Читать книгу ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - Страница 3

ДО1А ДАР АЛЛАХ1АН ОМРАНА МУЬТ1АХЬ ХИЛАР ДУ

Оглавление

Аллах1ас аьлла къуръан чохь: «Аш Соьга деха, Аса шуна жоп лур ду».


Цундела, айха Делига до1а деш хьо тешна хила веза Дала хьан до1а жоп цалуш дуьтург ца хилар. Дала Ша жоп лура ду аьлла. Амма Дала Шега динчу до1ан жоп далар тайп-тайпана хуьлу. Наггахь ахь дехнарг ло Цо хьуна. Я ахь дехнарг цалуш, ахь динчу до1ан доьхьал хьоьхь цхьа бала юха туху Цо. Я хьан до1ан жоп эхартан д1адуьллу, цигахь хьуна дика дала хьан до1ан доьхьал.

Цундела, хьан до1а дойра дац хьуна цхьанний кепара. Делахьаъ, Дала Шен хьикматаца хьуна х1ун оьшу хьаьжина жоп лура ду хьуна.

ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР

Подняться наверх