Читать книгу Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том - Бенедетти Франческо - Страница 7
I КОРТА
Хьост
ОглавлениеМацах дуьйна нохчийн Даймохк Кавказ хилла – Iаьржа а, Таркхойн а шина хIордана юккъахь Iуьллу и исбаьхьа латта. Иза декъалуш ду шина ламанан даккъашца: мелла а лекханиг Къилбаседа агIор долу дукъ ду, цунах Сийлахь Кавказ олу, мелла а лоханиг Къилбера Жима Кавказ олуш дерг ду.
Цу лаьмнийн даккъашкахула чекхвала хала ду. Ламанан басешца йуьткъа тогIеш йу, ткъа цу тогIешкахь охьаоьхуш ду эзар шерийн йохаллера дуьйна шайн некъ баьккхина хилла ламанан татолш.
Къилбехь, Жимачу Кавказана дехьа, Эрмалойн акъари йу – хьекъаш доцучу баьрзнийн и йоккха шорте, ткъа Къилбаседахь, Сийлахь Кавказан когашкахь Iуьллу тайп-тайпанчу къаьмнех йуьзна, йист йоцу шера аре.
Цкъа а ца дешачу лайша хьулдинчу цу ламанийн даккъаша луьстачу хьаннашна тIе кIайн хIоз буьллуш санна сурт хIоттадо. БIаьрг тохийша цу Шат Ломе, цуьнан сийлалле, цуьнан лекхалле. Толкиенан кхоллараллина хьакъ долчу хьолах эцийша марзо.
Ларамза дац, къаьсттина кхузахь кхолладелла хилар Пхьарматах а, Нох Пайхамарах а (Дела реза хуьлда цунна) лаьцна аларш, дийцарш.
Дуьненан йуккъе, Европа а, Ази а, Малхбале а цхьаьнакхеташ йолу шатайпа меттигехь Кавказехь даима гола тухуш хилла дуьненан историн сийлахь йаккхийчу цивилизациша.
Кавказана тIехь олалла дан бакъо къийссина ширачу цивилизациша, царех хIораммо цу исбаьхьа лаьттахь шен лар а йитина – динахь, архитектурехь, топонимикехь.
Дуьненан маьI-маьIIера схьаоьхучу мостагIаша деш долу тIелатарш бахьана долуш, Кавказан къаьмнаш доьлла хилла дуьнен чохь даха даима шайн бакъо къийсса йезаш хиларца.
Цу халачу хьолехь даха Iамарал совнаха, уьш Iеминера доьналлица мостагIашна дуьхьало йан а.
Шайн паргIато а, Даймехкан маршо а бахьанехь даима латто безаш хиллачу къийссамо цхьа шатайпа чIогIа тIера хилийтина уьш Даймахкана, шаьш схьадевллачу меттигашна. Билгал Францойн махкал хир йолчу цу хьаьрмахь маьрша а, бертахь а деха ткъа къам а, ткъаессана мотт а, вуьрхIитта пачхьалкха а, кхоъ дин а.
Цу къаьмнийн къорзачу куза юкъахь Нохчийчоьно дIалоцуш йу вуьрхIитта эзар квадратни чаккхарма. Оццул хила тарло Галлес а. Нохчийчоь иза бIе кхузткъа чаккхарма йохалла а, бIе чаккхарма шуьйралла а йолу нийсасаберг йу. Нохчийчоьно милла а цецвоккхур ву шен Iаламан шатайпаллица.
Къилбаседара Къилбе кхаччалц некъ беш, вайн бIаьргашна йелалло йист йоцу шуьйра аре, ткъа йуха и буц-аре хийцало аьхначу аренашна, цигара гучуйовлу Теркан – нохчийн уггаре а доккхачу ахканан хин йистош. Терк Нохчийчухула тIехдолу Малхбузера Малхбале кхаччалц, ткъа цул тIаьхьа иза Таркхойн (Каспийское) хIордах дIакхета.
Теркана тIехдевлча, вай кхочу аллювиальни аренашка, цигара Теркан дукъ олучу баьрзнаш тIехьара йолалло кхин цхьа шуьйра тогIе. Цунна тIехдолу Соьлжа цIе йолу нохчийн кхин цхьа ахка. Иза Теркал дуккха а жима ду, амма нохчашна чIогIа мехала а, деза а хеташ ду.
