Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 10
Корта III
I
ОглавлениеРуслан берхIитта шо кхаьчча, массо а нийсархой санна эскаре кхайкхира. Даймохк ларбар шен сийлахь доккха декхара хетара цунна, ткъа уггаре а чIогIа Афганистане кхача лаьара, мостагIашца нийсачу къиссамехь шен доьналла гайта.
Руслан билгалйиначу хенахь тIеман комиссар Воронин волчу веара. Военком схьакхаччалц хан йойуш, ингалс меттан Iаматан агIонаш дIалуьстуш Iаш вара Руслан, амма Воронин дукха ца Iаш схьакхечира.
– Хьо соьга хьоьжуш вуй, жима стаг? – хаьттира шовзткъе итт шаре ваьлла хила тарлучу гIеметтахIоьттина стага.
– Ву, накъост подполковник! – хьалаиккхира Руслан.
– ЭхI! Хьажахь, цуьнга тIемало! Хьан фамили….да велла йуьссийла хьо, контузи! ХIун йара хьан фамили?
– Дадиев ву со.
– Ван а ма ву Дадиев! Чоьхьавала тIаккха.
– Гражданкехь висса лууш хир вара хьо?
– Дер вац, товарищ подполковник!
– Кхиор ву хьо соьх и товарищ подполковник ала, собар дехьа, хьо эскарехь а вацара. Дорофеевс Iамийна хир ву хьо. И дер йу борз. ХIинца а вуй хIара хьалха санна къовламе?
– Тхоьца чIогIа дика ву иза. Оха массара а лоруш а ву.
– Хаьа суна. Цуьнан студенташ къаьсттина дика хуьлу: Калашников автомат вовшахйаккха а, йуха вовшахтасса а чIогIа дика хаьа царна. Хьуна мел хан оьшу автомат вовшахтасса?
– Пхийтта секонд тоьур йу.
– Пхийтта секонд?
– ХIаъ, товарищ подполковник.
– Уггаре а тоьлла гайтаман мел норматив йу хаьий хьуна?
– Хаьа. БерхIитта секондера ткъе итт секонде кхаччалц.
– ТIаккха? Стенна йеш йу ахь ишта сихо?
– Муха стенна? Товарищ подполковник? Масане хуьлу тIам тIехь.
– ТIом стенна буьйцу ахь? Хьо тIом бан воьдуш ву, йа эскаре воьдуш ву? – эпсар ойланашка вахара. – Дика ду тIаккха. Мичахь лаьа хьуна тIеман декхара дIакхехьа?
– Афганехь, товарищ подполковник.
– Вай, хьо валла… кхин цхьа турпалхо гучувели хьуна! – элира Воронина, цигаьрка а узуш. – Ас диъ шо даьккхина цигахь. Гуш дуй хьуна суна хилларг? – оьгIазе гайтира Воронина шен астагIа ког.
– Ду.
– Цигахь мини тIехь иккхинера со. Соьца дерг-м къаьстина даьллера. Ас и некъ хаьржина дукха хан йу. Ткъа хьо хьан ца вуьту цига ца вахча? Стенна оьшу хьуна Афган?
– Хьо хила ма хилла цигахь. Хьо а хилла, кхин болу вайн кегий нах а хилла. Суна а ма лаьа шуна санна сайн Даймохк ларба.
– Цигахь. И дика элира ахь, цундела дIахаийла хьуна Даймохк цигахь ларбеш ца хуьлу, Даймохк кхузахь ларбеш хуьлу. Нехан махкахь цIий Iанор иза Даймохк ларбар дац хьуна, цундела дика ладогIал соьга, къонахчо къонахчуьнга санна къамел дийр ду вайшиммо.
– Дика ду – элира – Воронина дуьйцучух хIинца а башха кхеташ воцучу Руслана.
– Цхьа шо даьлча, со пенси дIавоьдуш ву. Массо а адамашкара санна диканиг а, вуониг а даьлла хила тарло соьгара. Шовзткъе итт шо ду сан. АхбIешарахь дуьнен чохь ваьхна со. Цхьа ког коша а бахана ву ала мегар ду. Ас сайна дош делла кху шарахь сайн ницкъ кхочург дан хьо санна болу кIентий цу Афгане ца кхачийта? Хьо кхеттий соьх?
– Со санна болу стенна боху ахь? Со нахал эшна ву?
– Вац. Йа эшна а вац, йа тоьлла а вац. Хьо буобер ду. ХIан! Гуш дуй хьуна? – Воронина кегий кIентийн суьртийн пачка охьакхоьссира стоьла тIе. – ХIара бераш кхин дуьнен чохь дац хьуна. Уьш массо а Афганистанехь белла. Царех виъ хьо санна да-нана доцуш кхиъна вара. Цига ца кхаьчнехь, уьш хIинцале зударий а бахкийна, шайн доьзалш а болуш, ирсе Iаш хир бара хьуна, амма церан дахар бехк-гуьнах доцуш кагдина, цу неIалт хиллачу тIамо. Массо а соьга ларлур вац цу тIамах, амма хьо санна долу буобераш цига ца кхачийта сайн ницкъ кхочур дийр ду ас. Дукха дуьйцу ас, сайн а хьан а хан йойуш. Доцца аьлча, цхьа бутт баьлча, Сахалине саьлтий бу дIахьовсо безаш. Иза чIогIа гена меттиг йу, къаьсттина Афганистанна генахь йу иза. Цигахь стройбатехь хьайн тIеман декхара дIакхоьхьур ду ахь, ахча а доккхур ду хьайна, иза карор ду хьуна эскарера ваьлча. Цу тIехь вайшинан къамел чекх а даьлла, иза вайшинна йукъахь бен хилла а дац. Кхеттий хьо? ХIинца мокъа ву хьуна хьо.
Цхьа тамашийна кийра басабелча санна хеташ аравелира Руслан. Цуьнан чIогIа боккха лаам ма бара Афганистане кхача. Амма Воронинс дуьйцучух а кхета мегар дара – подполковник кхунна дика болх хилийта лууш ма вара. Цул совнаха, хIинца берхIиттара ваьлча бен ца кхийтира Руслан буобер бохучу дешан маьIнех. Иза пIелг санна цхьалха ма вара, цундела вала сиха а вацара. Руслана сатуьйсура эскарера ваьлча зуда йало. Йалорхьама а ца йалош, боккъалла а йезайелла йало. Кхуьнан ден а, ненан а санна безам а, марзо а хилийта шайн доьзалехь. Нанас цхьа хаза дуьйцура кхуьнга жима волчу хенахь шаьш доьзал кхолларах лаьцна, шайна йукъахь хиллачу безамах, марзонах, ларамах лаьцна. Цхьанакхеттачу дийнахь дуьйна вовшашна муьтIахь хилла и шиъ, Эхарта а цьаьнаэшшара дирзира, ул-уллохь кошан баьрзнаш а долуш. Да-нана дагадеана, лазаман шело хьаьдира Русланан кийра. Кешнашка ваха ойла хилира…