Читать книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо - Страница 12
I КОРТА
Советски Нохчийчоь
Оглавление1960-чу а, 1970-чу а шерашкахь дахаран кхачалла хьалха ца хиллачу кепехь лаккхайаьллера. Нохчийчоьнах Россин Къилбан промышленни центр хиллера.
1969-чу шарахь кхузахь шекар а, шуранан сурсаташ а, консерваш а, цемент а, электроэнерги а йоккху 49 йоккха завод йара. Амма экономикин коьрта дакъа дIалоцуш мехкдаьтта дара. Нохчийчоьна СССР-ана хIора шарахь 21, 23 миллион тонн мехкдаьтта дара доккхуш. Ткъа иза Iедало бечу хаамашца долу терахь бен дац, ма-дарра дерг леррина лахдинера. Мекхдаьтта долчу метигашна уллохь кхоллайелира промышленность. 1910-чу шарахь кхоьллина хиллачу керосинан заводашна хIинца кхин а кхоъ тIекхеттера.
1939-чу шарахь шен болх дIаболийнера «Шерипов» цIе йолчу мехкдаьтта даккхаран промышленни дуьххьара схьайиллинчу завода, ткъа цунна тIаьхье схьайиллира «Ленин» (1958) завод а, «Анисимов» (I959) завод а.
Мехкдаьттанан и йоккха кхо завод схьайелларо аьтто белира нохчашна шайн мехкдаьтта кечдарал совнаха, СССР-ан регионашкара догIуш долчунца болх бан а.
Нохчийчуьра заводийн аьтто бара шарахь 24 миллион гергга мехкдаьтта кечдан. Кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта а Нохчийчохь кечдо бохург бакъ дацара, цу эладиттано кхиамца къайладора Нохчийчоьхь доккхучу мехкдаьттанан бакъ долу терахь. Нохчийчу кхин йолчу регионашкара мехкдаьтта сехьа дакхха дехкина некъашкахула ма-дарра аьлча Нохчийчуьра мехкдаьтта а, цунах дина сурсаташ а дара Центральни Росси дIакхачош.
Советски Союзан цхьа кема дацара стигла айлуш нохчийн мехкдаьттанах кечдина авиационни даьтта ца хилча, хIунда аьлча кхин йолчу регионашкара мехкдаьттанах деш долу даьттанаш ишта лаккхара кхачалла йолуш дацара.
1939-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанан заводехь дIахIоттийна хиллачу даьтта даккхаран гIирсах Сталина ворхI тонн цIена деши деллера. Цу гIирсо шен болх Советан Iедал доххалц шина сахьтана а сацийна бацара.
Нагахь санна ларамза а, цуьнан болх галбаьллехь, Советски Союзан мехкдаьттан промышленностан министр масех сахьт далале Соьлжа-ГIала кхочура, хIунда аьлча цу гIирсан болх сацар СССР-н барамехь чолхе бохам ларалуш бара.
Цу гIирсах пайда а оьцуш, нохчийн мехкдаьттанах доккхуш хилла и авиационни даьттанаш массо а союзни республикашка дIакхачош а дара, иштта Варшавски бартан а, кхин болчу а мехкашка духкуш а дара.
Соьлжа-ГIалин мехкдаьттанах доккхуш долу парафин уггаре а цIена сурсат лоруш дара, цундела иза килсан чIурамаш дан Ватикане дIакхачош дара. Мехкдаьттанан ниIматах Соьлжа-ГIала йуьзначу хенахь, нохчий-м геначу Сибрех, хьацарца а, цIийца бепиган цостар эца рицкъа доккхуш бара. СССР йоьхначул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн хьаьрмахь хилла Советан Эскар ша арадолуш, диц ца делира даьтта доккхуш хилла гIирс эккхийта. Къаьсттина билгалдаккха деза, и гIирс лаьтташ хиллачу мехкдаьттанан хьаьрма ког баккха йиш йацара цхьаьна а нохчочун а, гIалгIачун а. Вай хьалха билгал ма даккхара, царех цхьа а цигахь кертара нехаш дIайаха а балха оьцуш а вацара.
