Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 11
Корта III
II
ОглавлениеСоьлжа-ГIалин аэропортера стигла айделира доккха Ил-86 кема. Илюминаторчухула куьйг ластош, хьомечу гIалин Iадика йира Руслана, ткъа цул тIаьхьа набарна тевжира. Хабаровск гIалин аэропортехь бен сама ца велира Руслан. Соьлжа-ГIалара дукхох болу призывникаш кхузахь охьабиссира, ткъа Руслан Къилба-Сахалинске кхаччалц дIаваха везаш вара. Совнаха гIар-тата доцуш, цхьа кIеда охьалахделира кема. Массо а хьалаиккхира сиха охьавосса, ткъа Руслан цхьанхьа а сиха вацара. Иза дегайовхонца, собаре хьоьжура шен дахаран керлачу агIоне, ткъа къона дог дуьзна дара сирлачу сатийсамах а, дахаре йолчу шовкъах а.
Массарел а тIаьхьа охьавоьссира Руслан. Эпсараша хIинцале могIаре дIахIиттийнера призывникаш. Фамили йоккхуш, мохь тухуш, цхьацца схьакхойкхура цара, ткъа йуха виъ-виъ йа, иттех дIавуьгура. Цхьаьна капитана Дадиевн фамили йеккхира. Руслан могIарера аравелира. Сихонца цунах бIаьрг туьйхира капитана, ша биначу харжамах реза хуьлуш санна, ткъа йуха омра дира:
– ТIаьхьа хIотта! И шиъ «уазик» чухиира.
– Со капитан Гончаров ву, биргIанаш йохкучу ротин командир. Рота йоккха йац вайн – ткъе итт стаг бен вац. Царех пхийтта «дед» ву, итт «черпак» а ву, шу пхи «салага» а ву. Низамаш чIогIа буьрса ду тхан. Салагаш бIаьргаш Iарждой хьийзаш хуьлу. Делкъе йечу хенахь, мацалла стоьла хьалха набараш кхета царна. Гуш ду уьш баккхийчара хьийзош хилар. Амма царех кхоьру уьш Iарз дан. Цхьаммо а бакъ дерг ца дуьйцу – йа охьакхетта олу, йа Iоттавелла олу. Ма-дарра аьлча цхьаьнна а хIумма а йа хезаш а, йа гуш а дац. Саьлти, хьо ладугIуш вуй соьга?
– Ву.
– Ву ма ала. Кхетта, товарищ капитан ала.
– Кхетта, товарищ капитан!
– ХIинца нийса эли. Тхан керла командир дисбатера веана ву. Хьалха кхечу кепара дара ша дерриге а. Гундаревс массарна а дIахаийтира – къона саьлтийшна вас йиначунна ша могуьйтур дац аьлла. Штабан куьйгалхо, Гуров майор а ву цуьнан сий деш хIинцале, ткъа лахара даржашкахь берш-м ас бийца а ца буьйцу. Цо дош делла вайн часть Генарчу Малхбалехь уггаре а тоьлла хуьлуьйтур йу аьлла, ткъа ца ша делла дош даима а кхочуш дина. КIира бен дац иза веана, амма хIинцале хила ма беззара низам дIахIоттийна. Доцца аьлча, со суо а ву хьуна Соьлжа-ГIалара. Цигара Катайама йевзий хьуна?
– Йевза, товарищ капитан.
– Суна хаьа хьо ледар хир воций. И пхийтта «дед» дIавахча, суна тешам болуш взводан замком оьшу. Кхетий хьо?
– Кхета, товарищ капитан.
– Спортаца гергарло дуй хьан?
– Ду. Боксан шолгIа разряд йу сан.
– Мастер спорта стенна ца йаьккхира ахь?
– Деша хIоьттинчул тIаьхьа, бицепсаш а ца кхиош, хьекъал кхио сацам бира ас.
Цу жоьпа чIогIа самукъадаьккхира капитанан.
– Дадиев, вай хIинца часте схьакхочуш ду. БиргIанаш йахкаран эскар хIун йу кестта кхетар ву хьо. Аса цхьа хIума эр ду хьоьга – хьо вуо ца лелахь, вайшинан йукъаметтигаш дика хир йу хьуна, ткъа вуо лелахь дика хир йац. Кхин цхьа хIума ду – ши йарус йолу пхийтта маьнга бу вайн. Уггаре а лахахь «дедыш» дIабуьйшу, ткъа лаккхахь кхин берш. Цхьа маьнга бу беса – хьайниг, иза шолгIачу ярусехь бу. Ахшо хьалха сан замком взвода вара Кутуев бохуш нохчо. Дер ма борз йара иза йан. Кхо де а далале, лахарчу маьнги тIехь вижна Iуьллуш вара иза. Кхеттий хьо со хIун ала гIерта, рядовой Дадиев?
