Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 5

Корта I
I

Оглавление

Нийсса йалхийтта шо даьллера Руслан дахаро шатайпа къизаллица зийна. Тверской урамехь йолчу шен офисан корехула вехха хьоьжура иза дуьненан гIуллакхаша дIасхьаидочу адамашка. ХIорд санна йоккха а, йистйоцуш а йолчу кху гIалин стигла кхийда и леккха гIишлош бен доцуш хьоьжура адаман гIайгIанашка. Масех шо дара Руслан кхузахь веха. ХIора а дийнахь цхьа хаттар хьийзара цуьнан замано хьере биначу коьртехь – хIун бахьана долуш лачкъийна кхуьнан цхьаъ бен воцу кIант? Муьлхачу бекхаман гураша лаьцна цуьнан жима дахар? Цу ойланаша къийзош мIараш туьссура Русланан догах, ткъа хIора а буса гIенашкахь дуьхьалтуьссура кIентан и хьоме сибат. Буьйсане сатуьйсура Руслана. Иза хьаьгна хуьлура набарна товжа. ХIора а буса гIенашкахь вогIура, дукха жима волуш, кхуьнан дахарера тIепаза вайна волу цхьаъ бен воцу кIант. Сийсара берхIиттара ваьлла гира цунна иза гIенах. Хазачу аматехь жима стаг кхиънера кIантах. Иза безамца велакъежара шен дена, ткъа бIаьргийн хьежар кIоргера а, кхетаме а дара. Руслан гIенах цхьа хьехар деш вара кIантана, цуьнгара гIалат даларна кхоьруш, ткъа Микаил леррина шен дега ладугIуш вара. Эххар а, самаваьлла Руслан кхийтира иза гIан хилар. Мохь-цIогIа тоххал балано буьзнера кийра. Ма мекара хиллера кхоллам – цхьаъ бен воцучу кIантах хIара ваккхарал совнаха, хIинца цо хIора а буса хьегош ву иза цу кIентан марзонах… Руслан кхоьрура ша тIаьххьаре а галваларна, цундела цо сацам бира психолог волчу ваха.

НеI тоьхна, чоьхьаваьлча, цунна гира хетарехь кхузткъа шо хир долу, тайна аматехь цхьа зуда. Цунах бIаьрг кхетташшехь хах-аьлла дог паргIатделира Русланан.

– Жима стаг, со ладугIуш йу хьоьга – йистхилира иза.

– Доктор, боккха бала бу сан кийрахь беза мохь хилла – тийссалуш, долийра шен къамел Руслана.

– Дер цхьа бала ца хиллехь, хьо со йолчу а вогIур ма вацара – йелакъежира иза. Муха йу хьан цIе?

– Руслан.

– Дика ду, Руслан. Ма-дарра ша дерриге а дийца соьга, цхьа а хIума къайла ца деш.

Руслана дийцира. Церан къамел шина сахьте дахделира. Дуккха а дуккха а шерашкахь Руслана кийрахь мел къийлинарг тховса, зайл дIабаьккхича санна дешнашца охьахецаделира. Эххар а шен къамел дерзош Руслана довзийтира шен коьрта дехара:

– Доктор, хIун де ас и гIенаш совцо? Со гIелвина цара…

Лор йистхилар доцуш, леррина Русланан бIаьра хьоьжура. Кху йоцачу ханна йукъахь цуьнан догах чекх ма делира Руслана мел лайнарг. Цуьнца нийсса и некъ бича санна гIелйеллера иза, ткъа йуха дегочу озаца, меллаша жоп делира цо Русланан хаттарна:

– Ма ирсе ву хьо. Ас дукха хIума дIалур дара цу гIенийн йийсарехь со тахана а хилийта.

Руслан цецвелира…

– Суна бевза къастаран и къаьхьа чам. Сан а вара хьан санна цхьаъ бен воцуш, сайн сил дукха везаш кхиийна кIант. Некъан бохамехь велла иза, мотоцикл тIехь хехкина вогIуш. Масех шарахь хьуна санна гIенашкахь оьхура иза суна. Аса а ахь санна сатуьйсура буьйсанан бодане. ГIенахь иза мел го, сан са паргIат дара, сайн хьоме кIант дийна волуш санна, амма цIеххьана и гIенаш севцира. ХIетахь кхийтира со мел кIоргера, мел йистйоцуш бу сан кийрахь IаьIна бала. Цу гIенашца цхьаьна дIабайра кIант дийна хиларан сан тIаьххьара сатийсам. Ма дукха хIума дIалур дара ас, цкъа мукъне а гIенах цуьнан гIалартах бIаьрг тоха. Амма иза цкъа а хир дац. КIант йа дуьнен чохь а, йа сан гIенашкахь а вац. Нагахь санна хьо со йолчу и гIенаш йухадерзо дехарца веанехь, со кхетар йара хьоьх, цхьа гIо дан хьожур а йара, амма хIинца со тешна йу хьан кIант дийна хиларах. ГIенах санна, самах а хьуна гур ву иза.