ХIинцалц жима хилла Соьлжа-ГIала, шо шаре мел долу шорлуш йара. 1939-чу шарахь 172 000 хилла бахархойн терахь 1979-чу шаре 340 000 эзаре хьаладаьллера, ткъа йуха а нохчий цу бахархошна йукъахь уггаре а кIезиг бара.
Корматаллин хаарш долу белхан ницкъаш тIеберзо а, нохчашна а, оьрсийшна а йукъара интеграци ларъйан а Iалашонца центральни правительствос ахчанца кхачо йира ишколийн а, колледжийн а гIишлош йан, цундела 1960-чу шарахь республикин аьтто белира дешаран тIегIа айда.
[18] 1969-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь 228 000 дешархо волуш 569 юккъера ишкол а яра, иштта 289 лерина ишкол а яра 15 000 меттигана, шиъ университет а яра, ткъа царех цхьаъ мехкдаьттан промышленностан говзанчаш кхиош йолу Соьлжа-ГIалин мехкдаьттан институт яра.
.
Культурни дахар а дара промышленни долчуьнца цхьаьнаэшшара кхиам болуш доьдуш: 1970-чу шарахь кхузахь 484 библиотека а, 400 оьздангаллин кхерч а, 300 кинотеатр а, кхоъ корматаллин театральни училище а, исбаьхьаллин шиъ ишкол а, мукъамийн ишкол а йара. Зорбане долучу деа газета а, шина литературни журнала а хIора дийнахь арахоьцура миллион гергга экземпляр, ткъа меттигера телестанцис хIора дийнахь бахархошна керланаш довзуьйтура. Нохчийн хьал хIетахь мелла а хьалха хиллачуьнца дустича дикачу агIор хийцаделла хеталуш дара. Церан аьтто бара политически дахарехь а, пачхьалкхан куьйгаллехь а дакъа лаца.
1970-чу шерашкахь меттигера советашкахь 50% депутат а, иштта 19% куьйгалхо вайнехах вара.
Йуьхьанцара ойла йича, иза башха доккха терахь дацара, амма итт шо хьалха и гайтам 2% а ца кхочура.
1973-чу шарахь дуьххьара оьрсий ца хаьржира Лаккхарчу Советан куьйгалле.
[19] Иза вара 1973-чу шеран хьаьттан беттан 28-чохь хаьржина волу гIалгIа Боков Хьажбикар. Иза оцу даржехь вара 1990-г1а шо кхаччалц. Цуьнан метта нохчо Завгаев Дока хIоттийнера.
Хеталора, Нохчийчуьра къаьмнаш машаре кхаьчна. Амма цу социальни синтеман хьал башха тешам болуш дацара, хIунда аьлча нохчашна хIинца а диц ца деллера шаьш махкаха дахар. Иза хуучу Советан Iедала йуха а шен мекаралла гайтира. Цунна лиира нохчийн-оьрсийн тIаьхьарчу бIешеран истори орамца хийца.
Нохчийн истори йухайазйаран мукъ карабеллера профессорна Виноградов Виталийна. Цо кхоьллира «Нохчийчоь шен лаамехь СССР-ана йукъайахар» цIе йолу харц исторически болх.
Виноградовс дийцарехь, Россис шен син-оьздангаллин кхачалла лекха хиларца ломара акха къаьмнашна цивилизаци йовзийтинера.
И ойла вуно тамашийна йара, хIунда аьлча дерриге а маьлхаг дуьне теш дара кавказхоша бIешерашца латтийначу къиссаман. Цул совнаха, Росси коча ца йеънехь, уьш шайн пачхьалкха а йолуш маьрша бехаш бара. Цундела профессорас дуьйцучох нохчийн Iилманчаш тешо КГБ-н гIо ийшира. Иза гIоьнна йеъча, нохчийн Iилманчаш а цу харцонах ца бевлла тешнера.
