Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 13

Корта III
IV

Оглавление

Цхьа де санна дIаиккхира нийсса цхьа шо. Керла саьлтий кхечира эскаре. Уьш кийча бара шайна баккхийчара тIехь Iазап латтор хиларна, цундела церан цецдовларан доза дан а дацара, биргIанийн ротехь долу доттагIаллин а, вежараллин а хьал гича. Наггахь цхьацца дар-дацар хуьлуш меттиг нислора, амма Русланан а, Гончаровн а сиха аьтто болура и диканца дIадерзо, амма цхьаьна хиламо хоршара деккхира ротин маьрша дахар.

Руслан старшина вара хIетахь. Эскарехь йаккха йиссинарг ахшо бен хан йацара цуьнан. Цу дийнахь ротехула ха деш вара иза. Ахбуьйса йаьллачу хенахь цунна хезира хинкIаш йеш воьлхуш цхьаъ. Йуьхьаьнцара шена хетаделла моьттира Русланна, амма корахула цунна гира трансформаторни йолчу агIор дIавоьдучу стеган гIаларт. Руслан ара а ваьлла цунна тIаьхьа вахара.

НеIан херонехула Русланна гира тховх муш тоссуш волу къона саьлти. Цо лол беш гича, Руслан кхийтира иза ирхоллавала дагахь кечам беш хиларах. Воьлхучура ца соцуш, горвоьжна дегIатIехь моссийтозза жаIаран кеп гайтира цо. Ткъа цул тIаьхьа, соне а вахана, брезента бухара доккха диг схьаийцира цо. Цу мIаьргонехь трансформаторни чоьхьа велира Руслан. Русланна цкъа а гина вацара и кIант. Цунна ца хаьара иза бутт хьалха эскаре веана керла бIаьхо вуй. Абрамов Сергей шен ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант вара. Цуьнан да а, нана а Москван пачхьалкхан университетан лаккхарчу математикин профессораш дара. Сергей а цу университетехь доьшуш вара, амма ша берхIиттара ваьлча, цо да-нана дуьхьал доллушшехь сацам бира эскаре ваха.

Шен докъазалла Сергей йоьалгIачу роте кхечира, ткъа цуьнан куьйгаллехь вара лаккхара лейтенант Круглов. Цуьнан ротехь цкъа а низам бацара, амма дедовщина кхууьш йара. Гундаревна везаш вацара, цундела цо сихо ца йора цунна капитанан цIе йала. Круглов де дийне мел долу дарлуш вара. Цу буса а вехна каптерки чохь Iуьллуш вара иза, ткъа цуьнан ротера «дедыш» къоначу саьлтишна тIехь Iазап латтош бара. Ша сийсаза варна кхин тоха са доцучу Абрамовс сацам бира шен дахар чекхдаккха. Мел чIогIа дохковаьллера иза ше дега а, нене а ла ца догIарна. Руслан неIарна хьалха дIахIоьттира, саьлти ара ца валийта.

Руслан гина воьхнера Сергей, ткъа йуха цо элира:

– Ма йе суна новкъарло, товарищ старшина. – саьлтичун аз а дерриге а дегI санна дегош дара. – ДIавала неIарера, товарищ старшина, йа ас цIий Iанор ду хьан, кхин болчеран санна!

– Хьан бакъо йац цхьаьннан а цIий Iано. Муха йу хьан цIе?

– Сергей йу сан цIе. Ас чIогIа доьху хьоьга, дIавала цу неIарера… – саьлтий велха ийзалуш вара.

– Сергей, Дела доьхьа собаре хила, ма леладе Iовдал дерг. – Руслана меллаша Сергей маравуллуш, цуьнан карара диг дIадеккхира.

Меллаша горхIоьттина йуха а велхаран къурдаш дан волавелира саьлти. Иза дагахь хиллера вижина Iуьллучу Кругловна диг детта, иштта масех сержант а диг диттина вен, ткъа цул тIаьхьа ша ирхоллавала. Иштта йара цуьнан Iалашо. Иттех минотехь цуьнца къамел диначул тIаьхьа Русланан аьтто белира Сергей кхето. И шиъ цхьаьна йоьалгIачу роте вахара.

– Муьлха ву? – хаьттира Руслана и шиъ чоьхьаваьлча.

– ДIогара, пенна уллора шолгIа маьнга, сержант Денисов. – элира Сергейс.

