Читать книгу ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - Страница 6
ДО1А ДАРО АЛЛАХ1АН ОЬГ1АЗЛО
ЮХА ТУХУ
ОглавлениеПайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Аллах1ига доьхуш воцучунна, Иза цунна оьг1аз воьду».
Аллах1 Шега до1а ца дечунна оьг1аз х1унда воьду те? Массо халкъ Аллах1ига хьаште ду, Цуьнга доьхуша ду шайн хьаштанаш, амма Цуьнга цхьа а х1ума ца доьхуш верг, ша Аллах1ига хьаште вац бохург ду иза цунна, маттаца хьацаалахь а, шен леларца боху цо иза. Иштта стаг куралла еш ву, цхьа а х1ума Аллах1е ца дехарца. Иштта хила мегар дац. Иштачунна Аллах1 оьг1аз воьду, х1унда аьлча, Ша Шега деха хьакъ волу Шега ца дехарна. Цундела, сих-сиха, х1ора дийнахь Аллах1иг до1анаш деш хила веза хьо, х1ай Аллах1ан лай!