Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 7
Корта II
I
ОглавлениеРуслан а, Бэлла а, Соьлжа-ГIалин массо а вахархо санна, шайн са дадийна лелара, цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа йоьхна гIишлош а хуьйцуш. Цара безамца дола деш, лелийна хиллачу хIусамах йиссинарг цхьа херцар бен йацара, ткъа йерриге а Нохчийчоьнах йоккха тIеман аре хиллера. Руслан а, Бэлла а гIалара лома хьаладахара. Цхьалха йехачу цхьаьна йоккхачу стага тIеийцира и шиъ. Кхузахь цкъачуна кхераме дацара. ТIом хIинца а ца баьржинера лаьмнашкахула. Чиркхан бен серло йоцучу кхузахь, Iаьнан доцачу дийнахь бода сиха баьржара, цундела шатайпа сингаттаме а хуьлура, амма Iаламан хазалло а, цIеналло а ша дерриге а дицдора. Лаьмнийн ирачу баххьаш тIехь лепаш санна хеталора хIора буса стигла къагош долу дашо седарчий. Стигла а йара цхьа шатайпа цIена. Соьлжа-ГIалара стигла-м молханан кIура Iаржйинера, ткъа хIора а дийнахь гучудовлучу кеманаша, мархаш этIош санна хеталора. Адаман дахар кегдеш, лаьттахула Iожаллан хIу тоссуш болчу къизачу тIамна тIехь толам баккха ка йолуш цхьа хIума ду. Герзан а ницкъ ца кхочу и сацо. Цуьнан цIе йу сатийсам. Русланан даг чохь а бара сатийсам. Иза тешара мацца баьлла а тIом дIабаьлча, ша лаьмнашкахь хIусам а йина, шен доьзалца цигахь ваха хуур ву. Итт шо дара Руслан Бэллица доьзал кхоьллина Iаш волу, амма хIинца а бераш дацара церан, хIете а Руслана сатуьйсура кхолламан совгIате.
ТIом бара аьлла, диканах дог диллина вацара кху лаьмнийн кIотарахь цхьа а. Берашна деша лаьара, ткъа Руслан ингалс меттан хьехархо хиларах самукъадаьллера церан. Руслана хазахетарца гIо дора берашна керла мотт Iаморехь а, церан хаарш шардарехь а. Цхьа минот а мокъа ца йоккхура цо. Цхьаьна сарахь гIелвелла чувеанчу цунна гира, хих буьзначу бIаьргашца лаьтта Бэлла.
– Хьо йоьлхуш ма йу. ХIун хилла? Са гатло хьан кхузахь, гатлой? – хаьттира цо хIусамнене, амма цо деллачу жоьпо Iадийра Руслан, цуьнан дог тIекал а доккхуш. Бэлла доьзалхочух йара. Уггаре а чолхечу, къизачу хенахь, шайн синош довдийна хIорш лелачу муьрехь гайтира кхолламо Русланна шен комаьршалла, амма ца хаьара Русланна тахана хиллачу хазахетара иракарахIоттийначу дагна кестта ца йерза чов хир йуй.
ХIинца Русланна тIом хезаш а, гуш а бацара. Цунна ша кху дуьнен чохь уггаре а ирсе стаг хетара. Собаре хиларна, Дала тIаьхье йоцуш ца витина Руслан. Цуьнан йерриге а ойланаш Бэлла Нохчийчуьра арайаьккхарна тIехьажийна йара. Русланна ца лаьара цу хьолехь йолчу зудчунга тIеман къаьхьо кхин дIа Iовшийта. Кхин дIа замано хIун гойту ца хаьа, амма Русланна могуш-маьрша бер оьшу. Цо шена цкъа а геч дийр дац, нагахь санна Бэллина а берана а цхьаъ хилахь…