Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 9

Корта II
III

Оглавление

Валенси гIалара «Hyatt» хьешан цIийнахь сецира Руслан Микаилна гена доцуш. Русланна хиира кIентан ишколера гIуллакхаш дийнахь ши сахьт даьлча чекхдовлуш хилар, ткъа цул тIаьхьа иза ишколан автобусаца цIа воьду. Ши сахьт ткъе итт минот йаьлча, автобус Микаилан цIенна дуьххьал сецира, цундела Руслана гена доцуш сацийра шен машен.

Автобус гучуйаьлча, Русланан дерриге а дегI дуладеллера, ткъа детталучу деган тата кхуьнан лерехь хезара. Руслана бIаьрг тIера ца боккхура вовшашка Iадика йеш лаьттачу берийн. Массо а кхин дIа урамехула охьаволавелира, ткъа Микаил некъал дехьа волуш вара. Руслана тидам бира иза чIогIа ненах тера хиларан – цо санна аьтто агIор корта охьатаIор а, Бэллин санна бесни тIера тIеда а. Иза шен цIенон кертахь къайлаваллалц Микаилан тидам бира Руслана, ткъа йуха меллаша машенахь тIаьхьа волавелира. Дукха хан йалале Микаил неIсагIехь йуха а гучувелира карахь скейтборд а йолуш. Лами тIехула охьавуссуш цо нохчийн а, оьрсийн а дешнаш кегош мохь туьйхира:

– Дада, сан кханенна цIера болх бац, со цхьа сахьт даьлча цIа вогIур ву.

Русланан хазахетаран доза дацара. Цо сатийсинарг ма дара иза – шен кIантана кхо мотт хаьар. Микаил кхиийначунна доггах баркалла ала лаьара Русланна, цо мало ца йеш кIантана оьрсийн а, нохчийн а меттанаш Iаморна, амма йуха ойла йира цо нагахь санна иза нуьцкъала лачкъийна дIавигна ца хиллехь, кхо ша Iамор ма дара цунна и меттанаш а, цунах вуьззина нохчо а кхиор вара, хийрачу стеган а ца йоккхуш, шен ден йоккхур ма йара цо и сийлахь дада цIе. ХIинца-м Руслан шен куьйга и стаг вийча а Iебар вацара, амма цо сиха дIайеккхира даг чуьра оьгIазло. Руслан кхетара цхьа дика доцуш вуо хир доций. Дала адамаш даима зуьйш ду, ткъа массеран а ца тоьу ницкъ цу зерах доьналлица чекхдовла. ХIоразза а шен дахарехь цхьа чолхе киртиг тIехIоьттича, Русланна дагатоссура сийлахь дезачу КъорIанна йукъара дешнаш: «Дала адаман лан ницкъ кхочур болу бала бен боссор бац.»

Микаил шен скейтборд лаьтта охьа а кхоьссина, цунна тIехь хахкавелла, урамехула охьавахара. Руслан меллаша машенаца кIантана тIаьхьавахара. Пхи минот йалале цунна гира «Санта-Кларитин» скейтпарк аьлла йоза. Руслан кхийтира мичахь каро мегар ду Микаил.

Дукха ойланаш а йина, эххар а Русланан сацам хилира, кхана кхуза Микаил волчу а веана, цуьнга ша цуьнан ден накъост ву ала, ткъа цул тIаьхьа дагахь доцуш Кантина хьошалла дан.

Ткъа цкъачуна Русланна лаьара мелла а шен кIентан тидам бан, жимма а цуьнан амалах кхета.

Паркан пена тIехь йоза дара: «Шлем йоцуш хехкавала кхераме ду», амма и йоза Руслан воцучо цхьаммо а доьшучух тера дацара, массо а бераш коьртахь шлемаш йоцуш хехкалуш дара. Скейтераш охьабетталуш гича, Руслана ойла йира:

