Читать книгу ДО1А МУХА ДАН ДЕЗА? ДО1а НИЙСА ДАР - ШОВХАЛ ХЬУСАЙН - Страница 12
ДО1АН ЖОП ДАЛАРАН
БАХЬАНАШ
ОглавлениеХ1ара бахьанаш до1а деш лардара ч1ог1а коьрте ду. Х1ара бахьанаш до1а дочуьнца хилахь, дерише я цхьадериш, цуьнан до1ана жоп далар алсам хуьлу.
Цуьнца х1ара бахьанаш дукхох мел хуьлу, цуьнан до1ан жор хиларан сатийсам а алсам хира бу. Цундела, х1ар бахьанаш до1а дечунна хаадезаш ду, шен до1а жоп доцуш ца дисийта.
1) -До1а д1адоладар Аллах1ан хастам барца «Альхьамдулиллах1и роббиль 1аламийн» – аьлла, цулт1ехьа Аллах1 хьаставарца1, цулт1ехь пайхамарин (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) салават дилларца а «аллох1умма солли 1ала Мухьаммад» — аьлла.
До1а дина ваьлча Аллах1ан хастам а беш, пайхамарин (Аллах1ера салават а, маршо а хуьлда цунна) салават а дуьллуш до1а чекх даккхар.
2) -До1а деш ши куьг хьала айбар.
3) -Ша деш долу до1ангахь шек ца хилар, ша доьхуш дерг Дала шена лур ду аьлла дог тешна хилар.
4) -Хьанал риц1къ дууш а, молуш а хилар. Хьанал риц1къ даара до1ан жоп хилар бахьан ду, амма риц1къ хьанал дацахь, до1ан жоп ца хилар герга ду.
5) -До1ан жоп хилар сих ца дар. И бохурга, шен до1ан жоп ца луш хан яьлча, «суна жоп ца ло» -аьлла и х1ума дехар 1адда дитара до1ан жоп хилар сихо яр ду. Иштта жоьпан сихо яро до1ан жоп ца хуьлуьйту. 1адда ца дуьтуш юх-юха деха деза.
1
– Аллах1 хьаставар хуьлу Аллах1ехь долу х1уманашца иза хьаставар. Масала: Я Аллах1, Хьо цхьаъ ву, Хьо къинхетаме ву, Хьан карахь ду дериге х1ума – иштта кхечу дешнашца а.