Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 12
Корта III
III
Оглавление…Капитан Гончаров саьлтий хьалагIовтта итт минот йиссинчу хенахь вогIура даима а. Уггаре а хьалха цо самайоккхура сержантски состав, ткъа цунна йукъара уггаре а хьалха Кравцов самавоккхура цо. Гончаровс иза башха лоруш вацахь а, амма шена тIедиллинарг кхочуш деш вара лаккхара сержант. Цуьнан маьнги улло вахча, Гончаров цецваьллера, шена гуш дерг гIан ду моьттуш – Кравцовн метта вижина Iуьллуш вара Дадиев.
– Де ма эша хьан, сан махкахо, ма ледар вац-кх хьо! – велакъежира капитан.
Хилларг шена хIун ду ца хууш санна, сиха йуьстах велира Гончаров, ткъа йуха самайеккхира сержантски состав.
ШолIгачу кIирнахь Руслан тIетаьIIина тIеман баххаш Iамош вара. Денош мIаьргонаш санна дIалелхара. Цхьаьна дийнахь, мокъа хан йолчура садаIа маьнги тIе охьавижиначу Русланна наб озийнера. ГIенахь цунна дуьхьал тессира шен логах ирачу мIаранашца тассайелла Iаламат йоккха маккхал. Цо лазийна самаваьккхиначу Русланна гира шена тIехь лаьтташ волу ца вевза цхьа стаг. Цуьнан цабезамо разйаьккхинчу йуьхьтIера оьгIазе хьоьжура хIорд санна сийна ши бIаьрг. Цу бIаьргийн шелонехь хаалуш дара иза диканна араваьлла ца хилар. Руслан легаштIера а лаьцна, цуьнан садукъдеш вара иза. Руслан хьалагIатта гIоьртира, амма лам санна долчу цу стеган дегIо меттахвала а ца вуьтура иза. Хетарехь иза ши метр леккха а, бIе кила йозалла йолуш а вара. Русланна цкъа а гина дацара ишта даккхий адамаш.
ТIедарчех йуьзна йуьхь йолуш, гIодайуккъелц верзина ваьлла иза ша вампIал санна вара. Вистхилар доцуш, Руслан цхьаьна куьйга маьнги тIера хьала а айвина, такхийна пена йисте дIагIортийра цо. Садукълуш волчу Русланна гуш цуьнан и къорза йуьхь бен кхин хIумма а дацара. УргIал Руслан пенах а таIийна, кхин гIелвалар доцуш лаьттара, хетарехь цо ишта масех сахьт доккхур дара, кхин меттах ца волуш. БIаьргаш хьалха хIоьттинчу пардонехула Русланна гуш дара белакъежаш лаьтта «дедыш». Цара сатийсина мIаьрго ма йара иза – Русланна хуьлу бекхам ган. Садукъделла лаьттачу Русланна хезира:
– Рыжий, сенлуш ма ву иза! ДIахеца иза! Лийр ма ву и. Русланна моттаделера шена тIе лаьтташ даккхийчу тIемашца доккха малик ду. Цу мIаьргонехь кхетамчу веара иза. Де доьхна экха санна шийлачу цIенкъахь Iуьллуш вара иза, шена хиллачух ца кхеташ, ткъа йуха меллаша дагаэха доладелира хилларг. БIаьргаш схьабиллича, цунна гира толамхочун велакъажарца шега хьоьжуш лаьтта цхьа хьаьрса ургIал.
Рыжийн букъа тIехьа лаьтта Кравцов а, кхин берш а гича, дагадеара Русланна мел хилларг. Рыжий хIумма а шекваьлла йа ша диначунна дохковаьлла вацара. Русланан кийрахь кхерстира цабезаман алу. Адаман кепара вухуш, цу мIаьргонехь цIий Iано хьаьгна, къиза экха хилира цунах. Саьлтий болчу агIор дIатассавелира иза. Самукъадаьлла терсара уьш, амма церан белар цIеххьана сецира, Руслана гоьзанчана тIехьаьдда, цуьнгара урс даьккхича.
ЦIийх дуьзначу бIаьргашца, урс даьккхина тIеволавелира Руслан Рыжийна.
– КIентий, атас!!! – мохь белира цхьаьнга. Массо а уллора дIасхьаведда, ша виссира Рыжий. Кхеравелла, мохь оьхуш шолгIачу яруса тIе хьалакхоссавелира иза, амма Руслан саца дагахь вацара. Бекхамо вахийна, хьере винера иза. Рыжий дIасхьауьдура, ша мича эккхар ву ца хууш, эххар а казармера араведира иза, ткъа цунна тIаьхьа, урсаца ведда воьдура Руслан. Массо а Iадийна хьоьжура цаьрга, амма цIеххьана, Русланан некъ хадийра цхьаммо, цуьнан карара урс охьа а дожош. Иза хиллера капитан Власов – йерриге а тIеман частан дозалла.
