Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 6

Корта I
II

Оглавление

Билгалйиначу хенахь охьалахделира Москва-Лос-Анджелес кема.

Тай-тайпаначу къаьмнех йуьзна йара, хIара йоккха гIала. Массанхьара схьахезара церан къамелийн гIовгIа. Дахар кхехкаш дара кхузахь. Эпсара Русланан паспорте а хьаьжна, хаьттира:

– Дуьххьара вогIуш вуй хьо, Iамаьрка?

– Ву!

– Белхан гIуллакх долуш йа, хьошалгIа веана хьо?

– ХьошалгIа веана кIант волчу. Кхузахь доьшуш ву иза – велакъежира Руслан.

– Дукха хан йуй хьуна кIант ганза?

– Йалхийтта шо ду!

– Мел хан йу хьан кIентан? – хаьттира эпсара, Русланан паспорта тIе штамп а тухуш.

– ВуьрхIитта шо ду!

Эпсар цецваьлла хьоьжура Руслане:

– Оццул хьайн кIант ца гуш хIун деш Iаш вара хьо? Са ца гатделлера хьан?

– ЧIогIа гатделла, сэр, амма сан дахаран хьелаш ишта нисделла. Со бехке вац хьуна.

– Дика ду тIаккха! Дала аьтто бойла хьан! Марша а вогIийла хьо, Iамаьрка.

– Баркалла хьуна!

Кхаа шарахь са ца доIуш болх бина волчу Руслана, хIинца кхойтта сахьт кеман тIехь даьккхинера, амма дегIаца гIелвалар ца хаьалора цунна, хIунда аьлча са паргIат дара. Йалхийтта шарахь ша сатийсинчу дийне кхаьчна волчу цунна тховса гуш кхин хIумма а дацара, гIенашкахь дуьхьал тийссина хилла шен кIентан гIаларт бен.

– Руслан, со кхузахь ву! – цуьнан ойланаш йукъахйехира дуьхьал вогIучу Яшас.

ДоттагIий доггах маракхийтира. Йалхийтта шо хьалха, ткъе итт де йийсаре а даьккхина араваьллачу хенахь санна, тахана а лаьттара и шиъ вовшах къаста ца луш. Якове хьоьжура Руслан. Хала дара теша, хIара гIеметтахIоьттина, маж йаьлла стаг, кхуьнца цхьаьна йийсарехь бала лайна волу пхийттара ваьлла жимха хиларах. ХIетахь, Руслан тIе ца кхаьчнехь кханенах дог диллина ваьллера иза, ткъа хIинца кхолламо йуха а заманан майданехь цхьаьнатоьхна ши накъост.

– Яша, маж ледар ма йац хьан! Жуьгтийн молла-м ца хилла хьоьх?

– Ца хилла. Со операторан болх беш ву, амма хIора шот дийнахь со синагоге а воьду, мокъа хан хилча Товрат а, Инжил а, КъорIан а доьшу. – Велакъежира иза. Хьо бахьана долуш вирзина хьуна со Деле. Ахь дика гIо дира суна даг чохь иман кхио. Сийлахь дезачу йозанаш йукъара хийла чулацаме дийцарш довзийтинера ахь суна. Цкъа а дицлур дац суна ахь Муса Пайхамарах лаьцна дийцина хилларг. Муса Пайхамар шен нахаца хIордан йистехь тIекхача орца доцуш виссича, цо шен нахе аьлла хилла:

– Деле деха! Дала къинхетам боцуш буьтур бац собаре хилларш! Тоьла чохь вайшиъ йийсаре волуш, ас а доьхура Деле. Со тешна вара цо гIо дийр ду аьлла. Цо вайн доIанаш жоп доцуш а ца дитира. ХIетахь цу халачу, цу чолхечу мIаьргонехь хьоьх суна а ма хиллера Муса Пайхамар.

СоцунгIа хилира. Ойланаша цу ирча деношка йухаверзийна ши накъост вист ца хуьлуш, дIатийра. Эххар а, тийналла йохош, вистхилира Яша.