Руслан меллаша маьнги улло вахара. Цу тIехь вижина волу саьлти дукхозза а гинера Русланна, амма вевзаш вацара:

– ХьалагIатта, къамел ду дан дезаш!

Реза воцучу Денисовс ша самаваьккхинарг кхин хиллехь, иза вуо човхор вара, амма Русланах ца хIоьттира иза.

– ХIун хилла?

– Масех минот хьалха кху дагарца вуьйш вара хьо, со тIе ца кхаьчнехь. – элира Руслана, Сергейн карара диг дIагойтуш. – Суна баркаллаш баха ца оьуш, амма таханлерачу дийнахь дуьйна, кху кIантах пIелг Iуттур бац цхьаьна а дас. Массо а кхеттий соьх? – леррина Денисовн бIаьра хьаьжира Руслан.

– Руслан, ладогIахьа, тхуна «дедыша» тIехь ца латтош къизалла ца йуьтура – дерзинчу когашца цIийиначу биргIанашна тIехула дIасхьалелара, дегIан чкъор цу биргIанашна тIелеташ, ткъа кхаьрга-м вистхила а йиш ма йац…

Докъазалла, цу мIаьргонехь самавелира ротин командир Круглов. Вехна иза, когаш Iуьйра, леста а лесташ каптеркера аравелира, хIун гIовгIа йу хьажа.

Иза гича Руслана а, Денисовс а сацийра къамел, амма иза тIаьхьа хиллера. Кругловна сиха вевзира Руслан. Къаьсттина чIогIа везаш вацара цунна иза, хIунда аьлча Руслан Гончаровн ротера волу дела, ткъа и рота массо а гайтамашкахула даима тоьлла йара тIеман декъехь, ткъа хIинца Кругловн дика аьтто бара Гончаровна бохам бан.

– Хьо мила ву ван? – цабезамах дуьзна дара цуьнан цIийделла бIаьргаш.

– Со биргIанийн ротера старшина Дадиев ву, товарищ лаккхара лейтенант! – гIиллакхехь вистхилира Руслан.

– Валахь, дIадала тIаккха суна хьалхара, къутIа, ас хIинца датIор ду хьо! – элира Кругловс, Руслан кач тIера а лаьцна ара такхош.

Амма Руслана каде цуьнан карара мукъаволуш, командиран куьйг букъа тIехьа саттийра. Кругловс боьха мел дерг дийца долийра, ткъа цу боьхачу маттаца цо ненан цIе йоккхуш шена хезча, Руслан хьервелира. Минот йалале, Круглов ша волчу агIор схьаверзош, цо ластийна йуьхь тIе буй туьйхира цунна. Кругловн марара охьаоьхучу цIийх дIайуьзнера йерриге а казарма, ткъа ша командир кхетамчуьра ваьлла охьавуьйжира. Йерриге а рота самайаьллера. Минотана тийналла йоьссира казарми чохь, ткъа цу тийналлехь Русланна хезира цхьаммо олуш:

– Дадиев, хIинца-м набахте кхочур ву хьуна хьо! И дешнаш хезча боккъалла а кхийтира Руслан ша диначух. Иза Iадийна дIасхьахьоьжура кхин дIа хIун дан деза ца хууш, амма цIеххьана Абрамовн аз хезира цунна:

– Руслан, бIаьргаш дIахьаббе.

– ХIунда?

– Ас хьайга аьлларг дехьа, доьху хьоьга, Руслан.

Руслана ши бIаьрг дIакъовлушшехь, цуьнан йуьхьтIе инзаре чIогIа лазош хIума кхийтира. Корта а лаьцна лаьтта охьавуьйжира иза. Марах, багах, бесништIехула охьаоьхуш цIий дара, ткъа хьалха лаьттара карахь гIант а долуш Сергей, цхьа сахьт хьалха Руслана дахар лардина волу.

– Ишта баркалла хуьлу-кх стагана дика болх бича – дагатессира Русланна. Иза чIогIа оьгIазваханера Сергейна, ткъа Абрамов гIант охьакхуссуш, дIаведира. Руслан цунна боьха мел дерг дуьйцуш тIаьхьаведира, ткъа хьуьхьвоьлла Сергей сихонца бехказавала гIертара:

– Руслан! ХIинца ша дерриге а дика хир ду. Тхан ротас тоьшалла дийр ду Круглов хьуна йетташ вара, ткъа ахь дуьхьал леташ, ца хууш тоьхна цунна. Эххар а кхийтира Руслан Сергейс диначух. Иза цецваьллера муха дагадеана сел сиха и санна дерг саьлтичунна. Куьзгана хьаьжча, ша ца вевзира Русланна – оццул чIогIа йистина йара цуьнан йуьхь. Букъа тIехьа лаьттачу Сергейга мохь белира:

– Ва Дела!

