Читать книгу ЧIир. Роман - Хараев ИбрахIим - Страница 14

Корта III
V

Оглавление

Афганистанехь Русланан а, цуьнан куьйг кIелара саьлтийн а куьйгаллехь полковник Ляшенко вара. Саланг олучу дукъа тIера биргIанийн хьал тергал дан дезаш йара церан тоба.

Дийнахь а, буса а киранан машенаш чекхйовлу тоннель мехкан къилбаседа а, къилба а агIонашна йуккъехь, лаьмнашкахь йаьккхина йара, кхо километр лекхаллехь.

Цу хенахь Советски эскар шена тIедиллина тIеман дукхох долу декхарш кхочуш дина долуш лаьттара. Цхьа долу эскар арадоккхуш дара, амма лерина подразделениш хIинца а къиссам латтош йара дозанал арахьара чукхоьхьучу герзаца, амма хIете а кхераме дара кхузахь. Муьлххачу а мIаьргонехь душманаша кIело йеш меттигаш нислора, цундела Саланг тоннелехь даима а дара кхераме. БиргIанаш йахкаран эскара дукха хьолахь нахацачул Iаламца бара къиссам латтош – лаьмнашкахь сих-сиха хьаьтташ хилар бахьана долуш, биргIанаш даима тайан йезаш хуьлура.

Цхьаьна дийнахь Руслан, шеца масех саьлти а волуш бохам хиллачу меттиге схьакхечира. Кхара кхузахь йаккха йиссинарг масех де бен хан йацара – дукхох болу трубопроводчикаш гражданке цIа боьрзуш бара, амма Афганистанера тIом шерашна бахлуш бара.

– Шуна дика ду! – элира Костриков Лешас. – Тхо-м кхин а шо даккха дезаш ду кхузахь.

Руслан гIийла хьоьжура лайн басешка. Гиндукушан буьрса лаьмнаша дагатессира хьоме Кавказ, амма кхузара лаьмнаш луьстачу хьаннаша хьулдина дацара, кхузахь Кавказехь санна ца декара зевне шовданаш, маршонан хелхарехь баххьаш тIе ца хуьйшура кура аьрзу…

– Лаьмнаш а гина хьайн Кавказ дагайеана хир йу хьуна? – сиха кхийтира цуьнан ойланех Леша. – ХIумма а дац… кестта цIа гIур ву хьо, ткъа со муьлххачу а мIаьргонехь мини тIехь эккха а тарло…

– Вуониг ма латтаде даг чохь! Хьуна хIумма а хир дац! – элира цуьнга Руслана.

– Хьуна атта ду ишта ала! – ца вашарца велавелира Костриков.

– Ала атта хилар дац иза. Хьо дика стаг ву, цундела хьуна хIумма а хир дац. – Вехха лаьмнийн тархашка а хьоьжуш, цхьа кIоргера, гIийла жоп делира Руслана.

ЧIир. Роман

Подняться наверх