– Руслан, дийцахь мичахь Iаш ву хьо? ХIун лелош ву? Муха ду хIинца Нохчийчоьхь?

– Яша, чайн стака молуш, паргIат дуьйцур ду вайшиммо. Вало!

Даг чохь цхьа а гIайгIа йоцу ши накъост, ирсе велакъежаш, машенаш йолчу агIор дIаволавелира.

– Ма къегина лепаш бу малх! – элира Руслана, ткъа йуха Iадийча санна вовшашка хьаьжира и шиъ. Цу шинна дагатессира хIетахь, йийсарехь Руслана аьлла дешнаш, кхеран гергарло долийна дешнаш. Боьхачу тоьла чохь самаваьллачу Русланна боданехь халла къаьстара шена тIехь лаьттачу кIентан сибат.

– Муха ву хьо? Муха хета хьуна? – хаьттира цо Руслане, ткъа са а, дегI а доза доцуш лозучу Руслана халла жоп делира:

– Кхузахь малх ца лепа…

Амма тахана къеггина бара малх. Цуьнан зIаьнарш Русланан йуьхь тIехь санна, даг чохь а лепара. И ирча хан геналлехь йиссира шен мокхачу боданца, наг-наггахь Русланан кийрара иэс сама а дохуш. Иза ларамза а дацара, хIунда аьлча селхане цкъа а йиц ца ло, иза стеган дахаран цхьа дакъа ду…

– Руслан, цу акхачу Нохчийчуьра веанчух тера а ма вац хьо! Европан йа, Малхбузен вахархочух къасталур волуш а вац – велавелира Яков, ткъа йуха соцунгIа а йина элира – бехк ма биллалахь суна, ас ишта аларна.

– ХIумма а дац, Яков! Ас хIинца гойтур йу хьуна и «акха» Нохчийчоь. – Руслана цхьаъ цхьанна тIаьхьа дIалуьстура телефон тIехь суьрташ, ткъа царна тIехь гуш йара Соьлжа-ГIалин стигла кхийда, леккха гIишлош, заза даьккхина бошмаш, маьждигийн дашо мимарш, самукъне берийн ирсе йаьххьаш.

– ХIара суна гуш йерг Соьлжа-ГIала йу ала гIерташ-м вац хьо? – цецваьллера Яков.

– Ала гIерташ вац, иза боккъалла а Соьлжа-ГIала йу. Дер Нохчийчоь хIинца хийца ма йелла, ткъа Соьлжа-ГIала дуьненан тоьллачу гIаланех къасталур йоцуш хазйелла. Цуьнан бахархой а бу хIинца кхин. Кхууьш йу Iилма долу, дешна, ирсе тIаьхье. Нохчийн берашна Iамаьркан кегирхошначул дикох йевза смартфонаш а, IT технологиш а.

Яковна ша цецваккха хIума диссина а дац моьттура дуьнен чохь, амма гиначу суьрто иза боккъалла а Iадийнера. Уггаре а чIогIа иза цецваьллера, дуьнен чохь цIейаххана болчу артисташца а, спортсменашца а Русланан суьрташ гича.

– ХIара а Соьлжа-ГIалахь ду?

– Ду, Яша! Соьлжа-ГIала дика йевза дерриге а дуьнен чохь, ткъа цIейаххана бевзаш болу артисташ, спортсменаш, политикин гIуллакххой хазахетарца оьху тхо долчу хьошалгIа – дозаллица жоп делира Руслана.

– Боккъалла а, доггах чIогIа воккхаве со, шун къомах а, махках, амма даима сан коьртехь лаьтташ хиллачу хаттарна жоп кариний хьуна? ХIун бахьана долуш лачкъийнера хьо хIетахь? Со-м хьал долчу доьзалера ву аьлла, ахча даккха лачкъийнера, ткъа хьо?

– Цу хаттарна жоп лаха веана ма ву со Iамаьрка. Кхузахь ма ду и жоп!

– Кхузахь ду?! – цецвелира Яков.

