа цу колхозашкахь къа хьега дезаш вара массо а.
Пачхьалкхас пайдехь мехашца йалта оьцур ду, ткъа цуьнан метта мокъазалла лур йу.
Проектан башха дика жамIаш ца хиллера, коммунисташна толам баккха гIо динчу нохчийн цабезам марсабаккхар бен. Шайн латтанийн дола дан аьтто хиларе сатийсина болу уьш, мелхо а шайгахь долчунах а бевлира.
[8] Нохчий цхьаъ санна массо а дуьхьал велира коллективизацина. Историка Некрич Александра дийцарехь, Нохчийчоьхь долахь латтанаш дан а дацара. Аренца Iаш болчарна юкъахь хIинцале хи а, латта а, хьаннаш а екъар долийнера, ткъа «кулак» бохучу дешан маьIна а дайнера. Итта шерашна юкъахь коллективизацис дIалаьцнера дукхох долу аханан латтанаш. Амма бахархой цу гIуллакхна реза бацара, царна ца лаьара юкъара латтанаш лело. Ойла йел аш: 20% гергга бахархой цхьаьна а дийнахь колхозехь болх бина бацара, ткъа 46,3% шарахь 50 дийнахь бен болх бина бацара.
Дуккха а шерашкахь шайн паргIато а, маршо а къиссина болчу нохчашна йинарг йоккха йамартло йара. Мацах дуьйна шайн хиллачу латтанийн дай хила аьтто ца баларал совнаха, хIинца церан таро йацара шаьш къахьегна даьккхинчу рицкъанах шайна ма-хетта пайда эца.
Йалта а, даьхний а хIинца Iедалан долахь дара, ткъа реза боцучарна тоьпаш тухуш йара, йа цаьрга хьоьжуш Сибрехара набахтеш йара.
Керлачу политически ражана дуьхьал айбиначу гIаттамаша Нохчийчоь синтемах йохийнера 1920-1930-чу шерийн йохаллехь. Советан Iедало вейтта эзар герра стаг лаьцна воллушшехь, Нохчийчоь саца дагахь йацра. ГIаттамхоша пачхьалкхан хьукматашна тIелатарш дар бахьана долуш, Iедалан ца даьлла дийзира пачхьалкхан инфраструктура ларъйархьма герзаца кхачо йина тобанаш кечъйан.
1939-чу шарахь адам реза ца хилар боккъалла а болчу гIаттаман кепе дирзира. Цуьнан коьртехь лаьттара журналист а, поэт а Исраилов Хьасан. Цуьнан ойланаш коллективизацис оьгIаз бахийтиначу ламанхоша къобалйина хилла ца Iаш, СССР-ан керлачу баьччас Сталин Иосифа хIаллак йеш хиллачу интеллигенцис а, буржуазис а къобалйира.
Исраиловн аьтто белира Iеламнах а, Iилманчех а лаьтта шен юкъаралла кхолла. 1939-чу шеран бIаьста цо правительствона дуьхьал дуьххьара герз айдира.
[9] Исраиловс меттигера партин хьалхарчу секретаре Быковга яздинчу кехатехь дIахьедира: «Нийсса ткъа шарахь советан Iедало къиссам латтийна сан къомаца, и къам хIаллакдина дуьненчуьра дIадаккха Iалашонца. Цкъа «кулакаш», юха молланаш, бандиташ, буржуа-националисташ. Со тешна ву цу къиссаман цхьаъ бен Iалашо ца хилар – сан къам хIаллак дар. Цундела лаьцна ас сайна тIе сан къомо кхайкхиначу маршонан къиссаман куьйгалла дар.
ГIаттамхойн меттамотт Нохчийчоьнан малхбузера ламанца йолчу ГаланчIожехь бара. Кхузара цара тIелатарш дора мелла а лахахь йолчу гIаланашна. Иштта церан аьтто белира Шуьйта шайн куьйг кIел йало. Амма церан терахь кIезиг дара, цу политически ражана кхераме хила. Цара айбина гIаттам эшамца чекхбала тарлора, нагахь санна Гитлеран Германи Советски Союзана тIамца тIелетта ца хиллехь