Цуьнан харц йозанаша дуьйцура йа Кавказан тIом а ца хилла, йа ламанхоша шайн маршо а ца къиссина. ХIетахь хилларг иза Дагестанан а, Нохчийчоьнан а, Чергизойн а акха ламанхоша деш долу къолаанаш сацо гIерташ, царна цивилизацин баххаш довзо гIерташ Россис къахьегар ду.
И харцо йешча кхета мегар ду Виноградовна хьалха нохчийн истори бехйан, цуьнан сийлаллин зIаьнарш гуттаренна а йайа хIоттийна билггал Iалашо хиллий. Советски Союза хIетахь барам боцуш къа хьоьгура ламанхой тешо ша гIерташ шаьш царна цивилизаци а, культура а йеана бохучу ойланах. Амма ламанхоша цу «цивилизацих» муха махбелла а вайна хууш ду.
Политически раж хийцайелла йоллушшехь, цу пачхьалкхан нохчашца болу имперски хьежамаш кхин хийца ца белира. Советан Iедалан сацам хилира нохчийн йукъаралла социальни уггаре а лахарчу тIегIане йаьккха, цуьнан къоман кхетам, Iадат, ламаст хIаллак дина дIадаккха, тIекхуьу чкъор тешо шен къам бух болуш ца хиларах, ткъа Iедална муьтIахь хилчхьана кхин дахарехь Iалашо йоцучу Виноградовс хIуммаъ хало ца йеш йаздора шен харц жайнаш.
Ша сийлахь воккха историк а, кавказовед а хеташ волу Виноградов ма-дарра аьлча, Iедало ловзош йолу тайниг йара, ткъа цуьнан йозанаш хIинца вайна ма-хаъара доь доцуш дайна, ткъа Кавказан историн а, Iаламан а, син-оьздангаллин а сийлалла дуьненнна а йевзаш йу.
Виноградов Iедало ловзош вара. Цунна хьалха хIоттийна коьрта Iалашо йара колхозехь болх бан бен кхин карах дер доцу, Iилманна тIера воцучу акха нохчочун васт кхоллар.
Ткъа Iедалан культурин ирхенашка кхача нохчо йа Делах, динах ваьлла хила везара йа, оьрсий зуда йигна хила везара. Йоккха программа йара чухецна нохчийн кхиамаш къайлабаха Iалашонца. Ткъа иза кхочуш йар долийнера 30-чу шерашкахь дуьйна. Къаьсттина хIетахь кога хIотта ца йуьтуш, лестош йара нохчийн интеллигенци. Цуьнан къеггина масала ду Нохч-ГIалгIайчоьнан йаздархойн Союзан болх. Союзан шийтта декъашхочунна юкъара иссанна хан тоьхнера, ворхI Сибрех хьажийнера, виъ тоьпаш тоьхна вийнера. Нохчийн культурин а, Iилманан а гучудаьлла мел жима зIийдиг а Iедалан къизачу херхо дIахьокхуш дара.
Ткъа Соьлжа-ГIала-м Советски Союзан гIала санна хаза кхууьш йара, и йоккха пачхьалкха шен сурсаташца йузор цо цхьаьна денна сацийна а дацара.
Нохчийн хIаллак йиначу интелллигенцин кхин цхьа тоьшалла ду – Цебиев Ахьмад – нохчийн Iилманан дIабайна малх, дуьненахь а вевзаш хилла физик.
Цуьнан цIе къиза къолам хьаькхна йайинера Советан Iедало, ткъа цо мел бина Iилманан болх, цуьнан мел хилла кхиам цуьнан накъосташна дIабеллера. «Явление генерации СВЧ – колебаний полупроводниковым диодом с одним p-n—переходом» – цу Iилманан хиламах хIинца а жигара пайда оьцу зIенийн гIирсаш кхолларехь а, вайна массарна а йевзаш йолу мобильни телефонаш йарехь а.
Карарчу хенахь, нохчашна шайна а ца хаьа шен йист йоцучу аьттонашца вай цец дийхина ца йолу мобильни телефон кхолларехь шайн махкахочун Цебиев Ахьмадан хааршах пайда эцна хиллий.