– Саьлти, хьо хьерваьлла? – хаьттира цо Руслане.
ХIетахь бен ца кхийтира Руслан ша боккъалла а доккхачу зуламна бисте кхаьчна хиларах.
– КъинтIера вала суна, товарищ капитан – элира Руслана, ткъа йуха лаьттара урс схьаэцна, иза меллаша шен казарме дIавахара.
Дукха ойла йира Руслана. Минот йаьллехь, стаг вийна, цIий Iанош вара иза. Русланна ца хаьара цуьнан цIе муха йу а, иза мила ву а, иза шен боккъалла воккха а, луьра а мостагIа хилар доцург. Роте схьавеъча, гоьзанче урс дIаделира Руслана.
– Руслан, суна хьан гIуллакх телхина даьлла моьттура. – Ведда дуьхьал веара цунна Витек. – ма боьха хIума хиллера иза. Хьо сенвелла аьлла мохь ца тоьхнехь, хьо вуьйш вара-кх цо. Хьо мел чIогIа сенвеллера ца хаьа хьуна.
– Витек, со хIетахь сацийна ца хиллехь, ас ма вара иза вуьйш. Ма хала ду суна цунах теша.
– Цунах-м эхь дацара вийча а! Хьо наб кхетта хилар шена гуш доллушшехь, хьо сама а ца ваьккхира-кх цо. Боьха хIума йу иза, шеко йоцуш.
– Собар дехьа, Витек. Адаман са даккхар инзаре доккха къа ма ду. Соьга паргIат дуьне даалур ма дацара, иза вен а вийна… Витек, соьга цкъа а цхьа а адам делур ма дац.
Ткъа Рыжий-м шен дагахь хIинцале бекхаман Iалашо хIоттийна Iаш вара. Дуьтур дац ша аьлла, сацам бинера цо, мел беза мах дIабелла а.
Цхьа сахьт далале, роте ведда чуиккхира капитан Гончаров. Цо сихонца тIедожийра Русланна канцеляри ша волчу чувола аьлла.
– Суна ша дерриге а хууш ду. ХIинца командирана тIеваха везаш ву со, цу хьокъехь жоп дала. Ас дIадуьйцур ду цуьнга хьо мила ву а, Рыжий мила ву а. Йуха цо ша волчу кхойкхур ву хьо. Вист ца хуьлуш, командире ладогIа. Рыжий вайн ротера дIаваккха хьожур ву со. Зулам бен кхин пайда бац цунах. Да велла аьлла, къахетта отпуске вахийтинера ас иза, амма массарна а бале ваьлла ву иза къоначарна а, къеначарна а.
Гончаров командир волчура схьавеъча, гуш дара командира цунна дов дина хилар.
– Дадиев, ас цуьнга ша дерриге а дIадийцина хьуна – хьо мила ву а, Рыжий муха стаг ву а. Вало, хIинца иза хьоьга хьоьжуш ву хьуна. Эскаран гIиллакхца догIуш маршалла а хаттий, чоьхьа вала. Делах тешна ву-кх хьо!
Руслан шен эткаш а цIанйина, духар а нисдина, штаб йолчу агIор дIавахара. Доккха са а даьккхина, командиран неI туьйхира цо.
– Чоьхьа вала! – дийкира командиран къора аз.
– Товарищ подполковник, саьлти Дадиев хьан омранца схьакхаьчна!
Гундаревс Руслане дIа а ца хьожуш масех кехатана куьйг йаздира, ткъа цул тIаьхьа бен ца элира:
– ПаргIат!
– Хьан кехаташка хьаьжнера со, цундела сан къамел доцца хир ду. – элира Гундаревс. Со суо а ву берийн цIийнахь кхиъна. Хьо берийн цIийнахь кхиъна вацахь а, амма да-нана доцу буобер ду. Со эскаре вахара, ткъа цул тIаьхьа тIеман училище деша хIоьттира, эпсар а хилира соьх, ткъа хIинца хьуна ма-гарра командиран дарже а кхечи со. Муьлхха а саьлти, сайн сих даьлла сайн бер санна хета суна. Ткъе пхеа шарахь эпсар волуш, ас цхьа а саьлти йа набахте а, йа дисбате а ца вахийтина. ГIалат массаьргара а долуш хуьлу, со кхета. Йалх шо хьалха со майор волчу хенахь цхьа саьлти набахте дIахьажо везаш вара ас. Хьо санна нохчо вара иза а. Цо-м доккха зулам ца динера. Ахь тахана минот йаьллехь стаг вара вуьйш, ткъа иза цкъа а цхьаненна а зен-зулам дина вацара. И нохчо сержант ха деш волчу хенахь, вижина а виссина, цуьнан саьлтийша столови чохь горгамаш ца хьаькхнера.