– Кхетта, товарищ капитан!
Уьш тIеман часте схьакхечира. Ха деш волчу саьлтичо кевнаш схьадиллира. Итт минот йалале роте схьакхечира уьш.
– Кравцов! Лаккхара сержант Кравцов, схьавола кхуза!
– ДIавогIуш ву, товарищ капитан! – тIевеара хьаьрсачу аматехь волу, леккхачу дегIехь жима стаг.
– ХIара керла бIаьхо ву хьуна. ДIавуьжу меттиг а, кхин дерг а гойтур ахь цунна, ткъа цул тIаьхьа массо а делкъе йан аравоккхур ву ахь. Кхеттий хьо?
– Кхетта, товарищ капитан.
Капитан Гончаров къайлаволлушшехь, Кравцован йуьхь цабезамо макхйира.
– МерIуьрг, кху минотехь дуьйна массо а салагаш санна тIома вер ву хьо.
И хаттар риторически дара. Кравцовна моьттура Руслана «хIаъ» олуш цхьа гIам-гIим дийр ду, ткъа цо иза Iадош тIе мохь хьокхур бу:
– ХIаъ ца бохуш, дика ду товарищ лаккхара сержант ала! Амма Руслан кхин вистхилар доцуш, ластийна шен тIоьрмиг маьнги тIе охьа а кхоьссина, Кравцовна йуххе дIахIоьттира:
– Цкъа делахь, со мерIуьрг йац хьуна, сан цIе Руслан йу хьуна. ШолгIа делахь, тIома вала, со авиационни полкехь вац хьуна, ткъа нагахь санна хьо стигла вала лууш велахь, хьуна цхьа а хало йоцуш ас ши тIам бийр бу хьуна. Кхеттий хьо?
Каптеркехь лаьттачу Гончаров капитанна хезаш дара и къамел.
– ХIара дара-кх суна оьшург. – элира цо дагахь, ткъа йуха саьлтийшна хезаш оьгIазе мохь туьйхира цо:
– Кравцов, Дадиев! Совцаде шайн къамелаш!
Кравцов цергаш хьекхош лаьттара, Руслане а хьоьжуш.
Цхьаьна могIарехь делкъе йан доьлхучу хенахь, Русланна гира Кравцов кхин болчу саьлтишна тIе а воьдуш, цхьаъ дуьйцуш, ткъа уьш цо дуьйцучунах реза болуш, кортош теIош бара, ткъа царех цхьаммо, массарна а хезаш элира:
– Дер хIете, салагаш тIаккха йиссинарш а майра йевлла лелар йу.
Массо а кхийтира керла бIаьхо Iаморан хьокъехь хIара къамел хиларан. Ткъа Руслана башха ойла а ца йира, цунна чIогIа наб йогIура.
Делкъе а йина йухадогIуш, Руслан керлачу бIаьхошна йукъара цхьанна тIевахара.
– Муха йу хьан цIе?
– Виктор
– Мичара ву хьо?
– Кировера ву. Хьо мичара ву?
– Со Соьлжа-ГIалара ву. БIаьргана хIун дина хьан?
– Вожденихула экзамен дIалуш вара со. Дукха меллаша воьдуш хиларна, бетах мийра кхийтира.
– Ца кхета со и хIун экзамен йу?
– Муха эр дара хьоьга… доцца аьлча, хIора буса баккхийнаш хуьлу-кх шайн самукъадоккхуш, йа тхоьга машенаш хехка олу, йа Iуьйранна нIаьна санна Iеха деза.
– Со йуха а ца кхета ахь дуьйцучух. И хIун къамел ду нIаьна санна Iеха деза бохург, ткъа машен хахка йеза бохург хIун ду?
– Масала, цхьа кIира хьалха, тхо роте схьадалийначу хенахь, хьалхарчу буса Кравцовс хаьттира машен лело бакъо хьенан йу? Ас жоп делира сайн йу аьлла. Машен йига хаьий хьуна хаьттира цо, ткъа ас жоп делира хаьа сайна аьлла, тIаккха цо со диълар а хIоттийна, суна тIехууш элира – дIахахка машен, ас хьалхара сихалла латийна хьуна. Меллаша йига машен. Со дIаволавелира. Йуха ша йоьалгIачу сихалле ваьлла элира цо, ткъа со ца кхийтира сихох такха везаш хилар. ТIаккха цо со саца а вина, шен ницкъ мел бу сан бетах мира туьйхира, ткъа йуха Iуьйранна марта дан а ца магийра цо суна, цундела делкъеллалц мацалла вала хьийзаш вара со.
– Ткъа шахматы хIун бохург ду?
