Читать книгу ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - Страница 11
ДО1А ДАРН Г1ИЛЛАКХАШ
ОглавлениеДо1 деш верг х1ара г1иллакхаш лардеш хила веза. Х1ара г1иллаккхаш лардара Далла дезаш ду, х1орш лардара мелехь ду, х1орш лардаро до1ан жоп далар алсам доккхуш ду.
1) -Къилбе верзар.
2) -Дала до1ан жоп лур ду аьлла дог тешна хилар.
3) -Дуккху х1ума дехар, дуьнен х1ума а, эхарт х1ума а.
4) -До1ангахь доьхуш дерг юх-юха дехар.
5) -До1ан жоп хиларн сих ца валар.
6) -Айха до1ангахь доьхуш дерг ч1аг1дина хилар, «я Аллах1, Хьайн лаахь хилийта Ахь» ца бохуш, «Я Аллах1! Ло Ахь сунна из» алар.
7) -До1а деш Аллах1ан хьаставелла хилар, Цунаха кхоьруш, Цуьнга са туьйсуш, Иза дагахь хилар.
8) -Айха доьхуш дерг кхузза дехар.
9) -До1а деш аз лахдина хилар, шена хезачу кепара, кхечунна ца хезачу кепара.
10) -Къинош летийна хиларца мукъарло дар, царах дохко валар.
11) -Дала деллачу ни1маташна мукъарло дар, Цунна царна хастам бар.
12) -Бусулбачу нахана до1а дар, къаьстина дена-нанна, дешначу нахана, дикачу нахана, мискачу нахан, г1ийлачу нахан, шайна зулум хилчу нахан а.
13) -Хьалхара шена дехар кхечун дехале, цулт1ехьа кхиболучарна а дехар.
14) -Дериге х1ума Аллах1ига дехар, жиманиг а, доккханиг а.