Iуьйранна боьха чоь гиначу ас, массарна а хьалха цуьнга элира:
– Хьан саьлтий бахьана долуш йу хIара чоь боьха, цундела ахь хIинца горгам хьокхур йу кхуза чохь.
Цхьа бутт бен бацара цунна эскарехь баккха биссинарг. Цо ша цкъа а горгам караоьцур йац элира, тIаккха ас иза кхерийра омра кхочуш ца дарна, набахте вохуьйтур ву аьлла, амма сержанта хIумма а ца вухуш, жоп делира:
– Тоьпаш тоха а мегар ду хьуна, амма ас горгам хьокхур йац. Со чIогIа воьхнера, и гIуллакх нийса муха къастор ду ца хууш, хIунда аьлча сан иза набахте вахийта дезаш хьал кхолладеллера боккъалла а. Ас саьлтийшка элира сайна хи чохь ведар а, горгам а схьайа. Меллаша пхьуйшаш хьалакарчийна, со цIенкъа горгам хьакха волавелира. Сержант макхвелла лаьттара, ткъа йуха шена а саьлтишкара горгам а йехна, соьца нийсса горгам хьакха волавелира иза. Оцу кепара сержанта а майора а цхьаьна горгамаш хьокхуш, чоь дIацIанйира. Сан а, цуьнан а дахарехь дуьххьара а, тIаьххьара а хилла хIума дара иза. Иза эскарера ваьлча, со суо вахара иза новкъаваккха, цул совнаха институте деша хIуттуш, дика рекомендаци а йазйира аса цунна. Ас и хьоьга стенна дуьйцуш ду? Хьо институтехь дика доьшуш хиларе терра, хьайна лиъча дахарехь шортта кхиамаш бохур бу ахь. Дахаро башха ловзош лелийна вац хьо, хьо цунах кхеташ ву а моьтту суна. Доцца аьлча, дисбате йа, набахте кхача атта ду хьуна, амма суна ца лаьа хьо цига кхачийта. Нагахь санна сержанташа йа, эпсараша дина омра ахь кхочуш ца дахь, хьо чуволла тарло. Иза ца хилийта, ас хьуна хIинцале лахарчу сержантан цIе лур йу. Капитан Гончаровна а иза хазахетар ду аьлла хета суна. Реза вуй хьо сержант хила?
– Реза ву, товарищ подполковник! – хазахетарца жоп делира Руслана.
– Даздаран хьелашкахь кхайкхош хуьлура и санна дерг, амма тахана ишта нисделла хIара гIуллакх – велакъежира Гундарев.
Русланан дахарехь хийцалуш дIаэхнера сирла а, ирча а мIаьргонаш. Карарчу хенахь бер санна воккхавеш вара иза. ХIинцале бевзинера Русланна эскаран чам, цхьацца хIуманан маьIна дан а ларийнера иза. Цкъа а ца моьттура цунна ишта сиха сержантан цIе шена лур йу, цундела Руслана хIоттийна коьрта Iалашо йара – ротера дедовщина орамца дIайаккхар.
Гундаревгара погонаш схьаэцна, кхин дIа хIун дан деза ца хууш, лаьттара Руслан.
– ТIаккха, Дадиев? Итт минот тоьур йуй хьуна погонаш тIетега? Йа ас тега йеза хьуна уьш? – велавелира командир.
– Дика ду, товарищ подполковник!
– Дика хIун ду? Соьга тега боху ахь? – забар йора командира.
– Ца боху дера, товарищ подполковник. Айса тоьгур йу ас.
ХIетахь дуьйна ден а, кIентан а санна тешаме, йовха йукъаметтигаш кхоллайелира царна йукъахь. Ма-дарра аьлча, Гундарев массо а саьлтийшца вара тIекаре а, дика а.
Командир волчура керлачу погонашца араваьлла Дадиев гича, Гончаров цецваьллера.
– Хьоьгара суна цхьа шиша йогIу хьуна, Дадиев.
– Дика ду, товарищ капитан, амма со ца кхийтира…
– Кхетта йа, ца кхетта?
– Ца кхетта, товарищ капитан, стенна йогIу соьгара шиша?