– Кравцовс хаьттира шахматех ловза хууш мила ву? Рязановс а, Бердяевс а хазахетта куьйгаш айдира, шаьшинга ловза боху моьттуш, ткъа Кравцовс элира – дIогара кубрик гуш йуй шуна? Аьнгали кара а эций, цIенкъа цIанйе, лепаш хилийта иза. Са хиллалц цIенкъа горгамш хьийкхира цара, хIете а билгалйиначу ханна ца ларийра, цундела хьуна ма-гарра муцIарш а йохийна хьийзаш бу.
– ЛадогIал соьга, Витек! Цкъа делахь, шун муцIарш йац, шун йаьххьаш йу, массо а адамийн санна. ШолгIа делахь, таханлерачу дийнахь дуьйна цхьа а шахматех ловзуш а вац, машен хохкуш а вац, йа нIаьна санна Iоьхуш а вац. Хьо кхеттий?
– Ши бIаьрг а къарзийна, Iадийча санна лаьттара Витек.
– Руслан, хьо лартIахь вуй? Цара вай дойур ма ду тIаккха…
– Ас аьлларг дехьа! Кхана-лама баркалла эр ду ахь суна. – йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана.
– Дика ду! – ца ваьлла реза хилира Витек, цунах дош хир доций ша кхеташ воллушшехь.
Суьйренан таллам биначул тIаьхьа, капитан Гончаровс массеран а буьйса декъала а йина араволуш Руслане а хьаьжна элира:
– Дала аьтто бойла хьан, Дадиев!
ДIадуьйша омра диначул тIаьхьа, салагаш сиха шайн метта хьалабевлира. Руслан маьнги тIера йургIа дIасхьа а ца даржош, йуьхь-куьйг дIадила сехьа чувелира. Цигахь хезира цунна Кравцовн буьрса аз:
– Синош, дIахIиттал могIаре! Мичахь йу и керла йеана йолу боьха хIума?
– ХIан… хан тIекхечи – ойла йира Руслана. Хьалхарчу ярусера меттиг йоккху хан бокъалла а тIекхаьчнера.
Руслан меллаша чоьхьавелира. Цунна гира Кравцовна хьалха лаьтта виъ бIаьхо.
– Шу виъ сихонца шайн маьнганашна тIе схьала а довлий, дIадуьйша. Аш кхин цкъа а машенаш хоьхкур йац! – элира Руслана.
– ХIун элира ахь? – Iуьргара лаьхьанаш санна, гучубевлира баккхийнаш.
– Шуна хезнарг элира-кх. – кIоршаме жоп делира Руслана, ткъа йуха кхеравеллачу Витекана тIевахара иза, цуьнан жимма а сатеда.
Русланна гира шена тоха Кравцовс айдина куьйг. Руслан охьатаьIира, ткъа цу мIаьргонехь Кравцовн моччахалах буй тоьхна, иза вожийра цо. Минот йалале тIеведда волу кхин сержант, буй къовла а ца ларош Кравцовна улло охьавуьйжира, Руслана тоьхна тIара бахьана долуш.
Тийналла йоьссира казармехь. Цхьа а ваьхьаш вацара Русланна улло гIорта а. Тийналла йохош кхин цкъа омра дира Руслана массаьрга а дIадийша аьлла, ткъа ша Кравцовн маьнга мичахь бу а хаьттина, цу тIе хьала а ваьлла дIавижира. Руслан велакъежира, Гончаровна хазахетар дуй хууш. Русланна хезаш дара казармичуьра къамелаш:
– Шарахь вай мел лелийнарг эрна хилла, жима кIанта оцу кепара ша дерриге а дохо?
– И кIант бакъ долуш, боксер ву шуна. Вай вейтта массо а цхьаьна тIекхетахь къарвала а мега иза, ткъа вуьшта-м цо Iойла дойур ду вайн. Хьуна ца гира цо хьо муха вожийра, ша кино чохь санна. Иштта Сальков а вожийра. Цхьаьна кIирнахь собар дан деза вай Рыжий схьакхаччалц. Цо шен метте дIахIоттор йу салага. ТIехула тIе Соьлжа-ГIалара а ма ву иза. ДагадогIий хьуна Кутуевс мел чIогIа хьийзош вара Рыжий? Хьакъ долуш хьийзош хиллехь а, амма вайна цунах гIоле ма ца хуьлура. Рыжийга дIаэр ду вай хIара Соьлжа-ГIалара ву, тIаккха цо цу мIаьргонехь хIаллак вийр ма ву иза.
Руслан кхийтира Рыжийца дерг къасто дезаш хилар.
– ХIумма а дацара иза-м. Рыжий а цхьаъ хир ву-кх. Гича хуур ду-кх – набарна тевжира Руслан, дукха ойланаш ца йеш.