Читать книгу ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - Страница 7
ДО1А ДАРО Г1ОРАСИЗАЛЛА
Д1АЙОККХУ
ОглавлениеПайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Уггаре г1орасиз верг, до1а ца далуш верг ву».
«Муъмин стега герз до1а ду» – аьлла пайхамаро (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна), ткъа шен герз охьа теснарг хира вац г1ора сиз? Шен уггаре доккха а, ч1ог1а а, дика а герз охьа тесна цо хилча. Цундела, ниц1къ берг, шен Делига кхойкхуш до1а деш верг ву.