– Дала мукъ лахь уггаре а дика шлем а оьцур йу ас цунна, Рублевкехь скейт-парк а йийр йу.» Русланна дагахь а дацара Микаилана ша да хетар вац йа, Росси дIаваха цо дуьхьало йийр йу аьлла. ЦIеххьана цунна гира Микаила кхераме трюк йеш, ткъа минот йалале, когаш бухара скейтборд дIаиккхина, иза лаьтта охьакхийтира. Руслан аьрзунан сихаллица тIехьаьдира шен кIантана. Микаил ши бIаьрг белла гIертара, шена хиллачух кхета гIерташ. Эххар а цунна гира шен ши накъост Эрик а, Алек а. И шиъ цхьаъ дуьйцуш вара, амма Микаилана хIумма а хезаш дацара. Меттахвала гIоьртича, иза кхийтира ша цхьаммо къевлина маравоьллина хиларах, цул совнаха и стаг нохчийн маттахь цхьаъ дуьйцуш а вара. Цецваьллачу Микаила нохчийн маттахь хаьттира цуьнга:

– Хьо мила ву?

Руслан вистхила ца ларош, парке схьакхечира сихачу гIоьнан машен. Лор цхьацца хеттарш луш вара Микаиле, амма Руслана цуьнга дош ца кхочуьйтуш жоьпаш дара луш. Микаил кхета гIертара мила ву и ца вевза стаг? Иза мичара ваьлла, стенна сагатдо цо ишта шена? ХIунда буьйцу цо нохчийн мотт? Лоьра Микаил лазаран цIийне дIавига веза элира, коьртана компьютерни томограмма йаккха.

– Воьдуш вуй хьо лазаран цIийне? – хаьттира лоьра.

– Хьашт дац аьлла хета суна цига ваха. Сан хIумма а ца лозу – элира Микаила.

– Дика ду! ТIакхха кху кехатана куьйг йаздан деза, шен лаамехь лоьрийн гIо тIе ца эцна аьлла, амма хьо хIинца а берхIиттара валанза хиларна, куьйг йаздан бакъо ден йа, ненан бен йац. – Элира лоьра.

– И хала дац. Со ву кху кIентан да – элира Руслана, лоьра схьакховдийначу кехата тIе куьйг а йаздеш. Цунна моьттура Микаил кхералур ву, йа цецвер ву, амма иза мелхо а реза хилла, велакъажарца Руслане бIаьрг теIош вара.

Русланна кIант цIа кхаччалц дIакхето лиира, ткъа Микаила дуьхьало ца йира. Меллаша машенна тIевахара и шиъ.

Микаила велакъажарца шен скейтборд багажникана чукхуссуш, элира Руслане:

– Ма дика дагадеара хьуна хьо сан да ву ала. Ахь и ца аьллехь, цара со цIа вуьгур вара, тIаккха суна цIахь хIума кхетар йара.

– Микаил, со боккъалла а хьан да ма ву! – машенан корах ара а хьоьжуш, меллаша элира Руслана, ткъа йуха ша аьлларг тIечIагIдеш санна, кхин цкъа а элира – со ву хьан да!

Микаилан макхйеллачу йуьхьтIера бIаьргийн хьежар шеконах дуьзна дара.

– ОьгIаз а ца воьдуш, ладогIа соьга, Микаил. Ас жимма тIаьхьа, ша дерриге а ма-дарра дуьйцур ду хьоьга, амма уггаре а хьалха со Канте вистхила везаш ву.

– Ахь бехк ма билла, амма сан да цомгуш ву, ткъа со…

– Хьан да со ву! И вац! – йукъахдеккхира кIентан къамел Руслана.

– Ву дер иза-м сан да! Хьо мила ву соьца хIара къамел дан? – дера хьоьжура Микаил Руслане. ХIинцалц хилла эсалалла цхьаьна мIаьргонехь оьгIазлонна хийцайелира. Русланна моьттура кхин ша Кантин цIе йаккхахь, хIара кIант дера экха санна шена тIекхетар ву.

– Iамаьркахь кхиъна велахь а, амма амала-м нохчийн йу хьуна хьан – дагатессира Русланна.

Вехха Микаилан бIаьра а хьаьжна, Руслана элира:

– Собар де, Микаил! Собарах ца вухуш, соьга ладогIа! Кестта хьуна йоккха къайле гучуйер йу. Мила йу хьан нана?

– Сан нана йелла, со веш!

– Иза бакъ ду. Муха йара цуьнан цIе?

