Читать книгу ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - Страница 9
АЛЛАХ1 ШЕГА ДО1А ДеЧУЬНЦА ВУ
ОглавлениеПайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сийлахь а, везачу Аллах1ас къуръан чохь боху: Со сан лайца ву, цо Соьга дехча».
Аллах1 хьоьца хилар бохуРг, Цо хьуна г1о дар, хьо ларвар, хьан до1ан жоп далар, хьан дог пархат даккхар, хьо толавар, иштта кхиболу пайданаш а хьуна хилийтар ду. Ткъа хьо до1а деш хилча, Аллах1 хьоьца хилча, хьуна кхин х1ун оьшу? Цундела, хьан герз Аллах1ац ду, Цунна т1е болх билла, Цуьнга деха.