Соьлжа йерриге а Нохчийчухула тIехдолу малхбузера малхбале кхаччалц, эзар шерийн йохаллехь Нохчийн аре кхоьллинчу, сиз хьаькхча санна богIучу некъаца. Кхузахь йу республикера уггаре а йаьккхий йарташ, иштта Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГIала а.
Соьлжа-ГIала нийсса республикин йуккъехь йу. Цигахь веха кхо бIе эзар сов стаг. Аренан къилбехьара дIа чIожашна тIехдовлу ламанан гIовгIане Iовраш. Цигара нийсса ирхнехьа хьаладевлча, вай кхочу Нохчийчоьнан Къилбе – луьстачу хьаннийн цу буьрсачу махка. Цигахь ду Кавказан лаьмнаш а, Нохчийчоьнан уггаре а коьрта Тебулос-Мта (Дакох Корта) лам а. Цуьнан лекхалла йу 4493 метр.
Нохчийн къоман истори дIайолало 6000 гергга шо хьалха, хIетахь церан дай Месопатамера кхуза схьабаьхкинчу хенахь дуьйна. Цхьа мотт буьйцучу шортта тукхамех лаьтташ хилла и къам. Царех олуш хилла Нах. Цу дашца кхоллайелла йу цу къоман цIе – НАХИ, НОХЧИ – Нохан къам.
Ткъа йуха, Советан Iедалан муьрехь керла дош кхолладелла – Вайнах – нохчашна гергара къаьмнаш гIалгIай а, бацой а билгалдеш долу.
Нохчий хIетахь Iеса ца хилла. Цара коьрта Iамал йеш хиллачух Дела олуш хилла – дерриге а дуьне кхоьллинарг. АллахIах хIинца а олу нохчаша Дела.
Вайнехан пантеон кхин долчу Iеса къаьмнийн пантеонах тера хилла. Масала, желтойн мифологера Прометейх нохчаша Пхьармат олуш хилла. Иштта церан мифологехь хилла инзаре даккхий адамаш – Нарташ. Ламанца баха хевшича, нохчийн тукхамаш гергара тейпанашна, гаранашна декъаделла, шаьш бехачу меттигийн йа, шаьш схьадевллачу дайн цIерш а оьцуш. Царех цхьадолу тейпанаш аренца Теркан а, Соьлжанан а йистошкахь даха хевшина, шайн дахар йуртбахамца доьзна а долуш. Цара кемсийн а, кхин долчу стоьмийн а бошмаш а лелош хилла, иштта даьхний а, латта а лелош хилла. Цу нахах нохчаша теркхой олуш хилла, йа охьара нах.
Ткъа кхин берш ламанца биссина. Цигахь дахаран хьелаш мел хала делахь а даьхний а лелош, Iаш хилла уьш. Царех ламарой олуш хилла.
ХIора аьхка ломара нохчий тогIенашка охьабуьссуш хилла охьара нахера кIа эца а, иштта цхьацца сурсаташца цаьрца хийцамаш бан а.
Нохчийн маьрша дахар тIекIалдаьлла вайн эрал хьалха хиллачу 6-чу бIешарехь. ХIетахь царна тIелетта киммерийцаш а, скифаш а, иштта ГIажарера къаьмнаш а. Цара чубеъна тIом бахьана долуш, аренца болу нохчийн шайн ломара вежарий болчохь кIелхьарабовла дезна.
Цхьажимма шайна чу са деъча, нохчаша шайн махкара скифаш дIалаьхкина, амма уьш дIабахана дукха хан йалале, царел ницкъ болу а, хьекъале а мостагIий баьхкина нохчийн махка – сарматаш.
Церан ардангаша дIалаьцна йерриге а нохчийн аренаш. Соьлжа хих кхеташ долу Марта ахканан цIе а сарматийн «беллачийн ахка» олучу дашах кхоллайелла йу олуш ду.
Итта шарешца цаьрца къиссам а латтийна, нохчаша толам баьккхина. Ткъа Кавказехь йиссинчу сарматийн жимачу тобанах кхолладелла ду олуш ду хIирийн къам.