– Роза.

– Иза бакъ дац. Хьан ненан цIе Бэлла йара. Хьоьга харц дерг хIунда дийцина ас тIаьхьа къастор ду. Цуьнан сурт гиний хьуна цкъа а?

– Ца гина.

– ХIунда?

– Дадас тIом болчу хенахь тхан цIено дохийна бохура, цундела массо а суьрташ а даьгна дIадевлла.

– Иза а бакъ дац, Микаил. Кантехь хуьлийла дацара Бэллин сурт. Иза цунна цкъа а гина а йацара. Нийсса йалхийтта шо хьалха зуламхошца цхьаьна Кантас со а, Гельдман Яша а лачкъийнера. Ткъа цул тIаьхьа, йалхийтта шарна сан дахарера дIавайнера хьо, амма Делан лаамца суна карийра хьан лар. ХIинца хIара дерриге а маьлхан дуьне тIекIалдалахь а, ас хьо цхьанна а дIалур вац. Хьо хезаш вуй? – къора декара Русланан аз. Цу озах кхета мегар дара, цо шен дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах.

Микаил Iадийнера. Шена гуш дерг гIан ду моьттура цунна. ХIинцалц тийначу хоршехь дIадоьдуш хилла цуьнан къона дахар, тахана цхьаьна мIаьргонехь орамца хийцаделира. Нана боху дош даима лазаме дара Микаилна. Воккха мел хуьлу, дукха ойланаш йора цо ненан йаларах. Наггахь ша бехке а хетара – кхунна дахар кховдош дуьненчуьра дIа ма йаханера иза. Ненан марзонан чам хиъна воцучу Микаилна шен дахаран маьIна къена да хетара. Цунах эшахь са дIадала а кийча волчу кIантана, хала дара тахана и хьан да вац, и хьан цхьа а вац бохучунах теша. Ткъа ненан цIе а кхин хилла боху кху стага. Дукха жима волуш дуьйна ма чIогIа сатуьйсура Микаила ненан сибат ган. ВорхI шо кхаьчначу хенахь, къоламца сурт дилларан говзалла гучуйелира Микаилан. Шен ойланашкахь, шен гIенашкахь дуьхьалтуьссуш хилла цуьнан сирла сибат кехатана тIедеккхира жимачу кIанта, ткъа йуха хазахетарца да волчу ведда вахара:

– Дада? Тера йуй? Ишта йарий сан нана?

– Йацара! – доцца хадийра Кантас. Цунна цкъа а ца лаьара Микаилан ненах лаьцна дийца. КIантана хаьа лаьара муха дара ненан бIаьргийн хьежар, муха дара цуьнан аз, йелайалар, эсала йарий цуьнан амал, амма Канта цу дехаршна даима а къора вара.

Тахана Микаил боккъалла а воьхнера. Русланах теша хала дара. Кхузара ведда дIаваха, хилларг гIан долуш санна дицдан лаьара цунна, амма кху хийрачу стага нана хьахийча, шеко йоьссира кIентан даге.

– Нагахь санна хьуна со хьайх тешийта лаахь, сан ненан сурт гайта тIаккха суна. Суна иза сиха йевзар йу.

– Шеко йац цу тIехь, Микаил. Дер йевзар йу хьуна иза. – Руслана сиха дIакховдийра цуьнга Бэллин сурт. Цу мIаьргонехь кIентан бIаьргаш хих дуьзнера. Руслан машеначуьра аравелира. Жимма арахь а лаьттина, йуха машенна чухиъча, цунна гира сурт а карахь воьлхуш Iаш волу Микаил. КIант шена тIеозош, иза доггах маракъевлира Руслана, ткъа Микаила дуьхьало а ца йира… Дегочу озаца цо «дада» олуш хезира Русланна.

Руслана итта шарахь сатийсинера Микаил дуьненчу валаре. Эххар а дуьххьара цо мохь тоьхча, Русланан дахар хийцаделира, дерриге а дуьне хийцаделира цунна. Кхо кила бен йозалла йоцу, и йовха ларча шега схьакховдийча, Руслан кхийтира шен дай лар йоцуш бовр бац – хIара йу церан кхане, церан тIаьхье. ХIетахь санна хIинца а маракъуьйлура Руслана шен кIант, Дала шолгIа совгIат деш, кхуьнан дахаре йухаверзийна волу кIант.