– Хьо вуо лелла аьлла командира суна дов дина, ткъа хьоьх сержант вина. Нийсо мичахь йу?
Гончаровна моьттура цу забарах Дадиев велалур ву, амма иза бос байна лаьттара.
– Дадиев, хIун хилла хьуна?
– Ойла йира ас… нагахь санна Рыжийн вада аьтто ца баьллехь хIун хир дара? ХIетахь цунна тIекхаьчна ма ваьллера со, оцу мIаьргонехь цу капитана со сацийна ца хиллехь. ХIетахь къаьсташ хилла-кх сан кхане а, сан дахар а – корта оллийна, вистхилира Руслан.
– Хьо сацийна волу капитан Власов тIеман училищера дуьйна сан хилла накъост ву, цундела тхойшинне йан йеза ахь шиша. И боьха хIума массо а хIуман тIехь соьл тоьлла йу, рота а йу цуьнан дикаллица цIейаххана. Бакъ дерг дийцича сан санна къаркъа мала ницкъа-м ца тоьу цуьнан – Русланан самукъадаккха гIертара Гончаров. – амма хIинца со тешна ву, вайн рота уггаре а тоьлла хир йу аьлла а, иштта мокъа деношкахь ротехь вовшийн батош йохор йоций хууш паргIат садаIа сайн аьтто хир бу аьлла а. Ларор вуй хьо, Дадиев?
– Ларор ву, товарищ капитан! – жоьпаллица дIахьедира Руслана.
– Масех де даьлча, аса Рыжий дIавоккхур ву вайн ротера. Цунна бIаьрахьалха ца нисвала хьажа. Кхин цхьаьнца а девне а ма вала. Дика дуй, Руслан?
– ДIа ма ваккха Рыжий вайн ротера. Масане хуьлу, бийца мотт каро а мега тхуна.
– Карор бац хьуна цуьнца бийца мотт, Руслан. Хьуна иза адам ду ма моьтту, ткъа иза адам ма дац. Хьоьгахь санна адамалла ма йац цуьнгахь. Ахшо хьалха вехна а волуш, цхьаьна саьлтичун Шелеповн пхьарс чуьрабаьккхинера цо. Къарс аьлла иза каглуш массарнна а хезинера. Иза ротехь а волуш паргIат наб кхетар йац суна. Хьо цуьнца кхин девне ца валахь а, амма иза чIогIа мекара ву, цундела шуьшиъ цхьаьна ротехь вита мегар дац, ткъа иза аса сайна тIелоцу.
Капитана ма-аллара, итт де даьлча, Рыжий кхечу роте дехьаваьккхира. Массара а доккха са даьккхира, ткъа Руслан отделенин куьйгалла дан волавелира. ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Дадиев а шена тIекхайкхира Гончаровс.
– Накъостий сержанташ! Вайн коьрта бала ротера дIабаьккхина вай, амма кхин цхьаъ биссина – шун йукъаметтигаш. Суна шина къонахчо санна дош дала деза аш таханлерачу дийнахь дуьйна вовшашна гIо дийр ду аьлла. Кхеттий шуьшиъ? – ши сержант вистхуьлуш вацара.
– Кхеттий шуьшиъ? – мохь туьйхира Гончаровс.
Сержанташа цхьаьнаэшшара жоп делира:
– Кхетта, товарищ капитан!
– Дика ду! Кравцов, хьо эскарехь тIеман декхара дIакхехьна валлалц замкомвзвода вуьссуш ву хьуна.
Кравцов хазахеташ вара, хIунда аьлча иза кхоьрура Руслана шегара дарж схьадаккхарна. Шена иза хууш долу дела Гончаровс хьалхе барт бинера цу хьокъехь Русланаца.
Цу дийнахь дуьйна ротера дахар маьрша а, самукъне а хорше дирзира. Цхьаммо а цхьанне а ницкъ ца беш, вовшийн ларам болуш къахьоьгура саьлтийша. Сарахь массара а цхьаьна пхьор диначул тIаьхьа, гитара лакха охьаховшура саьлтий. Амма массо а сингаттаме вара Рыжийх лаьцна цхьацца хабарш хезаш хиларна. Цо дуккхозза а аьлла бохуш дуьйцура ша Руслан вуьйр ву. Гончаровна хазахеташ къамелаш дацара уьш, хIунда аьлча цунна хаьара маларах кхетча, мел чIогIа хьерволуш ву Рыжий.
Амма Рыжийца дерг а кестта муха къаьста а ца хууш къаьстира. Кочегарки чохь виъ саьлтий велла карийнера. Бахьана – маларах даьлла дIовш. Беллачарна йукъара цхьаъ Рыжий вара.
ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Руслан а Гончаров волчу вахара.
– Товарищ капитан, оха йерриге а ротин барт хилла Рыжийн нанна ахча гулдина. Тхуна иза мичахь Iаш йу ца хаьа, цундела ахь хIара ахча дIатесча дика хир дара.
Гончаров хьалагIаьттира:
– Хьанна дагадеанера иза, Дадиев?
Руслан вистхуьлуш вацара.
ТIаккха Гончаровс Кравцове хаьттира:
– Кравцов, дийца хьанна дагадеана иза?
– Дика ду иза, йа вуо ду тхуна дагадеанарг?
Гончаров вист ца хуьлуш лаьттара. Кравцовс шен дагахь сацам бира, ма-дарра ша дерриге а дIадийца, хIунда аьлча кхара динарг вуо хIума а дацара.
– Русланна дагадеанера иза.
– Цу тIехь сан шеко йацара, хIете а хаьттира ас. – элира Гончаровс. Дадиев, хьо ма тамашийна стаг ву. И хьан махкахо а вацара, хьан къомах а вацара, йа накъост а вацара, мелхо а хьан мостагIа вара иза, шен аьтто баьллачу мIаьргонехь хьо вен дош делла волу. Стенна деш ду ахь хIара гIуллакх?
– Товарищ капитан, цуьнан къена нана ша цхьалха йиссина аьлла хезнера суна.
– Ткъа хьан нана йанне а ма йац, йа къона а, йа къена а. Хьоьх дог лозуш вуй цхьа а кху дуьнен чохь?
– Товарищ капитан! Соьца цуьнан хилла йукъаметтигаш йийца ца оьшу. Цуьнан нанна вуо деана, и ахча цунна карор ду. Бакъ долуш иза вуо вара массаьрца а, зуламе а вара, амма вай хила ма ца деза ишта. Со къинтIера ваьлла цунна…
Кестта, биргIанийн ротах тIеман декъан дозалла хилира. Массо а гайтамашкахула уггаре а тоьлла йара иза, ткъа тIаьхьарчу йалха баттахь цхьа а бохам а ца хиллера. Гундаревс воккхавеш масалийна йалайора Гончаровн рота.
Кравцов а, кхин болу дембелаш а цхьаьнаэшшара дIабахара эскарера. Цабезам а, гамо а хуьлуш меттигаш нислора хьалха, амма Руслан кхуза веанчу дийнахь дуьйна, йерриге а рота цхьа доьзал санна бертахь йара. Эскарера дIабоьлху дембелаш марзонца, дегайовхонца новкъабехира бухахь биссинчу саьлтийша. Массара а баркалла олура Русланна кхузара хьал низаме далорна. Массара а гулдина ахча, шегара жимма тIе а диллина, Руслана Семенов Сергейга дIаделира. Якутин къомах волу иза Рыжийн йуьртхо вара. Иза йуьстахваьккхина, Русланна цхьанна а ца гуш, цуьнан кисана таIийра ахча:
– ХIара ахча Рыжийн нене дIалолахь, дика дуй?
Руслан дIаваха волавелча, якута куьйг лаьцна сацийра.
– Русик, собар дехьа. Хьоьга цхьаъ дIаала дезаш вара со. Сан да а, деда а шаманаш хилла, ма-дарра аьлча хIума хууш нах хилла уьш. Сан дедас ша лечу хенахь аьллера шен похIма суна дехьадер ду аьлла. Суна иза цкъачуна ишта чIогIа хаалуш дац, амма хIете а гIенаш го суна тамашийна. Рыжийца тхойшиъ цхьаьна эскаре кхойкхучу хенахь, масех бутта балале суна иза велла гIенах гира. Иза дукха хьалха дара, тхо салагаш долчу хенахь. Ас дийцира цуьнга, амма цо иза тергал а ца дира. Ткъа цунах хилларг хьайна гуш ду хьуна.
– Дика ду, ткъа соьга стенна дуьйцуш ду ахь иза?
– Кхетий хьо, Русик. Суна хьо а гинера гIенах, верриге а цIийх вуьзна Iуьллуш, йа дийна а, йа велла а воцуш.
– ДIавалахь кхерамаш ца туьссуш. Массо а мацца делла а, лийр долуш ду вай, хьуна гIенаш ца гича а.
– ХIан-хIан, Русик. Суна хьо хIинца санна къона волуш гира, саьлтийн духар а долуш тIехь, цхьаьна буьрсачу ломахь Iуьллуш. Доцца аьлча, ларлолахь. – Сергейс къевлина маравоьллира Руслан.