– ХIумма а дацара иза-м, Серега. Цхьа кIира далале меттавогIур вара со-м. Цулле а кхин дIа хIун дан деза дийцахьа.

– Руслан, цкъа делахь къинтIера вала суна, ас хьо лазорна. ШолгIа делахь, хIинца тхан йерриге а ротас кехатана куьйг йаздийр ду Круглов ша хьуна коча веанера аьлла, ткъа хьо цунах дуьхьал леташ бен вацара. Иза ишта а мелла ву, цунна дагадогIур дац ша хIун дина а, хIун лелийна а. Ткъа хIинца цкъа сихонца хьан ротин командире хаам бан беза.

Дукха хан йара Гончаровга буьйсанна цхьаммо а телефон ца тухуш. Набарха валанза волчу цунна моьттура цIера, Соьлжа-ГIалара цхьаъ хир ву кхузахь буьйса хилар дицделла зIене ваьлла. Ши бIаьрг ца боьллуш, телефон схьаийцира Гончаровс:

– Алло?

– Товарищ капитан, Дадиев ву со! Тхуна бохам баьлла.

Ахсахьт далале схьакхечира Гончаров.

– Ва Дела, Русик! ХIун хилла хьуна? Пхи бутт бен ца биссина хьуна, сатоха цхьажимма сан диканиг!

Кхин ахсахьт далале командир Гундарев схьакхечира. Иза гучуволлушшехь, гоьзанчас омра дира: «Тийна латта».

«ПаргIат» аьлла мохь тухуш, Гундарев Гончаровна тIевахара, тIаккха Дадиев вевзича, цецваьллера иза:

– Дадиев, хьо вац иза? Хьуна хIун хилла?

Русланна цкъа а йезна йацара харцо. Иза кху хьолехь воьхнера, ткъа цунах кхеттачу Гончаровс шена тIелецира къамел:

– ХIаъ, товарищ подполковник! Дадиев ву иза! Суна сайна а ца вевзира иза йуьхьанцара. Оцу кепара эрчаваьккхина иза Кругловс, саьлтишка маршалла хоттуш, казарме чоьхьаваьлла аьлла кхин бахьана доцуш. Гундарев саьлтишка хьаьжира, ткъа цара массара а кортош теIош тоьшалла дира, Гончаровс аьллачунна.

– Мичахь ву Круглов?

– Вехна, тIуртIаз ваьлла каптерки чохь Iуьллуш ву, ша хIун лелийна дагадогIуш а вац… – жоп делира Гончаровс.

Командира омра дира:

– Набарха ваьллачул тIаьхьа, гауптвахте телефон а тохий, ворхI денна дIавига ала иза.

Итт де даьлча, Гончаров командирс тIекхайкхинера, ткъа цигара схьавеъча, Гончаровс Руслане омра дира рота цхьа хаам дIакхайкхо могIаре дIахIоттайе аьлла:

– Накъостий! Россин эскарана Афганистанехь гIо оьшу. Вайн ротин аьтто бу интернациональни декхара кхочуш дан а, Афганистанан къомана гIо дан а саьлтий дIахьажо. Иза доккха сий ду вайн ротина. Сахалин гIайрехь вайн цхьаъ бен рота йац, и бахьана долуш массо а цига вахийта йиш йац. Билгалвина ткъе итт стаг ву. Ченцов Викторан отделени лериначу рейсаца кхаа дийнах Ташкенте дIагIур йу, ткъа цигара Афганистане. Кхузахь Дадиевн а, Гороховн а отделениш йуьссур йу.

И хаам хезна Виктор макхвелла корта а оллийна лаьттара. Цу сарахь Руслане къамел дира цо:

– Русик, тахана массо а дIавижначул тIаьхьа, пурба доцуш, кху тIеман декъан хьаьрмара аравер ву со. Масех де даьлча со карор ву, ткъа хIетахь йа набахте йа, дисбате вохуьйтур ву со… ишта ду-кх гIуллакхаш.

– Витек, хьо галваьлла? Хьо хIун дуьйцуш ву?