Нана йоцуш кхиъначу Русланан дог кIаддинера зудчун цу лазаме къамела. Меллаша цунна хьалха охьалахвелла, иза маракъевлира Руслана. Цунна бен дацара иза муьлхачу къомах йа, динах йу, карарчу хенахь иза нана йара, Руслан санна шен сих даьллачу берах къаьстина нана. ЦIеххьана шена ца хаалуш, цунах нана элира Руслана. Маржа-йаI, кхоллам! Ма кIоргера, ма шатайпа йу хьан къайленаш. Дуьнен чохь вехаш стагана гонаха шортта адам хуьлу – гергара нах, накъостий, доттагIий, амма заманан йохалла, кхолламо цацан чухула санна луьсту уьш, цундела хьуна ца хаьа дахаран чолхе киртиг тIеIоттайеллачу муьрехь хьуна уллохь мила хир ву. Хьо уггаре а тешначо тешнабехк беш а нисло, хьуна уггаре а хийра хеташ хилларг хьан дагна гергара а нисло. Хийла замано зийначу Русланна а ма ца хаьара эххар а заманан майданехь кху оьрсийн зудчух ша нана эр дуй, цо шен дахарехь маьIне меттиг дIалоцур йуй а. Дала йаздина хиллера кийрахь мел IаьIнарг Руслана къаьсттина цуьнга дуьйцур хилар. Шатайпа ойланаш хьийзара Лидия Андреевни коьртехь а. Шен корматаллин башхалле хьаьжжина, хийла стеган гIайгIанашка, баланашка ладийгIина йара иза, амма тахана санна царех цхьа а цуьнан дагна ишта уллора ца хеттера, хIунда аьлча Русланан а, цуьнан а дегнаш цхьатерра лозура, уьш лаьцна йолу аьчка мIаранаш цхьатерра шийла а, къиза а йара. Лидия Андреевнин кийрахь цхьа шатайпа синхаам, цхьа шатайпа йовхо йаьржира. Шен цхьаъ бен воцу кIант дийна волуш санна, дахар йуха а деса ца хийтира зудчунна, лозучу дагчохь йуха а сирлачу кханенга сатийсам баьржира. Амма Руслан дIавахча, иза кхийтира гIенашкара шен кIант дIавахча санна ша йуха а цхьалха йиссина хиларах.

ШолгIачу дийнахь Руслана телефон туьйхира цуьнга:

– Бехк ма биллалахь суна. Сийсара дукха ойланаш йинера ас… хIусамехь соьгара гIо оьшуш хIумма а дуй хьан? Масане хуьлу… Хьоьх айса нана аьлла и мIаьрго йиц ца ло суна. И синхаам мелла а бахбан лаьара суна.

Лидия Андреевна йоьхнера. Ишта дехара йукъа ца догIура кхо кхочуш деш долчу лоьрийн декхаршна.

– Амма со хьан нана ма йац! – йоьхна жоп делира цо.

– Сан доккха цIено ду. Чохь со воцург кхин стаг вац. Хьуна лаахь ас дIайуьгур йу хьо со волчу.

– Амма со хьан нана ма йац! – йуха а дийкира цуьнан диканах дог диллина, гIийла аз.

– Йац. Хьо бакъ лоь. Бехк ма биллалахь со ишта хьайн коча варна. – Жоп делира Руслана. Цхьаьна мIаьргонна хIоьттина тийналла йохош, йистхилира Лидия Андреевна.

– Собар дехьа – цIеххьана цхьаъ дагадеача санна тохайелира иза…

Ишта тассаделира церан гергарло. Жимма хан йаьлча, Руслан кхетар ву ша кхолламо эрна валийна ца хилар Лидия Андреевнин неIаре.

Руслан балхахь волчу хенахь, цо наггахь бен ца тухура телефон. Цкъаццкъа СМС хаам йазбора:

– Муха ву хьо, сан кIант олий? Цо хазахетарца Русланна пхьор кечдора. Дагара дуьйцуш, деха къамелаш деш, дIаоьхура церан синтеме суьйренаш.