– Ду! ДагадогIий хьуна, хIетахь цу тоьла чохь, ас сайн шо кхаьчна кIант ву элира-кх хьоьга?

– ДагадогIу дер!

– ХIетахь дуьйна кхин суна гина вац хьуна иза. Иза а цара лачкъийра. Амма суна иза карийна. Сан кIант Лос-Анджелесехь ву.

– Лос-Анджелесехь??? – Яков Iадийнера.

– Лос-Анджелесь ву иза. Цул совнаха, кхин цхьа хIума а эр ду ас хьоьга! ДагавогIий хьуна, цу зуламхошна йукъахь цхьаъ вара-кх йуьхь тIехь туьтмIьажиг йоцуш?

– ДагавогIу!

– Цуьнан цIе Канта йу. Иза кхузахь Лос-Анджелесь Iаш ву, сан кIентан да ву ша а боху цо.

ХIинца кхийтира Яков хIунда веана Руслан Iамаьрка, амма хIара бахьана хир ду аьлла цкъа а моьттур дацара цунна. Яков вехха хьоьжура Руслане. Доггах цунах къахийтира Яковна. Иза кхетара мел чIогIа замано зийна ву Руслан, мел дукха баланаш лайна цо шен дахарехь, амма хIете а диканах дог диллина вац иза, дог чIагIделла вац иза. Къинхетамах, адамаллех вуьззина ву иза. Иза хир йу-кх церан къоман доьналлин къайле – дагатессира Яковна.

– Ас хIун гIо де хьуна? – хаьттира Яковс.

– Яша, суна цкъачуна ца хаьа. Суна уггаре а коьртаниг ду вайшиъ гина а, суна эшначу мIаьргонехь, ваша хилла суна улло хIотта хьо волуш а. Яша, йалхийтта шарахь гIенахь бен гина ма ваацара суна иза… йалхийтта шарахь, ткъа хIинца иза кхузахь ву, кхетий хьо? Кху гIалахь веха иза, кху урамашкахь дIасхьалела. Ма доккха хIума ду иза, Яша…

Йуха а тийналла йоьссира, йуха а дагалецамаша вадийна цу боьхачу тоьлане вигира ши накъост.

– Руслан, кIантаца дерг-м къаьстина даьллера, ткъа цу стагана хIун дан воллу хьо? Оцу Кантина? Цо дахар кагдина хьан, бакъ долуш. Со-м кхоьру, иза гича, ахь цхьа хьашт доцург дарна. Собаре хила веза. ДагадогIий хьуна, ахь соьга олуш, хIора а стагаца дика а, вуо а ду, ткъа Далла иза ша дерриге а гуш хуьлу. Цо вай массо а цхьаьна дикане кхачаво, цундела Далла тIе болх биллина, цо билгалбиначу некъа тIера довла мегар дац вай. Бакъ дерг дийцича, и денош хийлозза сайна дагатесча, и Канта-м вайна тIехь Iазап латтош хиллачу зуламхошна йукъахь уггаре а къинхетаме вара хьуна. Цундела ца лечкъийна а хила тарло цо шен йуьхь, амма суна а, хьуна а цунах хийцадала хIума дацара хIетахь. Цабезаман алу кхерстара Якован бIаьргаш чохь. Гуш дара мел боккха тIеIаткъам бина цунна цу къизачу хиламо.

– Яша, дагадогIий хьуна ас хIетахь хьоьга дуьйцуш сайн кIант Iамаьрка деша вахийта лаьара сайна бохуш? Гой хьуна, Дала йаздина хилла хьуна мухха хилла а сан лаам кхочуш хила, амма суна-м иза бакъ волу нохчо санна кхио ма лаьара, ткъа хIинца цуьнан амалш муха йу а ма ца хаьа. Вуй те иза со реза волуш? Хаьий те цунна нохчийн мотт? Буй те цуьнан Даймахка цIа верза лаам? Эзар хаттар ду сан коьртехь, Яша.

– Руслан, хьуна хаьий иза мичахь Iаш ву?