– Афганистане со гIур вац хьуна! БархI бутт хьалха нана йелла сан, цундела отпуске ваханера со. Карарчу хенахь хIусамнана Лена йоцург кхин дуьнен чохь гергара а, уллора а стаг вац сан. Бераллехь дуьйна даима цхьаьна хилла ду тхойшиъ Леница. ХIинца иза доьзалхочух йу. Цхьа бутт баьлча бер дан дезаш йу Лена. Эскарехь ас баккха биссинарг пхи бутт бен бац. Афгане со дIаводахь, дийна вуьссий ца хаьа, тIаккха Лена ша йуьссур йу бераца. Лена ишта а ду буобер. Лени ши шо долуш веллера цуьнан да, ткъа нана со эскаре дIавахале, цундела…

– Собар дехьа, Витек, кхетта со… – йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана. – Ца оьшу кхин дийца а. – масех минотана ойланашка вахара Руслан.

– Делан лаамца нисделла хир ду хIара хьал ишта. – ойла йира Руслана. Кху масех баттахь ша чIогIа бехке хетара Русланна Воронине ладоьгIна, Афгане ца вахарна. Нагахь санна цигахь дийна виссахь, Даймахкана а, накъосташна а хьалхара декхара ша текхна ваьлла хетар ду цунна, хIунда аьлча цигахь леш болу къона, доьналла долу нохчийн а, оьрсийн а кIентий Русланал эшна ма бацара.

Русланна дагадеара шен классехь дешна хиллачу Горелова Юлера ахшо хьалха шега кхаьчна хилла кехат. ЙоьIа дуьйцура Афганистанехь шен тIехьийза кIант Ковтун Игорь вийна бохуш. Игорь Русланан доттагIа вара. ВорхI шо кхаьчначу хенахь дуьйна боксехула цхьаьна тренерана тIе лелаш вара и шиъ. Бакъ дерг аьлча Русланна-м хазахийтира Ченцов Афгане ваха лууш ца хиларна. Кхунна дика аьтто бара иза шен лаам кхочушбан.

– Витек, хьо соьх тешаш ма ву вуй? – Ченцовс ойла ца йеш ву аьлла корта таIийра. – Ас хIинца цхьа хIума эр ду хьоьга. Къамелана йукъа ца лелхаш соьга ладогIа, ткъа йуха ас аьллачунна реза а хила. Дика дуй? – Витека йуха а реза хуьлуш корта таIийра.

– Ас чIогIа сатийсинера Афгане кхача, амма сан аьтто ца баьллера. Хьоьгара хьолах со чIогIа дика кхета. Доцца аьлча суна оьшу Афган, ткъа хьуна ца оьшу. Ши де бен дац диссинарг. Аса ша дерриге а сайна тIелоцу хьуна. Ахь цхьаьнга а хIумма а ма ала. Вайшинна дагадеанарг гучудалахь, со вайн командира вохуьйтур вац цига. Новкъабовлучу дийнахь бен хаьа йиш йац иза царна.

ШолгIачу Iуьйранна Руслан, сих ца луш штабе вахара. Гундаревн кабинетана хьалха дIахIоьттина шена тIера духар а нисдина, чолхечу къамел хир ду хууш, доккха са даьккхина, неI туьйхира цо.

– Марша вогIийла, старшина Дадиев. ХIун дахьаш веана хьо? – велакъажарца вистхилира Гундарев.

– Товарищ подполковник, со чIогIа лазаме гIуллакх дохьуш веана хьуна тIе.

Гундаревс гIант долчу агIор куьйг хьажийра, Руслане охьахаа бохуш.

– Товарищ подполковник, ши де даьлча, тхан ротера итт стаг Афганистане дIахьажош ву.

– Хьо вац моьтту суна цига воьдуш.

– Вац. Иза ду-кх доьхнарг.

– Доьхнарг? – Гундарев цецваьлла хьоьжура Руслане.

– ХIунда боху ахь ишта?

– Накъост подполковник, суна чIогIа лаьа цига ваха.

– Афганистане ваха лаьа хьуна? Стенна оьшу хьуна иза? Ахь эскарехь баккха биссинарг пхи бутт бен ма бац.

– Хаьа суна, накъост подполковник… хьо кхето хала ду суна, амма… доцца аьлча со ву-кх цига ваха везаш. Цига дIахьажош Ченцов вара, амма Ченцовна мегар дац цига ваха, ткъа суна мегар ду. Хьоьх доьзна дукха хIума ма ду. Жоп лохьа сан дехарна. Капитан Гончаровс шен ницкъ кхочург дийр ду со цига ца вахийта, цундела накъост подполковник, ас чIогIа доьху хьоьга, гIо дехьа суна Афгане кхача. Гундарев меллаша хьалагIаьттира, ткъа цунна тIаьхье, нохчийн гIиллакх лардеш Руслан а.