Цхьаьна дийнахь Русланан чIогIа мехала цхьанакхетар дара Сибрехара мехкдаьттанан компанин куьйгаллица, цундела шен гIоьнчига ша тIедогIучу кхаа сахьтехь хье ма ве аьлла дийхира цо. Амма цхьаьанакхетар доладеллачу хьалхара миноташкахь, Лидия Андреевнигара смс-хаам кхечира: «Руслан, сихонца соьга телефон тоха». Руслан кхийтира цхьа сингаттам ца хиллехь, Лидия Андреевнас и тайпа хаам йазбийр бацара.

Цо сихонца телефон туьйхира цуьнга:

– Нана, хIун хилла?

– Руслан, телевизорчухула гойтуш Iамаьркан передача йара. Цигахь дуьйцура нохчийн эммигрантийн доьзалах лаьцна. Церан кIант вара… Руслан, ас видео йаьккхина, иза хьан электронни почте дехьакхоьссина. Суна хетарехь, и кIант…

Руслан телефон охьакхуссуш, шен цхьаьнакхетар а, дерриге а дуьне а дицделла, компьютер йолчу дIатассавелира. Кийрара араэккха доллуш санна, детталора Русланан дог. Цхьаъ цхьанна тIаьхьа хийцалуш, бIаьргаш хьалха хIуьттура дIаэхначу заманера суьрташ. Видео тIехь гуш вара, нийсса йалхийтта шо хьалха хIара лачкъийна хилла волу стаг. Ткъа цул тIаьхьа Русланна гира шен кIант. Сийсара кхуьнан гIенахь санна вара Микаил – хазачу аматехь, кхиъна ваьлла жимха. Цу суьрто Iадийнера Русланан берриге а кхетам. Шена чуьра са дIадоьдуш санна хеттачу Русланна ши бIаьрг схьабиллича гира шена уллохь хьийза лоьраш а, лазаран цIийнан кIайн пенош а.

– Руслан, сан кIант, къинтIера валалахь суна. Айса дика болх бо моьттинера суна… – элира Лидияс.

Руслана йукъахдеккхира цуьнан къамел.

– Нана, иза ву Микаил. Сан кIант дийна ву, ткъа иза ду уггаре а коьртаниг. Дала мукъ лахь суна карор ву иза…


Ши де даьккхира Руслана больницехь. Ткъа цIа веъча, дукха хан ца йойуш, шен накъосте телефон туьйхира.

– Олег Григорьевич, со Руслан ву.

– ЛадугIуш ву, сан диканиг! Соьгара хIун накъосталла оьшу хьуна?

– Цхьа стаг ву ас лаха везаш. Гельдман Яков йу цуьнан цIе. Иза ша ГIизларера (Кизляр) ву, эзар исс бIе дезткъе кхоалгIачу шарахь вина а ву.

Дукха хан йалале инарла зIене велира. Цо хаам бира Яков Iамаьркахь вехаш ву аьлла. Цуьнан телефонан номер каро хала ца хиллера, цундела шолгIачу дийнахь Руслан Гельдманца зIене велира.

– Хеллоу! – хезира Русланна ингалс маттахь, ткъа аз дагна гергара а, хьоме а дара. Цкъа а дицлур дацара Русланна шаьш цхьаьна йийсарехь йаьккхина хан, лайна бала, вовшашка кхийдош хилла сатийсам.

– Яша, цкъа а воха мегар дац! – маршалла ца хоттуш, жимма соцунгIа а йина жоп делира Руслана. Цунна хаьа лаьара Яковна дицделлий шайн билламан дош.

– Руслан! Хьо стенгахь ву? Муха ву хьо? Нохчийчоьхь вуй хьо? – хазахетаран мохь белира Яше. Телефончухула хезаш дара иза Iаш волчура схьалаиккхина, чухула дIасаидар.

– Яша, со карарчу хенахь Москвахь ву, амма ши де даьлча Лос-Анджелесехь хила дагахь ву. Ас ша дерриге а дуьйцур ду хьоьга, амма хьоьгара жимма гIо оьшуш хьал ду соьгахь.

– Руслан, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас хьуна. Сан дахар лардина стаг ма ву хьо, цундела хьуна вошалла ца дича ца волу со! Цхьа а лачкъо а, вадо а дезаш хьал-м дац цигахь? – велавелира Яков…

ЧIир. Роман

Подняться наверх