Масех бIешарахь нохчий маьрша Iаш хилла, ткъа Сийлахь Кавказан къилбехь византийцаш а, гIажарий а хилла тIемаш беш, Кавказана тIехь олалла дан бакъо къуьйссуш. Вайн эран 7-чу бIешарехь и ши пачхьалкха Iаьрбойн тIелатара дIахьаькхна, ткъа хIетахь Кавказехь а хилла баккхий хийцамаш. Дуьххьара цуьнан къаьмнаша долийна маьрша пачхьалкхаш кхоллар.
Царех уггаре а коьртаниг хилла Гуьржийн элалла. Цо шен тергоне лаьцна Сийлахь а, Жима а Кавказан йукъахь мел йолу хьаьрма. Iаьрбойх а, иштта аренца даьлла лелачу къаьмнех а шаьш ларба Iалашонца гуьржиша гIо деш хилла кегийчу къаьмнашна а шайн пачхьалкхаш кхолла.
Иштта кхоллайелла кху заманан Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанашна тIехь Iиллина Дзурдзухети а, иштта, Нохчийчоьнан къилба-малхбузехь хилла Симсир элалла а.
Ила цIе йолчу паччахьа куьйгалла а деш элийн тобано (Узден) феодализман кепехь латтанийн дола деш хилла. Халкъхой олучу маьрша нехан аьтто хилла герз лело, ткъа йалхой а, леш а церан куьйг кIелахь хилла. Пачхьалкхан иерархин лардехь хилла йийсарш а, леш а.
Цу муьрехь нохчаша бакски а, шотландски а, иштта ширачу Германин а кепехь шайн социальни система кхоьллина.
Доьзала коьрта меттиг дIалоцуш хилла социальни дахарехь. Доьзалшах кхоллалуш хилла некъий, ткъа церан декъашхоша цхьаьна къахьоьгуш хилла даьхний лелорехь а, латта ахарехь а.
Амма социальни структура йоттарехь коьрта цIурко тIулг буьллург тейп хилла. И дош Iаьрбойн «Тайфа» олучу дашах схьадаьлла ду олу. Тейп кхоллалуш хилла итт эзар а, кхин а сов адамех. Тейпанаш гаранашна декъало, ткъа гараш некъашна.
Церан куьйгалла деш хилла Мехк-Кхела – иза къанойх а, иштта махкахь уггаре а дика цIе йоккхучу а адамех лаьтта, къоман шатайпа гулам бу. Цо оьшучохь нийса кхел а йеш хилла, иштта аха латта а билгалдеш хилла, тIом болуш киртиг тIенисйеллехь, бIаьхой а вовшахтухуш хилла.
ХIора а тайпанан шен цIейаххана да а хилла а, иштта шен лам а хилла. Цу ломахь цхьаъ йа, масех бIов хилла. Цу бIевнашкахь нохчий бехаш а хилла, иштта цу бIевнаша йоккха меттиг дIалоцуш хилла мостагIийн бIо йухатохарехь.
Карарчу хенахь Нохчийчоьнан лаьмнаш дуьзна ду и тайпа бIевнех. Царех цхьайолчарех йиссинарш херцарш бен йац, ткъа цхьа йерш хIинца а дика лаьтташ йу.
Нохчийн лаьмнашкахь хIинца а лаьтта эзар шо хьалха йоьттина хилла и тIулгийн инзаре лекха гIаланаш.
Къаноша нохчийн къоман истори Iаьрбойн маттахь йазъйина ларйина тептаршкахь. Цу тептаршкахь, исторически хиламех лаьцна долчу дийцарел совнаха, нохчийн бакъонан – Iадатан лехамаш а хилла дIайазбина. Иза ма-дарра аьлча хIора а нохчо тIетовжа декхарийлахь йолу син-оьздангаллин а, бакъонан а граждански кодекс хилла.
Тейпанаша наггахь шайн конфедерациш кхуллуш хилла цхьацца Iалашонца, масала мостагIашна дуьхьало йан, чIир йита, ши тейп берта дало а, кхин дIа а.
Цу цхьаьнакхетараллех Тукхум олуш хилла. Карарчу хенахь уьш исс ду, царна йукъа догIуш ду ши бIе гергга тейп.
Дахаран тайп-тайпанчу политически а, кхин долчу а хьелашкахь коьрта меттиг дIалуш хилла къаношна. Цо кхоьллина нохчийн къоман бух. И тайпа шайн ламастийн чIогIачу буха тIехь кхоьллина йолчу йукъараллас тамаша бара арара пачхьалкхин Iедал.