– Руслан! – Гундаревс дас кIант санна шатайпа йовхонца маравоьллира Руслан. Сан бералла чIогIа хала а, чолхе а, къиза а хилла. Ас хьоьга дийцинера да-нана доцуш, берийн цIийнахь со кхиъна хиларах. Дахарехь сан харжам бара – берийн цIийнан дукхох болу арахецархой санна зуламхо хила йа, адам хила. Ас адамаллин некъ хаьржира, цундела суна хIора а стагехь коьртаниг адамалла хета. ХIинца ахь соьца диначу къамеле ладоьгIча, ма чIогIа халахета суна хьо сайн кIант воцуш. Оццул хьо лоруш, хьоьца иштта йоккха дегайовхо йолчу аса сайн ма-хуьллу новкъарло йан йезара, хьо цу жоьжахате ца кхачийта, амма суна хаьа адамаллин сирлачу лехамаша ваьккхина со цу новкъа – хьуна оьшуш йац и Афганистан, со кхетта хьо Ченцовн дуьхьа цига воьдуш хилар. Суна ца хаьа хIун бахьана долуш Ченцовна мегар дац цига ваха, амма ахь бохуш хилча, со тешан цуьнан дахарехь цига ваха мегар доцу хьелаш кхолладелла хиларах. РогIера тоьшалла дина ахь суна, хьайн кийрахь адамаллех дуьзна, сирла дог хиларан. Ас вохуьйтур ву хьо Афганистане. Со тешна а хир ву хьо цигара могуш-маьрша цIа воьрзур ву аьлла…

ТIекхечира и шатайпа де. Массеран а тамашийна бара кийрахь самабевлла синхаамаш – цхьаберш хазахеташ бара, кхин болчеран бIаьргаш чохь гIайгIа йара. Руслан сагатдеш вацара. Иза кхетара шен кхолламан рузмана дIалуьстуш кхин цхьа дахаран агIо хиларах, ткъа хиланза ца долург, собаре тIеэцар а йу доьналлин цхьа башхалла.

Ченцовн даг чохь сингаттам бара – цунна хаьара ша бахьанехь Руслан тIеман къизачу кIурла дIавоьдуш хилар, амма хIете а иза Русланан харжам хиларна жимма са паргIат долура цуьнан.

Iуьйранна марта диначул тIаьхьа, Гончаровс рота могIаре дIахIоттийра:

– ЛадогIал, сан хьомениш! Тахана вайна йукъара итт стаг дIавоьдуш ву. Вай кхин гур дуй ца хаьа, амма иштта сингаттаме а, ирча а къамелаш дан ца лаьа суна, хIете а замано хIун боху ца хаьа. Уггаре а коьртаниг цхьа хIума дара сан шуьга ала – вайн ротин сий ларделаш!

Хийцамаш хиллий хIинца а хууш воцучу Гончаровс Ченцовга элира:

– Лаккхара сержант, вовшахтоха хьайн отделени! Со кехаташ кечдан воьду!

Ченцов корта оллийна лаьттара, ша капитане харц дерг дийцина ца лалуш, амма цо ца дохийнера Русланна делла дош.

Руслан кора йистехь лаьттара, штаб йолчу агIор дIахьоьжуш. Цунна гуш дара Гончаров сихавелла ара волуш.

– Хиъна цунна ша дерриге а! – дагатессира Русланна.

– Гончаров ву вогIуш, дIанехьа вала! – мохь туьйхира Руслана Викторе.

Гончаров ведда вогIура – Мичахь ву иза? – бохуш мохь бетташ.

– Кхузахь ву со, накъост капитан! – духьалволавелира цунна Руслан.

Шина а куьйга Руслан белшаш тIера а лаьцна дIасхьаластийра Гончаровс:

– ХIунда дина ахь иза? Хьуна мегар ма дац цига ваха! Хьо буобер ма ду! Дуьне кIордийна хьуна? Хьо дийна цIа вогIий хууш ма дац цигара. Хьо лартIахь вуй? – мохь хьоькхура Гончаровс.

Руслан дуьхьал вистхилар доцуш, десачу бIаьргашца геналле хьоьжура.