Ткъа Iамаьркара а, Японера а, кхин болчу мехкашкара а тоьллачу электронни фирмаша цу Iилманан хиламан буха тIехь хIинца а керланиг гучудоккху зIенан гIирсаш кхолларехь а, царех пайда эцарехь а.
Цебиевс кхоъ Iилманан керла хилам гучубаьккхина, радиоэлектроникин а, шуьйрачу радио зIенан а декъехь ткъе йалх говзар йина, иштта диллина а, къевлина а зорбане баьлла цуьнан шовзткъе итт Iилманан болх.
Амма цуьнан сел боккха а, къеггина а болу и кхиам йукъара хилира, ткъа Ленинан лаккхара совгIат цо болх биначу лабораторехь массарна а кхечира, Цебиев виссалц.
Иштта дара Советски Нохчийчуьра культурни-исторически хьал.
Нагахь санна, экономикин кхиар цу боларехь диссинехь, коммунисташа йуьйцуш йолу социальни архитектурас цхьа хийцамаш хилийта а мегар.
ХIетахь Советски Союз эскарца а, космосехь болчу кхиамашца а Вовшахтоьхначу Iамаьркан штаташца къиссалуш йара. И къовсам бахьана долуш экономика а тишлуш лаьттара.
Советски Союза инзаре дукха ахча дара дойуш шен эскарна, ткъа политически аппарат лелорна а йоккха харж йезара.
Социализмана йеш йолчу пропагандас кIезиг пайда бохьура: центральни правительствос бахархошна кховдош долу хьашташ цIиндар хIинца а кIезиг дара.
Бюрократис ницкъ бина йолу экономикин машена сецош йара инвестициш а, ткъа оьрсийн а, оьрсий боцучеран а йукъаметтигаш а меллаша йуха а йухуш йара.
Экономически а, политически ирхенашкара керла йукхадовларан хьокъехь къаьсттина чIогIа нохчаша шайн дагара хаийтира динан ламасташка берзарца: 1970-чу шерашкахь республикехь жигара болх бан буьйлабелира къаной. Цара къа хьоьгура шайн къоман исторически а, культурни баххаш лардарна тIехь. Цара беш болу болх бахьана долуш, церан дийна иэс хиларна аьтто белира нохчийн къоман син-оьздангалла а, кхетам а ларба.
Кегирхой буьззинчу барамехь цара бохучунна тIаьхьа хIиттина бара, уьш шайн ма-хуьллу юьстах бовла гIертара нохчийн къоман мехалашна хийра долчунна. Цу хьокъехь къаноша йоккха меттиг дIалоцура нохчийн къоман дахарехь.
Бусулба дино а, махках дахарах болчу дагалецамаша а, нохчийн этнически кхетамо а халкъан ламасташ йухаметтахIотторехь керла гIулч йаккха аьтто бира. 1980-чу шерашкахь нохчий шайн культуре бирзира.
Шен агIор коммунистически куьйгалла цунна дуьхьало йан гIертара: СССР-ан издательски отдела ца магийнера махках дахар аьлла муьлхха а дош хьахо, амма цуьнан чов и ирча сурт гиначеран дегнашкахь хIинца а Iийжара, ткъа тIекхуьучу чкъурана бакъ дерг хаьа лаьара [20] ГIалгIайн маьрша боламан баьччас Кодзоев Iийсас шен политически хьежамашах лаьцна ишта дийцира: «Иза дуьххьара доладеллера тхо хьехархойн институтан студенташ долчу хенахь. Тхо махках даьхна нах дара, тхуна цунах лаьцна ша дерриге а хаьа а лаьара. 1944-чу шарахь сан доьзалехь цхьайтта стаг вара. Со уьш массо а цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа дIа а воьллина, суо цхьалха цIа вахара.
къийла а ца луш, цунах лаьцна дийца а лаьара. [21] 1962-чу шарахь со дуьххьара лаьцначу хенахь, ас кхелахочуьнга элира, аш суна йеш йолчу кхело со декхарийлахь во со велла дIаваллалц Советан Iедалца къиссам латто.