Руслана дIакховдийра шен телефон.

– О, Валенси! Селхана хилла-кх со цигахь. Кхузара шовзткъе итт чаккхарма бен генахь йац иза. ЧIогIа синтеме а, хаза а, жима гIала йу иза. Калифорнера уггаре а тоьлла ишколаш йу цигахь, иштта Исбаьхьаллин институт а йу.

– Хьо лаа хиллерий цигахь? – хаьттира Руслана.

– Цигахь вехаш цхьа кIант ву скейтбордист. Цунах лаьцна кино йоккхуш ду тхо. Иза вуно чIогIа похIма долуш жима стаг ву. Скейтер хиларал совнаха, актеран говзалла а йу цуьнан. Кхечу фильмехь коьрта роль ловзайе аьллера цуьнга, амма кIант дуьхьал хилира, шен да цомгуш ву аьлла. Ткъа кино тхо Колорадохь йаьккха дагахь ду, цундела Валенси боьду некъ сайн цIехьа боьду некъ санна дика бевза суна.

– Мел дика кIант ву иза. Шен ден ойла йина-кх цо. Дала дукха вахавойла цуьнан да. Маса шо ду цу кIентан?

– Йалхийтта йа, вуьрхIийтта ду моьтту суна. Собар дехьа, Руслан. Даима хьан кIант вуьйцу вай. И зуда йеллачул тIаьхьа ахь кхин…

– ХIан-хIан, Яков, ас кхин зуда ца йалийна, йа цкъа а йалор а йац – йукъахдеккхира Руслана накъостан къамел. Бэлла дагайеача, цхьа къаьхьа къурд хьаьдира цуьнан легашка. Кисана кхевдина, цуьнан сурт схьалаьккхира Руслана. – Ас даима сайца лелош ду Бэллин сурт. Сайн ойланашкахь цуьнца къамелаш а до ас. Ас дош делла цунна Микаил каронза со Iийр вац аьлла. Руслана цIеххьана шен къамел сацийра, Яков цецваьлла суьрте хьоьжуш а гина. Цхьаъ дагадеача санна, Яковс шен ноутбук а латийна, иза Руслан волчу агIор дIайерзийра. Къоначу скейтбордиста масех хьуьнар а гайтина, йуха камера йолчу агIор а вирзина ши пIелг ирах айбира, «машар» бохучу дешан маьIна гойтуш. И кIант Микаил вара. Йалхийтта шарахь Русланна гIенашкахь дуьхьал тиссина хилла Микаил.

Йехха соцунгIа а йина, Руслан эххар а вистхилира.

– Яков, со отелехь садаIа дагахь вара, амма хIинца соьга паргIат буьйса йаьккхалур йац. Ас доьху хьоьга, муьлхха а бахьана а лехна, кхуза схьавалаве иза. Хьо цхьаъ дIайала йезаш ву ала цуьнга. Машенан корахула гина а, тахана иза сайн бIаьргашна ца гича, са тохалур дац соьга.

Яков кхетара Руслана бохург ца дича ша вер воций. Цуьнан накъостана гуш кхин хIумма а дацара, шен кIентан дагна гергара сибат доцург.

Яковс кIанте телефон туьйхира.

– Алло, Микаил?

– ЛадугIуш ву!

– Микаил, со ву иза, Гельдман Яков.

– Яков, маршалла! Хьо дагавеанера суна тахана. Iуьйранна цхьа инзаре чIогIа ши трюк Iамийна ас, уьш хьуна гайта сатесна ву со. Кино йукъайахийтича дика хир дара уьш.

ЦIе йаьлла кхехкара Русланан кийра. Ма тера дара Микаилан аз шен ненан озах. Самабевллачу дагалецамаша йуха а къийзош, мIараш туьйссура Русланан догах. Цара вадийна вигира иза Нохчийчоьнна Iаьржа деана хиллачу эзар исс бIе дезткъе пхийттолгIачу шаре…

ЧIир. Роман

Подняться наверх