– ХIунда йеллера нана? Могуш йацара иза? – эххар а хаьттира Микаила.

– Оьрсийн маттахь хьуна деша хууш делахь, ас гойтур дара хьуна цо йаздина кехат – жоп делира Руслана.

– Суна хаьа оьрсийн маттахь деша! – хазахийтира Микаилна.

Руслана тIоьрмигчуьра схьаэцна, дIакховдийра цуьнга мажделла кехат – Бэллас Руслане аьлла тIаьххьара дешнаш.

«…Руслан, цкъа а диканах дог дилла мегар дац, цундела ас а сатуьйсу, со дийна а йиссина, хIара кехат ахь доьшур дац аьлла. Iожаллах кхоьруш йац хьуна со, со кхоьру хьоьх а, оццул дуккха а шерашкахь вайшиммо сатийсина хиллачу Микаилах а къаста…»

Йуха а охьахьевдира кIентан бIаьргара хиш, ткъа Бэллас кхин дIа йаздора: «Руслан, хилларг хилла даьлла, иза хийца вайшинан ницкъ кхочур бац. Сайн дахарна а, вайшинан кIентан дахарна а йукъахь, ас хаьржина кIентан дахар. Ас хьоьца ирсе хан йаьккхинера. Хьан безам а, йовхо а дуьненан мел даккхийчу диканех а хуьйцур бацара ас цкъа а. Со тешна йу ас вайн жимачу кIентан дахар лардарна Дала суна йал луш, вай йалсаманехь цхьаьнатухур хиларах. Эхартахь боккъалла а безначарца хир ду ма аьлла вай Дала. Со тешна йу ахь вайн кIантах хьуо санна къонаха кхиор ву аьлла. Ледар ма виталахь иза…»

Ойланашка ваханчу Микаила эххар а хаьттира Руслане:

– Кхин дIа хIун хир ду? Канте хIун ала деза вай? Иза муха кхетор ву ахь?

– Суна ца оьшу иза кхето. Цо со кхето веза хIун бахьана долуш ваьккхина цо со сайн кIантах?

Русланан къамелехь оьгIазло хаайелира Микаилна.

– Дада, суна ца хаьа хилларг хIун ду, амма иза нахана зуламе стаг хилла вац хьуна цкъа а, ткъа суна мелхо а. Дас-нанас шен беран йийр йоцу терго йина цо суна. Ас доьху хьоьга, сих ма ло цунна йемал дан. Цкъа ладогIа цо хьайга хIун дуьйцур ду. Дика дуй?

– Дика ду. – Руслан цецваьккхинера Микаилан чулацаме къамела. Руслан кхийтира жима велахь а, Микаилна дахаран маьIна дан хууш хиларах.

– Микаил, ахь Кантех дада олура? ХIинца хIун эр ду ахь цунах?

– Дада, со кхета хьоьх, амма хьо соьх а кхета. Кху йалхийтта шеран йохаллехь Кантас шен безам, шен комаьршалла ца кхоош, лелийна со, бовзийтина суна нохчаллин лехамаш, кхиийна соьхь Даймахке безам. Цо даима а олуш дара соьга, мацца вахана а, Даймахка цIа ваха веза.

– Микаил, тIаккха со ца кхета, стенна оьшуш хилла цунна иза ша дерриге а? Нагахь санна бер дезаш иза хиллехь, бер хилийта эзар аьтто ма бара цуьнан, хьо ца лачкъийча а. ХIун бахьана долуш, къаьсттина со дакъазаваьккхина цо нийсса йалхийтта шарна?

– Дада, суна иза ца хаьа, амма Канта цхьаьна а адамна вуо дийр долуш стаг воций-м хаьа суна. Дика стаг ву иза. Кхин ала хIума дац сан цуьнан хьокъехь.