– Накъост капитан, къинтера вала суна, амма ишта хила дезаш дара дерриге а…

Ши сахьт даьлча йерриге а отделени новкъайала кийча йара. Йерриге а рота йеара шайн накъостийн Iодика йан – хьанна хаьа кхин гур дуй а? Гончаров хIоранна а дегайовхонца маракхийтира. Руслане а хьаьжна цо элира:

– Дукха саьлтий гина суна, дукхачеран цIерш а йицйелла, амма хьан адамаллех дуьзна васт сан иэсехь даима а дехар ду хьуна, Дадиев. Хьоьца къамел дан лаьара суна, жимма хан йолчура, дIанехьа вала соьца.

Русланна хала дара Гончаровн бIаьра хьажа. Дена дуьхьал ваьлча санна хетара цунна ша.

– Руслан, суна хаьа лаа ца виссина Ченцов. И бахьана долуш бина бу-кх ахь хIара харжам. Со ца кхета хьоьх, Руслан. Хьоьца дуй адамаш ишта тIехдика хьо цаьрца санна?

– Руслан, велакъажарца вехха Гончарове хьаьжира:

– Дика ца хила йиш йуй, накъост капитан? Со нохчо ву. Нохчийн доьзалехь дукха бераш хуьлу, амма со сайн ден а ненан цхьаъ бен вацара. Сан ворхI шо дара со дуьххьара цхьаьна кIантаца леттачу хенахь. Иза соьл нуьцкъаха вара, цундела цо со эшийра. Со цIа веъча, дас соьга а хьаьжна элира:

– Гой хьуна мел хала ду вайн дахар, амма иза мел хала делахь а, цкъа а адамаллех ма вохалахь. Да-нана доцург кхин кху доккхачу дуьнен чохь дог лаза стаг вац хьан, цундела тхойшиъ дIадаьлча, хьайн дезар ду хьан дахаран ирхенаш йаха. Сан цхьа весет хир ду хьоьга – цкъа а ма кхоаделахь айхьа адамна деш долу дика. Со дIаваьлча, суна лаьара, хьо волчу богIучу наха хьоьга – ма дика да вара хьан да олийла. Кхин хIумма а ца оьшу суна кху дахарехь. Дахаран жамIаш тезетахь хуьлу. Адамна вуо дина стаг веллачу хенахь, цунах дика дош ала хала хуьлу, ткъа дикачу стага шех йаккха йитина цIе иза веллачул тIаьхьа цуьнан метта дуьнен чохь йеха.

Сан ворхI шо долуш дас со боксан секци дIавеллера, амма цо цкъа а ца магийнера суна бен доцуш буйнаш дIасхьалесто. Ас гIийлачеран, зудберийн гIо доккхура даима. Дас аьлла дешнаш гуттаренна а диссина сан иэсехь. Сан исс шо долуш, сан да-нана новкъахь бохам хилла дийнера. Со тезетахь лаьттачу хенахь, схьаоьхучу адамаша со маравуллуш олура соьга:

– Ма дика стаг вара хьан да! Дала мукъ лахь хьо а хир ву хьуна ишта дика! Цундела накъост капитан сан кхин некъ бац, адамаллин некъ боцург.

Гончаровс леррина ладугIура Руслане. Ханна жима волчу цо кху йоцачу хенахь дахаран маьIна дан Iамийра, хIинцале замано зийна волу, гIеметтахIоьттина капитан.

– Дала мукъ лахь Соьлжа-ГIалахь гур ву вайшиъ, Руслан! Дала аьтто бойла хьан, сан жима ваша! – капитана доггах маравоьллира саьлти.

– Дала аьтто хьан а бойла, накъост капитан! Тхо дIакхаьчча, оха кехат йаздийр ду шуьга, суьрташ а тоссур ду. Марша Iойла шу.

Уггаре а тIаьххьара Iодика йан Руслан Ченцовна тIевахара. Руслан кхетара мел хала ду шен накъостана.

– Витек, са ма гатде ахь! ХIумма а дац хьуна! Ша дерриге а дика хир ду Делан лаамца. Хьо ледар ма хилалахь! Ас кехат йаздийр ду хьоьга. Тхо дIакхачале-м хьан бер хир ду. Эскарера ваьлча, хьайн бер кхиош, хьанал къахьега!

– Руслан, нагахь санна сан кIант хилахь, ас Дала мукъ лахь цунна Руслан цIе туьллур йу хьан сийнна, цунах хьо санна дог-цIена а, доьналла долуш а стаг хилийта.

ЧIир. Роман

Подняться наверх