– Хьо нийса луьйш хила а мега, Микаил. Дуккха а шераш хьалха, со зуламхоша лачкъийначу хенахь, царна йукъахь и цхьаъ бен вацара йуьхьтIехь туьтмIаьжиг йоцуш. И цхьаъ вара тхоьца къинхетаме. Цо тхуна тIехь Iазап ца латтадора, йаа хIума а лора. Дукха ойла йинера ас цу хьокъехь, ткъа цул совнаха кхин цхьа хIума а ду – нагахь санна цунна хьо суна каро ца лиънехь, цо цкъа а могуьйтур дацара ша телевизор чохь гайта, цул совнаха хьо цхьаьна а волуш. Йа иза боккъалла а Iовдал хила веза, йа соьга шу лахийта лууш хила веза.

– Дада, ас кхин цхьа хIума а эр ду хьоьга – Канта чIогIа хьекъале стаг ву хьуна.

– ТIаккха хIунда лиъна цунна соьга хьо лехийта?

– Суна ца хаьа!

– Хуур дац дер хьуна. Со а ма вац кху хьолах кхеташ.

– Пхи минот йалале дерриге а хаьа аьтто бу-кх вайшинан.

– Микаил, цкъа хьалха ламаз дан лаьара суна, кхузахь меттиг йелахь нагахь санна.

– Дер йу. ДIогахь жима гIишло гуш йуй хьуна? Цу чохь маьждиг ду хьуна. Йалх шо кхаьчначу хенахь дуьйна Кантас хIора пIераскан дийнахь вуьгура со цига. Ас ламаз а Iамийра, иштта Iаьрбойн мотт а. Суна КъорIан деша а хаьа.

– Дела реза хуьлда цунна.

Руслан кхетара, бакъ дерг тIе ца эцча, ша ца волий – Кантас дукха диканаш дина кхуьнан кIантана, амма хIун Iалашо хилла цуьнан жима бер дегара лачкъош? Иза йоккха къайле йара. Микаил карийна воккхавеш велахь а, амма Канте болчу цабезамах цIанбелла бацара хIинца а Русланан кийра.

Маьждигехь ламаз а эцна, ламаз дан дIахIоьттира Руслан, ткъа цунна улло лаьттара Микаил. Русланна дуьххьара гуш буйнал бен ца хилла Микаил, хIинца шен деца нийсса вара.

– АлхьамдулиллахIи! Ахь диначунна реза ву-кх со, АллахI! – дерзийра шен ламаз Руслана.

Микаил хIинца а Iаьбна вацара шен ненан суьртах. Иза вехха хьоьжура цуьнан эсала амате. И сурт карахь долуш, ненан карахь куьйг долуш санна хетара Микаилна. Ткъа Русланан ойланашкахь йуха а Канта вара. Иза кхетара зуламе стаго ишта лерина терго йеш кIант кхиор вацара…

Меллаша маьждигера аравелира Руслан а, Микаил а.

– Микаил, вайшиъ чоьхьаваьлча, Кантин чоь гайталахь суна, ткъа хьуо дIанехьа вала. Кантица шеца къамел дан лаьа суна, цуьнан бIаьра а хьоьжуш.

Руслана иза оьгIазлонца аьлла доццушшехь, Микаилан синтем бацара.

– Дада… дика хир ма ду ша дерриге а дуй?

– Дер хир ду, Микаил! Са ма гатде ахь.

И шиъ чоьхьавелира. Руслана доккха са даьккхира. Микаилан неIаран тIам озо дагахь куьйг дIакховдийча, иза сацийра Руслана:

– Собар дехьа, Микаил. Жимма хан йеза суна. Кхетий хьо соьх?

– Дер кхета, дада. Вайшиъ цхьанхьа а сиха ма вац – реза хилира Микаил.

Руслан йуха а вехха хьоьжура кIентан бIаьра. Дахар шина декъе декъаделлера. Цхьа дакъа йаханчу заманехь диссира, ткъа шолгIаниг Кантица къамел хиллачу мIаьргонехь долалур ду. Руслан ирзу долчу агIор дIавахана, бай тIе охьалахвелира, ткъа цIеххьана самадаьллачу иэса марсайаьккхинера кийрахь йаьлла цIе. БIаьргаш хьалха хIоьттира хIара дуьххьара эскаре кхаьчна денош.


ЧIир. Роман

Подняться наверх